Украинхойн дозанера кадыровхойн пиар-операци, Соьлжа-ГIалара дешархочунна полисхой тIаьхьабовлар, гIело латторах луьстучу гIуллаккхна йукъараваьлла суьдхо – цунах а, кхиндолчух а дуьйцур ду оха Маршонан 22-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Украинхойн дозанера кадыровхойн пиар-операци
Шеконе операци дIайаьхьна Оьрсийчоьнан а, Украинан а дозанехь кадыровхойн тIеман тобано. Долийра тIелатарш оршотан дийнахь, товбеца-беттан 31-чохь, хаамбира Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Кадыров Рамзана ма-аллара, эскархоша "хьалхабевлла тохар" дира Сотницкий Казачок олучу меттигна. Харьковн а, Белгородан а кIоштийн дозанера украинхойн эвла йу иза, цигахь шуьйра тIемаш беш а бац. Цул совнах, кхеташ дац, стенна тIелатар динера кадыровхоша.
Йаржийначу видео тIехь аренца богIу уьш, дац цу тIехь йа артиллерин тохарш дина оьрнаш, йа тIеман техникан лараш, цул тIаьхьа цIейеттарг кхуьйсу цара, куьйга туху гранаташ а, йоккха топ а, и дерриг а дронца дIа а йаздеш. Кавказ.Реалиин редакцин аьтто белира, кадыровхоша герзаш диттина цигара кхо меттиг геолокацица лаца .
Дуьххьара цара тIелатар дина меттиг Оьрсийчоьнан дозана тIера хьуьнан аса йу, шолгIаниг – дозана 350 чакхарма дехьара нах беха меттиг йу, оцу йуьйцучу Сотницкий Казачок олучу эвлара. КхоалгIа дина тохар нисделла оьрсийн дозана ворхI километар дехьарчу Стогнии йуьртана уллорчу некъахула.
Оцу тохаршца хIун хIаллакйеш бара кадыровхой, къаьстина дац. Нохчийчуьра шина полисхочо дина цу операцин куьйгалла.
Шуьйта кIоштара чоьхьарчу гIуллакхийн декъан куьйгалхо Делимханов Гайрбек а, цул а дика вевзаш волу, Куьрчала кIоштан полицин декъан хьаькам Агуев Рустам а хилла и шиъ. Стохка дуьйна Американ санкцеша лаьцна ву Агуев. Хьалхо кхайкхамаш бинера цо, Кадыровна луьйчийн коьртеш даха аьлла, ткъа Украинехь тIом болабеллачул тIаьхьа бехира цо, ловзаршкахь герз кхуьйсу махкахой тIаме хьийсабе бохуш.
Харьковн кIоштахь динчу тIелатарх йаьккхинчу видео тIехь коьрта турпалхо ву Агуев Рустам – коьллашна а, некъашна кадыровхоша герз деттачу заманчохь, нохчийн маттахь кхерамаш туьйсу цо Украинехьа тIемаш бечу Ичкерин агIончашна. Хетарехь, операцин коьрта Iалашо хилла и кхайкхамбар – йаржийначу видео тIехь нийса ах хан дIалоцу цо.
Карладоккху, мангал-баттахь "Ахмат" тIеман дакъош диверсин тобанех Белгородан кIош ларйан хьовсийра, бутт баьлча цхьа а дуьхьало йоцуш Ичкерин агIончийн тоба йеара цига, цара тIелатар динера тIеман йоккхачу машенна, вийра мел лахара а ши салти.
ТIеман аналитикаша, масала¸америкахойн тIом зуьйчу Институтера, масийттазза шеконе диллира кадыровхой билггал болчу тIемашкахь дакъалаца гунахь цахилар. Даим а сурт хIиттош видеош йахарна Оьрсийчоьнан арми йукъара Нохчийчуьра эскархошна "тикток-эскарш" аьлла, цIе тиллира. Кхузахь коьрта ду, республикехь, Кавказ.Реалиин сайтан хаамашца, хIинца а бертаза тIаме хьийсор дIахьош хилар, цIабаьхкина эскархой кхоьру шайн дахарх а, маршонах а – тIаме баха дуьхьалбовлахь йа набахте хьовсор ду шаьш, йа Iазапаш хьега дезар ду бохуш.
ГIело латторах луьстучу гIуллаккхна йукъараваьлла суьдхо
Нохчийчуьра актерна Дебишев Тимурна тIехь гIело латторах бехкзуламан гIуллакх доло дуьхьало йарна бина латкъам толлу Соьлжа-ГIалара Висаитовн кIоштан кхелан суьдхо Хлыстунов Владимир йукъара ваьлла оцу гIуллакхна. Кавказ.Реалиин сайте цунах лаьцна хаамбина бакъоларйаран "Iазапашна дуьхьал Команда" организацино, Дебишевн интересаш йовзуьйтуш бу оцу йукъараллин юристаш.
Полицихь ницкъбина шена аьлла, Дебишевн дIахьедарна тIехула товбеца-беттан 19-чохь Нохчийчуьра Лакхарчу кхело рогIера дуьхьало йина бехкзуламан гIуллакх дуьхьал айдан. Соьлжа-ГIалара Висаитовн кIоштан кхелехь кху беттан 1-чохь листа дезаш дара и хаттар хIинца кхозлагIа, амма кхелахо Хлыстунов, цхьана сахьтехь эхасахьтехь кхеташо хиллачул тIаьхьа йукъара ваьлла. Цунна дагадеана хилла, цунах тера оцу гIуллакхехула латкъам хьалхо ша листина хилар, дийцина Къилбаседа Кавказера филиалан командин куьйгалхочо Ванслова Екатеринас.
Дуьхьалойар формалехь ду аьлла бакъоларйархочо, хIунда аьлча, кхул хьалха суьдхочо листинарг процессуалан кхин документ дара. Оцу йукъанна юристаш дуьхьал бацара Хлыстуновга дакъалацийта. Делахь а гIуллакх кхечу суьдхочуьнга лур долуш ду.
2018-чу шеран лахьан-баттахь актеро Дебишев Тимура орца дийхира "Iазапашна дуьхьал Команде", цо латкъамбира, хеттарш дан ша тIекхайкхинчу Соьлжа-ГIаларчу полицин декъехь шена йиттира аьлла. Бакъо йоцуш наркотикаш лелорна бехкейинчу цхьана йоьIан телефон чохь кхуьнан номер карийнера царна.
Дебишевс чIагIдарца, ток йеттийтинера цунна полисхоша, пенах корта а биттира, кислород дIа а къовлуш. Аьшнашвинера иза, цхьаъ гихь лелавайтинера цуьнга, наркотикаш лелораш схьабийца бохуш.
Тепсуркаевн зудчун иск доьалг1а листар
Нохчийчуьра Лакхара кхело кхоалгIа дуьхьало йина Б.Елизавета волайнхо йу аьлла, лара. Оппозицин Iадат телеграм-каналан чатан лачкъийначу модераторан Тепсуркаев Саламан хIусамнана йу иза. "Iазапашна дуьхьал Команда" йу цуьнан интересаш йовзуьйтург.
И шиъ – зудий-мар дара аьлла, официалехь тIечIагIдина дац бохуш, нохчийн талламчаш реза ца хуьлу Елизавета волайнхо йу аьлла, тIелаца. Юристаш къар ца луш тийсалуш бу 2020-чу шарера схьа дуьйна и шиъ доьзал санна цхьаьна Iаш дара бохуш, ткъа Къилбаседа Кавказехь ЗАГС-ехь йина регистраци йоцуш, там-мах бой цхьана Iаш ду.
Нохчийчуьра Лакхарчу кхело бакъ дина, хьалхарчу инстанцин кхело кхачамбацарш нис ца дина, ткъа кхелан хьесапаш догIуш дац биллгал долчуьнца аьлла. Эххар а Висаитовн кIоштан кхело доьалгIа а луьстур ду жигархочун хIусамнана волайнхо хилар тIелацарх хаттар.
2020-чу шеран гезгамашин-беттан 6-чохь Геленджикехь лачкъийра Тепсуркаев Салман, шаьш полисхой ду аьллачу наха. ТIаьхьо гергарчийн аьтто белира Тепсуркаевн телефон Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин полкан Соьлжа-ГIаларчу декъа тIехь йуйла хаа. 2022-чу шеран марсхьокху-беттан 23-чу дийне кхаччалц зорбанан гIирсаша а, бакъонашларйархоша а лачкъийна олий хьахавора Тепсуркаев. "Iазапашна дуьхьалойаран Командин" бакъонашларйархочо Садовская Ольгас жимстаг вийна аьллачул тIаьхьа хийцаделира иза. Садовскаян дIахьедаран Кавказ.Реалии сайто тергойинчул тIаьхьа, 1АДАТ боламо тIечIагIдира Тепсуркаев вийна хилар. Нохчийн оппозиционераша бехкевира цунна Кадыров Рамзанан уллорниг, Оьрсийчоьнан парламентан депутат Делимханов Адам.
Нохчийн полисхой дешархочунна т1аьхьабовлар
Соьлжа-ГIалара йахархо Юсупова Ева (кхерамзалла Iалашйеш цIе хийцина цуьнан) Оьрсийчуьра дIайахна, шен 14 шо долчу йоIана Алинина полисхойн бIаьрг тIехIоьттича. ЙоьIан телефон чохь карийнера аниме-суьрташ, цуьнан хатI бахьана долуш кочабахнера цунна, тIаьхьо гучудаьлла цуьнан йоIаца уьйр хилар а, боху.
Стохкалера шо довш Евин йоьIан школехь дов даьлча, цуьнан телефон чу хьоьвсинера, ши стаг маракхетта аниме-сурт карийнера цу чохь, хаамбина "СК SOS" кризисан тобано. Оцу тIехула моллас йуьхьйаьккхира Евигара – иштта цо бехк биллира дешархочун йоца месаш а, пирсинг а хиларна. Цул тIаьхьа Алинин телефон сих-сиха толлура школехь, кху шеран йуьххьехь меттигерчу телеграм-каналашкахь хьийзайора иза "атеизмана" а, Iедална реза ца хиларна а, цуьнан хатI а бахьанехь
Доьзалца йуха а цхьаьнакхийтира молла, цул тIаьхьа Ева а, цуьнан йоI а тIекхайкхира кхиазхойн гIуллакхашкахула йолчу полисхойн цхьахйолчу декъе. Евас бахарехь, полисхоша хеттарш дира цуьнга йоьIан хотIаца доьзна а, доьзалерчу хьолах лаьцна а. И шиъ цIа йахийтира, амма оцу дийннехь вевзаш воцчу цхьана стага тIедожийра Евина, петар дIа а йохкий, ша IадIарна шена 300 эзар сом ахча ло аьлла. Алина йоIаца доттагIалла лелош хилар шена гучудаьлла, аьллера цо.
ШолгIачу дийнахь нене меттигерчу полисхочо хаийтинера, Алиница ницкъахойн интерес хиларх – оцу дийннахь Нохчийчуьра дIайахара иза, тIаьхьо Оьрсийчуьра а.
Журналистан а, адвокатан а хьокъехь керла г1уллакх дастар
Соьлжа-ГIалахь журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Немов Александрна а тIелетар дарна Нохчийчуьра Талламан комитетан урхалло керла бехкзуламан гIуллакх долийра товбеца-бутт бовш.
Адвокатийн Федералан палато бинчу хаамца, т1елатар толлур ду хIинца Зуламан кодексан йалх артиклехула: бакъо йоцуш маршонах хьегор, журналистан балхана новкъарло йар, хьалхе дуьйна барт бина тобано герзаца талор дар, ницкъ беш, бакъо йоцуш машен схьайаккхар, адвокатана вуьйр ву бохуш, кхерамаш тийсар, официалан кехаташ хIаллакдар.
Керла талламбаран гурашкахь волайнхо ву аьлла, Милашина а, Немов а аэропортера схьадалош вогIуш хилла таксхо а.
Немовн векало, юристо Рубинштейн Евгенийс "логикехь а, бух болуш а" ду аьлла талламан лелар. Цо билгалдаьккхина, адвокатана кхерамаш тийсарх артиклах наггахь бен пайдаоьцуш бац аьлла. Иштта, Рубинштейнна хетарехь, бехкаш дахкар шордина Немовс а, Милашинас а хиллачух ма-дарра охьадийцарна.
Дагадоуьйту, Милашинина а, Немовна а къизаллица йиттира товбеца-беттан 4-чохь, кадыровхоша стохка лачкъийна йигинчу нохчийн оппозиционерийн ЯнгулбаевгIеран нанна Мусаева Заремина таIзар кхайкхочу догIучу заманчохь.
Соьлжа-ГIалахь журналист а, адвокат а такси чу хиънера, гена бовлале кхеран машенна дуьхьал бевлира туьтмIаьжгаш йоьхкина нах Милашина а, Немов а ор чу а тесна, царна куьйгашца а, мийрашца а, полипропиленан биргIашца а йиттинера цара. Адвокатна когах урс тоьхнера, коьрта тIе тапча а лаьцнера, журналистан корта бьашнера, цул тIаьхьа коьртах баьццара коьчал йоьттинера. ПIелг боккхур бу шаьш цуьнан телефон йаста бохуш, куьйгаш тIе хIума а йетташ, кхерамаш тийсинера цунна а.
Йуьхьанца шина артиклехула гIуллакх долийра – хаа а хууш, могушаллина йуккъерчу а, дайчу а дозаллехь зен дарна аьлла. Оцу тIехула набахтехь даккха пхи шо а, ши шо а кхачадо набахтехь даккха.
Бехкебийраш лаьцна аьлла хIинццалц схьа бина хаам бац. Милашина тешна йу, тIелатарх жоьпалла Нохчийчуьра Iедалхошна тIехь ду аьлла.
Соьлжа –ГIалахь журналистана а, адвокатана а йеттарца доьзна керла бехктакхаман гIуллакх долорах Талламан комитето официалехь бина хаам бац.
Цу тIехь аса адерзадо, аша ладуьйгIира Маршонан хIора кIиранах Нохчийчуьра коьртачу хаамех лаьцна арахоьцучу 22-чу покасте.
Нагахь санна тхуна гIо дан шуна лаахь, йазло тхан агIонашка, хIоттайе лайк, йазйе комментарий, шаьш тхоьга ладугIучохь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: