Мусаева Заремина дуьхьал айдина керла гIуллакх, Анапера кадыровхойн дов дерзар, нохчийн жигархочо Кадыровна полици арз дар – оцу доллучух лаьцна дуьйцур ду шуна Маршо Радион 89-чу подкастехь.
Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:
Мусаева Заремин керла гIуллакх
Политикан тутмакхна, вежарийн-оппозиционерийн ЯнгулбаевгIеран нанна Мусаева Заремина дуьхьал керла бехкзуламан гIуллакх долийна Нохчийчохь. Цунах лаьцна хаамбина цуьнан адвоката Савин Александра. ГIадужу-беттан 12-чохь Талламан комитетан меттигерчу урхалле ваханера иза, цул тIаьхьа дийцина цо Мусаева Зареме керла бехкаш кхийдорах лаьцна. Официалан версица, гIадужу-беттан 29-чу дийнахь дарбанан цIийнера Устрада-ГIаларчу колони йуха йуьгучу, цхьа могIа сиркхонаш шен дегIаца йолчу зудчо, таIзар кхочударан федералан урхаллин белхахочунна тIара а тухуш, цуьнан белшаш тIера погон охьайаьккхина.
И бехкаш аьттехьа а бакъ ца до ша Мусаева Заремас, цо боху, некъаца шаьш доьлху-догIуш цхьана а кепара цу тайпа хIума хилла дац, йа ша цхьанна а тIелетачу хьолехь а йацара. "Колонийн балхана новкъарло йар" аьллачу Iеделан къепехула, чохь даккха кхин а пхи шо тоха кхерам лаьтта цунна.
Мусаева Зарема кадыровхоша лачкъийра 2022-чу шеран дечкен-баттахь, Лаха Новгородера шен хIусамера. Оппозиционерийн нене, Нохчийчохь суьдхо лаьттинчун хIусамнене лартIахь кога мачаш а ца йухийтира, йа цунна оьшу молханех ка тоха а ца ларийра иза. Полисхо сийсазвина аьлла, административан кепехь кехаташ хIиттийра дуьххьара, цул тIаьхьа бехктакхаман гIуллакх айдира – полисхочунна тIелетта аьлла, йуха курхаллаш лелийна аьлла а, бехкаш тIеоьхкира цунна.
Кхел йоьдучу хенахь оцу гIуллакхехь дуккха а харцонаш лелорах а, Мусаева бехке хиларх бакъдолу тоьшаллаш цахиларх а лаьцна дIахьедира адвокаташа. ХIетте а, стохка товбеца-баттахь кхело чохь даккха пхи шой, ахшой туьйхира цунна. ТIаьхьа деа шаре а, исс батте а йалийра хан, цо чохь йаьккхина йоллу хан дIа а лерина. ТIедогIучу шеран зазадокху-баттахь хан текхна йала йезаш йара иза.
Чохь латточу заманчохь Мусаева Заремин могушалла йолчул а эшна йогIура, Iаса хилча а, халла бен йолалуш а йац иза, керлачу таIзаро иза йен тарло, дIахьедора "Iазапашна дуьхьал Командин" куьйгалхочо Бабинец Сергейс.
Мусаева – Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыровн Рамзанан закъалтхо йу, боху цуьнан кIанта Янгулбаев Абубакара. Нана лацале хьалха, шена Iедал тIаьхьа даьлча, пачхьалкхера дIавахара иза. Иза тешна ву, 55 шо долу зудчунна тIехь гIело а латтош, мехкан Iедалхой шена а, шен вежаршна а бекхам беш бу, шаьш йен критика бахьана долуш аьлла.
2022-чу шеран чиллан-баттахь, Мусаева Лаха Новгородера лачкъийна йигина дукха хан йалале, Соьлжа-ГIалахь митинг вовшахтуьйхира, ЯнгулбаевгIеран доьзалан суьрташ дагош, ткъа Кадыровн гонерчу хьаькамаша кхерамаш тийсира доьзална.
Кхин дIа а Мусаева Зарема закъалтехь латторхьама, долийна ду цунна дуьхьал керла гIуллакх, тешна ву Янгулбаев Абубакар.
"И бохург хIун ду, меттигерчу Iедалан Iалашонаш хийцайелла йац, - кхин дIа а шаьш лелориг дIадахьа гIерта уьш. Хи бухула а ца боьлхуш, эхьан буха а бахана, шаьш (Нохчийчоьнан Iедалхой) йанне а йоцу хIуманаш йу, шаьш маршонна дуьхьал, лоллехьа къийсам латтош ду бохуш, чIагIонаш йар ду царна дисинарг. Оцу тIамехь уьш кийча бу бехк боцчу нехан коча эха а, зуда йелахь а, борша стаг велахь а, къена нах белахь, бацахь, цомгаш белахь, бацахь – бен а доцуш. Лоллехьа шаьш латточу оцу къийсамехь нах хьийзон кийча бу уьш. Ас иштта хьесап до-кх цуьнан. Тхо хIинца тешна, Кадыров Рамзанна шен цIе ларъйар оьшуш дац, иза кхеташ ву, дуьненан йукъараллина хьалха а ша бехвеллий, цундела ша лелориг йуха оза ца лаьа цунна", - бохура Янгулбаев Абубакара.
Янгулабевс Францин Iедале Кадыров дIавалхор
Оцу йукъанна нохчийн жигархочо, бакъоларйархочо, лачкъийна, Соьлжа-ГIалахь таIзар динчу Мусаева Заремин кIанта Янгулбаев Абубакара Парижера комиссариате дIахаийтина, шен доьзална регионан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Оьрсийчоьнан парламентан депутато Делимханов Адама а кхерамаш туьйсуш хиларх лаьцна. Тхан редакцин корреспонденте дийцина цунах лаьцна Янгулбаевс.
"Ас йаздира, Нохчийчуьра даржашкахь болчу наха соьга чIир кхайкхийна, цара иштта кхайкхам бира диаспорера шайн агӀончашка, тхан чуьра массеран а кортош даха аьлла. Изза дIахьедар дира ас Оьрсийчохь Талламан комитете а, амма цара иза тергал ца дира, йа соьга цхьа а хеттарш а ца дира, жоп ца далар-м дуьйцур а дацара", - бохура бакъонашларъярхочо.
Шегара дIахьедар чуэцначул тIаьхьа, йалх сахьтехь гергга полицин а, прокуратурин а векалшца къамелаш дира ша, ткъа лахьан-беттан I3-чохь шеца йуха а цхьанакхетта, кхин а цхьацца хеттарш дира Iедалхоша аьлла.
Цуьнан доьзална кхерамаш тийсинчу нахах дуьззина тептар дехна Францин низамхоша. Цо билгалваьккхина цу тIехь Кадыров а, Делимханов а, хьалхо парламентан спикер хилла, карарчу хенахь Iедалан премьер-министр волу Даудов Мохьмад а.
"Соьга элира базехь Кадыровх хаьцна хаамаш бацара аьлла. Евробертан санкцийн тептарехь ву иза, амма зуламашна иза бехкехиларх шеконаш йу аьлла, чу кхаьчна хаамаш ца хилла", - билгалдаьккхира Янгулбаевс.
ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсира Кадыровс 2022-чу шеран дечкен-баттахь, Мусаева лачкъийна дукха хан йалале. Цуьнан кхерамашна тIетайра нохчийн лаккхара ницкъахой а, хьаькамаш а. Куьрчала кIоштан полицин декъан хьаькамо Агуев Рустама кхайкхам бира Европехь бехачу нохчашка, церан даьхна кортош Соьлжа-ГIала схьада аьлла. Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал хIоттийна митинг. Цигахь дагийра, когашца хьийшира, этIийра церан суьрташ.
Анапера кадыровхойн дов дерзар
Анапа гIалин кхело йукъахдаьккхина, Нохчийчуьра лаххара а ши вахархо йукъахь а волуш, меттигерчу клубана уллехь нисделлачу летаршна тIехула гIаттийна хилла бехктакхаман гIуллакх. Хулиганийн бахьанашца хаа а хууш, стеган могушаллина дайн зе дарх лаьцначу артиклца а догӀуш, царна хӀоранна а ши шо гергга хан тоха йогIура.
Вай дуьйцург ду гIадужу-беттан 3-чу буса шина аниматорна йетта а йетташ, даьлла дов. Официалан версица а догIуш, нохчашца гергарло таса реза ца хиллачу йоӀехьа гIо даьккхинера цу шиммо.
Даим хуьлуш долу хIума санна лара тарлуш дара клубана уллохь буйсанна хилла вовшах тийсадаларш, оцу хьолана йукъа нохчийн "Ахмат" спецназан командир Алаудинов Апти ца гIоьртинехьара.
Шен махкахой лецначул тӀаьхьа, цо дийцира, мехкарша шаьш карзах баьхна хиллера уьш, кхарах «тиктокан эскарш» аьлла. Карладоккху, шаьш тIамтIехь долуш санна, кепаш хIиттош видеош йахарна, кадыровхойх олуш ду "тикток-эскарш. Ишта Алаудиновс бохура, бехкебечарна тIаьхьабовлар церан къоман билгалонца, "лакхарчу цхьаммо" дехар дина лелош хIума дара. Анапехь хилла дов дара Алаудиновс «Комсомольская правда» радион эфирехь динчу скандалан дӀахьедаран бахьана хилла дӀахӀоьттинарг а. Цу хенахь инарлас Оьрсийчоьнан бахархой бехке бира Нохчийчоьнан меттигерачу бахархошца озабезам ца барна. "Нохчий ма буй Оьрсийчоьнан коьрта мостагӀий. Шун мостагIий украинхой бац, кхетий шу. Украинхойн зуламан тобанаш а ца хета шуна мостагӀий, НАТО-н блок а шун мостагӀ йац, шун коьрта мостагӀий - нохчий бу".
Иштта Алаудиновс мукӀарло дира, латарх гIаттийначу гӀуллакхехь бехкебечех цхьаннах – "Ахматан" буьйранчас йаздина баркаллин кехат ду бохура цуьнан. Летаршкахь лазийна хиллачу цхьаммо дӀахьедина, лецначу Нохчийчуьрчу бахархошкара даха бехкаш долуш вац ша аьлла. Тера ду, и кхайкхам бертаза дӀаязбина хиларх. Лахьан-беттан I2-чу дийнахь Анаперчу кхело дӀахьедира, конфликтан агӀонашна йукъахь маслаӀат хилла, долийна хилла бехктакхаман гIуллакх а йукъахдаьккхина, ши нохчо а, бехкевеш хилла кхин цхьаъ а дIахецна шаьш аьлла. Алаудиновс комментари ца йина цу сацамах лаьцна.
Нохчийчуьра тӀебаьхкинчаьрца девнаш лаьттина ду Кубанан постсоветан заманахь дуьйна а, боху Краснодарехь виначу, хӀинца Украинехь вехачу политолого Савва Михаила тхан подкастана лерина комментарий йеш.
"И проблема Оьрсийчоьно Украинина дуьхьал агресси йеш йолчу муьрехь бен телхина ца хуьлу, хӀунда аьлча, дуккхаъчу кадыровхоша, шайн кара герз ма-кхоччура, шайн хӀуъа а дан йиш йу хIинца боху цхьа билгало и йолуш санна тӀеоьцу иза. Ткъа баккъалла а, дӀалаьцначу дозанаш тӀехь, тIамтIехь, шайн ка йаьлларг хIуъа а дан йиш ю церан. Царна таӀзар ца до тӀеман зуламаш дарна а, адамаллина дуьхьал зуламаш дарна а. Цара оцу тайпана леларан кеп дIахьо, меттигерчу Ӏедалша шайгара сатуьйсуш а доцчу меттигашка, сатийса дезаш хиллехь а. Суна хетарехь, хIара проблема йехха лаьттар йолуш йу, карзах а йуьйлуш, хIунда аьлча, Оьрсийчоьнан рожана нохчийн вовшахтохараллаш боху маьIна даим а шорлуш хиларна. Чоьхьарчу карчамех кхераро эххар а вай дуьгур ду, Кремль и режим ларъян лууш болчарна тӀетовжа лууш хиларе. Аьлча а, оцу йукъанна дукха хьолахь федералан Iедална тIе а ца тийжаш, Кадыров Рамзанна муьтIахь йолчу нохчийн вовшахтохараллашна тIетийжа", - дерзийра Саввас.
Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте: