ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн Москвахь хилла бархI цхьаьнакхетар. Путинан гонаца хиллачу цхьаьнакхетарех стeнна дийцира куьйгалхочо?


Нохчийчохь хиллачу фестивалехь ву Кадыров Рамзан, 2022-чу шеран товбеца-бутт
Нохчийчохь хиллачу фестивалехь ву Кадыров Рамзан, 2022-чу шеран товбеца-бутт

ДIадаханчу кIирнахь Кадыров Рамзана дийцира, Москвара баккхийчу хьаькамашца а, ницкъахошца шен хиллачу цхьаьнакхетарех. Цул хьалха цуьнан къамел хилира ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочуьнца Пригожин Евгенийца. Цушиннан тIаме болу хьежамаш тайп-тайпана боллушехь, нохчийн политикахочо йолахойн куьйгалхо йемалвеш къамелаш диннашехь.

Республикин куьйгалхо ЧВК-ана, урхаллийн куьйгалхошна йуккъехь машарна лелаш санна хеталора. Боккъал иштта дарий иза?

Хъакъбоцу мах хадор

Охан-беттан 25-хь Кадыровс даржийра Соьлжа-гIаларчу шен резиденцехь Пригожин Евгенийца цхьана даьккхина сурт. Цунах цо "сан веза ваша" элира. Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира "дуьненайукъара вуно ладаме гIуллакхаш", иштта йаздира цо цу суьртана тIехула.

ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочо, ша медиа жигараллаехь воллушехь, и цхьаьнакхетар цхьанна кепара хьаха ца дира. Амма цул тIаьхьа кхо де даьлча, журналистан хаттарна жоп луш цо элира, Кадыровн, Суровикинан рейтингаш хьалайовларах мелхо самукъадолу шен, уьш "дика гIуллакх деш бу".

"Цундела тхан рейтингаш зуьйш хилал шу, шайна оьшу терахь карор ду шуна тIаккха. "Резабоцчу къанойн клубана" дуьхьал берш ца карош дуьсур дац шу. "Резабоцчу карликийн клуб" а олу цунах цхьаболчара",- элира Пригожинс. Цо бийцинарш, хетарехь, лохучу дегIахь болу, Путинна уллора цуьнан мостагIий бу.

ТIаьхьарчу цхьана баттахь, эхабаттахь Кадыровн, Пригожинан йукъаметтигах дукха дийцира. И къамелаш хиллачхьана, хIара дуьххьарлера цхьаьнакхетар дара, цара вовшашка хаза дешнаш олуш дIадаьхьна. Нохчийчоьнан куьйгалхочун, ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочун дар-дацар Пригожина тIеман министраллина йемал йарца доьзна дара. Ткъа Кадыровс урхалла а, Шойгу Сергей а хастийра цу муьрехь.

ТIамо гучудаьккхи, Кадыровн башха ницкъ ца хиллийла

Охан-беттан 26-хь нохчийн политикахочо даржийра Москварчу цхаьнакхетарехь Росгвардин куьйгалхочуьнца Золотов Викторца, Кхерамзаллин кхеташонан (Совбез) секретарца Патрушев Николайца а ша даьккхина сурт (шо хьалха Кадыровс "веза ваша" олура Золотовх, амма тIом болабаларца цуьнан официалехь йолу цIе бен ца йоккху). Йуха цо дIахIоттийра ФСБ-н куьйгалхочуьнца Бортников Александраца долу сурт а. Вукхо Кадыров хастийна боху "регионехь цхьанаэшарехь хьал латторна". ГIаттамхой хила тарлуш болучаьрца Гуьмсехь йинчу кхийссаршна юккъехула аьлла дара и дешнаш. 2022-чу шарахь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло терроран бухца долчу бIе сов зуламах дIахьедарш дира.

Ницкъаллин блок дIайаьллачул тIаьхьа Кадыров кхечира премьер-министр Мишустин Михаил волче а (цунах болу хаам цо бира ша Кхарача-Чергазийчохь волуш, охан-беттан 28-хь) президентан администрацин куьйгалхочуьнга Вайно Антоне, вице-премьере Новак Александре, финансийн министре Силуанов Антоне - "вежарий" Кадыровс Вайнох, Силуановх бен ца элира. Оьрсийчоьнан думин спикерца Володин Вячеславца белхан агIонаш йийцаре йира Кадыровс.

ТIаьххьара цхьана даьхначу суьрташца кечбина цхьанакхетарех болу хаамаш гIарабехира охан-беттан 28-хь. Кхаа дийнахь политик кхечира бархI федералан куьйгалхо волче - иза рекорд йу ала мегар ду, шен Кадыровна хилла ца Iаш, губернаторашлахь а.

"Ахча делчунна ницкъ ло"

Кху сохьтехь Кадыров федералашна ца оьшу, Нохчийчохь а цуьнан цIе йоьжна - дехьа-сехьа эккхаш, сиха хьийза веза хIинца, Москварчу кабинеташкахь Кадыровн жигара леларах кхетош, дуьйцу Путин Владимирца спичрайтер болх бинчу политолого Галлямов Iаббаса.

"Хьалха Кадыровн Москваца йолу йукъаметтиг "сан ницкъ бу, шун ахча ду" бохучу хоршахь йуттуш йара. ТIамо схьагайти, Кадыровн ницкъ бу моьттучул ца хиллийла",- Кавказ.Реалии редакцига дIахьедира Галлямовс.

Кадыров лакхарчу хьаькамашна, Пригожинна йуккъехь лелаш хилар шеконе диллира редакцица шен хиллачу къамелехь "Либеральная миссия" фондан кхеташонан декъахочо, политолого Жаворонков Сергейс.

"И санна дерг хуьлуш хилча, иза царна массарна цхьатерра генавала вогIу. Ткъа и, схьагарехь Пригожинна, Золотовна уллохь ву. ГIаравалар чIогIа деза Кадыровна. Масала, Мусаева Зарема лачкъийча, ЯнгулбаевгIарна кхерамаш ма тийссинехь, Песковс деш цхьаъ вукхуьнца цадогIу дIахьедарш долуш, Кадыровс ша дийцира Путинца хиллачу цхьаьнакхетарах. Кремлан сайтехь цу цхьанакхетарах хаам боццушехь, Путинца шен кIанта даьккхина сурт а дIахIоттийра", - кхеттош дуьйцу эксперто.

Жаворонковс дийцарехь, иштта нахал вийлар хьаькамо Нохчийчохь леладо, шен накъосташлахь а - дерриге шен карахь ду моттийтархьама. Лаккхарчу хьаькамаша иза шаьш долчу ван воьлча, эларш-бахарш, эвхьазло цайезарна, схьавоуьйту. Амма бала пайда а бац цу кепарчу цхьаьнакхетараллех, боху къамелахочо.

"ДагадогIу, Кадыровс банкахочуьнца Ананьевца, "Промсвязьбанках" банкрот хилале цхьажимма хьалхо суьрташ даьхна. Ананьевна цунах гIоле ца хилира. Коьрта банк (ЦБ) цец ца йелира цуьнан суьртех",- тIетуху политолого.

ТIаьххьара масал дара боккъал тамашийна: 2017-чу шарахь, гIуран-беттан 13-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочун сайто политикан, банкиран цхьаьнакхетарах хаам бира. Церан балхана тIехь барт хилар дуьйцуш, "Оьрсийчоьнан спецназан университетна" уллохь цIенош дан банко инвестицеш йийриг хиларах, амма цул тIаьхьа ши де даьлча, банко хаам бо, "Промсвязь банках" банкрот цахилийтархьама бан безачу балхах лоций. Ма-дарра аьлча, Кадыровн лоббизмах пайда ца хилира.

Элитнаш дуьхьалайовла кечлуш йу?

И тайпа Москвара аудиенцеш губернаторша регионехь шайн цIераш хьалайахархьама йо, олу редакцица хиллачу къамелехь, ша вовзийта цалиинчу кхечу оьрсийн политолого.

"Цигахь сих-сиха дийцаре до церан хиллачу бартах дерг, губернаторан лоббизман кхиамаш санна тIеоьцу цу хиламийн жамIаш. Силуанов волчохь хиллачу цхьаьнакхетарах, Кадыровс ша бинчу хаамо дийцарехь, цхьа пайда белира цунна. Вукхо Нохчийчоьнна уггаре ладаме гIуллакхаш чекхдаха кхин а 5,5 млрд лур ду аларна", - дийцира эксперто.

Кабинеташкахь дина къамелаш гIаттамхойх хила мега. Уьш совцон хIорш эшахь аьлла

Кхиндолу цхьа а чулацам боцу, Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен къамелахошна хестамаш бечу цхьаьнакхетарша Кадыровца болх бан кийча берш гойту, дийцира политолого. Цо дийцарехь, иза хаам бу нохчийн а, федералан а элитнашна. Иза цомгуш ву, цуьнан меттана хIоттон кхин стаг лохуш бу бохуш дийцахь а, уьш цкъачунна цуьнан накъостий хиларан билгало а йу и.

"ТIеман цхьана шарчохь дикка лакхабаьлла тIеман министраллин Iаткъам. Амма Украинерчу тIамехь меттиг дIалаца луу политик цу урхаллин министрашца цхьаьна ца кхийтира",- тIетуху эксперто.

Цуьнан тидам бира нохчийн политолого Кутаев Руслана а. Охьабагарбинчу хьаькамашлахь бац тIеман министраллин, Генштабан векалш. Ткъа Кадыровна гина хьаькамаш карахь дукха хIума долуш белхалой бац, боху къaмелахочо.

"Кремлана ма-хеттара хIара хиламаш дIаболхахь, Москвахь а, Петербургехь а гIаттамаш хила тарло. Таханлерчу дийнахь Кадыров, Пригожин бен вац кху пачхьалкхехь шайн долахь муьлхха омра кхочушдан кийча тIеман батальонаш йолуш. Кабинеташкахь хилла къамелаш цу хьокъехь хиллачух тера ду. Церан эскархой цу гIаттамашна дуьхьал бахар дуьйцуш. Вуьшта а Путинна гондхьарчу тобанийн девнашлахь а",- Кавказ. Реалии сайте шена хетарг олу къамел дечо.

Цу йуккъехула шен ладаме хилар, Москвахь оьшуш хилар гайтарал совнах, Кадыровс элиташна йуккъерчу тобанех къамелаш дина хила мега, чекхдоккху Кутаевс.

***

"Путинан гIашсалти" ву ша баьхна Кадыров Украинехь тIом болабелча, Пригожинна муьтIахь хилла дIахIоьттира. Цул совнах, церан структураш йара цхьана бертахь болх беш. Нохчийчухула тIаме дIахьовсийна "лаамернаш" ЧВК "Вагнере" кхочура. ДIадаханчу шеран гIадужу-баттахь Кадыровс "пост" йира, ЧВК "Вагнер"-ан куьйгалхочух "бакъволу тIемло" олуш.

Цу йуххехула украинхойн гIала Лиман дIахецарна, "Центр" эскаран буьйранча инарла Лапин Александр "ледара тIемло" ву аьлла, йемалвира. Пригожин резахилара Кадыров Рамзана цу хьокъехь аьллачунна.

Чиллин-баттахь тIом талларан институто Пригожинан тIеман министраллица долчу девнехь Кадыровс цуьнан агIо лацахь тамаша бу элира. Хьалхо Кадыровс министраллица шен "вуно дика йукъаметтигаш" йу бахарца боьзна бара и хьежам.

Республикерчу гIаттамах кхоьруш ву Кадыров. Цу хиламо цуьнан цIе йожор йу, боху (ISW) тIом талларан Институто. Гуьмсехь ши вахархо вуьйш хиллачу кхийссаршна Кадыровс дукха сиха реакци йаро гойту изa.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG