ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн гамо йа бизнесан къийсам? Wildberries къовсаро талхор йу Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а йукъаметтиг?


Москвахь Wildberries офисна уллехь герзаш диттинчу меттехь гезгамашан-беттан 18-чохь, 2024 шо
Москвахь Wildberries офисна уллехь герзаш диттинчу меттехь гезгамашан-беттан 18-чохь, 2024 шо

Оьрсийчоьнан уггаре а йоккхачу Wildberries маркетплейсан Москварчу офисехь дов даьлча, дехьий-сехьий нисбеллера ГӀалгӀайчуьра бахархой а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан векалш а. Ткъа хIинца, шина республикан юкъаметтиг талхор йуй оцу девно?

И дерриг а доладелира Wildberries кхоьллинчийн доьзалехь барт ийгIина, къаста уьш новкъабевлча. Компанин куьйгалхойх волчу Бакальчук Владислава доьзалехь а, бизнесехь а йолчу халонех лаьцна латкъам бинера Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане. Бизнесхочо дийцарехь, цуьнан хӀусамнана Бакальчук Татьяна (хӀинца а шен хьалхалера Ким фамили лелош йу) "дIайахана тешаме йоцчу компаница юкъаметтиг кхоллайелла", кхиа а, арахьарчу рекламан операторца Русс-ца цхьаьнакхетаран кеп а хIоттийна, "юкъара бизнес схьайоккхаш йу" аьлла. Нохчийчохь зударий цIийнадайшна йухаберзош волу Кадыров хIинца а йуьстах ца лаьттира. Нохчийчоьнан куьйгалхочо маркетплейс цхьаьнатохаран бартах "рейдерийн дӀалацар" аьлла цIе а тиллина, дош делира бизнесхочунна зуда а, бизнес а йухайерзор йу аьлла.

Гезгамашин-беттан 18-чохь Бакальчук Владислав чу ца витира Москварчу Вайлдберрис-ан офисе. Цуьнца цхьана бара Кадыровн нах: Нохчийчуьра прокурор хилла волу Эльмурзаев Анас а, тхэквондон дуьненан чемпион а, карарчу хенахь "Ахмат-1" ОМОН-н белхахо волу Чичаев Ӏумар а, республикера кхерамазаллин белхахо - Чичаев Ӏела а. Оппозицино дийцарехь, цо дакъалецира 2012-чу шарахь лецначарна гӀело йеш.

Хадархоша Бакальчук а, цуьнца болу нах а чу ца битича, герзаш детта долийна ворхI стаг лазийра, Вайлдберрис-ан шиъ хадархо вийра, ГӀалгӀайчуьра схьаваьлла 41 шо долу Алмазов Адам а, 28 шо долу Эльмурзиев Ислам-Бек а. ТӀаьхьо ГӀалгӀайчоьнан цIарах Пачхьалкхан Думехь депутат волчу Барахоев Бекхана дӀахьедира, герзаш деттачу хенахь шен нехан карахь герз хилла дац аьлла.

Беллачийн декъий дохьуш, догIучу кемана дуьхьал веара масех эзар стаг.

Дуьххьара дац

Герзаш диттинчул тӀаьхьа социалан машанашкахь ГӀалгӀайчоьнан бахархоша ира критика йан йолийра Нохчийчоьнан куьйгалхочунна "белхан меттигашкахь герз доцчу нахана" тӀелатар дина кадыровхоша бохуш. Кавказ.Реалии сайте, шен цӀе ца йаккхар дехначу хьостано хаам бира, Вайлдберрис-ан офисехь хилларг ГӀалгӀайчохь шайгахьа йолу мостагӀалла санна тӀеэцна аьлла.

Шина республикан йукъаметтиг къаьсттина гӀоьртина йу 2019-чу шарахь дозанан хокъехь барт хиллачул тӀаьхьа дуьйна. ГIалгIайн бахархошна хетарехь, керлачу кехаташца, Нохчийчоьнна харцонца кхаьчна ГӀалгӀайчоьнан латтан доккха дакъа. Цу хенахь маьрша дуьхьалонан акци йан арабевллачу бахархойн коьртехь хиллачу 7 стагана 7,5 шарера 9 шаре кхаччалц хенаш туьхийра.

Шен цIе ма йаккха аьлла, дехар дина гӀалгӀайн жигархо Ахьмад тешна ву, шуьйрачу маьӀнехь нохчашна а, гӀалгӀашна а йукъахь цхьа а дов цахилар, дуккха холахь цабезам, цунна хетарехь, кадыровхоша латтош бу.

"ГӀалгӀайчоьнан дукхаха болу бахархой тешна бу, тӀаьхьарчу иттех шарахь шайна хуьлуш долчу тӀелетаршна лулара регионера Ӏедалан бехк хилар, амма царна гӀортор йеш бац Нохчийчоьнан бахархой", - элира цо.

Иштта, Вайлдберрис-ан офисехь хилларг Кадыровc гIалгIашца долу мостагӀаллла гайтар ду, иза хаддаза гучадуьйлуш а ду, бохура къамелдечо.

"2006-чу шарахь гӀалгӀайн мехкан дозанан постехь герзаш деттар хилар (цхьана агӀор ГIалгIайчоьнан ГИБДД-н белхахой а, нохчийн ОМОН-ан белхахой а бара цигахь дакъалоцуш. 2013-чу шарахь, иштта, дозанера цхьана юьртахь, постана тӀелатар дира полисхошца, 2021-чу шарахь Кадыровн наха тӀелатар дира "Эрзи" заповедникан белхахошна, белхахойн машен а оьккхуьйтуш", - дуьйцу Ахьмада.

Чоьхьара дов йа зуламхойн къийсам?

ГӀалгӀайн жигархочо аьлларг тӀе ца дитира дозанал арахьарчу нохчийн жигархочо Кавказ.Реалии редакцин къамелхочо Мохьмада (йуьззина цӀе цуьнан дехарца къайлайаьккхина). Цо дийцарехь, нохчийн-гӀалгӀайн къийсам, исторехь дуккха хенахь дуьйна лаьтташ бу, дуьхь-дуьхьал довларехь йоьзна йац, амма йу- идеологин бух а болуш. Ткъа Вайлдберрис-ан офисехь хилларг нохчийн-гӀалгӀайн дов дац, йа нохчашца а, йа гӀалгӀашца а, цхьа а зIе йоцчу оьрсийн криминалан шина тобанан къийсам бу, элира цо.

"ЦIийнда а, зуда а ду [БакальчукгIар] ткъа церан хӀораннан а шен-шен бартхой бу. Зудчун агIор -Путинан администраци йу, масалла Керимов (Дагестанера сенатор Керимов Сулейман - Билгалдаккхар) а, Барахоев ГIалгIайчоьнан депутат. Ткъа цIийнден агӀор - оьрсиийн хьаьким Кадыров Рамзан ву. Нохчийн бахархойн кхетамехь хӀара политикан къийсам бац, чоьхьара дов ду- "криминалан къовсам". Ткъа гӀалгӀашна хетарг, нохчийн-гӀалгӀайн дов ду", - аьлла, жамӀ дира Мохьмада.

Европера Ичкерин жигархо, Кавказ маьрша йаккхаран комитетан куьйгалхочун гIоьнчас Албаков Шемала а лору къовсам чоьхьара гӀуллакх санна, амма иза чIогIа реза вац нохчийн нуьцкъалийн белхахой Москва хьажорна.

"Цара [Кадыровн наха] шайн болх беш болу, тӀеман структурийн декъашхой боцу нах байина, ткъа оцу гӀуллакхо инзаре йоккха хамталла кхоьллина гӀалгӀайн юкъараллехь. Нехан бакъо йу гӀаттам бан а, дуьхьало йан а, шаьш харцонна реза цахилар а гайтар", - аьлла Албаковс.

Эксперто йукъара йоккху Вайлдберрис-ан офисехь хилларг, къаьмнийн девне дерза тарло бохург: "Оцу хьолах лаьцна къамел дечу дукхахболчу имамаша, юкъараллин жигархоша а даима харцонна дуьхьал бен къамел ца до, нах байарехь дакъалаьцначарна дуьхьал, хӀоразза а чӀагӀдо, нохчийн къам хиллачунна йукъахь дакъалоцуш цахилар. ГIалгIай кхета, Нохчийн республикехь дерриг а уггаре а луьрачу репрессешна кӀелахь дуйла".

"Кадыровгахьа хаамийн гӀирсийн акци"

Герзаш диттина а, ГӀалгӀайчуьрчу бахархойн оьгӀазло алсам йаьлла а масех де даьлча, ГIалгIайчуьра юкъараллин жигархой цхьанакхетера Москвахь нохчийн делегацица. Нохчийн агӀор дакъалоцуш вара Пачхьалкхан Думин депутат а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун "уггаре а тешаме" накъост Делимханов Адам а, мехкан муфтий Межиев Салахь а. ГӀалгӀайчуьрчу делегацин цӀарах вара йукъараллин жигархо Албогачиев Муса а, оьрсийн бизнесхо Гуцериев Михаил а.

Цхьанакхетарехь Делимхановс тӀечӀагӀдира, ша бизнесан къийсамехь дакъалацар. Хиллачу бохамехь цо бехкевира шен белхан накъост Барахоев Бекхан. Герзаш деттале хьалха Барахоевца цхьаьнакхеттера бохуш, дуьйцу цо, и гӀуллакх лазам боцуш дӀадерзоре сатуьйсуш. Барахоевс нохчашца долу вежаралла дIатеттира, цо дуьхьала лелийна хIуманаш бахьана долуш бехк боцу нах байъира, "цуьнгара жоп доьхар ду" бохуш, кхерамаш тийсира Делимхановс.

Ша Барахоевс масех де даьлча жоп делира - цо харцдира Делимхановн дерриге а дӀахьедарш.

Албогачиев Мусас бахарехь, Нохчийчоьнан векалшца хиллачу цхьаьнакхетаран бахьана, хIоьттина хьал нисдаран агIо лахар дара. Амма тхуна цхьа а барт хуьлу агӀо ца карийра, оцу хIумано гӀалгӀайн юкъараллера хьал юха а чолхе даьккхира.

ГӀалгӀайчуьрчу жигархочунна Ахьмадна хетарехь, и цхьаьнакхетар Кадыровна гӀортор йеш йолу медиа-акци йу. ГӀалгӀайчуьра цхьаммо а Албогачиев а, цуьнан накъостий а оцу цхьанкхетаре баха векал бина бацара.

"ХӀун пайда баьлла, хIоьттина хьолан бахьанаш ца хууш, цига вахар? КадыровгIеран версига ладоьгIна схьабаьхкина. Гуцериевс цигахь дакъалаьцна хилар, цхьанакхетаран декъахошна "платформа" латтор ду, кхин хIумма а дац. Цундела, оцу цхьанакхетарх схьабаьлла пайда ца го суна", - эргIаде къамел до Ахьмада.

Иза тешна ву, тӀаьххьара дош беллачийн, лазийначийн гергарчаьргахь хиларх. Цара цигахь хиллачух лаьцна тIаьхьо дуьцур ду.

Кремльна гергахь йолчу Вайлдберрис офисехь герзаш деттар хилла гезгамашан-беттан 18-чохь делкъал тӀаьхьа. Зорбане йаьхначу видеошка хьаьжча, уггаре а хьалха ницкъ бинарш бара и компани кхоьллинчу, Оьрсийчохь уггаре а хьалдолчу зудчун Бакальчук Татьянин цIийнден Бакальчук Владиславан нах. Офисан куьзганаш дохийна, чубевллира уьш, ткъа полисхоша совца ца бина уьш.

Цуьнца цхьаьна кӀира сов хан йу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен векалш хиллачу герзаш деттарехь дакъалацарх лаьцна комментари ца йеш. Оппозицин жигархочо Янгулбаев Абубакара дуьйцу, герзаш деттар хиллачул тӀаьхьа Кадыров вист ца хилар – цуьнна къаьстина амал йу. Изза хилира оппозицин политик Немцов Борис вийначул тӀаьхьа а, "хьомсара ваша" Пригожин Евгенийс гӀаттам бинчул тӀаьхьа а. Цуьнца цхьаьна политологна Дубровский Дмитрийна хетарехь, Кадыров вист ца хиларо гойту, Кремло цуьнан "куьйгех хIума тоьхна" хилар.

  • Зорбане йаьхначу видеошка хьаьжча, дуьххьара ницкъ бинарш бу маркетплейс кхоьллинчу Бакальчук Татьянин цIийнада Бакальчук Владислав а, цуьнца цхьана баьхкинарш а. Офисан куьзганаш дохийна, чубевлла уьш, полисхоша саца а ца беш.
  • Оьрсийчоьнан федералан телеканалаша тергал ца дина Вайлдберрис компанин Москварчу офисехь герзаш деттар, иштта ца хьахийра кадыровхоша цигахь дакъалацар а. Хьалхо Бакальчук Владислава орца дехнера Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане шен къовсамехь гIо дар доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG