ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нускалш дIа а дуьгий, йуха цIа хьежадо". Боьхначу доьзалех жоьпалла Европера нохчашкара деха хьийза


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Европехь бехачу нохчашлахь доьзалш бохар алсамдаларо сингаттам бохьу диаспоре. Билггал йолу статистика хууш йацахь а, хIара ду аьлла бахьана а доцуш, доьзал къаьстинехь, царна тIе гIуда дожорна къаной реза хилла. Шога терго латтор йолуш йу барт латтон гIертарна а, дIасакъастар гурашкахь хилийтарна а тIехь. Мухха делахь а, боллу эксперташ тешна бац, керла тIеоьцучу барамаша доьзалш бохарна цхьа дуьхьало йийр йу аьлла.

Европера нохчийн мухIажаршна йукъахь кхуьуш ду доьзалш къестар, дIахьедина къобалйазчу Ичкерин Францера сийлаллин консуло, Iеламчас Албаков Шемала – цо дехар дина къаношка цхьа кепаш тIеэцахьара оцу тайпа хIума лахдан аьлла.

Билггал долу терахь ца далийна Албаковс, амма цо билгалдаьккхина цу тенденцин бахьана. Цо бахарехь, дукха хьолахь доьзал боха бахьана хIутту йоьIан марзоша Iиттарш йарна, керла нускална кертахь гIуллакх дан ца хаьа олий, йа цхьа "кхечу пайдабоцчу" бахьанашца.

"ДIасакъаьстачу заманчохь и кеп ларйеш йац: цуьнан шен низамаш а, бакъонаш а йу. Суна хууш цхьа хIума ду, денцIа хьажа-хIотта йаха новкъайоккхуш йу хьо а аьлла, аэропорте йигинера цхьа йоI. Цигахь аьлла цуьнга, иза йуьтуш йу. Цунна хууш а ца хиллера цунах, цигахь шега дIахаийтича бен", - дийцира Албаковс.

Албаковн кхайкхамна жоп делла Европера нохчийн Ассамблейн Кхеташонера къаноша, цара сацам бина, нагахь санна дIасакъастар пайда болу бахьана доцуш хилахь, зуда йита дагадеъначунна тIе ворхI эзар евро дожош. Оцу стеган бехкана и нисделлехь – йоIана кхочу и ахча, зудчун лаамца делахь – стагана. Цунах лаьцна видеокхайкхам Ассамблейн ютьюбе хIоттийна. Къанойн тIедожор кхочуш ца динехь, массарна а гуш-хезаш бехкбоккхур бу оцу нахера.

Золушкех лаьцна туьйра

Оцу кепара шайн доьзалехь нисделлачу дIасакъастарх дийцира Германихь йехачу Нохчийчуьра йахархочо (цуьнан цIе хийцина зудчун дехарца).

"Шина шарахь цхьана дехира со а, сан цIийнда а, цул тIаьхьа къаьстира. Йуьхьанца дерриг а дика дара, йуха марнана кочаэха йолайелира муьлххачу бахьанаца: пхьегIаш нийса дIа ца хIиттийна, йижина йиссина, маршалла дика ца хьаттира – ирсе чакхе а йоцуш Золушкех лаьцна туьйранехь санна дара сан дахар", бохура цо.

Цхьа хIума долийна вайчара – нускалш дIадуьгу, "оптом" цIа хьежадо

Луизас дийцарехь, цуьнан хIуамдеца йолчу йукъаметтигашна а Iаткъам бан болийра цо, наггахь бен цIа ца вогIура иза, ахшо даьлча ша иза йуьтуш ву элира цо.

"ЦIеххьана соьга хаийтира со йуьтуш йу аьлла, сайн бедарш схьагулйан хан йелла, сайн цIа хьажийра со, - дуьйцу Луизас. – Ненаца а, жимахйолчу йишица а Iаш йу со, Европехь гергара нах бац тхан суна тIехIитта. Йа суна сайна а ца лиира цуьнгахь йисса".

Йуха а маре йаха, Луизас бахарехь, ойла йац цуьнан – цхьанхьа деша а хIоьттина, цул тIаьхьа шен корматаллица болх лаха дагахь йу иза. Марзой йукъагIерта буьйлабелча, цаьрца цхьаьна Iен дезаш а хилахь - муьлхха а хIусамден а, хIусамненан а барт эгIар бу аьлла тешна йу иза

"Тхан ламасташца къаьстина Iаш ца хуьлу, нагахь санна, хьо жимахверг велахь, йа цхьаъ бен воцу доьзалера кIант велахь, соьца нисделларг а санна. Цо хIаллакди сан дахар. Сан дог-ойла хийцалур йуй суна ца хаьа, амма чолхаллаш йу: нохчига йуха а йаха кхоьру со, кхечу къомах волчуьнга – йаха ца мега", - дуьйцу къамелдечо.

Шайчаьрга бен маре ма гIо бохуш, кхайкхамаш бо Европера нохчашка, ткъа "шайчара" уьш буьгу, йуха дIатосу, оцу йукъанна лелон беза барамаш кхочуш а ца беш, эргIад оьху Албаков Шемал.

"Атта зуда йитарна дуьхьал къийсам латтон дагадеана тхуна. И ца дахь цхьа керла хIума марзделла вайн нахана – нускалш дIадуьгу, йуха "берш" цIа хьийсабо. И магийта йиш йац: бахьана доцуш вайн наха зуда йуьтуш ца хуьлу. И Iадат лардан деза".

Цунна хетарехь, доьзал кхоьллинчул тIаьха кегийнаш шаьш баха бита беза, совнах болу нах йукъа а ца гIерташ баха бита беза.

ХIинцалера кегийрхошлахь даьржина хIума ду Европехь катоьхна зуда йитар, билгалдоккху Францира жигархочо, цуьнан цIе къайлайаьхьна, цуьнан кхерамзалла ларйеш. Божарий чIагIбелла, ткъа зударий, мелхо а, маьрша бевлла, аьлла хета цунна.

"Францира а, Германира а, Бельгира а суна бевза нохчий латкъамаш беш хуьлу, дукха зударий буьту бохуш. Кхечу къомах волчу кIанте маре йодахь а олий, да-нана сихло, шайн йоI хьалххе маре йала, амма цигара цIа-м оьху уьш", - дийцира жигархочо.

Къамеле йаьллачо билгалдаьккхира йукъараллехь кхечу къаьмнах йолу зуда йалорна, йа кхечу къомах волчу кIанте йоI йахийта а дуьхьал хуьлу – нохчий боцучаьрга йаха тарло иза гIалIашка а, кхин дIа дийцира цо: "Жимчу стага кхечу къомах йолу йоI йалайахь, и башха дийца а ца дуьйцу, амма нохчийн йоI кхечу къаьмнийн векале маре йодахь, иза шайха дIатоттуш Iедал ду кхузахь, Европехь, Нохчийчохь а санна, и хIума чIогIа лардеш ду, амма хIетте а нисло шен къомах воцчуьнга маре йахана, йа церан зуда схьайалийна меттиг а".

Доьзалшна йукъахь бартбийраш

Росстатан зерашца, дукха хьолахь Кавказехь стохка доьзалш дукха боьхна Къилбаседа ХIирийчохь, ГIалгIайчохь, Кхарачой-Чергазийчохь.

Нохчийчоь, Дагестан, ГIалгIайчоь лидерш йара Оьрсийчохь 2022-чу шарахь къестарш дукха хиларца. ХIетахь Нохчийчохь доьзалш къастаран терахь шозза ах алсмадаьллера, ткъа луларчу Дагестанехь – шозза.

Оцу йукъанна Нохчийчоьнан Iедалша стохка чIагIо йира боьхна доьзалш вовшахтоха кхоьллинчу комиссино кхиамехь болх бина аьлла, и комисси регионехь йолу пхи шо а ду.

Дуккхаъ зудабераш хьаьгна ду шолгIа зуда хилла маре баха

ИйгIана дIасабевлла доьзалхой пачхьалкхан официалан векалша берта бахийтар динца догIуш дац, ткъа "маслаIат ден комиссино" шен декхарш формалехь кхочушдо, тIехь ницкъ а беш, дийцира хьалхо Кавказ.Реалии сайтана Нохчийчуьра вахархочо.

"КIоштан къеда веанера со волчу тхо кьаьстинчул тIаьхьа, амма сан хиллачу хIусамнанас а, ас а тхо бертахь цхьана Iаш ду элира. Йа цунна а, йа суна а оьшуш йацара гIовгIа а, камери хьалха хIиттор а, шина а агIор нах вовшахтоьхна, цунах лаьцна дийцарш дар а. Цу тIе, со дуьхьал валахь балхара дIавоккхур ву бохуш, кхерамаш а туьйсура. 2018-чу шеран йуьххьехь дара и. Шо даьлча со суо дIавелира цу балхара. Эххар а тхойшиъ баккъал а дIасакъаьстира, цул тIаьхьа тхоьца бала болуш стаг а вацара", - дагалоьцу къамелахочо.

Оцу йукъанна къестарш дукха хиларца йоллу Къилбаседа Кавказ хьалха йара йоллу федералан гонашна: хьалхара меттигехь йара и 39 процентанан къестарш алсамдовларца.

Йуха а маре баха сих ца ло

Тоххара хала дара цкъа марера йоьхна йеанчу зудчунна йуха маре а йахна, дIанисйала. Шел воккхачуьнга йаха дезара цуьнан, йа шолгIа зуда санна маре йуьгура иза, дуьйцу Кавказ.Реалиина Нохчийчуьра йукъаралхочо (шен цIе къайлайахьар дийхира цо). Тахана, цо бахарехь, хьал дикка хийцаделла: цкъа а зуда йалийна воцчо а цхьаьна йуьгу тахана марехь хилла зуда, цуьнан бераш делахь а ур-атталла. Цо билгалйаьккхира керла тенденци: марехь хилла а доцу зудабераш а цхьаьна ду шолгIа зуда хила лууш аьлла.

"Дукха хьолахь, стага шолгIа зуда йалош, цуьнан гергарчара тIе ца оьцу иза: хьалхарчу зудчух а, цуьнан берех а дог лозуш хуьлу иза, - кхетийра къамелдечо. – И хIунда ду иштта аьлча, доккха тайпа-тукхам долу марзой лелон деза цуьнан. Цундела шолгIа зуда хилар дуккха а атта ду, цундела, оцу стеган зуда йелахь а, ши бIаьрг хьаббой, шолгIа зуда хила йоьду йоI догреза".

Суна хетарехь, "зуда йалор, маре йахар" боху кхетам дIаболуш лаьтта

Делахь а божарийн доккхаха долчу декъан аьтто бац ши доьзал кхаба, цу тIе царна а хIусам хилийта а, дуьйцу кхин дIа къамел дечо- дукха хьолахь мехах лаьцначу петар чохь бехаш хуьлу уьш шайн керлачу нускалца.

"Ахчанца таронаш цахиларна, хьалхарчу хIусамненаца тIом болало. ТIаккха иза дIайоьхуьйтуш меттиг нисло, ткъа цунах мукъадаьллачу цIа чохь Iойту шолгIа йеанарг. Дукха хьолахь иштта къеста хьалхарчу зударех", - дуьйцу къамелдечо.

Карарчу хенахь дуккха а нохчийн зударша кредиташ а оьцуш, шаьш къаьстинчул тIаьхьа хIусам йа машен оьцу, "йа шайн, йа берийн дуьхьа" беха уьш тIаккха. Цкъа марера боьхна зударий йуха а маре баха ца хьийза.

"Зударша йа болх бо цхьанхьа, йа цхьацца кондитеран хIуманаш йеш, йа тегарш деш, хене боккху шайн доьзал. Йуха а маре баха сиха бац уьш, - билгалдаьккхира цо. – Оцу тIехула йуха а зуда йало аьтто боцу божарий а цхьаьна бу. Суна хетарехь, доьзалан институт боху хIума довш лаьтта".

Тоххара, доьзалехь 3-4 бер делахь, и бахьана хуьлура хIуъа йукъадоьллехь а вовшах ца къаста, ткъа тахана бен башха дац, бер доцург а шен цIа хьажайо, бераш дерг а ца кхоайо, билгалдаьккхира Нохчийчуьра журналисто, шен цIе ца йаккхар а доьхуш. Цо дийцарехь, доьзалш къестаран бахьанаш ду – доьзалера проблемаш, хIусамехь ницкъбар, тIе зударий кхийлар, майра хIуманца бала болуш цахилар, марненаца дуьйлу девнаш.

"Суна гуш хиларца, зудчун мах охьабаьлла божарийн бIаьргашчухула, доьзалца хила йезачу йукъаметтигашкахь шен меттиг божаршна а ца хаьа муьлха йу. Зудчунна тIехь ницкъбийраш бехказбоху Iедалхоша а цхьаьна. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а элира, шен хIусамдас йийначу Умаева Мадинин нене, зудчунуна шен меттиг хаа беза аьлла. Цунна дов дан а йиш йу, цунах лата а мега аьлла, дIахьедира цо", - карладаьккхира хилларг журналисто.

Цунна хетарехь, цкъа йахначохь аьтто боьхна дукха зударий йуха а оцу лолле кхача сих ца ло. Церан Iалашо хуьлу шайн дуьхьа даха, бизнес йолон, маьрша хила, даим а реза боцчу марзошка ладоьгIучул а.

"Бахьана доцу" къестарш лахдар

Албаков Шемал динан дешар Iамийна ву, 10 шо а ду иза Iеламча санна доьзал кхуллучу шинна йукъахь там-мах беш лела. Там-мах бар хьалхара ду бусалба нехан – там-мах ца бинехь Iедало а кехат ца ло царна. Нохчийн, гIалгIайн Iадаташца, там-мах бар доцург а, ЗАГС-ехь тIечIагIдайта деза доьзал кхоллар.

"Тахана Европера нохчашлахь а, гIалгIашлахь а оцу кепара там-мах баре хьийсар, кхечу бусалба нехан доцург ду и, - зударийн бакъонаш а, цуьнан лелар а тергал ца дар ду. Нахана хаа деза, иштта дIасакъастар дика доций, цунах жоп дала дезар дуй а", - билгалдоккху Албаковс.

Европера кхинйолчу бусалба йукъараллашкахь ЗАГС-ра деана кехат дацахь, там-мах а беш бац. Официалехь зудий-майрий хилар мэрихь тIечIагIдина хилча а, доьзалш къестар лахдала тарлора. Делахь а, цуьнан дешнашца, и доза тохар йукъа ца далийра цара, хIунда аьлча, доьзалш кхоллар лахлур ду аьлла хеташ, боху Албаковс. Дукхахболчу мухIажарийн кехаташ дац.

"ХIара барам (бахьана доцуш зуда йитахь ахчанца гIуда хьарчор.- Билгалдаккхар) – ца девлла деш хIума ду, къестарш ца хилийта, коьртаниг - бахьана доцуш зуда ца йитийта. Имамийн а, йукъаралхойн а карахь ду хIара гIуллакх кхиам болуш хилар", - чIагIдо Iеламчас.

ХIара ду аьлла бахьана а доцуш марера йухуш и зуда йелахь, ворхI эзар евро охьадилла цуьнан а дезар ду, кхин дIа дийцира къамелдечо. Цул совнах, къаьстачу хенахь а цхьацца барамаш ларбан безар бу, и ца хилийта шайн ницкъ мел берг дан а дезар ду.

"Со тешна ву, къанойн Кхеташонан хIара сацам нохчаша а, гIалгIаша а цхьаьна тIеоьцур бу аьлла, хIунда аьлча, тхан проблемаш цхьатерра йу. ХIаъ, низамашкахь йолчу кепашца и хьал талхочарна Iаткъам бойла дац тхан, амма зудаберийн бакъонаш Iалашйан ницкъ бу тхан, оха уьш лардийр ду", - дерзийра Албаковс.

Францира жигархочунна хетарехь, инициативо къестаршна хаъал Iаткъам бийр бу аьлла цунна ца хета. Адам хийцало – интернето а, глобализацино а доккха дакъа лоцу цигахь, хета цунна: "Ширачуьнца керланиг ду хуьйцуш. Хийцамаш хуьлийла ду, вайна а дуккха а хIума гур ду кхин дIа".

  • 2022-чу шарахь Нохчийчохь дIасакъаьстира официалехь кхоьллина 9070 доьзал. И терахь шо хьалха хилчул шозза ах сов ду. Проценташца дуьстича, Оьрсийчохь доьзалаш бохарехь регион хьалхарчу меттехь лаьтташ йу.
  • Доьзалш къаьстинчул тIаьхьа берашна тIехь нене Iуналла дайтарца доьзна Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамаш кхочушбеш бац Къилбаседа Качвказехь. Оцу кепара хьесап дира Европан Кхеташонан министрийн Комитето.
  • Бераш деца къовсуш ЕСПЧ-н кхелехь туьйлира, масала, Муружева Лайлаъ, Магомадова Элита, Губашева Ася, Магомадова Зелиха. Делахь а, Европан кхелехь толам баьккхинчул тIаьхьа а дукха хьолахь шайн бераш схьадерзо ницкъ ца кхочу церан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG