Нохчийчоьнан Ӏедалша тӀедожийна Телеграм мессенджер регионехь меттахӀоттайе аьлла – оцу кепара дӀахьедар дина республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан уллорчу накъостех волчу зорбанан министро Дудаев Ахьмада. Доза тохар "аьлла хIума а доцуш" дина ду, цхана а агIор хьесапе дац, кхайкхамбина министро федералан центре цуьнан йистйаккха аьлла. Тхан редакцино эксперташца дийцаредира, дӀакъовларо бинчу тӀеӀаткъамах лаьцна, ишта дийцира Кадыровн аьтто хир буй-те Кремльца барт бан а.
Нохчийчоь "Оьрсийчоьнан уггаре а кхерамзачу регионех цхьаъ" йу элира Дудаевс, къадийра республике озабезам ца беш дина хIума хилар а. "Цхьаццаболчу питанчийн гӀуллакхаш бахьана долуш муьлхха а платформа дӀакъовлар маьIне дац",- дIахьедина хьаькамо. Цкъачунна комментарий ца йина регионан министро бинчу кхайкхаман хьокъехь, ткъа ша Кадыров а гуш-хезаш вистхилла вац оцу тIехула.
Нохчийчохь а, ГӀалгӀайчохь а, Дагестанехь а телеграме валарца йоьзна проблемаш хиларх дийциа долийра стохка гурахь а, амма официалехь дӀакъовларх Ӏедалша хаийтира зазадокху-беттан 7-чу дийнахь. Дагестанан терахьалла кхиоран министро Гамзатов Юрийс дийцира, и сацам федералан тӀегӀанехь ницкъаллин структурийн дехарца бина бу аьлла. Иза тIетевжира цхьа шо ах шо хьалха, 2023-чу шеран гIадужу-баттахь ХӀинжа-ГӀалин аэропортехь Израильна дуьхьал хилла къепедацаршна. Уьш дирзинчул тӀаьхьа 20 гергга стагана хенаш йиттира набахтехь такха, бӀе сов гӀуллакх кхеле кхачийра. ХӀетахь Ӏедалхоша дӀахьедора, социалан машанашкахула аэропорт дӀалаца дагахь барт бина хиларх. Регионехь Телеграм дӀакъовлар "эксперимент йац, кхерамазаллин хаттар ду" элира Гамзатовс, хӀунда аьлча, цунах "кест-кеста мостагӀаша пайдаоьцу" бохуш.
Кавказ.Реалиин редакцин хьостанаша дийцарехь, Нохчийчохь йукъах ца волуш, VPN-х пайда а оьцуш бен мессенджер лело йиш йоцу масех бутт а хилла. Оцу йукъанна Дудаевс шен кхайкхам зорбане баьккхира республикехь де-факто болх беш йоцчу телеграмехь.
Блокировка йинехь а, мессенджер Ӏедалшна коьрта платформа санна йуьсуш йу: Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцийн тептаре йаьхна, цул тӀаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан инстаграмера агӀонаш йихкинчул тӀаьхьа а цуьнан пиар-гӀуллакхийн доккха дакъа телеграмехь лелош дара. Цуьнца цхьаьна мессенджерех жигара пайдаоьцу Кадыровн Ӏедална дуьхьал болчу наха а – дозанал арахьа дӀабаханчу оппозицин блогерша а, жигархоша а.
Дуьххьара дац федералан Iедалхойн эксперименташ бахьана долуш Къилбаседа Кавказан бахархошка бала бохьу
Дуьххьара дац федералан Iедалхойн эксперименташ бахьана долуш Къилбаседа Кавказан бахархошка бала бохьу, бохуш комментари йо кибер-адвокато Дарбинян Саркиса телеграм дIакъовларх лаьцна: "Телеграм цигахь болх беш йоцу 6 бутт сов хан а йу. Мессенджер йелла ца ло кавказхойн интернет-провайдерийн машанашкахь, ишта меттигерчу мобилан зIенан операторийн машанашкахь а, нагахь санна, и симка оцу регионахь арахецна делахь. Кхечу регионашкахь арахоьцучу сим-карташна цхьа а дехкарш дац".
Къамелхочо дагадаийтира, стохка шо чекхдолуш Нохчийчохь а, ГӀалгӀайчохь а, Дагестанехь а интернетан арахьарчу сегментана тӀекхача аьтто дӀабоккхуш сценареш кечйина хилар. "Роскомнадзоро цхьацца йолу машанаш а, адресаш а дӀа а хедош, тIехь терго йора, хIун йужур йу, хIун йац а хьожуш. Ткъа цул тIаьхьа хьесапаш дан хиллачу зенах", - бохуш, дуьйцу Дарбиняна кхидӀа а.
Ӏедалхойн "Чебурнет чохь Чубернет кхолла" гIертар ду элира блок тохарх: "Официалан кепехь "мостагӀех" лаьцна а, "антисемитийн къепедацарш вовшахтоха телеграмехь пайда эцна бохуш дуьйцург" а цхьа билггал хIума дац, оцу доллу хабарша дуккха а меттиг юьту спекуляцеш лело".
Ша шена пиар йен гIирс
Телеграм цхьатерра йевзаш йу Ӏедалан векалшна а, махкахбаьхначу, шайн каналаш лелочу оппозиционерашна а йукъахь, боху политолога, талламхочо Дубровский Дмитрийс. Дахначу шарахь, махкарчу хаамийн гӀирсаша дийцарехь, Нохчийчуьрчу 6I% бахархоша хӀора баттахь пайдаоьцура оцу мессенджерх.
Дубровскийс дагадаийтира, Нохчийчохь мессенджер дӀакъовларо къаьсттина тохар дина хиларх оппозицин каналашна а, ишта шен Кадыровн а, цуьнан уллерчу накъостийн а пабликашна а цхьаьна. ТӀом болабелчхьана нохчийн куьйгалхочун телеграм-канал шолгӀачу платформера цуьнан коьртачу пиар-гӀирсех цхьаъ хилла дӀахӀоьттина: нагахь санна 2022-гӀа шо долалуш 50 эзар гергга стаг бен цуьнан агIоне йазвелла ца хиллехь, 2024-чу шеран зазадокху-бутт тӀекхачале цуьнан ши миллион гергга нах бара аккаунте йазбелла. Иштта, тIетаьIIина шайн телеграмашкахь жигаралла лело буьйлабелира мехкан куьйгалхочун гонашкара кхинберш а, ишта хаамийн гIирсаш а, йукъараллин органиацеш а, Кадыровн бераш а цхьаьна. Регионехь телеграм цхьана декъехь дӀакъевлина йа цунах пайдаэцар лахдина бохуш, хаамаш кхочушшехь, церан аккаунташкахь шен-шен хенахь посташ хIиттайора.
"Оьрсийчохь, цхьана агӀор, йеххачу хенахь телеграм экстремистийн йу ала мегар долуш йара (2020-чу шарахь Роскомнадзоро дӀакхайкхийра дехкарш дӀадахарх лаьцна - Ред.). Амма оцу йукъанна, Ӏедалан хьукматаша, шайна йукъахь прокуратура а, кхелаш а йолуш, лелайора телеграман каналаш, шайн пресс-релизаш а, анонсаш а йеш.
Телеграмах лаьцна цхьа тамашийна дийцар дара йуьхьанца дуьйна а: хаддаза бехке йеш йара мессенджер, иза цхьана кепара вон йу, юкъарчу хьесапехь террорхоша лелош йу бохуш. Амма оццу хенахь иза вуно пайден хилира Оьрсийчоьнан Ӏедалан сервисашна а, хьаькамашна а", - бохура Дубровскийс.
Кадыров Рамзана официалан телеграм-каналах пайда оьцу коьртачу декъана тӀеман пропаганда йеш: тIом болийначу йуьххьера схьа дуьйна, цигахь хIора денна зорбане йохура, Украинан дӀалецначу дозанаш тIехь йаьхна видеош, ишта лаамхой бу бохурш Укриане хьийсорах лаьцна а, ткъа иштта Малхбузерчу пачхьалкхашка а, Украинин Ӏедалшка а кхайкхамаш а теоеграмехула бора. Дустуш аьлча: нагахь санна хьалха Украина а, НАТО а хьахош наггахь бен ца хиллехь а, тӀаккха 2022-чу шарахь цу тайпа постийн терахь бӀеннашка кхаьчнера. Цул совнах, шен телеграм-каналехь Кадыровс гуш-хезаш кхайкхамаш бора тӀом марсабаккха бохуш, дийцира зарратан герзах пайдаэца тарлуш хиларх а, дуйнаш биира, ша Оьрсийчоьнан президентан "мехаллаийн дуьхьа шен са дӀадала" кийча ву бохуш.
Телеграм Кадыровна сел мехала хиларан масех бахьана ду, бохура Къилбаседа Кавказан аналитико Чемберс ХIарольда: "Цкъа делахь, иза цкъачунна йихкина йоцчу уггаре а йаккхий йолчу платформех цхьаъ йу, цо цунна уггаре а шуьйра потенциале аудитори а латтайо. ШолгӀа делахь, телеграм Оьрсийчохь а, Юккъерчу Малхбалерчу Азехь а, Гергарчу Малхбалерчу а регионашкахь а гIарайаьлла ца Iаш, иза йевзаш йу Кадыровн интерес лаьттачу кхечу регионашкахь а. Кхин цхьа хIума а ду, харц йолу дуккха а аккаунташ кхолла атта ду телеграмехь, цо а харцонца сурт хIоттадо, Кадыров гоьваьлла хиларх".
Кадыровна и дIакъовлар чIогIа эхье хета, хIунда аьлча, цьунга хаьттина хIума а доцуш, и къевлина хиларна
Дагадоуьйту, Дудаев Ахьмад коьртехь волчу зорбанан а, информацин а министралло хаам бира, 2024-чу шарахь пачхьалкхан белхахоша а, пачхьалкхан секторан белхахоша а инстаграмехь а, телеграмехь а 60 миллион гергга "комментарешкахь реакци" йитина аьлла – иштта олу республикан министралло официалехь ботийн жигараллех лаьцна.
Кадыровна телеграм мехала гӀирс бу ша-шена пропаганда йан, аьлла тIетуьйхира Дубровскийс. Цуьнан хьесапашца, цундела Нохчийчоьнан куьйгалхо кийча ву Москваца девне вала, цундела оцу кепара къамел деш вистхилла цуьнан куьйга кIел волу хьаькам.
"Кадыров оцу блок тохаро йуьхьӀаьржа хӀоттош ву, хӀунда аьлча, цуьнга аьлла хIума а доцуш и дина хиларна. Цуьнан дозана тIехь болх беш хилла канал йу-кх цара дIакъевлинарг. Ткъа иза марзвелла ву, ша меттигера эла а, паччахь а лара, цундела Iаламат дика гуш ду, иза оьгӀазвахана ву, шегара бакъо а йоцуш, Москван цхьаъ дан йиш хиларна", - билгалдаьккхира эксперто.
Аналисто Чемберс ХIарольда хила йиш йолуш ду бохура, Кадыровн лаам Кремло кхочуш бийриг хилар, Нохчийчохь телеграмна тоьхна блок дIа а йаьккхина: "Бакъду, иза дозуш ду Дагестанехь стабилалла латто тарлучу кхерамийн мах муха хадабо хьаьжжина.
Меликовна Дагестанехь хIиттийначу хьелашкахь догIуш дац йукъараллина тӀехь Iазапе терго латтор, амма иза Кадыровца догIуш ду. Нагахь санна кадыровхоша кхин дӀа а и Ӏалашо кхочушъярхьама къийсам латтабахь –йукъараллина тӀехь Ӏуналла дар а, терго йар а ду дуьйцург, тӀаккха социалан маша йухаберзо йиш йу".
Ӏедална дуьхьал болх бийр бу?
Республикехь телеграм дӀакъовларо, цхьана агӀор, зен до нохчийн Ӏедалшна, регионерчу хьаькамийн каналаш йовзийтарехь алссам къахьегна дела, вукху агӀор гӀо а до, хӀунда аьлча, цу кепара VPN-х пайда ца оьцучу бахархойн декъан аьтто ца хуьлу оппозицин ресурсашна тIекхача.
"Кадыров тешна ву, нахана бахархой лечкъорах, хиш сецорах, ток дIайаккхарх хаамаш хуур бац аьлла. Уггар а чIогIа тешам бу цуьнан, шен рожо лелош долу зуламаш а, адамо дуьхьало йарх а нахаладер дац аьлла.
И информаци йаржорца оппозицин каналашкахь кара-кара оьцуш, дийцаршка буьйлу нах. Ткъа Кадыровн муьтIахь йоцу нохчийн шакъаьстина йукъаралла кхоллар а ду цунна кхераме", - комментарий йира Чемберса.
Йозуш йоцчу Ичкерин агӀончаша вуно жигара пайдаоьцу телеграмах, къаьсттина Nyiso, IADAT каналаша, ишта кхин болчу боламаша а цхьаьна, аьлла тIетайра Ичкерин политикан "Цхьааллин ницкъ" организацин куьйгалхо Сулейманов Джамбулат: "Йозуш йоцчу Ичкерин агӀончаша пайдаоьцу муьлххачу а платформех, YouTubeхь, инстаграмехь а, телеграмехь а. Амма къаьсттина мехала йу телеграм, хIунда аьлча, цу тIехь нохчийн маттахь чаташ лелош хиларна. Церан агIонашкахь вовшахкхетта ву масех эзар декъашхо, ладогӀархойх дукхахберш Нохчийчуьра бу. Нагахь санна маьрша телеграме кхачийта Iедалхойн ницкъ кхачахь, суна хетарехь, оцу гӀуллакхо царна дуьхьал болх бийр бу".
Кадыров тешна ву, нахана бахархой лечкъорах, хиш сецорах, ток дIайаккхарх хаамаш хуур бац аьлла
Телеграмм йеккъа цхьана "сепаратисташна" йа "диссиденташна" аьлла мессенджер йацара, бахархошна юкъахь а цхьаьна йевзаш йара, цундела дIакъевлича сихонца церан агIонашка кхача кхин некъаш леха буьйлабелира: дуккхаъчарна хиира VPN хӀун йу, дийцира оппозицин нохчийн Nyiso каналехь:
"Тхуна Нохчийчохь дӀакъевлина аьлла, кхин дIоггара цхьа боккха тӀеӀаткъам ца хаабелира. Кхеташ ду, тхан публикацешка хьуьйсучийн, аьзнашца лелочу чатийн декъашхой, боте йаздечийн терахь жимма лахдалар доцург. Амма кхин йолу платформаш бахьана долуш, масала, WhatsApp йа YouTube, тхан аьтто белира и эшамаш меттахӀитто".
Регионехь телеграмна блок тоха дагадар беламе хIума хета канал лелочарна, цара билгалдаьккхира, шаьш Iедалхоша лелийна ца Iаш, Оьрсийчоьнан пропагандисташа а цунах пайдаоьцуш хиларна:"Цхьана агIор аьлча, уьш шаьш бу цу чохь Iаш, вукху агIор – дIакъовлу. Цхьа гIурт бу-кх".
Оппозицин блогеро Белокиев Ислама дийцира редакцига, Нохчийчохь телеграм дӀакъовларо шена а Ӏаткъам бина аьлла: "Сан агIоне йазбеллачийн а, репостийн а, хьовсучийн а терахь цIеххьана жимделира. Амма хьал дIоггара ледара дац. ХIуъа а дийцича а, Къилбаседа Кавказехь уггар а шуьйра лелочех йу WhatsApp".
Телеграм дIакъовлар бахьана долуш, блогеро дийцарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхо а, цуьнан го а хедаш бу шайн жигаралла гойтучу гIирсех: "Кадыров Рамзанна чIогIа хазахета, ша массарна а гуш-хезаш волуш. Ткъа бакъдерг аьлча, Телеграм цуьнан цхьаъ бен доцу кор дара, цу чухула цуьнан таро йара цо ша дIагайта а, нахе хьажа а. Ткъа оцу йуккъехула Кремло сацам бира цуьнан и кор англалица дIакъовла, кибарчикашца къевлина хила а тарло. Дера хIета и цунна товр ма дац. Ала дашна, цо а рогIера йуха а билгалдоккху, оцу кепарчу хеттаршна тIехула Кадыровца дагабовлуш цахилар. Шайна хетта сацам тIе а оьций, тIаккха хоуьйтуш ду цара цуьнга", - дерзийра Белокиевс.
- Нохчийчохь эзар сов стаг йукъаозийна "арахьарчу экстремистийн пропагандаца" къийсам латто. Республикан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь дӀахьедина цунах лаьцна регионан зорбанан а, хаамийн а министро, уггаре а йоккхачу меттигерчу ЧГТРК "Грозный" пачхьалкхан каналан директор хиллачу Дудаев Ахьмада. Оцу йукъанна официалехь билгал ца даьккхира къийсам бохург хӀун ду а, ткъа иштта ша "арахьара пропаганда" бохург хIун маьIна долуш ду а. Дуккха а шераш ду республикан куьйгалло социалан машанашкахь Iедална луьйш болчаьрца къийсам латтош болу, амма аьтто ца баьлла церан Iа дIалакъон, билгалдоккху тхан редакцин хьостанаша.