Гарехь, Кадыровн шеко кхоллаеллачух тера дара, ша цу даржера дIаваккха дага деана-те Кремлна аьлла. Иза саготта хилар гуш дара хуьлург билггал хIун ду ца хууш. Амма дерриг а цунна дика дIадирзира. Кадыровс юха а шен гIант дIалецира, ткъа цуьнца цхьаьна дерриг а хьалха санна дисира республикехь.
Тахана Кадыров Рамзан уггаре а еххачу хенахь шен даржехь волу регионан куьйгалхо ву. 2005-чу шарахь иза Нохчийчохь Iедалан да хIоьттира, президент Алханов Iалу а волуш.
Амма массарна а гуш дара Нохчийчоьнна урхалла деш верг шен карахь онда ницкъ болу Кадыров хилар.
Иза тидаме эцча, гонахарчу республикашкахь куьйгалхой хуьйцуш а болуш, шен даржехь виса аьтто баьлларг иза цхьаъ бен вац Къилбаседа кавказехь, цхьа жимачу Адыгейн куьйгалхо 69 шо долу Тхакушинов Асланчерий воцург. Иза цу республикан куьйгалхо хIоьттина 2006-чу шарахь ГIура-баттахь.
Делахь а, вайн дайша дукха диъча моз а къахьло олуш хилар тидаме эцча, маца дуьтур ду Кадыровс мехкан куьйгалхочуьнан дарж, маца гур ву вайна кхин амал а, кхин Iалашо а йолу Нохчийчоьнан куьйгалхо боху хаттар дуьсуш ду.
Шевченко Максим Оьрсийчура журналист а, юкъараллан жигархо а ву. Къилбаседа Кавказехь хуьлург шен тидамехь латтош ву иза тIаьхьарчу хенахь.
Маршо Радионна интервью луш, муха аьтто баьлла Кадыровн еххачу хенахь, ма дарра аьлча, 11 шарахь, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан даржехь латта, хIун хила деза иза хуьйцуш гIулч Кремло якхха бохучу хаттарна иштта жоп делира цо.
Шевченко Максим: «Суна хетарехь, Кадыров хир ву шен даржехь Путинан оьшшучул. Кадыров маслаIатан фигура ю. Махкахойн тIом соцоран билгало ю иза. Вуно хала ду Кремлна кхин дIа гIулч яккха, регион кхин дIа ша йита. Кадыров а, цуьнан кхелхина да а, царах хIуъа дийцахь а, дуккха а бахьана долуш а, наггахь бахьана доцуш а, симболш ю тIом сацоран, керла барт баран Кремлна а, билггал аьлча, Путинна а, нохчийн Iедална а юкъахь».
Цхьа а вац кхана хIун хир ду хууш. Цундела нагахь Путин Iедалера дIавалахь муха хир бу Кадыровн кхоллам аьлла хаттар кхоллало?
Цу тайпа хьал нислахь Нохчийчоьнан куьйгалхо керла хIоьттинчу президентаца тарвала хьожуш ву аьлла хета Оьрсийчура «Политикан технологийн центран» директоран когаметтана Макаркин Алексейна.
Макаркин Алексей: «ТIаккха керлачуьнца дIатарвала хьажа мега иза. Иза чIогIа тарлуш стаг ву, баккъалла а аьлча. Кхета хала долу позици ша дIалоцуш иза кхеташ хуьлу, ша дуьйцург оьшуш хиларх а, иза ала догIуш хиларх а.
Нагахь ша кхечу агIор вахана аьлла шена хеталахь, иза юхаволу. Иза дуьхьал гIерташ ца хуьлу, ша дуьйцург тIедаккха гIерташ.
ДагадогIу суна. Ша Iедале веъча дагадеанера цунна Соьлж-ГIалана шен де цIе тилла. Амма Кремл цунна реза ца хиллий хиъча, цо дитира иза. Цундела, суна хетарехь, гергарчу хенахь цуьнан цхьа а яккхийн проблемаш хир яц".
Кху деношкахь Оьрсийчура а, дуьненан юкъара а зорбанан гIирсаша шуьйра дийцира Нохчийчура эскархой Шема гIуллакх дан хьажорах лаьцна. Шема йоцург, Украинерчу конфликтана юкъахь а ю Оьрсийчоь. Оцу хьолехь Кадыровн мехала хилар алсам долу, хIунда аьлча, цо кечбина тIеман ницкъ бу Нохчийчохь.
Путина бохург чекхдаккха цу ницкъах пайда эца кийча ву ша, цуьнан гIашсалти ша волун дела бохуш, дIахьедарш до Кадыровс. Амма и гIуллакх доьзна дац иза шен даржехь висарх боху Шевченко Максима.
Шевченко Максим: «Суна ца хета Кадыров Рамзан Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан даржехь латтор Шемахь боьдучу тIамца я Украинехь боьдучу тIамца доза мегар ду аьлла. Уьш вовшех дозуш доцу хIуманаш ду. Дерг дийцича, иза уггаре эвсаречерах куьйгахо ву Оьрсийчоьнан регионашкарчу куьйгалхошна юкъахь».
Кадыров цхьа а тоьхна хан а йоцуш, республикан куьйгалхо хиларна дуьхьал боцуш дуккха нах хир бу Нохчийчохь. Амма кIезиг хир бац цигахь, дахар дикачу агIор хийцалур дара, нагахь цхьа мелла а машаре, кхерамаш туьйсуш воцу, къеда стаг мехкада хилча аьлла хетарш а.
Оьрсийчоьнан низамаш мукъане делира кхузахь лелаш бохуш хуьлу республикера бахархой. Оьрсийчохь цхьана а меттехь лелош доцу дехкарш а, декхарш а ду Нохчийчохь шуйьра юкъадаьхна. Иза нийса дуй-те, Нохчийчоь Оьрсичоьнан Федерацин дакъа хилча, бохуш хуьлу и нах. Шевченко Максима и проблема баккъалла а йолуш ю боху.
Шевченко Максим: «Цхьа шеко а йоцуш и проблема йолуш ю цигахь. Цхьана стеган карахь ду тIех сов Iедал. Цуьнах массо хIума дозаш хилар а ду. Амма и хаьл ерриг а пачхьалкхехь ду, ма дарра аьлча. Делахь а Нохчийн Республика шен билгалонаш йолуш хиларна, и проблема тIех сов цхьана цIарца йоьзна ю».
Цхьана юкъанна къамелаш даьржнера Кадыров Рамзан Москох лаккхарчу дарже дIавига мегаш ву аьлла. Цуьнан карьера эххаре а цу агIор ерза мегаш ю бохучух тешаш болчух тера ду цунна гонахбевлла нах а. Амма Малашенко Алексейс иза хир дац боху.
Макаркин Алексей: «Кремлехь болх беш дукха халонца го суна иза. ХIунда аьлча, Кремле дехьа ваккхалур вара кхечу тайпана волу стаг. Рамзан федералан Iедалхо санна дуьхьал хIотто чIогIа хала ду. Министр, я президентан администрацин декъашхо иза хир ву ала хала ду.
Иза кхин тайпа ду. Цундела кхин дIа цуьнан белхан дахар доьзна ду Кремлца, иза доьзна ду мел латталур ду цуьнга Нохчийчура хьал шен карахь бохучуьнца (тахана гуш ду, иза дан иза аьтто болуш хилар). Вуьшта аьлча, иза доьзна ду дуккха а факторшца.
Ткъа хууш дац кхин дIа хIун хир ду, еххачу хенахь муха дIайоьрзур ю цуьнан режим. Кхеташ ду и тайпа Iедалан раж цигахь даиман а хуьлийла доций».
Нохчийчохь Хьалхалара тIом болийна 22 кхаьчна. ШолгIа тIом болабелла а даьлла лаххара а 17 шо. Цу хенахь гIеметта хIоьттина хилла нах хIинца жима бац. Иттаннаш эзарнаш махкал арабевлла лела нохчий улле гIоьртина кхерамечу ханна. Вуьшта аьлча, дукха хан ца йисина нахана кху дуьненчохь яккха. Уьш шайн цIаберза лууш бу.
Амма карарчу хенахь долу политикан хьал а лаьтташ, кхеташ ду, цаьрна Даймахка боьду некъ бихкина хилар. И проблема хилар кхетадой Кремло? Цуьнан бала болуш стаг вуй Оьрсийчохь?
Шевченко Максим: Буьззинчу барамехь (Кремл) цуьнах кхета аьлла ца хета суна. Нохчийн юкъаметтигехь лаьцна хаттарш цара дийцаре до аьлла хета суна Рамзанца хуьлучу цхьаьнакхетаршкахь. Вуьштта аьлча, цара олу (Кадыровга) айхьа къасто еза ахь юкъаметтигаш оппозицица а, Ичкерин агIончашца а, Имаратан агIончашца а, демократашца а, кхечарца а...
Цхьа а вау (Москох) буьззинчу барамехь кхеташ аш лелочу юкъаметтигех. ЧIирхой муьлуш бу, чIир эца ца богIу нах муьлуш бу. Хьа мила вийна а, хьа хьанна тIехь къизаллаш лелийна а, хьа мила сийсаз вина а дагадогIуш бу нах иттаннаш шерашкахь лелийнарг. Цундела шаьш нохчий бен кхетар болуш дац иза, баккъалла а аьлча.
Ткъа нийса хир дуй иза? Кремло шена тIе ца лаьцна, эр вай, нохчашна юкъахь долчунна кхелахо хилар? Оьрсийчоь яц цигахь цхьана нахана тIехIоьттина?
Шевченко Максим: «Со накъосталла дан кийча ву, сайга дехар дахь. Амма суна гIоле хетар дара сайн нохчийн доттагIашна вовшашца маслаIат карийча, со дIоггара шун гIуллакхашна юкъа а ца гIерташ. ХIунда аьлча, со мухха кавказан говзанча велахь а, я со а я цхьа а стаг а кхетар вац аш лелочух".
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832