Оьрсийчоьнан финансийн министралло хьехна регионалан бюджеташна хуьлучу пайданна а, йечу харжана а йукъара цхьаьнацадар лахдаларх жоьпалла дотацин регионийн куьйгалхошна тIедилла аьлла. Украинан дIалецна дозанаш доцург а оцу тептарехь нисйелла ГIалгIайоь, Нохчийчоь, Дагестан. Хьаькамийн аппарат шорйар дитина, церан алапаш хьала а дохуш, царна хуьлу пайда цхьатерра дIанисбан дагахь бу. Кавказ.Реалии сайто дуьйцу, муьлха дотацеш йу федералан центро республикашна дIахьежош, уьш лахйаро стенга далор ду а.
"Социалан-экономикан кхиарехула а, пачхьалкхан финансаш тойарехула а барамаш" билгалбохуш лахьан-беттан 17-чохь финансийн министралло йийцарейан йукъайаькхира министрийн кабинетан бертех проект. Антикоррупцин экспертизехула чекхйоккхуш йу иза хIинца, йийцарейечу муьрехь йу.
Финансийн министраллин инициативо гойту керла низам, цо декхаребо, дотацеш оьцуш болу Оьрсийчоьнан регионийн боллу куьйгалхой гIуран-беттан 18-чу дийне кхачале уьш эца кхин а тIе билгалдаьхначу хьелашна куьйгаш йаздан. Ца хуьлчу далахь регионан куьйгалхо декхаре хир ву тIедогIучу шарна федералан ахча оьшуш дац шена аьлла, цунах дIахада.
Бертан кехат деа декъах лаьтташ ду. Хьалхарчу кхааммо кхин а тIедахкарш кхачадо йоллу дотацин регионашна – цу тIехь дуьйцу федералан ахчанаш уггар а хьалха бюджетникашна алапана а, медицинан страхованин фондашка охьадилла а хьажон дезаш хилар. Кхин а цхьана декъехь йаздина ду, оккупаци йинчу "керлачу" территорийн йедалхошна: Украинан Донецкан, Луганскан, Запорожьен, Херсонан кIошташкахь, - керла бюджетан дозанаш тухур ду аьлла.
Бертан къастийна пункт лерина йу уггар а тIех сов дотацеш оьцучу Оьрсийчоьнан руспубликашна: Нохчийчоьнна а, Дагестанна а, ГIалгIайчоьнна а. Мел а шога ду царна хIиттон низамаш. Зазадокху-беттан 1-чу дийне кхачале Къилбаседа Кавказан мехкийн Iедалхойн деза бюджетан урхаллийн эвсаралла лакхайаккхарехь" шаьш хIоттийна леррина план йовзийта, доккхачу декъанна, муьлха пачхьалкхан органаша вовшашкара функцех пайдаоьцу, оцу урхаллашкахь белхаш бечу дуккхаъчарна мел дакъа кхочу а.
Цул совнах, республикашкара Iедалхошна дехка лууш бу бюджетникийн а, пачхьалкхан белхахойн а терахь совдаккха. Буьйцурш дарбан хIусамашкахь белхаш бийраш, йа федералан программашкахула гIишлош йан белхахой эцар дацахь. Оцу регионашкара хьаькамийн алапаш инфляцин тIегIанал а лакхадаха магош дац. Кхин а тIе барам совбаккха республикашкара парламентийн дезар ду, регионан хьашташна харж алсамйоккху муьлхха а низам кхуллуш финасийн министраллица дагабийла.
Керлачу бертан тIедахкарш дохадахь мехкийн урхалхой дисциплинаран жоьпалле ийзор бу, аьлла ду низаман проектехь.
Федералан чулацам
Финансийн министраллин хаамашца, 2023-чу шарахь федералан дотацийн 822 миллиард сом вуьшта аьлча, 17% процент, кхаьчна ГIалгIайчоьнна а, Нохчийчоьнна а, Дагестанна а. 2024-чу шарахь федералан йукъара дотацешна йен харж доьазза охьайоккхур йолуш йу, 600 миллиард соме, амма Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а, Дагестанан а дакъа 19 проценте кхуьур долуш ду. Вуьшта аьлча, оцу йоллу дотацешкара хIора пхоьалгIа сом хьажор ду билгалйаьхначу республикашана.
Кеп-кепара каналаш йу бюджеташна йукъарчу трансфертийн системехь аьлла, кхетадо Оьрсийчуьра Transparency International организацин куьйгалхочо Шуманов Ильяс. Царех цхьаъ – дIанисдаран дотацеш, регионан бюджете хьажон деза ахча тIе тоьаш дацахь, кхечу тIегIанера тIетуху.
Iедало луш йолу йаскх а, акцизаш а лакхайохуш йелахь а, кхеташ дац стенгара оьцур ду ахча
"Федералан чоьта тIехь йу гуттар а санна Къилбаседа Кавказан регионаш. Дукха меттигашкахь дотацеш – регионалан ахча тIе ца тоьа дийнна цхьа могIа агIонаш дIакъовлар йу. Оцу маьIнехь Iалашонна лерина йац уьш, бюджетан къоьлла йолчу муьлххачу а сферехь пайдаоьцу царах. Къаьмнийн республикаш йу уггар а дукха ахча кхочучийн могIарехь – Дагестан, Нохчийчоь, Якути", - кхин дIа дуьйцу къамел дечо.
Вукху агIор, финансийн министралла – урхалла йу, бухгалтерша лелош, цуьнан Iалашо йу – федералан бюджетехь тIебогIу пайда латтор. Делахь а рогIерчу шарна кечйина бюджет кхочушйан таро йоцчу кепехь йу, кхетадо Кавказ.Реалии редакцица хиллачу къамелехь экономисто, "Либералан мисси" фондан кхеташоанн декъашхочо Жаворонков Сергейс.
"ТIедогIучу шарна аьлла федералан бюджетан ахча 34% кхуьур ду аьлла Iалашо йу хIоттийна. Iедало йасакх, акцизаш, "Газпромана" лерина пайден маьIда даккхарехь а йасакх лакхайоккхуш йелахь а, со кхин башха кхеташ вац, стенгара оьцур ду цара и ахча. ДIоггара схьаоьцур бу аьлла мехкадаьттан мах бац бюджете йазбина: йуккъерчу барамехь аьлча, 2023-чу шарахь мах бара 20 процентана лахбина, тIедогIучу шарна бюджетехь хIоттийначул а. Цундела финансийн министралла цхьадолчу хIуманна духку ахча жимдан хьийза, Кавказан регионашка дукха дотацеш хьийсош хиларан пробелам йерзон а гIерташ", - дийцира къамелхочо.
Къаьсттина дукха федералан дотацеш кхаьчна Къилбаседа Кавказан республикашлахь кху шарахь Дагестанна – 86 миллиард сом. ТIедогIучу шарахь республикин бюджете лур долу ахча лахдийр долуш ду 69 миллиарде. Дагестане хьаьжча, Нохчийчоьнна шозза кIезиг кхочу – 43 миллиард сом (2024-чу шарахь 34,7 миллиард хьажор ду). Къаьсттина кIезиг ахча кхочу ГIалгIайчоьнна – 14,4 миллиард сом, ткъа карадогIучу шарахь 11,6 миллиард соьме лахдийр долуш ду.
Оцу йукъанна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2022-чу шарахь дийцира, федералан центро хIора шарахь Нохчийчоьнна 300 миллиард сом ахча доуьйту аьлла. 2020-чу шарахь ша ахчанаш стенна хьажийна а элира мехкан урхалхочо – цо бахарехь, царех 100 миллиард сом жамIехь дотацишна а, субвенцишна а, субсидишна а хьажийна. Стенна тIехь дина цо шен хьесапаш, хууш дац.
Йукъардовла аргумент
Финансийн министраллин керла барамаш эвсара хир бу цхьана декъана: тIедахкарш тергамза дита тарло Кадыров Рамзана, амма хIетте а дотацеш цунна лур йу – бакъду Дагестанан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхойн дезар ду шайна дозанаш детта, аьлла хета Жаворонковна.
"Лаккхара белхазалла лаьттачу Кавказан республикашкахь бюджетан а, пачхьалкхан а сектор йуьзна хилар дикка гIортор йу бахархоршна. ХIаъ, царех дукхахболу хьаькамаш а, бюджетникаш а билггал оьшуш бу, амма цхьаберш белхан меттигехь латтош бу социалан пособи тIехь санна", - билгалдоккху къамел дечо.
2010-чу шеран охан-баттахь "Къаьмнийн кредитийн регионаш" агенталлийн говзанчаша Росстатан зераш тIехь дагардира Оьрсийчоьнан кеп-кепрачу регионашкара пачхьалкхан секторехь болх бечийн дакъа. Бюджетан белхахой алсам болчу тептарехь нисйелира йоллу Къилбаседа Кавказан республикаш. Нохчийчоьно а, ГIалгIайчоьно а бийкъира шолгIа меттиг Тывана тIаьххье: республикийн регионалан продуктан 34 процент пачхьалкхан а мунициапалан а секторшна кхечира, цу йукъахь белхаш бечара къаьсттина дукха йасакх а йелира – 69% ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а 67%. Дагестанехь секторийн декъана 2020-чу шарахь кхаьчна 17 процент регионалан экономика а, 37 процент йасакх а.
Къилбаседа Кавказан республикашна Iаткъам бан гIертара гуттар а федералан центр кадрийн политикехула, регионийн куьйгалла дан Москвара "варягаш" хьийсош, мсала, иштта нисделира Дагестанан шина куьйгалхочуьнца, хIинца волчу Меликов Сергейца а, цул а хьалха хиллачу Васильев Владимирца а, билгалдоккху Жаворонков Сергейс.
Финансийн министраллин керла низаман проект – дукха хьолахь "бIоба" санна йу, амма дотацех дерг дийцарехула негативе информаци кхин а тIе аргумент хила тарло президентана Путинна республикехь кадрашкахь хийцамаш беш, тешна ву иза.
"Регионан куьйгалхо хийцарх сацам – финансийн министраллин компетенцихь дац, и сацам тIеоьцур бу президенто цхьа могIа хиламашка хьаьжжина: хIун хьал ду регионехь мобилизацица, социалан хьал цхьана эшшарехь латтарца а. Тхуна, масала, дукха хан йоццуш гира, Дагестанехь социалан хьал цхьана кепара латтарца гIуллакх дика доций, дукха хан йоццуш аэропортехь хилла талораш лерича", - тешна ву иза.
- Нагахь санна, хьаькаман алапа цо урхалла дечу дозана тIерачу гайтамех кIезиг доьзна делахь, цуьнан цаторийла йац регион кхион дог доуьйту кепаш леха, дийцира хьалхо Кавказ.Реалии сайте экономисташа. Къилбаседа Кавказан дотацин республикаш кхиоран пачхьалкхан программаша дIакъовлу церан экономикехь тIаьхьайисар.
- Нохчийчоь аутсайдер йуьсу белхазаллин терахьца а, некъаш тIехь ДТП-хь кхалхаршца а, банкроташ хиларехь а, пенсеш а, хьехархойн алапаш лахара хиларна тIехь а, нехан банкашкахь ахчанаш кIезга хиларехь а, нехан таронаш цахиларехь а. Оцу йуккъехула Минпромторган рейтингехь хьалхара позицеш дIалаьцна бохуш, Соьлжа-ГIалара схьахезочу дIахьедарша шеконаш йуьту уьш бакъ хиларх.
- 2023-гIа шо долалуш ГIалгIайчуьра Iедалхоша меттигерчу бахархойн пенсеш сецорах кхетийра "кехаташ чуделлачех хаамаш электронехь нийсса чуйазбина цахиларца". Цунах лаьцна мехкан урхалхочуьнца Калиматов Махьмуд-Iелица хиллачу цхьанакхетарехь дIахьедира Оьрсийчоьнан Пенсхойн фондан регионалан декъан куьйгалхочо Евлоев Зубейрас.