Гуьржийчуьрчу Панкиси чIожехь Iедалхоша леринчу операцехь герз тоьхна чевнаш а йина, цу чевнех кхелхина волу Мачаликашвили Темирланна Венехь дарба дар ца магийтина хилла Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Иза гIарадаьлла кху деношкахь меттигерчу Iедалхоша журналисташка дина дIахьедар бахьана долуш.
Австрерчу булваран прессех ларалучу Кроне газетано зорбане яьккхинчу артиклехь чIагIдеш дара, Мачалакашвили Чатаев Ахьмадан гIортонча хилла, иза цунна гIодеыш а хилла, ДаIиш тобан агIонча а хилла бохуш.
Гуьржийн Iедалхоша чевнаш йина комехь волу жимстаг и бахьана долуш Австрерчу коьртачу шахьарерчу АКХ цIе йолчу лоьрийн цIийна кхачон дихкина хилла, газетано чIагIдарехь, меттигерчу Iедало. «Террорхошна гIодархой вайн махка бахкийта дера йиш яц. Кхерамазаллин бахьанашца террорца боьзна хиларна шеконехь болчарна импорт яр магор дац. Дарба Iалашонца кхуза кхача гIертачарехь а хьакхалуш ду иза», - иштта даладо артиклехь Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министран Кикл ХIербертан дешнаш.
Хьалхо яьржинчу информацица, Гуьржехара хьукматхой гIоьртинера, кIелвисина волу Мачалакашвили я Австре, я Германе, я Туркойн махка операци ян вига. Германерчу Шарите клиникера а, Туркойчуьрчу лоьрийн цIийнера а шаьш цу кIантана дарба дан кийча хилар хоуьйтуш жоьпаш а кхаьчнера, дийцарехь. Ткъа бакъдуй Венерчу лоьрийн цIийне чевнаш йина жимстаг кхачор Iедалан омрица дихкина хилар?
Маршо Радиоца къамелехь Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин прессица болхбаран декъан векало Мараковиц Александро элира, и тайпа бехкам хиллехь, иза кхерамазаллин бахьанашца хилла хир бу, амма деталаш шена евзаш яц, аьлла: «И ахь дуьйцуш долу масала... Суна хетарехь, чоьхьара кхерамазалла ларъярца доьзна дара, цунна кхуза кхачар дехкар. Суна хетарехь иштта ду иза. Суна билгал хууш дац оха, чоьхьарчу гIуллакхийн министралло конкрете дуьхьало иза схьавалорна йина я ца йина, ас толлур ду и хIума».
Маршо Радиоца шозза а къамелехь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин векало ша Мачалакашвили дарба дан Вене меттигерчу Iедало ца ваийтина бохург билгал талла а теллина, хаам бийр бу элира, амма ши де даьлчул тIаьхьа а зIене ца ваьлла иза.