ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хьаша еза маьрша протест а". Нийсоне сатуьйсу белхашкара боьхначу гIалгIайн полисхоша


ГIалгIайчоь, Магас. Гайтаман сурт
ГIалгIайчоь, Магас. Гайтаман сурт

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело листа тIеэцна белхара дIаваьккхинчу ГIалгIайчуьрчу 13 полисхочун арз. 2019-чу шеран бIаьста Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а Iедало шина махка юкъа тоьхначу дозанна резабоцчу наха Магасехь хIоттийна митинг дIасалалла реза ца хилла, протестхошкахьа бевлла, аьлла, даржашкара бохийра уьш. Церан меттана гулам хьаьшира кхечу регионашкара балийначу ницкъхоша.

Шина республико вовшашца шайн дозанашкара лаьттан асанаш хийцича, Зазадоккху-беттан 26-чохь митинг иккхира Магасехь. ШолгIачу дийнахь къаьстийна йоцчу ханна дIаяхйира иза, амма баьхкинчу ницкъхоша йохийра. Цигахь хилла гIалгIайн полисхой бехкебира омра кхочуш цадарна, уьш масех минотехь тIебаьхкинчу ницкъхошний, гуламхошний юкъахIиттина латтарна. Амма шаьш полисхоша чIагIдо, шайга гулам бохабе аьлла омра дIакхачийна а дацара, бохуш.

ШолгIачу дийнахь 13 полисхо даржах ваьккхина, "чоьхьарчу гIуллакхийн хьукматерчу белхахочун сий дожош гIулч яккхарна", цул совнах, бехктакхаман гIуллакхаш а айдина царна дуьхьал - "Омра кхочуш цадар" олучу бехканна. 5 шаре кхаччалц ю оцу артикло луш йолу набахтин хан. ЦIера дIасабовла дихкина беха полисхой хилларш.

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле арз хьажийна цара, яздина, хетарг ала гулбала йолу нехан бакъо хьашна Iедало, политика бахьанехь хьийзабо уьш, ткъа шаьш низамехь а доцуш даьхна балхара дIа, аьлла.

"Полисхоша бахарехь, Iедало полицех а, митингех а долу низамаш талхийна, нехан бакъо ю маьрша, карахь герз а доцуш, гулбала. Гулам кхаа денна магийна бара, и хан чекхъялча, жигархоша дийхира кхин а денош шайна далар, амма Iедалхоша и дехар ца дира кхочуш. Лохкучу дийнахь митинг латта магош ца хиллехь а, нийса дац иза ницкъаша йохор, тешна бу Страсбургерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле арз дахьийтинарш. Шаьш наханий, тIебаьхкинчу ницкъашний юкъахIиттира цIий ца Iанийта лууш, боху полисхоша", – элира Кавказ.Реалиига "Правовая инициатива" проектан лакхарчу юриста Гнездилова Ольга (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн статусе яьккхина "Правовая инициатива", амма иза реза ца хилла цунна. –ред.).

Хадеш хиллачу полисхойн декхар юкъараллехь кхерамзалла латтор ю, арз чуделлачара шайн декхар кхочушдина, тешна ю юрист.

"Полисхоша шаьш ма-баххара, цIий ца Iанийта гIиртина уьш – тIебалийначу ницкъаша (царна омра дина хилла) гуламехь лаьтта къаной хьаьшна дIабохур бу аьлла хетачух сурт лаьттина оцу муьрехь. Кхелехь довзийтинчу суьрташа а гойту тIебалийна полицин ницкъ гергашца, гIожмашца хиллийла. Цара етташ баьхна гуламхой майданна тIера", – дуьйцу Гнездиловас.

Цо бахарехь, хадеш лаьттачу полисхоша шайх пен а хIоттийна, гIеххьачул "лахбина тIебалийна ницкъ". "ХIинца Iедало шаьш бехкедеш хиларе терра, полисхойн олийла дац шаьша халкъаца цхьаьна дара, амма гуламхошна иштта гина хIоьттина хьал", - боху зудчо.

"Халкъехьа дIахIиттира"

Полисхой Iедална дуьхьал бевлла, цуьнгахьа шаьш хила безаш боллушехь оцу дийнахь, дуьйцу бакъоларъярхойн "Мемориал" центран ГIалгIайчуьрчу декъан куьйгалхочо Акиев Тимура (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн статусе яьккхина "Мемориал", амма иза реза ца хилла цунна. –ред.).

"Гуламехь лаьттачу халкъехьа бевлла уьш. Кхеташ ду, иза гечдийр долуш хIума дац Iедало. Хадеш лаьттинчу полисхоша дийцарехь, уьш балхара бохийна "дина омра а доцуш майдана бовларна". Цаьрга аьлла ца хилла майдана бовла, амма уьш бахана цига. Оцу къамеле ладоьгIча кхета хьаькамаш йуьйцург харцо юйла, царна гулам бохо буьйр дина ца хиллийла. Шаьш хIоьттинчу хьоле хьаьвссина хьаьвзира гуламехь, боху цара. Делахь а хьаькамаша чIагIдо, полисхоша йоцу бакъо караэцна шайна, бохуш. Цара геч ца до шаьш-шайггара оцу дийнахь уьш лелла хилар, амма цара халкъ Iалашдина шайга кхочучу декъанна", – тешна ву Акиев.

Юьхьанца, 2018-чу шарахь, протест ГIалгIайчохь машарца дIайоьдура, билгалдоккху "Мемориал" центран кхеташонан куьйгалхочо Черкасов Александра.

"Протесташ а ца хьехош аьлча, 2018-чу шарахь гуламхой гIоьртира Iедале низамца дозанашца дерг къастадайта. ХIетахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахой а , Росгварди а яра майданахь, цхьа а къепедацарш ца хилира, наха шайна тIаьхьара нехаш а дIайохура. Амма рогIечу шеран бIаьста юха а юьйлаелира протесташ, Iедалан бехк бара цигахь, наха шаьш ойла а ца еш тIеэцна низам ловр доцийла хаа дезара цунна. ГIалгIайчу арахьара полицин ницкъаш балийра, куьйгалла деш а бара тIебаьхкина буьйранчаш. Оцу хьелашкахь балхара дIабаьхначу полисхоша нийсса яьккхина шайн гIулч – летарш ца хилийтина. Царна мелхо а совгIаташ дан дезара, цара дина декхар кхочуш – нах Iалашбина, къепе ларйина, Магасерчу майданара дIабахана гуламхой церан гIоьнца", – аьлла хета бакъоларъярхочунна.

Цо бахарехь, 2019-чу шарахь хилла протестан гулам къасталуш хилла 2018-чохь хиллачух: тIаьхьо федералан центро хьал шен долаэцна, нахана маьрша протест хIоттор магош доцийла хоуьйтуш.

"2018-чу шарахь протестхошца мотт карош лелла ГIалгIайчоьнан Iедал 2019-чу шарахь и дан кхин таро йоцуш дисира – я Евкуров Юнус-Бек а, я цуьнан нах а, я меттигера ницкъхой а бацара гуьнахь долуш. Федералан центр а, цуьнан векалш а бара хьал долаэцна хьийзаш. Коьртаниг дара цхьа а маьрша протест чекхъер йоцийла хаийтар, маьршачу протестна а дийр дуйла таIзар гайтар, махкахой тебан гIиртинарг а, цIий ца Iанийта гIерташ хьийзинарг а таIзарна бухавуьгур вуйла хаийтар. Гарехь, царна гайта оьшург цхьаъ ду – къиза ницкъ, шогалла", - элира Черкасовс.

***

"ГIалгIайн гIуллакхехь" жоьпе озийнарг ву 51 стаг: лаххара а 40-нна бехкедо ницкъаллин урхаллерчу белхахошна гIелояр, опппозицерчу бархI жигархочо во и гIелояр гIатторна бехке, цара кхоьллина, боху талламо, экстремистийн юкъаралла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG