ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремлан болх? Нохчийчуьрчу Iедалан, ЧВК "Вагнеран" девнна бехке мила ву


Кадыров Рамзан а,Пригожин Евгений а
Кадыров Рамзан а,Пригожин Евгений а

ЧВК "Вагнеран" долахочуьнга Пригожин Евгенийга "эрна бага ма йетта" аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонерчу хьаькамаша. Хилларг къастон "цхьаьнакхетаре" а кхайкхина цара иза. Кадыровхой "ДНР" латтанашка дехьабоху аьлча, вукхо динчу къамелана йина реакци йара иза. Кадыровн накъосташа туьйсу кхерамаш а, дохку бехкаш а Кремло бизнесхо Пригожин йемалваран цхьа дакъа хила тарло, боху (The Institute for the Study of War) америкахойн тIом талларан институтан дIахьедарехь.

Дуьйцуш дерг ду стигалкъекъа-беттан 31-хь ЧВК "Вагнеран" долахочо "Ахмат" спецназан дехьайаккхарна, цара тIаманна бен болчу тIеIаткъамах дина къамел:"Суна цхьана кепара иза тида хуур дац. "Ахматхой" стенгахь хир бу ала а, массара а къайладаьккхина ду цунах дерг. ТIеман хьелашкахь иштта хила догIу. Йоллу "ДНР" паргIатайаккха лерина ма бац уьш. Йа Кадыровс, суна хууш, цунах аьлла хIума дац."

Ледара хьал

Пригожин винчу дийнахь, мангалан-беттан 1-хь цо ЧВК тIамера арайоккху аьлча, нохчийн Iедалчаша и дIахьедарш дара лаа дац, аьлла хета ISW эксперташна. Институтехь дагаваийтира ФСБ урхаллин экс-белхало Стрелков (Гиркин) Игорь. Кадыровна ЧВК "Вагнер" долахочуьнца долу гергарло башха доккхIа хIума ца хета моьтту шена хьалхо аьлла волу.

"Хьалха Бахмут йаккхарехь кремлахошна оьшуш хетта волу Пригожин хIинца кхин а кхерамечу хьолехь хила тарло. Ша виц ца вайтархьана, хаамийн гIирсашлахь актуалехь хила лууш, йоллучу Оьрсийчохь пресс-конференцеш дIахьош лелаш ву иза",- аьлла ду аналитикийн дIахьедаршкахь.

Пригожинан, Кадыровн йукъаметтиг чиллан-баттахь дуьйна галйаьлла йогIу (дукха хан йоццуш шайн гергарло гIарадохуш, тIеман министралла йемалйеш, вара и шиъ). Нохчийн политикахочун накъостийн дIахьедарш кху батташкахь дуьххьара хезаш ду иштта кIоршаме.

"Со ца кхета, хIора дийнахь аьйхьа дечу дIахьедаршца хьо муьлхачу Iалашоне кхача лерина ву? Мелхо а вайн пачхьалкхерчу бахархойн синтем бохош мел дерг леладо ахьа... Женя, диц ма де, мила бахьанехь йу хьан и тIеман компани",- бехира бизнесахочуьнга Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада.

Хьо волун "меттиг схьайийца", "муьлххачу меттехь стаго стагаца санна" къамел дийр ду вай, элира цо.

Хетарехь, шен олалла шордеш лелош ву цо бизнесхо, амма цаоьшуче даьлча, цунах къахка кийча ву

"Ахмат" спецназан буьйранчас, эскаран шолгIачу корпусан буьйранчин гIоьнча волчу Алаудинов Аптис шен комментарехь билгалдаьккхира: Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыровс ша олуш дара, ЧВК-на гIо дан деза, Пригожин шен ваша ву. Цундела, цо бахарехь, вежарийн йукъаметтигаш кхин дIа а ларйан йогIу, "пIелгаш тIе ца хьежош, ца оьшу гIовгIанаш ца йохуш".

Пригожине вистхуьлуш кхаа минотехь видео дIайазйира Нохчийчоьнан куьйгалхочун накъостех цхьамма, Госдумерчу нохчийн векало Делимханов Адама: " Хьох веккъа цхьа блогер хилла, доллучу дуьненна хозуьйтуш, вайн халонех дуьйцуш, вайн тIеман гIирс бац бохуш, лела хьо. Тхуна массарна хууш ду, ахьа Бахмут агIора мел адам охьадиллина... Тоьур ду хьуна, мохь бетта а, бага йетта а. Схьадийца хьо стенгахь хир ву, дистхир ду вай... Йуьхь-дуьхьала хIиттина, муьлхха проблема къастош".

Нохчийн Iедалхойн хаамийн гIирсаша дукха жигара гIарадехира и къамелаш. Республикин куьйгалло иза шайна магийнийла хоуьйтуш. Амма ша Кадыровс цу девнан хьокъехь цкъачунна хIумма а аьлла дац.

Дац йа дов а, йа гергарло а

Кадыровн, Пригожинан йукъаметтигаш чолхе йу - хетарехь, бизнесахо хьалхарчо шен олалла шордеш лелош ву. Амма шена цаоьшуче ма кхеччинехь, цунна генавала кийча волуш, Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь билгалдаькхира ISW эксперто Степаненко Катеринас.

"2022-чу шеран гIадужу-баттахь Кадыров а, Пригожин а волавелира Путине лаккхарчу тIеман штабехь хийцамаш байта дагахь. ТIеман хьаькамаш балхара дIа а бохуьйтуш. Масала, инарла-подполковник Лапин Александр. Стигалкъекъа-беттан йуьххьехь Пригожина тIеман министраллина шантаж йеш дакъалаца вуьйлира Кадыров. Дийцинарг Бахмутехь цатоьу герз дара. Шантажах гIуллакх ца хилира, Кадыровс Пригожинан агIо йитира."-дагадоуьйту эксперто.

"2022-чу шеран гIадужу-баттахь Кадыров а, Пригожин а волавелира Путине лаккхарчу тIеман штабехь хийцамаш байта дагахь. ТIеман хьаькамаш балхара дIа а бохуьйтуш. Масала, инарла-подполковник Лапин Александр. Стигалкъекъа-беттан йуьххьехь Пригожина тIеман министраллина шантаж йеш дакъалаца вуьйлира Кадыров. Дийцинарг Бахмутехь цатоьу герз дара. Шантажах гIуллакх ца хилира, Кадыровс Пригожинан агIо йитира."-дагадоуьйту эксперто.

"Вагнеран" долахочунна критика йарехь Кадыровс дакъа хIунда ца лоцу, цуьнан гонера нах хIунда бу луьйш аьлча, Степаненкос билгаладоккху: хетарехь ЧВК-ца долу гергало лардан лаьа цунна, Путинца дов далахь а.

"Кадыровна ца лаьа Пригожинца йолу йукъаметтиг талхон, нагахь Кремлера цхьаъ деха дезахь а бохуш. Амма кхоччуш доккха гергарло лелон а ца хIутту иза цуьнца, Путинца дерг лардеш. Кремло Пригожинан, Кадыровн йукъаметтиг йохон мега, йуха а нохчийн эскархошна тIехь шаьш лелон олалла чIагIдеш",- аьлла хета ISW экспертана.

Нагахь махкара 7 эзар эскархо Украинерчу тIамехь ву боху Нохчийчоьнан куьйгалхочун дешнаш бакъ делахь, церан масех ондачу тIелатаро баккхий кхиамаш бийр бу аьлла, хета экспертана. Мариуполь, Лисичанск, Северодонецк, кхин а Белогоровка кIоштарчу масех агIонехь нохчийн ницкъаш схьайаьхначу меттигашкахь бара, Кадыровна луур дуй-те уьш тIелатаран операцешка кхийсса, элира Степаненкос.

"Йозанца бокс йар"

Мехкан куьйгалхочунна, бизнесахочунна йуккъе хIоьттина хьал рогIера медиа-дов ду аьлла хета тIеман аналитикна Матвеев Янна.

"Кадыровхойн батальонаш шайх лацна хIумма ца хозуьйту дикка хан йара. Амма хIинца и хьал хийца дагадеанчух тера ду царна. Пригожинан дIахьедарш Кадыровс хьалха а кегийна тIелоцура - цкъа доттагIаллица, йуха кхерамаш тийссарца. Суна хетарехь, ойла йина лелош хIума дац и. Бен-башха доцуш нислуш ду", - элира цо Кавказ. Реалии сайтаца хиллачу къамелехь.

Кадыровхойн тIеман говзаллин мах хадон атта дац - уггаре хьалха царех лаьцна, цаьргахь тIеман гIирс хиларах, уьш дукха-кIезга хиларах хууш хIумма цахиларна, дуьйцу эксперто. Цаьргахь йеза техника а, танкаш а, артиллери а хир йу аьлла ца хета цунна: "И дерриге ца хилахь, Донбассехь тIелатар дIадахьа хала хир ду."

Iедале ичкерхой бахкарал кхераме ду иза кадыровхошна.

Йамартло - КадыровгIеран политикин бух. Иза бахьана долуш оьрсийн эскарша дIалаьцачу Нохчийчохь олалла кхечира Кадыров Ахьмаде. Ткъа цуьнан кIанта шен конкуренташ новкъара дIабехира, дуьйцу Госдумин хьалхарчу дIагулбаран депутато, социолого Яковенко Игора. Кремлехь "Пригожинна йамарта хила" ма эллинехь, цо ойла ца йеш шега аьлларг дира, дагадоуьйту къамелахочо.

"Социал-машанаш йукъадевлчхьана "йозанца бокс йар" даьржина. ОьгIазайаханчу агIоно оппонентана кхерамаш туьйсуш, амма дахарехь иза кхочуш ца деш. Изза ду кадыровхоша хIинца лелориг а. Бакъболчу тIамехь шаьш цхьанна кепара ца гайтина, Титток-эскарийн дашо тапчанаш йолу инарлаш",- бохуш дуьйцу эксперто.

Кадыров санна ца Iаш, ЧВК "Вагнеран" долахо жигара лелаш ву. Шен тIеман биографи йарехь а, "харжамийн компанех тера регионашлахь болх барца", "Второй фронт" аьлла проект йолорца, боху Яковенкос. Цо дийцарехь "Кремлера цхьайолчу бIаьвнашка " и дерриге лалуш дац. Цундела бизнесахо федералан хаамийн гIирсашна улло ца вуьту. Ткъа Кадыровн Iуналлехь болучаьрга ЧВК йемалйе аьлла.

Шира дов

Путинан кхечу саттелиташна цамагийнарг Пригожинна, Кадыровна магийна ду. Амма цушиннах цхьа а ваьхьар вац хьаькамо хьаькханчу "цIен сизал" дехьавала, Кавказ. Реалии сайте шена хетарг дуьйцу Бахмутан гIаролехь лаьттачу Шейх Мансунар цIарахчу батальонан тIемалочо Очерхаджиев Аслана. Цо бахарехь, девнехь йолчу шина агIонах Путина къобалвиннарг "дийна вуьсур ву".

“Кадыровхойн цхьа а лаам бац Украинехь Оьрсийчоьнна хьалхара бала. Церан цхьа а бала боцуш хIума ду иза. Уьш тIамехь баларах кхоьру, царна хаьа, шайн дахаран некъ буйла - жоьжахате некъ. Амма Пригожинца а, цуьнан ЧВК-ца а цара хазахетарца йукъаметтиг къастор йу. Цунах церан самукъадер ду", - тешна ву спикер.

Кадыровхойн ницкъаш сепаратистийн "ДНР" йолче дехьакхийссахь а, Украинерчу тIеман картин терза галдер дац, тIетуху Очерхаджиевс. Амма Оьрсийчоьнан йуккъерчу политикехь хIоьттинчу хьолехь, гIелвелла "Путин охьакхоьссина, Iедалан коьрте хIитта таро йу церан".

"Амма иза дан Кадыровн майралла хила йеза. Радуев Салман машенахь лелийначун йолчул мукъне (вуьйцург Делимханов Ада ву.- билг.ред). Иза ца хилахь, Пригожинан ницкъ совбаларца, пачхьалкхехь сталинхойн раж дIахIоттарна кхерам бу. Цо диллинчу "оьрсийн дуьне" суьртехь нохчий банне бац. Йа диканиш, йа вониш. Iедале ичкерихой бахкарал кхераме ду иза кадыровхошна.

Оьрсийн тIеман ницкъийн, кадыровхойн девнан шира орамаш хилар тIечIагIдо ЧВК "Вагнеран" долахочун белхан накъосто Уткин Дмитрийс. Цунах комментарий цо Даудовн видео-къамелна дуьхьалчу хабарехь йалайо. Пенси вахале тIеман министраллин спецназан буьйранча хиллачу подполковнико лела цахаарна Iоттар йира Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочунна. "Стага стагаца санна" къамел дан реза ву ша а элира.

"Цун совнах Нохчийчохь шоллагIа тIом хилчхьана дуьйна вовшашна девзаш ду вай",- тIетуьйхира шен шолгIа цIе "Вагнер" йолчу Уткина. Хууш ду, 90-чу шерашкахь Даудов ичкерхойн агIонехь тIом бина вуйла а, йуха Москван агIоне дехьа ваьллийла а. Хетарехь, комментарехь цуьнга бохург иза ду.

***

Зазадоккху-беттан 13-хь Путин Владимира Кремлехь тIеийцира Кадыров Рамзан - кху шарчохь церан кхозлагIа цхьаьнакхетар ду иза. Политикахоша республикера социал-экономикан хьал дийцаре дира боху официалерчу хаамаша. Амма эксперташ тешна бу, церан цхьаьнакхетаран бахьана хьехархойн алапаш, ковидан вакцинаш йаран хьал доцийла. Дукха хан йалале тIеман министралла хастош, цо йозанаш даре хьаьжча, хиира пачхьалкхан куьйгалхочо тIеман хьаькхамашца долу дов йухаоза аьллийла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG