ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кхин а чIогIа центрах йозар". Муха Iаткъам бина тIеман шеро Кавказан регионашна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Украинаца болийначу тIамо регионашна йитинчу тIаьхьенийн мах хадон Росстата а, кхечу урхаллаша а зорбане даха долийна 2022-чу шеран жамIаш. Терахьашца а догIуш, хIинцале а дикка кхиъна Къилбаседа Кавказан регионийн федералан центрна хьалха декхар, ткъа кIезигчу социалан ахчанийн дуьхьа бахархой кийча бу доьзалашца дIасакъеста а. Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь эксперташа билгалдоккху, тIаьхье генна дIайахлур ю, кIорггера а хир ю аьлла.

Деза дахар

Къилбаседа Кавказехь дахаран хьелаш лахдаларан коьрта бахьана ю, билггал долу алапаш жимдалар. Карарчу хенахь 2022-чу шеран дечкен- лахьан а беттанийн зераш зорбане даьхна; формалехь алапаш тIетоьхна бахахь а, инфляци лерича бахархоша туьканашкахь йезарг эцар ледара хилла, цул хьалхарчу шеран дечкен-лахьан беттанашкахь.

ГIалгIайчохь 12 процентана охьаэгна алапаш, Дагестанехь – 5 процентана, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а – 4%.

Кхаа махкахь – ГIалгIайчохь, Кзарачой-Чергазийчохь, Къилбаседа -ХIирийчохь а – 2022-чу шарахь лахделира йохка-эцарехь пайдахилар, цул совнах, Къилбаседа -ХIирийчохь а, ГIалгIайчохь а жимделира туьпахь махбар

2022-чу шеран жамIашца уггар а лакхара хилла зазадокху а, оханан а беттанашкахь Нохчийчуьра инфляци – 16% а, 17% цул хьалхарчу шеран оццу хенахь хиллачуьнца луьстича. ГIуран-баттахь 12,8 проценте охьаделира и терахь. Центробанкан хаамашца, и доьзна ду ЖКХ-н тарифашна индексаци йаран хенаш дIататтарца а, зIенан операторийн харжаш йаккхий хиларца а, цхьацца долу сурсаташ тIех эашарца а, иштта кхечу бахьанашца а.

Зазадокху, охан, стигалкъекъа а беттанашкахь Дагестанера инфляци 20 процентал а совйаьллера, 2022-гIа шо долалуш хиллачуьнца дуьстича шозза совйолуш. ГIуран-баттахь 10% лахйеллера иза. Бахьанашлахь хьахийра Оьрсийчоьнан банко "кхачанан йоцчу туьканашкахь хIума эцар ледара хиларца" – дагестанхоша кIезиг оьцура чохь оьшу техника, бедарш, кхин болу гIирс а.

Лакхара гайтира инфляци ГIалгIайчохь а: зазадокху-баттера марсхьокху-батте кхаччалц 20 процентехь лаьттира иза - 19,97 товбеца-баттахь, 24 проценте гергга охан-баттахь. 2022-гIа шо чекхдолуш хIора баттахь хуьлу инфляци 18 проценте охьаюьжира. Тамашен ду, оцу кепара лакхайаларан бахьана лору Коьртачу Банко "пачхьлакхана чухула дIасалелар а, дозанал арахьара туризме нах лестар а алсамдаларца".

Ма-дарра аьлча, 2022-чу шеран дечкен-лахьан беттанашкахь ГIалгIайчохь мехаш хьалабевлла 17 процентана, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а – 11 процентана.

Пособешна тIехула къестарш?

Къилбаседа Кавказан йоллу республикашкахь 2022-гIа шо дагахь лаьттар ду тIех сов доьзалш къистина хиларца – терахь 135% даьлла (ГIебарта-Балкхаройчоь), 239% (Нохчийчоь), Дагестан (200), ГIалгIайчоь (190%) лидерш йевлла пачхьалкхехь доьзалш дукха боьхна хиларца.

Цуьнца цхьаьна оцу мехкашкахь цIеххьана лахделла загсехь регистраци йайтар а. 2021-чу шарахь Нохчийчохь 7504 керла кхоллабеллачу доьзало регистраци йайтина, ткъа стохка 4390 бен ца вахана загсе- иза 58 процентна кIезиг ду. Дагестанехь загсехь регистраци йинчийн терахь 24 проценте охьадаьлла, ГIалгIайчохь – 19%. Йоллу Оьрсийчохь зударий балор 4 процентана лакхадаьлла, ткъа доьзалш къестар 6%.

Хьо сом декхар велахь – и хьан сингаттам бу, ткъа хьо миллиард декхар велахь – и ахча хьоьга деллачун проблема хуьлу

ХIокху тайпа динамика лаьтта шолгIа шо а ду. 2021-чу шеран хьесапашца ГIалгIайчохь доьзалш къестар 332% даьлла, Нохчийчохь – 259%, Дагестанехь 172 процент. Оцу юкъанна керла доьзалш кхоллар лахдалар цIеххьашха хилла хIума дацара. Тамашен ду, 2020-чу "ковидан" шарахь иштта дукха дацара дIасакъестарш – уггар дукха ГIалгIайчохь дара (128%), Нохчийчохь (119%), ГIебарта-Балкхаройчохь, Къилбаседа ХIирийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а динамика гуттар вон йара.

Оццул дукха къестарш Кавказехь хилар кхетадо масех бахьанашца, уггар а коьрта хила тарло царех 2021-чу шеран аьхка шаьш бераш кхиочу дена йа нанна хIора баттахь пхиппа эзар сом 16 шо кхаччалц далар юкъадаккхар, аьлла хета демографна Шукюров Абына.

"Фиктивехь дIасакъаьсташ кехаташ хIиттон йиш йара зудчун а, майрчун а, пачхьалкхера кхин а тIе шайна ахча эцархьама – цеце хIума дац, къоьлла хьоьгучу регионашкахь доьзалш дукха бухуш хилар. Цул совнах, Къилбаседа Кавказан мехкашкахь, билгалйаккха тарло ГIалмакхойчоь, Буряти, - кхетадо Кавказ.Реалиица къамелдечо. – Хала хене бовлуш, оьшург ца тоьаш, къоьлла хьоьгучу доьзалша шайна гIоле долу некъаш къестадо, пачхьалкхера дуккха а ахча эца".

Къилбаседа Кавказан регионашкахь динехь там-мах бар дукха хьолахь коьрта хилар лерича, загсехь къастар доккха хIума ца хета – гергарнаш кхеташ хуьлу экономикан бахьанех.

"ТIом бахьанехь доьзалш къестар билгалдаккха тоъал хан ца йаьлла хIинца а, хIунда аьлча, бIеннаш эзарнашкахь мобилизаци йинарш тIамера юхабахка безаш бу. ТIаккха кхетар ду вай эффектех", - дерзийра Шукюров Абыс.

2022-чу шарахь ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а 40% белхахойн официалехь алапа 20 эзар сом хилар лерича, цу тIе луш долу пхи эзар сом доьзалийн бюджеташна ладам боллуш ду.

Эцна муьтIахьалла

Къилбаседа Кавказан регионашна кхин а хаалуш тIеман шеран тIаьхье ю пачхьалкхана хьалха долу декхар алсамдалар, Кхарачой-Чергазийчоь йоцург, массо а субъекташна федералан центран бюджетан кредиташ ду уьш.

Пачхьалкхан субъектна банкрот хуьлийла дац. Цкъа а мацца а цуьнан кредиташ дIадойур ду

2023-чу шеран дечкен-беттан 1-чу дийнахь Нохчийчоьнна тIехь долу пачхьалкхан декхар лакхадаьлла 5,35 миллиард соьме кхаччалц (3,59 млрд дара), Къилбаседа ХIирийчоьнан – 8,67 млрд (6,88 дара), ГIалгIайчоьнан – 2,39 млрд (1,9 млрд дара), Дагестанан – 11,5 млрд (8,3 млрд дара). Масала, 2022-чу шеран дечкен-беттан 1-чохь Нохчийчоьнна тIебогIучу пайданах пачхьалкхан декхар 21% хиллехь, шо даьлча 33% хилла. 20 процента тIера 29-нне даьлла Дагестанан декхар, ГIалгIайчоьнан – 32-на тIера 41 проценте. Шена тIера декхар дIадакха, Масагас дIадала деза шарахь шена тIебогIучу пайданан ах дакъа.

"Пачхьалкхан декхар лакхадалар, хала хеташ делахь а, "бух болуш ду". Иза кхуьур ду, хIунда аьлча, федералан центрна декхаре хилар пайден дац: цхьа сом хьо декхар велахь – и хьан проблема ю, регион миллиард декхар йелахь – ахча цунна луш волчун проблема. Регионаша цунах пайдаоьцу", - кхетадо Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь экономисто Потапенко Дмитрийс,

Иштта атта Кремло республикашка ахча хIунда ло (масала, 2022-чу шеран жамIашца Нохчийчоьно ялхолгIа меттиг баьккхина пачхьалкхан декхар кхиарехула) дуьйцучу эксперто билгалдоккху, иштачу меттигехь федералан центран догдохийла ю, Украинерчу тIамна тIетан а: "Султанаташ" кийча ю федералийн муьлхха а лаам кхочушбан. 2022-чу шеран реалийн хьелашкахь и чIогIа эвсара юкъаметтигийн схема ю".

Карарчу хенахь бюджеташна юкъара трансферташ региоаналан бюджеташкахула дIасайекъар хуьлу цIена боцчу буха тIехь, элира редакцица динчу къамелехь экономисто, демографо Лифшиц Маринас.

"Федералан бюджетера ахча дIасахьежор ма-луъу хиларна, бен-башха дац бюджетан дефицит муьлхачу регионехь ю. Терахьех ловзар бен кхин хIума дац хIара. ТIехула тIе пачхьалкхан субъект ма-дарра аьлча банкроте гIойла дац. Мацца а цуьнан кредиташ дIадойур ду", - аьлла хета Лифшицна.

Цо бахарехь, федералан центрах тахана санна регионаш йоьзна хуьлийла дац. Шен социалан декхарш кхочушдан ницкъ хир боцчу тIе долуш ду Оьрсийчуьра гIуллакх. Къаьсттина хаадала тарло и, масала, могушалла Iалашйарна тIехь, элира Кавказ.Реалиица къамелдинчо.

Дуккхаъчу шерашкахь Къилбаседа Кавказан республикаш банке ахча дохкучу республикийн рейтингехь тIаьххьарчу могIаршкахь йара. Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташна хетарехь, оцу кепара статистика бахархойн алапаш лахара хиларца ду аьлла кхетор нийса дац – шайн гулдина ахча пачхьалкхана дIагайта кхерам латтар а ду иза.

Официалан Оьрсийчоьнан статистика юкъахь хуьлийла ду аннексий инчу ГIирмера зераш а.

  • Регионалан бюджетера ахча кIезиг дойучарах лерира Дагестан 2021-чу шеран жамIашца. Уггар а лахара ахчанаш дойучу итт регионашлахь нисйелира иштта Ставрополан кIошт, ГIебарта-Балкхаройчоь, Волгоградан а, Ростовн а кIошташ а.
  • Йоллу Оьрсийчохь оьцучу алапел а лахара беттан алапаш оьцучу пачхьалкхан регионийн рейтингехь аутсайдер нисйелира Нохчийчоь. Рейтинган тIаьххьарчу могIаршкахь йара йоллу Къилбаседа Кавказан республикаш. РИА "Рейтинган" аналитикийн лараршца, тIаьххьарчу 12 баттахь Оьрсийчохь оьцучу алапан юккъера барам бу 52 эзас мо. Оццул алапа оьцу официалехь 31 процент болх бечу бахархоша.
  • Украинерчу тIамо а, мобилизацино а, Оьрсийчоьнна дуьхьалйаьхначу санкцеша а вон Iаткъам бина дуккхаъчийн балхана а, йа белхан меттигаш лоьхучу пачхьалкхан къилбан регионашкарчу дуккаъчу бахархошна. Оцу кепара зераш далийна HeadHunter онлайн-рекрутинган платформо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG