Кхо шо хьалха, 2022-чу шеран чиллан-беттан 23-чу дийнахь болийра Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал тIом. Шина а агIор цу тIамехь дакъалоцуш нохчий бу. Пачхьалкхан йоллу регионашкара йолахой тIамна кечбен Орсийчохь уггар а йоккхачех база хилла йаьлла Гуьмсера "спецназан университет". Оцу йукъанна меттигера бахархой тIамтIе хьийсабо нуьцкъаша – шайггара бехктакхаман гIуллакх дуьхьал доккхур ду бохуш, йа цхьана хIумана "таIзар" деш.
Нохчийчохь шолгIа тIом бирзинчул тIаьхьа Европе дIабахначу Ичкерин агIончех вовшахтоьхна масех дакъа ду Украинехьа тIемаш беш. Йу и арахьарчу легионан декъера леррина гIуллакхаш кхочушден къаьстина батальон (ОБОН). Дозанал арахьарчу Ичкерин премьер-министро Закаев Ахьмада кхоьллина йу иза 2022-чу шеран аьхка. 2014-чу шарера схьа дуьйна цигахь тIемаш беш йу Шейх Мансуран а, Дудаев Джохаран а цIарах йолу батальонаш, "Акха арданг" дакъа; Special Operation Group (SOG) а, Гелаев Хьамзатан цIарах йолу батальон а.
ТIом болийна кхо шо кхочуш ОБОН-н командиран гIовсо, Норвегин вахархочо Дудаев Микаила ("Джабраил" цIарца ву иза), норгойн паспортаца Андерсон Микаэля дийцира тхан редакцин корреспонденте батальонан балхах, шайна хийра йолчу пачхьалкхехьа тIемаш баран бахьанех, тахана Украинехь бечу тIамо дагатуьйсучу Нохчийчохь лаьттинчу тIамех а.
– Муха, маца дIавахара хьо Норвеги?
– Со Нохчийчохь вина а, кхиъна а ву, ткъа 2000-гӀа шераш дуьйлалучу хенахь сайн халкъан маршонехьа дӀабаьхьначу тӀамехь дакъалецира ас. 2009-чу шарахь сайн доьзал эцна, Норвеге дIавахара со, цигахь мухIажаран статус йелира суна, цул тӀаьхьа шайн пачхьалкхан вахархо со лоруш, паспорт а делира суна. Со бизнес лелош вара – логистикан фирма йара сан, ишта ас болх бира оьрсийн, норгийн, ингалсан меттанашкара гочдеш а. Ма-дарра аьлча, кхин берш а санна вехара со – доьзал, цIа, болх.
Оьрсийчоь Украинана тIелеттачу дийнахь, тхо тхешан доттагIашца Ослохь тIамана дуьхьал акци девлира. Цигахь сацам хилира, украинхошна гIо дан деза мостагIчух уьш Iалашбеш аьлла. Жимма хан ийшира тхуна- хIораннан а листа дийзира балхаца а, бизнесца а долу хеттарш, доьзалх дага ца девлча а йиш йацара. Со Украине кхечира итт де лаьллачул тIаьхьа.
– Норвегехь хьайн доллу дахар, гIуллакх дIанисдина Iаш волчу хьан хIун цаторийла йара, ма-дарра аьлча, хьайна хийра йолчу пачхьалкхехьа тIом бан ваха?
– И хаттар кест-кеста ло соьга суна бевза-безачара, амма массо а ца кхета сан бахьанах. Суна Украинера тIом – сан даймахкахь, Ичкерихь бина хилла тIом йухаболор ду.
Нагахь санна, деталаш Iад а йитина, аьлча, доккхачу декъана йух-йуха а нисло хIуманаш ду хIорш: пачхьалкх-агрессор, диктатор-президент Путин а. Ур-атталла, сан даймахкахь маьрша нах байъина хилла тӀеман зуламхой а, тахана лаккхарчу даржашкахь а, сийлахь цIераш лелош а бу. Украинина тӀелатар деш дакъалоцуш бара уьш, царех дуккха а цигахь байина (масала, инарлаш Суховецкий Андрей, Цоков Олег, Клименко Павел – Редакцин билгалдаккхар). Тхуна, суна изза мостагI ву хIара а. ТIом кхечу пачхьалкхехь беш бу, кхин дерг дерриг а цхьаъ ду.
1990-чу шерашкахь а, 2000-чу шерийн йуьххьехь а Нохчийн Ичкерия Республикин куьйгалло а, бакъоларйархоша а цхьабосса мохь беттара, Кремло шен империн кхерам бу бохьуш бохуш. Амма европахойн а, америкахойн а политикаша хIетахь бIаьргаш хьаббира "Оьрсийчоьнан чоьхьара конфликт" йу аьлла. ХIинца доллу дуьненна хууш ду, тхо бакъ хиллий.
– Хьан чохь болчарна хIун хийтира, ахь ишта харжам бича?
– Цхьа жимма забаре хIума хилира. Сайн нене элира ас, со Испани садаIа воьдуш ву аьлла. Кеп хIоттош билггал вахара со Барселоне, цигахь масех де даьккхира ас, дуккха а суьрташ дехира йукъ-кара сайн нанна дахьийта, со хIинца а цигахь садоIуш ву аьлла. Боккъала а аьлча, Испанера маса дIавахара со Польшехула Украине, цигахь дозанехь со ларвеш дара суна нохчийн батальонера девза бераш.
– Хьан нанна бакъдерг гучуделирий?
– ХӀаъ, Норвегерчу газетехь Украинина дуьхьал тӀом бечу цу пачхьалкхан бахархойх лаьцна зорбане йаьллачу материалера хиира – со вара сурт тӀехь. ТIаккха дерриг а цунна дийца дийзира сан. Ас дагадаийтира цунна ткъа шо хьалха хилларг: 2005-чу шарахь Оьрсийчоьнан ницкъахой сайн коча баьхкича, аса нене элира, со балха воьдуш ву. ТIаьххьара цуьнан Iо дика йеш цIазамий ийцира аса, цхьа марзолгаш, совгIаташ. Кхин йуха ца веара со. ХIетахь а, хIинца а цунна дуьсург цхьаъ дара – суна тIетар. Бегаш беш олу цо: "Иштта Iовдал кIант ас вина хилча, хIун дер ас?!"
– Украинехь дуьххьара хиллачу тIеман тасадаларх лаций дийцахьа.
Кадыровхой – уггар а хьалха нохчийн къоман мостагIий бу, цул тIаьхьа кхинболчийн а
– Кхин дIоггара бина кечам бацара – тоаме дара Нохчийчохь хиллачу тIамехь карадирзинарг. Батальоне дIаэцначул тIаьхьа масех де даьлча нисделира дуьххьаралера тасадаларш: Оьрсийчоьнан эскархой бу цхьана эвлахь аьлла, хаам кхечира. Таллам бира, тохарш дира цигахь. Дерриг а кхиамца дирзира – танк йохийра оха, эскархой байъар а нисделира.
– 2022-чу шарахь вовшахтоьхначу ОБОН-е дехьавелир-кх хьо аьхка. И стенца доьзна дара?
– Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманара схьа дуьйна суна вевзаш хилла сан дика доттагI ву ОБОН-н командир. 2022-чу шеран аьхка иза волчу хьошалгIа веара со, тIаккха ойла хилира сан цигахь виса.
– ХIокху кхаа шарахь айхьа бинчу тIемалочун некъах лаций дийцахьа.
– Жигара дакъалецира 2022-чу шеран хьалхарчу аьхкенан тӀелетарехь, оцу операцешкахь хьалхарчу дакъошна йукъахь дара тхо. Цул тӀаьхьа Бахмут, Часов Яр схьайоккхуш тӀемаш бира, Харьковна гергахь дика кхиамаш хилира тхан, Белгородан кIоштахь Оьрсийчоьнан дозане кхечира.
ОБОН-н могIаршкахь, доккхачу декъана, штурман а, талламан а дакъош ду, оха тIемаш бо, рейдаш йо мостагIчун тылехь. Тхан йалх тIемалочо шаьш чIогIа дика гайтира, пачхьалкхан совгIаташ а цхьана дина царна.
– Хаамбора, Украинан агIор, 2023-чу шеран зерашца, 200 гергга нохчийн тIемалой бара тIемаш беш бохуш. Оцу терахьах лаьцна хIун эр дара ахь?
– Стенгара йаьлла и статистика, со кхеташ вац, цхьана ОБОН-ехь уьш дуккха а бу. Билггал долу терахь далон йиш йац сан, хIунда аьлча, тIеман къайле йу и.
– Нохчийн кхечу дакъошца йукъарлонаш леладой аша?
– Ишта болх а беш бу – тIом боьдучу цхьайолчу меттигашкахь вовшах дагадуьйлу тхо, йукъахь белхаш бо. Даим а ца хуьлу ишта, хIунда аьлча, гуттар а бохург санна, тайп-тайпанчу агIонашкахь нисло тхо.
– 2022-чу шарахь диаспорехь протест гӀаьттира Нохчийчура оьрсийн дакъойх лаьцна дуккха а материалаш зорбане йаьхначул тӀаьхьа. Цара дехар дира нохчий а, кадыровхой а вовшех къастабе, "Москван ялхой" санна аьлла. Хьуна хетарехь, аьтто баьллий йукъараллин ойла хийца?
– Оцу хаттарца доьзна аса къамел дира норгийн хаамийн гIирсашца, цара йуьхьанца олура Кадыров "Путинан йукъархо" ву, ткъа Оьрсийчоьнан дакъош – "нохчийн" лорура. Юридикехь а нийса ма дац ишта алар – Кадыровн шен эскар а дац, "Ахматан" чот йоцу дакъош тIеман министраллина а, Росгвардина а, чоьхьарчу гIуллакхийн министралина а йукъа догIуш ду. Изза месседж йуха йуьйцуш, ур-атталла йозуш йоцу хьасташ а Кремлан пропагандина тIетуьйжура, хIокху тIамехь Кадыров цхьаннах дага а ца волуш, ша лелаш волуш санна гойтуш.
Со тешна ву, тахана хIетахь хеташ хилларг дикка хийцаделла. Украинехь муххале а. Меттигерчара дика къастабо нохчий а, кадыровхой а. Уьш кхеташ бу, кадыровхой уггар а хьалха шайн къоман мостагIий хиларх, цул тIаьхь кхинболчийн а.
Кадыровна мехала дара и роль дӀалацар, ша Путинна пайде хилар дIагайтархьама. Цул совнаха, тӀом болалуш кадыровхоша ловзийра "акха ардангийн" рол а. Оцу йукъанна вай дуьйцург ду йеккъа цхьа шаьш кхоьллинчу пиарех а, цуьнан шолгIачу агӀонах а лаьцна, билггал аьлча, "Ахмат" пайден йац цхьана а хIумана.
– ОБОН-н а, кадыровхойн а вовшашца тIемаш бар нисделлий кху кхаа шарахь?
– Цкъа а гина бац уьш. Тхо нисделлачу масех меттигашкахь уьш бара, амма дIасабевдира, уьш цигахь хиларан лараш бен ца хаайелира тхуна. Вовшашна дуьхь-духьал, бIаьрга тIе бIаьрг а хIоттийна, тхо нисделла дац.
– Доккхачу декъана, муха мах хадор бара ахь Бахмутан гергахь шаьш тIеIиттаделлачу Оьрсийчоьнан эскаран а, ЧВК "Вагнеран" а тIамна пайден хиларан?
– "Вагнер" лаккхара дог-ойла йолуш, дика чӀогӀа дисциплина йолуш тоба йара. Часов-Ярехь а дара уьш дика кечдина а, дог-ойла йолуш а дакъош. Харьковна гергахь оьрсийн эскархой шайн позицешкара дIасауьдура, йийсаре баьхкира, дийна бисархьама.
– Тахана, тIом боьду кхо шо даьллачул а тIаьхьа, кхечу агIор хIун дийр дара ахь?
– Кхин дIоггара хIума, тамаш бар-кх, ас хуьйцур делахь, дерриг а хила ма-деззара схьадогIуш ду. Меттигерчу волонтераша олура, оха кхиамца кхочушйечу тӀеман Iалашонийн информацин гӀортор йар ледара ду. Ала догIу тхан кхачамбацар - хаамийн гӀирсийн декъехь кхачам боллуш болх бацар ду. Иза мелла а ледара нисделира тхан.
– Нагахь санна Нохчийчуьра а, Украинера а тIемаш дуьстича, уггар а коьрта башхалла стенца го хьуна?
– Башхалла йу, иза а дикка хаалуш а йу. Уггар а хьалха, тахана батальонехь а долу Iаламат диканиг, дезаниг герз хиларца.
Тахана кечйинчу тылехь, нагахь санна, лазийна стаг велахь, цунна эвакуаци йан а, кхачам боллуш дарба дан а йиш йу, лаьмнашкахь айхьа хьайна дарба деш ца Ӏаш. Тоьпаш, авиаци, контрбатарейн герз ца дийцича а. Ичкерин маршонехьа тIемаш бинчийн цунах цхьа а хӀума дацара хӀетахь, шаьш шайна герз латтадора, мостагIчух летта, цуьнгара схьа а доккхуш. XIX -чу а, XXI-чу а бIешерийн технологеш йустар санна хIума ду.
– Тахана жигара дийцаре деш ду тIом маслаIатца берзо дагахь, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна а, Оьрсийчоьнна а, Украинана а йукъахь бертан дийцарш дIа а хьош. Нагахь санна, машар хилахь, ОБОН-но кхин дIа хIун лелор ду?
– Кхин дIа а тхешан корматалла кхиош, дикалла совйоккхуш, кхиа гIуртур ду.
Дийцарех дерг аьлча, зорбанашкахь цунах лаьцна дуьйцург а схьалаьцча, сан цхьа флешбек хуьлу. ХIунда аьлча, 2000-чу шерийн йуьххьехь а санна, Малхбузе хьийза Путинца берта йаха, агрессор цхьана бараме верзон.
Амма хинболу машар, нагахь санна, маслаIат хилахь а боху аса, вуно ледара дегайовхо йолуш хIума ду и. Иза цхьана ханна машар хир бу, Путина цунах пайдаоьцур бу, шен ницкъ а, гIирсаш а чIагIбеш. Муха хилира тоххара Хасав-Йуьртахь (нохчийн хьалхара тӀом бирзинчу 1996-чу шарахь бинчу Хасав-Йуьртан барт бу кхузахь буьйцург. – Редакцин билгалдаккхар).
– ХIокху кхаа шарчохь хьоьца, хьан амалца, ойланашца хийцаделларг хIун ду?
– Дуьненах кхетар хийцаделла аьлла хета суна. 2022-чу шарахь со тешара, дерриг а дуьне нийсонехьа лаьтташ ду, оккупатнтащшна дуьхьал йолчу Украинаца белш белшах а гIортийна хир бу аьлла хеташ. ХӀетахь хетара, Оьрсийчоь шеко йоцуш оьшур йу, хӀунда аьлча, кхин йолу йерриг а пачхьалкхаш украинхошна гӀортор йеш хир йу.
Бертахь, дийнна цхьа къам хилла дӀахӀоьттина халкъо кхаа шарахь тIамана дуьхьало латтайо тӀелеттачу гIеранашна, эзарнаш эшамаш ловш схьайогIу хIара пачхьалкх, ткъа хийра волу ши политик ву и берзон гIерташ, кулуарашкахь сацам бан хьийза, бала текхначу цуьнан кханенан. Йоккхачу политико шех чам байъина.
Шаьш украинхоша цецваьккхира со. Йуьхьанца эйфорин хьал дара хIара – урамашкахь хийра нах тӀе а оьхуш, баркаллаш бохура тхуна, йуьртара зударша-къаноша камуфляжан сеткаш йора, массо а гӀо дан гӀертара. Цхьана туьканахь, со нохчо вуй а, Украинехьа тӀом беш вуй а хиъча, дуьхьало йира эцначу хӀуманах ахча схьаэца.
ХIаъ, тахана украинхойн йукъараллехь хаалуш ду гIелбалар а, чам байна хилар а. Изза ма лайра нохчаша а, доллу дуьнено империн монстрца тхо тхаьш Iад дитича.
***
- Украинина буьззинчу барамехь тӀелатар дан долийначул тӀаьхьа Ичкерин агӀончийн аьтто белира Оьрсийчоьнан дозана тӀехь лаххара а шиъ операци дӀайахьа – 2023-чу шеран аьхка а, 2024-чу шеран бIаьста а. Оцу бахьанаца Белгородан кӀошта хьажийра кадыровхойн тобанаш. Цхьана шарахь а, эхашарахь а Белгород-кӀоштахь кадыровхой дагахь бисира кепаш хIиттош роликаш йахарца а, нах лечкъорца а, урамашкахь герзаш деттарца а.
- 2024-гӀа шо доьрзуш Украинина тӀелатар дичхьана Оьрсийчоьнан эскаршлахь хилла эшам мел лаххара а 160 эзар стаг вара, аьлла ду Медузин а, "Медиазонин" а талламашкахь йаздина.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьалхо кхайкхам бира республикерчу бахархошка Закаев Ахьмед ве аьлла. Цул а хьалха Кадыров Рамзана чIир кхайкхийра Украинан ТӀеман ницкъийн агӀор тӀемаш бечу Ичкерин агӀончашна. ТаIзар деш, политикан вешин кӀант Украине тӀом бан хьажийра.