ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн истори язъян сацам бина Кадыровс


Ширачу занамахь нохчийн хилла Iедал - Мехк-Кхел. Диллина сурт.
Ширачу занамахь нохчийн хилла Iедал - Мехк-Кхел. Диллина сурт.

Нохчийчоьнан истори таллар а, цул тIаьхьа цуьнах лаьцна жайна арахецар тIедиллина республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана меттигерчу Iилманчашна-историкашна. И хаам баржийна цуьнан зорбан-сервисо церан цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа.

Нохчийн истори талла лерина кхоьллина Iилманчийн тоба ю. ХIинцале цара бинчу белхан жамIаш ду. Цхьа могIа пачхьалкхашкара архивашкахь болх бина цара. Гулъелла материал гоч а йина, цунна таллам бина баьлча, 10-чу оьмарера дуьйна къоман истори евзар ю.

И хаам хазахетарца тIеэцна шаьш историкаша. Амма царах цхьаберш цакхетамехь буьсу, 10-чу бIешарера кIоргене бен хIунда ца кхевда оцу талламашкахь?

Царах цхьаъ ву тахана нохчийн историкехь уггаре а жигара болх бечарах Бакаев Хьасан: "Дуккха а керла материал гулъелла хир ю церан. Иза гулъеллийла суна хаа а хаьа. ТIаьхьарчу эзар шарахь хилла истори язъян йиш ю аьлла хета суна.

Амма цхьана хIуманах дика ца кхета со. Цул хьалха а ма хилла вайн истори. Эзар а, ши, кхо эзар шо хьалха а ма хиллий вайн истори. ТIаккха иштта истори вовшах а тоьхна, язъеш хилча, и белхаш язбина цу юккъе хIунда ца бохуьйту ца кхета со. Ткъа, вуьшта аьлча, и болх вайн историн Iилманна а, вайн къомана а пайде бу аьлла а хета суна".

Истори тахана язъян аьтто хилар доккха хIума ду, амма оцу некъа тIехь ондда духьалонаш хила мега аьлла хета историкна Демельханов Сулейманна.

ТIемаш болуш нохчийн аьтто ца хиллера шайн истори талла, цуьнах шайгахьа пайда эцнера вайн лулахоша, элира цо: "Нохчийн истори шира юйла хууш ду. Амма Советан Iедал долчу хенахь иза толлуьйтуш яцара. Цхьа Делан къинхетамца цу гIуллакхна арабевлла нах бу. Цхьаболчара шайгахьа уьйзу иза. Вайн лулахоша шайна тIе а узий, язъеш ду. Шайн бен дац бохуш язъеш ду".

Истори язйина охьайиллар дика хIума ду, амма хьаьнг-хьаьнга а иза язъяйта йиш яц. Цул сов, лакхара омра делча язъяр, ца делча ца язъяр нийса ду аьлла ца хета шена элира яздархочо-историка Мусаев Заламхас.

"Официале вайн истори язйича дика хир дара. Иза язъеш берш муьлш бу хьовса деза вай. Шайн карахь дийнна институташ а йолуш, язъян гIирс а болуш даржахой бу-кх вайн. ХIинццалц иза цара язйина ца хилча, хIинца хIун язйийр ю аьлла хетар ду вайна. И истори язъеш болу, цунна хьалха дуьйна сагатдеш болу нах хила беза аьлла хета суна", - бохуш вара иза.

Дукха хан йоцуш Нохчийчура Iедалера тоба цIайирзина Эрмалойчу а, Гуьржийчу а яханчуьра. Цигахь царна гайтина нохчийн истори официале юьйцучул а шуьйра а, кIорге а хиларх хIинццалц гIарадаьккхина доцург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG