Джалалдинов: "Тхан юртахь тхан, суьлийн мотт, юкъара дIабаьккхина бара, со ца хиллехь. Со бахьана долуш бисина бу иза. Ас Москох орца а даьккхина, министран когаметта веанера тхан юьрта. Делан КIураннора дац хIуьттаренна дина. ХIуъа а дина а оцу юьрта комисси кхочур яц-те аьлла, хьал гучудера дацара-те аьлла бахьийтина бу-кх ас иза (кхайкхам)".
ХIара къамел деш верг Джалалдинов Рамазан ву. Цу стага Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире кхайкхам беш Нохчийчохь Кенхи-эвлахь яьккхина видео дIахIоттийнера «YouTube»-хь. Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен нах бахийтира Кенхи.
Дерриг а Джалалдиновс дийцинарг харц ду бохуш бара цуьнан гергара нах а, юртахой а. Делахь а, дукха хан ялале Кадыров Рамзан ша вахара Кенхи. Цул тIаьхьа цо омра дира цу эвлахь цхьамогIа гуллакхаш де аьлла.
Ши-кхо де хаьлха Нохчийчоьнан куьйгалхочо хийцира Кенхи чуйогIучу Шаройн кIоштан администрацин куьйгалхо а, полицин хьаькам а.
Амма кху деношкахь Джалалдинов Рамазан вуно онда Iаткъам ловш ву. Бутт гергга хан ю иза Нохчийчура ведда Дагестанехь лечкъина волу. Ткъа стигалкъекъа-беттан 13-чу дийнахь буса ягийна цуьнан Кенхи эвлара хIусам.
Хиллачух лаьцна Джалалдиновс иштта дийцира Маршо Радионе.
Джалалдинов: «Ас стаг ма-витинерий сайн хIусамана доладан. Цо дийцарехь, цига баьхкина нах туьтмаьжгаш йоьхна хилла. Юха уьш дIа а яьхна, чубахана уьш сан хIусаме. Юха, арабаьккхинчу сан доьзале цара аьлла сихха дIагIо кхузара аьлла. Цара сан доьзал охьабоссийна Герзелерчу тIайна уллехь. Цигара сан хIусамнана Герзелерчу посте яхана гIаш. Ницкъ бу бинарг».
Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс комментари йина хиллачунна. Цо дийцарехь, «нагахь хIусам ягийна хиларан факт елахь, низамаш лардечу органаша сихонца къасто деза хилларг».
Кху беттан 6-чу дийнахь Кадыров Рамзана дIахьедар дира, Путине латкъам беш йолчу видеон авторца дерг къастор ду ФСБ-но а, прокуратуро а аьлла.
Нохчийчохь болх бечу бакъонашларъярхойн мобилан тобанан куьйгалхочунна Каляпин Игорна хетарехь, Джалалдиновна бекхам бина тIемалошна Нохчийчохь беш болу. Хууш ма-хиллара, Нохчийчохь ягош Iедал ду, ша а леш, эккхийтар динчу стеган а, цуьнан гергарчеран а хIусамаш.
Иштта "Кавказский узел" интернет портало далочу терахьашца, 2014-чу шеран гIура-баттахь дуьйна Нохчийчохь дагийна цу кепара 18 цIа. Ши шо хьалха Путин Владимира шен хIора шарахь хуьлучу зорбанан конференцехь жоп делира Нохчийчохь тIемалойн гергарчеран 12 цIа дагор хьокъехь шега хаттар дича.
«Коьртачу декъана теракташ йинчу нехан гергарчарна хууш хуьлу (зулама дийр ду), амма цу гIуллакхо цхьанне а, цу юкъахь Нохчийчоьнан куьйгалхо а волуш, бакъо ца ло кхело бина сацам а боцуш, таIзарш дан», - элира Путина.
Делахь а, Путине латкъам бина аьлла цIено дагийна меттиг еана яцара Нохчийчохь. Кхеташ ду, иза дар Iедалша шайна тIелоцуш цахилар. Цундела хила а мега Нохчийчурча прокуратуралло тоька серий галдевлла хилла хила а мега Джалалдиновн хIусамехь боху хаам баржор.
Тахана махкахваьлла лелаш волчу цу стага юх-юха а дуьйцу, ша кхеташ вац шена тIаьхьа хIунда даьлла Iедал бохучух бохуш. Кадыровс дийца бохуш хилча, ша дийцинарг бакъдерг бен ма дацара бохуш цецвуьйлу иза.
Джалалдинов: «Кадыровс бакъдерг дийца аьлча, аса дийцинарг бакъдерг бен кхин хIумма а ма дацара. Президентана Путинна хIунда оьшуш ю хаттарш лун эфир, цуьнга кхайкхам бинчу стагаца лелош дерг иштта хилча? Бакъонашларъярхошка доьху аса, со а, сан доьзал а кIелхьардаккхар.