Нохчийчуьра Седой Гилани цIарца дика вевза "криминалан авторитет" Алиев Гилани дIавахна Оьрсийчуьра, полицин белхахоша кечдинчу харц кехаташца, хаамбина Baza телеграм-канало шайга хаийтинчу хьастан цIе а ца йоккхуш.
Публикацихь чIагIдарца, харц паспорт "криминалан къуна" кечдина Москвара Солнцевон кIоштара миграцин хеттаршкахула долчу декъан хилла хьаькамо Поздняков Александра. Оцу тIехула дIасавалар дихкина цунна, яздо Baza-с.
Телеграм-каналан авторша чIагIдарехь, дуьненчохь воцчу стеган цIарах документаш шен каракхаьчначул тIаьхьа Оьрсийчоьнан арахьарчу пачхьалкхехь лела паспорт а даьккхина, цуьнца араваьлла махкара Алиев. Маца – хууш дац. Официалехь оцу гIуллакхна тIехула талламаш болорах хаамбина бац.
- 2015-чу шарахь, Кавказ.Реалии сайто ма-йаздарра, Седой Гиланина шогачу хьелашкахь йолчу колонихь даккха йеха хан тоьхнера, стаг верна а, талораш лелорна а. Оьрсийчоьнан юстицин министраллин сацаман буха тIехь кхайкхийнера кхело таIзар, ткъа уьш Прага (Чехия) гIалин кхелахоша биллинчу бехкана тIетевжинера. Делахь а 2017-чу шарахь Нохчийчуьра Лакхарчу кхело апелляци листинчул тIаьахьа Алиев бехказаваьккхира.
- Кавказ.Реалии редакцин хаамашца, 2020-чу шарахь Седой Гилани Нохчийчохь вехаш вара. 2021-чу шарахь иза хьахийра махкара кхечу "тутмакхийн элаца" Шалинский Ахьмадца доьзначу девнехь. ХIетахь "юкъара" 150 миллион сом цо шена дитина аьлла дохкучу бехкашна тIетайнера Седой Гилани.