ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Низам а, бакъо а йоцу ловзар": Кавказехь, къилбехь мобилизаци йарх дуьйцу бакъоларйархочо


Мобилизаци йина резервхой, гайтаман сурт
Мобилизаци йина резервхой, гайтаман сурт

Мобилизацина дуьхьал сих-сиха аьзнаш хаза дуьйладелла Оьрсийчоьхь. Шайн цIийндайшна ротаци йайта, йа уьш фронтера йухаберзабайта лууш митинге бовла гIерташ цхьаьнакхета зударий тайп-тайпанчу регионашкахь. Дайначу шарахь йаккхийра митингаш хилла йолчу Къилбаседа Кавказан а, къилбан а регионашкахь цхьана кепара оцу агIор боламаш бац. Дайначу шеран гезгмашин-баттахь Путин Владимиро дIакхайкхийна йолу "йуьззина йоцу мобилизаци" официалехь хIинца а йирзина йац.

Къилбаседа Кавказехь а, къилбехь а дIохьочу мобилизацин битамех лаьцна дийцира Кавказ.Реалиин корреспонденто "Гражданин. Армия. Право" бакъоларйаран тобанан директорца Кривенко Сергейца.

Украинера тIом болабелчхьана эскаре кхайкхинчу нехан аьзнаш хийцаделлий?

– ЧIогIа хийцаделла. Эскаре баха дуьхьал болчу наханна гIо дарца боьзна бу тхан болх хIинца. Хьехарш до оха, кхелашкахь гIо до, Оьрсийчохь адвокаташ лоьху. Кхаа кепара бу наха бен латкъамаш: тIаме вахарна меттана альтернативан кепара гIуллакхе хьажор доьхурш – и бакъо хIинца а йолуш йу, мобилизаци йинарш а, хIинцле а эскарехь берш, – эпсарш, контрактхой.

ХIун хьехарш дора аша?

– Мобилизацина тIехула эскаре кхача дуьхьал болучарна Конституцина тIетевжаш реза цахилар хьоьхура оха. ТIамна дуьхьал хьежамаш болчу нехан бакъо йара эскаре ваха дуьхьал хила. Цунах аьтто болура. Масех бIе стага орца дийхира тхоьга оцу хеттаршкахула, тIаккха уьш мобилизацина кIелхьара бевлира.

Армех болчу нехан аьтто бу шайн болх альтернативан кепе баккхийта, нагахь санна, тIамна дуьхьал ойланаш церан кхоллайеллехь.

Цхьатерра ца йаьржина регионашкахь мобилизаци

ТIом болабеллачу хенахь фронте ца кхача хIун дан деза шаьш бохуш хоьттура цара. Шайн хьежамаш бахьанехь контракт сацор хьийхира оха царна. Юридикан бух тIехь ма-дийццара атта болх беш дац иза, амма цунах аьтто болуш хуьлу. 2022 шеран зазадоккху-баттера аьхкенан чекхенга кхачалц оцу кепара гIуллакх хилла меттигаш йу, "Верстка" зорбано масех эзар меттиг буьйцу, тIаме ца баха аьтто баьллачу нехан хьокъехь.

Дайначу шеран гезгмашин-беттан 21-хь хийцаделира хьал, Путино мобилизацин хьокъехь омра арахецча – цхьа а контрактхо балхара дIававаккха ца магадора цо. Шо сов хан йу уьш балхара дIа ца бовлалуш, и механизм болх бечура сецна. ХIинца тIаме баха дуьхьал болучарна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш доху, ши-кхо шо хенаш йетта царна. Иштта нах алсамбовлуш бу. Юридикан хеттаршца гIо до оха царна.

Нохчийчохь, Кавказан кхечу регионашкахь армех кхайкхаран хьал муха ду?

– Нохчийчохь тIемаш хиларна, цигахь армех кхайкхар дан а дацара. Иза 2016 шарахь доладелира. Дуьххьара 200 стаг кхайкхира, тIаккха 300. ТIаккха негативе зенделлаг хилира цунах – масала, кхечу салтешца летарш, - тIаккха уьш тIекхайкхар лахдира. Мобилизацица дерг а хала дара цигахь. Кадыров Рамзана дIахьедира, республико шена тIейиллина план тIех сов кхочушйина, верриг лаамхой санна цигахь эскаршка вахана бохура. Ма-дарра аьлча, цигахь кхин башха мобилизаци йацара, Кадыровс верриг контракташкахула эскаре хьежийра.

Цхьаэшшар ца йаьржира мобилизаци регионашкахь. Москвахь, Дагестанехь иза хедира. Дагестанера протесташ гира вайна, амма цигара мобилизаци йинчу нехан терахь хьулдина ду. Делахь а, лач хаамашца дуьстича, тхуна хетарехь, республикехь план цIаьххьана лахйира, йуха хенал хьалха и кампани йирзира. Оьрсийн Iедална проблема хилира цунах. Оцу кепара хьал Якутехь дара. Цигахь йара протесташ. Оьрсийчоьнан кхечу регионашца дуьстича, къаьмнийн регионашкахь вовшашца йолу гергарлонан зIенаш чIогIа йу, цундела нисделла хила мега иза ишта.

Кривенко Сергей
Кривенко Сергей

Армех бигархьама божаршна тIаьхьбевлла лелаш видеош йу интернетехь. Оцу кепарниг сих-сиха нислой?

– Мобилизацих идарна бехктакхаман жоьпалла дац Оьрсийчохь хIинца а, амма кхин хьал ду армех хьо кхойкхуш валахь. Бехктакхаман кодексан 328-гIа артикл йу кхузахь лелаш – цуьнца а догIуш, ши-кхо хан тоха мега уьдуш болучарна. Мобилизацех кIелхьаравала цул атта ду. Делахь а, дайначу шарахь и низамаш гIеххьа хийцаделла. ХIинца повесткица хьо схьа ца вагIахь гIудаш тоха йиш йу, амма бехктакхаман гIуллакхехула жоьпалла дац.

Низамца а догIуш, повесткица военкомате а вахана, хьайн тIамна дуьхьал хьежамаш бу ала йиш йу, тIаккха тIеман декхарш меттана альтернативан декхарш тIедахка хьайна ала таро йу. Амма боккха кхерам лаьтта кхузахь. Военкоматан неIарх уьш чекхбовлушехь, и нах лаамаза схьалоций, автобус чу бухкий, тIеман декъе дIабуьгий, эскархочун статусе боху.

2024 шарахь президентан харжамаш дIабевллачул тIаьхьа керла мобилизацин тулгIе хир йу бохуш хабарш хеза. Мобилизаци йинчу нехан баларш дукха хилар тидаме эцча, и йолон йиш йуй?

Мобилизацих идарна бехктакхаман жоьпалла дац Оьрсийчохь хIинца а, амма кхин хьал ду армех хьо кхойкхуш валахь

– Баккъала а, керла мобилизаци йолон боккха кхерам бу, хIунда аьлча, тIеман министралло 400 эзар контрактхо гулвелла аьлла терахь дIахьедарх, цундела кхин мобилизаци ца оьшу бахарх теша йиш йац вайн.

Лач хаамашца дуьстича, "лаамца" контракт йаздайтаран кампани хаьрцаш йу. И терахьаш харц ду, баккъала долчу хьолаца, и нах оццул дукха бац. Цига йукъа бохуьйту контракт хIоттийна "срочникаш", ЧВК, мобилизаци йинарш, ЛНР-н, ДНР-н эскархой (оккупаци йина йолу Украинан Донецкан, Луганскан кIошташ йу уьш – билг.).

Дукхачу эксперташа бахарехь, харжамаш хилале хьалха керла мобилизаци йолор йац, хIунда аьлча, йукъараллехь иза тIе ца лоцу, амма харжамаш бирзича – хила тарло.

Мобилизаци "буьззинчу барамехь" йо бохург – иза нийса термин йац. Хьалха мобилизаци йан йезачу нехан терахь дацара, йа йиттина хенаш йацара. Цундела хIинца Оьрсийчохь военкоматан чоьтехь лаьтташ, йа запасехь волчу муьлхха стагна кхача йиш йу повестка. ТIаккха Оьрсийчохь оцу кепара нах 25-30 миллион нах бу. ХIинца мобилизацин хан 55 шаре хьалайаьккхар тидаме эцча муххале а. Миллионаш тIекхойкхур бац дера – тIеман министралле уьш тIелацалур бац. Царна тIейуха, кога йуха, герз дала дезий, тоъал эпсарийн терахь хила а деза. Амма 400-500 эзар стаг дIагулваран "тулгIе" йолор дукха чIогIа хила мегаш ду.

Мобилизацин политикан тIаьхьалонаш муха хила йиш йу?

– Ишта ала атта дац – низамашца лелар дац хIара. Репрессийн аппарат чIогIа йалахь, цо протесташ, дуьхьалбийларш сецор ду Iаткъамца. Буьззинчу барамехь Iедало лело долийна дац иза. Амма протесташ цхьана йукъанна кхечу кепе йерза тарло, Оьрсийчоьнан исторехь хьалхо вайна гина ма-хиллара. 1917 шарахь чиллан-баттахь цхьа салти герз кхосса дуьхьал велира, оцу хьоло революции хIоттийра.

Амма хIинца а мобилизаци йинарш, церан гергарнаш вуно чолхечу хьолехь бу, вуьйш тIамера маца йухабоьрзур бу хууш дац. Эскархойн балхара дIабовла йиш йац, йиллина хан йоцуш тIамехь бу уьш. Дукхачара и хьал ца лов, фронтера ида буьйлало, шайн лаамца тIеман дакъошкара уьду. Оцу тIехула долийна диъ эзар бехктакхаман гIуллакх хилар билгалдаьлла "Медузина".

Дезертиралла лелорна йаккхийра хенаш йетта йолийна кхелаша. Тахана Iедалан коьрта Iалашо – нах кхерор.

Мобилизаци йина шайн хIусамдай йухаберзор доьхучу зударшка оцу хьолана Iаткъам балур буй?

– Важа санна протест йу иза а. Цкъачунна политикан кеп йац цуьнан. Шайн божарий цIаберзабе боху цара, йа фронтехь лартIехь хьелаш кхоллар тIедожадо. Амма радикалан кепе дерза мега и хьал. Цунна тIехь вуно тидам латтош ду Iедал, протестан цхьаболчу хьалханчашна дуьхьал репрессеш лелайо. Вукхаьрга дехарш до.

Эрмлойчохь оьрсийн мобилизацех веддарг лаьцна. Кхечу пачхьалкхашкахь оцу кепара масалш дуй?

Мобилизаци йинарш, церан гергарнаш вуно чолхечу хьолехь бу

– Казахстанехь хуьлура. Оьрсийчохь стагна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх далахь, иза йуха схьавалар тIедожош бина берташ бу цхьамогIа пачхьалкхашца. Оцу берташа болх бо. И политика йу. Оьрсийчоьне ладугIу пачхьалкхаш йу, ца дугIурш йу.

Загранпаспорташца проблемаш хиларна махкара дIабахарца халонаш ловш дукха нах бу.

– И йоккха проблема йу. Низамца хIоттийна дехкар ду. Пачхьалкхера араволучу йукъанна паспорт схьадаккха мега стагера, нагахь санна, цуьнга хьалхо повестка йеанехь. Военкоматийн чоьтехь болчу нехан тептар хIоттош ду хIинца, иштта повесткаш кхаьчначу нехан тептар а. Хьукматаша шайна йукъахь дIасакхоьхьуьйту тептарш кийча ду. Нагахь санна, военкомато ФСБ-га, дозанхойн сервисе повестка кхаьчначех хаамаш дIакхачабахь, лерринчу сервисийн бакъо йу и стаг махкара ара ца валийта.

Оцу хьолехь хIун дар тоьлу?

- Кхеле валар. И дан атта дац. Амма хIуъа дина, цхьаъ дан деза. ХIинца [дIакхайкхийна] мобилизаци йац, армех кхайкхар а дIадирзина, цундела хIинца загранпаспорт даьккхина махкара дIаваха дика зама йу хIара, повестка кхачале.

  • Гезгмашин-беттан 25-26-чу деношкахь мобилизацина дуьхьал протестийн акцеш хилира ХIинжа гIалахь. Кавказ.Реалиино дийцина ма-хиллара, гезгмашин-беттан 25-хь 120 гергга стаг дIалаьцнера – ницкъахоша еттара божаршна а, зударшна а. Царах бархIанна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш долийра, шолгIачу дийнахь полицин декъашка 110 стаг валийра, царах мел кIезга а 28 кхиазхо вара. 30 гергга стагна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна. Масех стаг СИЗО хьажийна.
  • Кавказ.Реалиино хьалхо яздира, Къилбера а, Къилбаседа Кавказан регионашкара а дукха хьолахь дуьхьал хиларх Украинехь тIом бан, уьш юхабогIу – оцу тIехула Оьрсийчохь дукха хьолахь дIабоху уьш "тIеман гIуллакхна гунахь бац" олий. Оцу хьолехь виссира, масала, ГIебарта-Балкхаройчуьра 115 Росгвардин белхахо а, БуьрийтIера 50 контрактхо а, Краснодар-махкара "Пластун" ОМОН-н ротан белхахой а. Кхин а Къилба ХIирийчоь аьлла, шаьш шайна суверенитет йкхийначу махкара Оьрсийчоьнан базера 300 эскархо а велира, шайн лаамехь Украинера цIабахкарна, таIзарх.
  • ТIом болабалале контрактана куьйг а яздина, хIинца тIаме баха дуьхьал болчу Дагестанерчу бахархошна тIе Iаткъам бо: уьш гаупвахте хийшабо, кехаташна тIе "кIело йарна а, аьшпаш биттарна а тIера ву" олий зорбанаш етта, ахчанех хедабо. ЦIаберза гIиртинчу Дагестанерчу масех контрактхочух лаьцна истореш йийцира "Верстка" гIирсо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG