Украине йухавеанчу шина йийсархочо дийцина, Нохчийчоьно украинхойн карабаьхкина салтий мехах оьцуш бу шайн махкарчу дакъошкара эскархошца уьш тIаьхьа дIасахийца аьлла. Кадыров Рамзана бехк тIе ца лаьцна, цо дIахьедина цхьана а тайпа нах бухкуш "къайлах" базарш йац аьлла. Оцу йукъанна мехкан куьйгалхочо масийттаза хаийтира, шен долахь "хуьйцу фонд" хиларх: йийсархошна дуьхьал санкцеш дIайахийта а хьийзира иза, иштта пайдаийцира царех шен кIентий хьалхатоьттуш а.
Хьалхо шаьш лецна украинхойн тIемалой бухкуш хиларх дийцира тIеман йийсархойн гIуллакхашкахула йолчу украинхойн координацин штабан векало Яценко Петра. Оьрсийчоьнан эскарера эцнарш Соьлжа-ГIала хьийсабо, цигахь лармаш чохь латтабо уьш "шайчаьрца" дIасахийца хан кхаччалц, дийцинера цо The Times газете.
Кадыровхоша эцначу йийсархойх керла хаамаш Яценкос бина бац – делахь а цо дийцинарг бакъдора цул а ахшо хьалха украинхойн зорбанан гIирсаша а. Украинан омбудсменан офисехь кIорге ца буьйлуш иштта тIечIагIдира, оцу кепара хIуманаш нисдаларх шайгахь хаамаш бу аьлла.
Соьлжа-ГIалахь болчара хийцинчу, мел кIезиг а, шина салтичун цIераш хууш йу: Левицкий Вячеслав а, Потремай Сергей а ву и шиъ. Стохка чиллан-беттан хьалхарчу дийнахь йийсаре лаьцнера Левицкий Авдеевкана гена доццучохь – цо дийцинера украинхойн "Суспільне" телеканалана ша лазийна вара тIейеттачу заманчохь, кхетамчохь а вацара ша бохуш. Сепаратистийн "ДНР" декъан эскархошна карийнера иза – масех дийнахь шайгахь латтийна, кадыровхошка дIавеллера иза. Цигахь цхьанакхеттера Левицкий Нохчийчоьнна воьхкинчу тIемалочуьнца Потремайца.
Потремай Сергейс бахарехь, иза а кхаьчнера дэнээровхойн йийсаре: цхьана баттахь эхабаттахь латтийнера иза ларми чохь, цигахь йеттара цунна, тоьпаш тухур йу бохуш, кхерамаш а тийсинера дукхазза. Нохчийчу иза дIавеллачул тIаьхьа Левицкий лелон хIоттийнера иза – дукха ца Iаш лазийнарг чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин лазартне охьавиллира, цигахь шелехь латарна куьйгаш, когаш ах дIадаха дийзира цуьнан, дагалоьцура цо. Потремайс дийцарехь, Соьлжа-ГIаларчу ларми чохь цуьнца вара кхин а 39 украинхойн йийсархо – царех исс бен ца веара цуьнца цIа.
Левицкий а, Потремай а хийцира мангал-беттан 11-чохь. Оцу дийнахь Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Саралиев Шамсаила дийцира, Оьрсийчоьнан йийсарера маьршаваьккхинчу 94 эскархочух. Муьлхачу дакъошкахь хилла цIабалийнарш, билгал ца даьккхира. Хийцарх йаржийначу видео тIехь гуш царех цхьа дакъа бен дац – 26 стаг гергга. Украинан президентан офисан куьйгалхочо Ермак Андрейс хаамбира, дIасахийцина пачхьалкхе цIа валийна маьршаваьккхина 95 украинхой эскархо аьлла.
Къастийна нохчийн дакъошкара йийсархой дIасахуьйцуш хиларх ишта тIечIагIдира, Оьрсийчоьнан йийсарехь 11 бутт баьккхинчу украинхойн эскархочо Жемчугов Владимира "Киев-24" эфирехь цо дIахьедира, оцу кепара "тIеман хьелашкахь хийцарш" "Ахмат" дакъошца лелийна ца Iаш, билггал хилла ду ЧВК "Вагнеран" йолахошца а цхьаьна. Цуьнан дешнашца, стохка гурахь – Пригожин веллачул тIаьхьа – и практика сацийра.
Йийсархон йийсархоца гамо йу?
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира дуьненан зорбанан гIирсашкахь, йа Нохчийчохь а, йа Оьрсийчохь а йийсархой оьцуш-бухкуш "къайлах базар" йац аьлла. Левицкий Вячеславца йаьккхина хилла архивера видео хIоттийра цо постаца цхьаьна, цу тIехь йийсархочо баркалла боху нохчийн декъана шена дарба дарна а, ша дIасахуьйцуш хаттар листарна а. 2023-чу шеран охан-баттахь Левицкий нохчийн эскархошна ша каравеанера, бохура, ткъа хийцина иза а, кхин шиъ а Оьрсийчуьра кхаа эскархочух, чIагIдо куьйгалхочо.
Кадыровн къаьстина хуьйцу фонд хиларх лач тоьшаллаш гучудуьйлура тоххара а. Кху шеран йуьххьехь цо ша хьийхира украинхойн йийсархой дIабала реза ву ша, нагахь санна, шен доьзална Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа тоьхна санкцеш йухайахаь аьлла. Цуьнан дола стенгара кхаьчна йийсархой, Нохчийчоьнан куьйгалхочо ца дийцира, амма тIаьхьо ша аьлларг "троллинг" йара бохуш, дешнаш йухаийцира цо.
Украинхойн тIеман йийсархошна дуьхьал санкцеш дIайахар Нохчийчоьнан урхалхочо магийта тарлора, ткъа новкъарло хуьйцу фонд цахиларо ца йира цунна, оцу кепара цуьнан хьехар Малхбузено тергамза дуьтур хилар дара. Иштта хьажам бу Украинехь тIемаш бечу Шейх Мансуран цIарахчу батальонан хиллачу спикеран Белокиев Исламан. Цунна хетарехь, "йуьхьIаьржа ца хIоттархьама" Кадыровс сихха забаре дерзийра дерриг а.
Украинерчу тIамехь лоьцу йийсархой-кадыровхой катухий хуьйцу, Оьрсийчоьнан эскаран кхечу дакъошкара эскархойл а хьалхабохий, дIахьедора украинхойн "Ищи своих" телеграм-каналан авторо Золкин Владимира а, ВСУ-н агIор тIемаш бечу Гуьржийн легионан командиро Мамулашвили Мамукас а. Хуьйцучу хенахь Оьрсийчоьнан агIор йолчу приоритетех хххаам ца бина Украинан тIеман буьйралло – Оьрсийчоьнан тIеман министралло ишта хаамаш тергал а ца бо.
Шен долахь хуьйцу фонд хила дикка бахьана долуш ву Кадыров: йийсархойх хийцина кадыровхой цIаберзош хила таро йу, "массо а агIор" шу лардеш ду аьлла, шайн куьйгакIел берш тешон. Европехь куп тоьхначу ичкерихойн "Цхьааллин ницкъ" боламан векало Музаев Сайхана элира ишта.
"Массо а агIор" шу лардеш ду аьлла, шайн куьйгакIел берш тешон
Оцу йукъанна Нохчийчоьнан урхалхочо къобал деш дац карабахар. Украинера "Север-Ахмат" полкан пхи эскархо стохка охан-баттахь йухавирзинчул тIаьхьа Кадыров дуьхьал хилира цаьрца цхьанакхета, цо дIахьедира "нохчийн бIахочун цхьа а бахьана хила ца деза караваха" аьлла. Мехкан куьйгалхочо критика йинчул тIаьхьа цIавирзина хиллачу эскархочо Хамидов Тамирлана массарна а хезаш гечдар дийхира, ша тIамтIе йуха гIур ву аьлла, дош луш.
"Север-Ахмат" полко, цу йукъарчу эскархошка аьлла дара Кадыровс шен дешнаш, йоллу пачхьалкхера "лаамхойх" дакъош дузуш ду – Нохчийчохь бертаза йукъаийзабо уьш: тайп-тайпанчу бахьанашца нах лоьцу, бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьал дохур ду, йа тIехь гIело латтор йу бохуш, кхерамаш туьйсу царна, билгалдаьккхира бакъоларйархоша. Росгвардина чудогIучу нохчийн дакъошка хьаьжча, "Север-Ахмат" полко жигара дакъалоцу тIемашкахь: товбеца-бутт бовш зорбане хIоттийначу анониман шина аудио тIера хезаш ду, Бахмутана гергахь оцу декъан дуккха а эшамаш хиларх.
"Къаьстина хьал"
Кадыровс йийсархойх шуьйра пайдаоьцу шена пиар йеш а, боху Белокиевс. 2022-чу шеран гурахь украинхойн кхо йийсархо валийира Соьлжа-ГIала "тIамтIера" Кадыровн кхо кIант-кхиазхо – Ахьмад Эла, Адам йухавирзинчул тIаьхьа. ХIетахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIакхайкхийра, шен бераша "Запад-Ахмат" батальрнан эскархошца йийсаре лецна уьш аьлла.
"Шена реклама йеш оьцу Кадыровс украинхойн йийсархой. Дерриг а дика гуш ду цуьнан кIентийн масала тIехь, цара лаьцна боху кхо йийсархо, - хIораммо а цхьацца. Кремло могуьйтуш лелош ду и дерриг а, цигахь лууш бу Кадыров вазван, Нохчийчуьра бусалба нехан бIаьргашчухула иза дика гайта лаамца – цигара схьа ду цуьнан "къаьстина хьал", - аьлла хета Белокиевна.
Мехкан урхалхочуьнга къамел дайта лаьцна балийра украинхойн тIемалой – Кадыровс пайдаийцира царех, рогIера йуха а пропагандистийн тезис дагалоцуш. Украино шайна хьалхара бала кхуьйсу мобилизаци йинарш аьлла, сурт хIотторхьама. Видео а йоккхуш, Кадыровн воIарий цIа баьхкинчу шолгIачу дийнахь Кадыровс дIакхайкхийра, рогIера "лаамхойн" тоба Украине хьажорах.
Оьрсийчоьна тIеман ницкъаша дIалоьцурш а боцуш, Кадыровн Нохчийчохь шайн тIеман йийсархой хилар нислуш хIума ду "кхачам боллуш йоцчу пачхьалкхаша" латточу девнашна, тешна ву израилхойн тIеман аналитик Шарп Давид.
Хьалхара тайпа а бу, шолгIачу тайпа а бу – амма хьо хIуммаъ а хьалхара вац, йийсаре ваккхар дуьйцуш делахь
"Кеп-кепара вовшахтохараллаш хила тарло уьш, партизанийн, квазипачхьалкхийн – цхьаъ хилла пачхьалкхана хьалхара тIемаш беш йоцуш, йа цхьа регионалан, йа тукхаман, кхинйолу структураш. Цхьахьаькамалла а долуш, йукъара тIеман ницкъаш бу ала тарлуш доцу", - билгалдоккху цо.
Нагахь санна эскархо кхеташ велахь, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн цхьа кхин дакъош тоьллачу хьелашкахь латтош ду аьлла, цо Iаткъам бо биссинчарна а – оцу тIехула нохчийн дакъошна масийттааза бехкаш дехира: йа тIом нийса ца бо, йа кхачам боллуш ца бо, йа царна дукха ахча латтадо, бохуш, кхетийра къамелдечо.
"Хьалхара тайпа, шолгIа тайпа дакъош ду аьлла, хьо кхеташ велахь, лаьцначуьра воккхург дуьйцуш делахь, хаа ду хьуна, хьо хьалхара хир воций. Хаа ду цхьаммо халахетар латтадой, цхьаъ реза воций, цхьаммо цхьа хьесап до цунах", - дерзийра эксперто.
- Украинехь тIом болийначул тIаьхьа масийттаза хаамаш кхочура Оьрсийчонан эскарера бIахошна а, Нохчийчуьра кхечу дакъошкара эскархошна а йукъахь девнаш лаьтта бохуш. Херсонан кIошт схьайоккхуш дакъалаьцна, цул тIаьхьа Украине гIортар йемалдинчу Оьрсийчоьнан десантхочо Филатьев Павела дийцира, кадыровхой шена тIемаш бечу хьалхарчу могIаршкахь гина бац аьлла. Бакъду нохчийн дакъошкарчу эскархоша даим а видеороликаш йохура социалан машанашка йахка – цул совнах цхьана а салтин а, эпсаран а карахь телефон йацара тIамтIехь.
- Кадыровхойн тIом баран кепаш а, уьш тIамана кечбина хилар а йемалдира сепаратистийн агIор йолчу "ЛНР" батальонан командиро Ходаковский Александра. Украинана тIелеттачу йуьххьехь цо дIахьедира, "царна ахча дайъина", амма "Iалашонаш кечйан кийча хилар" лахарчу тIегIанехь диссина аьлла. Нохчийчоьнан гонерчу Делимханов Адамца къамел хиллачул тIаьхьа, шен дешнаш йухаийцира цо.