Маршо радио: Медет, вайна гуттар хезаш ду Туркойчохь дуккха а вайнах бу бохуш. Мел нохчий хир бу, аьлла, хета хьуна Туркойн махкахь?
Медет Онлу: Хьалха, вайн дайш схьабогIучу хенахь баьхкина болу нохчий, сан хьесапца, цхьа 30 эзар хиллал хир бу. Нохчий а, гIалгIай а, мел верг боху аса. 18 юьртахь охьахевшина нах бу уьш. И ярташ а, вовшашна гена-гена дIатесна карийна хилла вайна. Со Кхахьраман Мараш олуш гIала ю, оцу чуйогIучу Чардакхера ву со. Чардакх бохуш йолу юрт а, вайн боьхна дай схьабаьхкинчул тIаьхьа кхоьллина уггар а йоккхачех йолу юрт ю. Шемахь (Сирехь) оццул йоккха юрт яц, Йорданехь оццул йоккха юрт яц. Туркойчохь йолчу (нохчийн) ярташна юкъахь уггар а йоккха юрт ю иза. Вайн юьртахь вехаш 6 500 нохчо хир ву. Уьш мел берш цу юьртахь Iаш бац, кхечу гIаланашка дIасабахна а бу.
Йоккха хиларал совнах, Чардакхехь бехаш 22 тайпанара нах бу. Оцу тайпанашка хьаьжча, вайн цIера Нохчийчохь мел долчу тайпанашкара нах уьш буйла хууш ду.
Вовшашна тIекхача а, марзо латтон а бохуш йолу агIо а халонца йоьзна ю. Хан-зама хийцаелла а, белхаш а, халонаш а хилча а, вовшашна мелла а тIекхача гIерташ агIо лела-м йо. ЭлхьамдуьлиллахI, нохчалла йитина яц вай, Дала мукълахь. I50 шо хьалха дуьйна пана-макхкахь, хийра махкахь делахь а, нохчалла а, мохк а биц ца бина. ГIазакхаша леррина нохчашна тIехь лелош йолчу къизаллина реза боцуш болу нохчийн нах бу уьш, Дала мукълахь. Шайн цIе ларъйина цара. Шайн ницкъ мел кхочу, шаьш буй хаийтина меттигаш шортта ю.
Маршо радио: Туркойчохь Iаш болу нохчий балхаца а, дешарца а, бахарца а муха бохкуш бу?
Медет Онлу: Цкъа делахь, вайн Чардакх боху юрт, хIокху дешарца говзанчаш аласамбахарца шолгIачу меттахь ю. Мел верг бохург санна, университет чекхяьккхина нах бу уьш. Iедалехь болх беш болу нах алсам бу вайн.
Ткъа Iер-дахарца аьлчи, нах пенсе бевлчи, юьрта а боьрзий, бошмаш лелайо, кхаш леладо. ГIелаллица йоьзна агIо хилла а яц, Дала мукълахь.
Маршо радио: Вай кхузахь, Европехь а, вуьшта арахь а, зудабераш а, кIентий а массо а тасабелла бохкуш хуьлу деша гIерташ, белхаш беш. Дуьхьала Iитталwш йолу халонаш ненан мотт бицбаларца йоьзна ю. Нохчалла а ю, кийрахь даккхий нохчийн дегнаш а ду, амма дIабwьйцу мотт нохчийн бац, бицлуш бу Европехь. Туркойчохь муха ду цуьнца доьзна хьал? Школаш ца хилар, радио-хIума ца хилар а, юьхьарлаьцча хIун халонаш ю ненан маттаца йоьзна?
Медет Онлу: Хало, ахчанца йоьзначу агIонца хуьлуш ю. Цхьана агIора пачхьалкхо мотт ма Iамабе боху хало яц. Шайн дай-наной, шаьш нохчий хиларе терра, нохчийн гIуллакхана сагатдеш хилча, берашна Iамон лууш хилча, цхьа а новкъарло яц. Делахь а, кегийрахошка мотт ца Iамабойтуш, цхьа културан хийцамаш хиллачух тера ду. Кегийрахошна мотт бицбаларан агIо алсам ю, бакъдерг дийцича. Кийрахь нохчийн дегнаш а ду церан, дог-лазам а нохчочуьн бу церан. Къам тIаьхьарчу хенашкахь халонашкахь хилла хиларе терра, цхьа културан хийцамаш хиллачух тера ду. ЦУьнца боьзна болхх-Iума хилахь хаза а хеташ, шовкъ а йолуш, иза тIелаца а, и болх дIакхехьа а безарх уьш кхеташ бу аьлла хета суна.
Маршо радио: Туркойчура нохчаша уьйр латтайой кхечу махкашкахь Iаш болу нохчашца - Шемар а, Урдунера а нохчашца?
Медет Онлу: Шайн аьтто мел бу, мел верг и уьйр латтон гIерташ хуьлу, делахь а, и аьттонаш дукха нахехь ца хиларе терра, леррина тIекхача я тIекхайкха боху хIума, даго ма-бохху ду ала, хала ду.
Маршо радио: Нохчийчура Iедало шуьца юкъаметтигаш латтайой, латтон гIертий, шуна тIе нах бохкуьйтий?
Медет Онлу: Нохчийчохь ду бохуш долу Iедал, вайна ма-хаъара, уьш гIазакхашка ладоьгIуш хиларе терра, уьш (Iедалш) гIазакхий лоруш хила дезаш ду вай. Делахь а, Туркойчохь болчу нохчашца цхьацца пропагандаш лелош хIума хилла, шаьш бакъ ду ала гIерташ.
ХIокху тIаьхьарчу шина шарахь цхьацца туркойн журналисташкахула а, цIеран тIом дIабаьлла, мел верг паргIатваьлла а ву, маьждигаш деш ду, некъаш беш бу, бохург санна, и мох паргIатбаьлла бу аларна еш цхьацца пропаганда ю. Цунах Iехабелла вайн цхьацца болу нах а болуш бу. Делахь а, къоман гIуллакхана кIезиг сагатдеш болу нах болчух тера бу цьш. Дуьненан рицкъах Iехабелла хир бу. И тоба, иза бакъдан гIерташ, ког баккха гIерташ а ю. Проценташка уьш баьхча уьш ши процент а хир бац. Биснарш, бисмилла а дьккхина, маьршонехьа болам болийначаьрца бу.
Маршо радио: Шуна луларчу Шеман пачхьалкхехь хаза нехан санна сингтамме хIума ду хуьлуш. Цигара дуккха а вайнах меттахбевлла. Церан эскарехь гIуллакх ца дан а, бовдуш, дIасауьдуш а бу. Шу долче кхочуш-м бац Шемара нохчий?
Меде Онлу: Леррина нохчий кхаьчна аьлла хабар суна кхаьчна дац. Амма, шаьш нохчий ду а аьлла, къаьстина нах уьш белахь, схьахетарехь, вайн юьртахь а тIаьхьа, уьх кхаба а, царна меттиг хилийта а йиш хир ю вайн, Дала мукълахь.
Кхин цхьа хIума ду, пачхьалкхашна юкъара и гIуллакх хиларе терра, Туркойчоьно ша Асад Башаран политикин а, цуьнан къизаллина а реза йоций а хаийтина, нохчий белахь а, бацахь а, дозанехула чехк а ваьлла, Туркойчу мел вогIучунна меттигаш кечъйо, уьш ларбен агIо а йо. Нохчий ду шаьш ца аьлчи а, цигарчу нахана Туркойчоьно гIо дийр ду.
Нагахь санна, тхо нохчий а ду, нохчашца уьйр хилийта лууш а ду аьлла, хIума хилахь, цу тIехь а, вайн къам кийча ду-кх, Дала мукълахь, царна гIо дан.
Маршо радио: ТIаьхьарчу хенахь цхьа хIума тусаделла тхуна. Израилехь цхьа Iаьрбийн юрт ю. Шаьш ду аьлла, Нохчийчу а бахна, Кадыровн Iедале шаьш нохчий ду а аьлла, шайн цхьа маьждиг дайта а, цхьацца аьттонаш байта а цхьацца хIума ду лелош. Урдунера нохчаша дийцарехь, дуккха а Iаьрбий бу шаьш нохчий ду бохуш. Пакистанехь а, цхьа доккха тайпа гучудаьлла боху шаьш нохчий ду бохуш. И санна долу хIума Туркойчохь хуьлий?
Медет Онлу: Туркойчохь и тайпа хIума хила оьшу аьлла ца моьтту суна. ХIунда аьлча, кхузара нохчий, шаьш хьалха дуьйна а нохчий буй хууш, Iийна бу. Амма цхьа хIума ду ахьа дуьйцучух тера догIуш. Курдой бехаш болу агIо ю. Шаьш шайгара кхайкхам ца бо цара, делахь а, вай дах баьхкинчул тIаьхьа а, кхин а хьалхе а -200-300 бIе шераш хьалха, чIир екъаран бахьанца бевдда баьхкина нохчий буй хаабелла вайна.
Делахь а, со а нохчо хилхьара бохуш, сатуьйсуш дуккха а нах ба-м бу.
Маршо радио: Ахьа беш болу болх массарна а гуш бу. Кхурачу Iедалшна а хьо гуш ву. ГIазакхийн Iедал тахана ницкъ болуш Iедал а ду. Цуьнца гергарло лелош туркойн Iедал а ду. Хьан балхана новкъарло-м ца хуьлу Туркойчоьно ОЬрсийчоьнца уллера меттигаш лелорх?
Медет Онлу: Суна сингаттам ца бо цара, со консул вуйла хаьа царна. Со вуй хаьа, соьгара белхаш бевза. ХIунда аьлча хIара къомаца боьзна сингаттам бу. ТIебиссина "хьеший" ала мегар долуш, мухIажаршца доьзна бахьана хиларца, сан цхьацца гергарлонаш ду туркойн пачхьалкхан куьйгаллерчарца а, премьер-министран гIоьнца велахь а, министр велахь а, куьйгалхой а... 20-30 шо хьалха со вевзаш хиларе терра, аса лелош болу болх вайн къомана пайденна хиларал совнаха, шайна а цхьана зенехь доцуш хиларца, эр ду-кх вай, суна новкъарло йина цхьаъа а агIо ца хилла.
Делахь а, шина пачхьалкхан юккъехь долу гIуллакхаш - вайна ма-хаъара, дипломати а, политика а, бизнес а, цхьа шуьйра агIо йолу хIума ду. Масала, аса дина цхьа дIахьедар бахьанехь, ши шо хьалха прокурорна тIекхайкхинера. Суна со стенна кхайкхина ца хаара. Делахь а, цхьа а кхерам боцуш, къамел дан со вахча, соьга гайтинарг яра аса динчу дIахьедаран копи. Аса элира прокуроре, "ахьа со хIокху гIуллакхана кхайкхиний хиънехь аса хьуна оцу кехатан "оригинал" дохьур ма дара".
Цу тIехь дерг хIун ду аьлла хаьттича, аса кхоа а ца деш, "аса яздина а ду, цу тIера мухар сайниг а ду, цхьаъа а кхерам болуш хIума а дац, сайгара яздина ду" аьлла дIадийцира аса. Схьахетарехь, сан цу дIахьедарна реза боцуш гIазакхаша цхьаъ аьллачух тера дара.
Туркойн Аренца гIуллакхаш долчу министралло Нийсонан министралле кховдийна хиллера иза.
Медетан юьззинчу интервьюга ладогIа йиш ю я кхузахь, я лакхахь ладогIа тIетаIийча.
Туркойн Iедалша бечу хаамца, сийсара Уьстмалахь вийна Ичкерин Iедалан цIарах Туркойчохь хилла волу векал Медет Онлу. Стохка, Зазадоккху-беттан юккъехь, Данин коьртачу гIалахь КопенхIагенехь нохчийн конференци дIаяьхьира Данерчу нохчашна гIортор ечу Комитето. Цигахь гулбеллера тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь дIатарбеллачу нохчийн хьалханчаш а, Ичкерин Iедалан векалш а. Медет а вара хьешашна юкъахь. Маршо радионан корреспондента Аюбов Аслана цуьнца оцу хенахь дина долу къамел юха а дуьллу оха шун тидаме..