ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ислам а, Путинан амбицеш а. Стенна оьшу муфтийшна Росгвардица йукъахь болхбар


Таджуддин Талгат а, Золотов Виктор а. Сурт: Росгвардин телеграм-каналера
Таджуддин Талгат а, Золотов Виктор а. Сурт: Росгвардин телеграм-каналера

Бусалба нахаца йукъахь бечу белхан гIоьнчаш хир бу Росгвардин Къилбаседа Кавказехь – ницкъаллин урхалло барт бина коьртачу муфтиятаца. Редакцино хеттарш дина эксперташ тешна бу, къилбан мехкашкахь кхин дIоггара гIарайаьлла йоцу динан урхалла ницкъаллин хьукматера шена гIортор хилийта хьийза, Кавказехь чIагIйалат аьлла.

ТIеман капелланаш

Стигалкъекъа-бутт бовш Орсийчоьнан парламентан депутато Хинштейн Александра дийцира Росгвардино а, бусалбанийн Коьртачу динан урхалло (ЦДУМ) а куьйгаш йаздина хиларх цхьана болхбан, цуьнан гурашкахь муфтийша белхаш бийр бу Росгвардин дозанашкара органашкахь а, иштта Къилбаседа Кавказехь а. Бертан куьйгашйаздина Росгвардин куьйгалхочо Золотов Виктора а, лаккхарчу муфтийс Таджуддин Талгата а. Депутато ишта билгалдаьккхира, "къоман гвардин эскаршлахь 50 эзар гергга бусалба ву гIуллакхдеш" аьлла, делахь а билгал ца даьккхира цо информаци стенгара йаьлла.

Социалан машанашкара шен ВКонтактехь Хинштейна къастийра, цхьана болхбаран маьIна ду "Росгвардихь тIеман капелланаш хилийта (ишта олу далла Iамал а йеш, ишта цхьацца даржашкахь белхаш бечу динан гIуллакхдархойх) ламастин конфессиш йовзуьйту.

Страсбургехь имам хилла, Европера нохчийн ассамблейн пресс-гIуллакхдархойн куьйгаллехь лаьттинчу Албаков Шемала дийцира редакцина, тIамехь капелланан Iалашо дукха хьолахь техникан хьулу: динца доьзна Iадаташ дIадахьар, цигахь беллачарна тIехь дан дезарш дар. Делахь а тешна ву иза, цу тIехь Коьртачу динан урхаллин имамийн декхарш доьрзуш дац аьлла: "Цара бохур ду, тIом – джихIад ду, ткъа эскархой – шахIидаш бу, дин эрчадоккхур ду, Путинан политикан амбицешна буха а далош".

"Динехь хаамаш совбахар, эскархой, Росгвардин белхахой, бусалба динехь болу церан доьзалхой патриотикехь, оьздангаллехь кхетош-кхиор" ду аьлла Росгвардихь шина агIонан керла йукъараллех.

Билгалдоккху зазадокху-баттахь Росгвардино барт бира Оьрсийчоьнан православин килсаца, коьртехь патриарх Кирилл а волуш. ХIетахь, цу церемонихь дакъалаьцначу Хинштейна хьахийра, оцу кепара бертана куьйгаш йаздан дагахь бу ницкъахой бусалбанашца а, буддисташца а, иудейшца а аьлла.

ХIетахь дуьйна оцу инициативех лаьцна кхин хIара ду аьлла керла хIума хезна дацара керстана. Буддисташца а, иудейшца а цкъачунна барт хилла бац.

Кавказ.Реалиин редакци масийттаза хьаьжира Уфара коьртачу динан урхаллин офисца зIе таса, делахь а, секретаро бахарехь, цунах лаьцна комментарий йан цкъа а чохь ца нислора цигара белхахой. Церан почте дахьийтинчу хеттаршна хIара материал зорбане йоккхуш а жоьпаш данза дара. Оха иштта масийтта хаттар дахьийтира Хинштейне а, амма цо а царна жоьпаш ца делира.

Кавказехь Iаткъам бан динан къийсам?

Редакцино хеттарш динчу эксперташа хадам боллуш элира, Къилбаседа Кавказехь бусалбанийн Коьртачу Динан урхалло беш динца доьзна боккха Iаткъам бац аьлла. Масала, регионера ЦДУМ-н цхьахволу векал, Сагов Ахьмад ву ГIалгIайчуьра муфтиятан векалтан куьйгалла деш. 2020-чу шарахь цо дош делира, центро "социалан, культурин барамаш дIахьур бу, гIалгIайн уммин цхьаалла ларйеш" аьлла.

Вайна хууш ду, Ростов-на-Дону – и коьрта гIала йу къилбан а, Кавказан а тIеман маьIнехь

Дечу хIумана тIехь Саговн гIаравалар дацара динехь бина болх бахьана долуш, 2022-чу шарахь нохчийн оппозиционерийн, ЯнгулбаевгIеран вежаршна дуьхьал кадыровхоша хIоттийначу митингехь къамел дарца вевзаш вара. Цул тIаьхьа ГIалгIайчуьра цхьаболчу бахархоша кхайкхамбира цуьнга, халкъан цIарах къамелаш ма де аьлла. Украинана дуьхьал тIемаш бечу Кубанан гӀа̃лагӀазкхийн эскаран векалш болчу веара иза 2023-чу шарахь совгIаташца. Цкъачунна хууш дац, Росгвардица йукъарчу муфтиятан инициативехь Саговс дакъалоцур ду, йа дац.

Ростовн кIоштахь бусалбанийн Коьрта динан урхаллин "монополи" йу ала тарло, дийцира редакцига исламан дин толлучу, динан антропологи зуьйчо, шен цIе къайлайахьар доьхуш.

"Вайна хууш ду, Ростов-на-Дону – и коьрта гIала йу къилбан а, Кавказан а тIеман маьIнехь. Тарло цо дакъалаьцна хила тIеман дакъошна лерина динан Коьртачу Урхаллех партнер йеш", - аьлла хета цунна.

Мухха делахь а, Ростовера декъан Iаткъамбар дац Къилбаседа Кавказехь, хIунда аьлча "массанхьа а йу шайн ницкъе муфтияташ".

"Тарло цара, оцу меттигашкахь, дакъошна уллохь, дийцарш деш, меттигерчу Iеламчашца уьш бертабаха. Муфтият Къилбаседа Кавказе чуйаийта деш хIума хила а тарло и", - аьлла хета экспертана.

Iилманчас бохург тIечIагIдан, йа харцдан Iалашонца Кавказ.Реалиин журналист Бикмаев Мухьаммада куьйгалла дечу Ростовн кIоштара муфтияте йелира. Цара хьийхира цунна хеттарш коьртачу офисе дахьийта аьлла.

Къилбаседа Кавказехь шайн болх баржон хьийза динан урхалла аьлла хета политолог волчу Айсин Русланна а. Цунна хетарехь, кхечу динан урхаллашна йуккъера Росгвардино хIара муфтият къастийна иза йолу дуккхаъ а хан хиларна.

"Коьрта динан урхалла – консервативе структура йу, Оренбургера шаьш Мухьаммадан тIаьхьенах лоручийн динан гулам кхоьллина, Екатерина ШолгIачун заманера лоруш йолу. Суна хетарехь, Дагестанан динан урхаллица къовсабала гIертар бу уьш Къилбаседа Кавказехь. Нохчийчоьнан а, Дагестанан а муфтияташа жигара йукъарлонаш туьйсу ницкъаллин структурашца, ницкъаллин белш хила луучух тера ду Коьртачу динан урхаллина тIом болчу хенахь", боху Айсина.

Нохчийчоьнан а, Дагестанан а муфтияташа жигара йукъарлонаш туьйсу ницкъаллин структурашца

Карладоккху, Оьрсийчоьнан муфтияташ цхьана структуре вовшахтоьхна йац, уьш къаьстина болх беш йу. Федералан маьIнехь муфтияташ йу аьлла, билгалйаха тарлуш масех динан урхалла йу.

Редакцица къамел дечу дин толлучо билгалдаьккхира, оцу кепара "динан тайп-тайпаналла" исламаца йогIуш йу. Делахь а, политологан Айсинан хьежамашца, политикан бакъйолу субъекташ ца хета уьш Iедалхошна, Iедална муьтIахь йолу, масала, Оьрсийчоьнан православин килс (РПЦ), йа Оьрсийчоьнан жуьгтийн конгресс.

Путинна уггар а муьтIахь волу муфтий

Редакцино хеттарш динчу экспертийн дог-ойла цхьаъ йара, цара бохура йоллу муфтияташ Iедална муьтIахь йу, тIамехь хиларехь а. Керстан конфессешлахь тIамана дуьхьа масех гIуллакхдархо хуьлуш хилча, эксперташна хетарехь, диллина тIамана дуьхьал болу имамаш Оьрсийчохь биссина а бац.

Вуьшта, Айсина хетарехь, Таджуддинан муфтият мел а Iедална муьтIахь йу, кхечаьрга хьаьжча: "Империн заманара дуьйна схьайохьуш йу цара шайн истори, ислама йукъахь а империн дискурс дIайахьа гIерта уьш", - бохура политолого.

Таджуддин Талгатан Iедалхошца къаьстина йукъаметтигаш хилар тIечIагIдо, ша бусалба нехан векал хиларе терра, динан вовшахтохараллийн Путинца хуьлучу цхьаьнакхетаршкахь цо дакъалацаро а.

Таджуддин Талгатца цхьанакхетарехь ву Путин Владимир, 2017 шо
Таджуддин Талгатца цхьанакхетарехь ву Путин Владимир, 2017 шо

Цхьана хенахь имам лаьттинчу Албаков Шемална хетарехь, тамаш бу-кх, бусалбанийн Коьртачу динан урхаллех дIатоьхна муфтийш тIеман капелланаш хила дуьхьал бовлахь.

"Оппозици цхьа а вер вац. Оцу системех и нах дIатоьхна белахь – цара дош эр дац. Дера хIара тIом къинан тIом а, исламаца бIостане тIом а бу. Амма и нах Iемина бу дерриг а харцахьадаккха а, бертал тоха а. Цундела пацифизм хуьлийла дац", - дерзийра Албаковс.

  • Карладоккху, джихIад элира Нохчийчочьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Украинана дуьхьал йолийначу агрессих. Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа а бохура, Украинера тIом бусалба нахана беза бу, ткъа цигахь кхелхинарш Делан некъа тIехь кхелхина шахIидаш хир бу.
  • 2023-чу шарахь мехкан имамаш хьийсон болийра Гуьмсера Орсийчоьнан спецназана университете тIамана кечамаш бан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG