Нохчийн бIаьвнашна а, ширачу чарташна а тIерачу йозанаша тIе тидам ца бохуьйтуш стаг ца вуьту. Ца кхеташ долу и тIулган йозанаш (петроглифаш аьлла Iилманан цIе ю церан) инзаре дукха ду махкахь. Адамийн а, акхаройн а, маьлхан а, беттан а, герзан а --- тIулгаш тIехь долчу цу суьртийн маьIна тахана къастийна лоруш дац дерриге а дуьненахь.
Амма цу тIехь болх беш бу нах. Нохчийчохь царах цхьаъ ву Дадаев СьаIид. Цо онда болх бина цу тIехь. ХIун маьIна ду оцу петроглифийн? ТIаьхьене дош ду я вовшашца уьйраш латтош зIе ю? Еххачу хенахь ламанца йолчу нохчийн пхеа кIоштахь болх бина цо хIора иштта долу тIулган йоза дIаяздеш.
Ша цо иштта дуьйцу цуьнах: "5 кIоштахь ас теллина вайн тIулгаш тIехь дина йоза. Таханлерчу дийнахь 1500 (цхьа эзар ах эзар) петроглиф гулъелла сан. Со и болх бан волавелча къаьстина цхьа ткъех петроглиф еша мегаш хилира. Халахеташ далахь а, вайн иза еша хууш цхьа да вац. Немцойн Iилманчаша гочйина уьш. И ткъех петроглиф вайн маттахь а ю".
ТIулган йозанаш дечу хенахь церан шайн шайн маьIна хилла, бохуш дуьйцу Дадаевс: "ХIара бIов тIехь ялахь, цу чохь вехачу стеган тайпанан билгало хилла, шаьлтанца а, лелочу доьхканца а. И стаг тIамехь велча, цу тIехьаьжча хууш хилла иза цигара вуйла. ХIара петроглифаш 15-18 эзар шо хьалха дуьйна хилла ю".
Вуно ширачу заманахь баьхначу "хьехан" олучу наха дехкина ду и суьрташ, боху Дадаевс: " Малх а баьккхина цо, беттан сурт а биллина цо. Масала, малха кIелахь сиз хьаькхна хилча, иза Iуьйре олуш хилла. ХIара суьйре хилла, хIунда аьлча, сиза тIехула малх а, бутт а болу дела. Ткъа делкъе хилча, малх сизал лакхахь буьллуш хилла.
Мел атта дохкуш хилла суьрташ а дуьйцу историко: "Таллархо а вуьллуш хилла Iад карахь а долуш. Газа я сай хилла буьллуш. Иза талла Iуьйранна я суьйранна ваханехь, малх а буьллуш хилла оцу хене хьаьжжина. Дукхахьолахь, вайн суьрташ тIехь суьйранна схьавогIуш хилла. Иза цIа вогIуш бохург ду. Оцу тIулгаш тIе хьаьжча хууш ду-кх и хIума".
Халахетарца билгалдоккху Дадаевс, Iаьржа ахкархой олучу наха нохчийн историна а, къомана а дечу зенех лаьцна: "Вайн таллаза ерг ю археологи. Этнографехь цхьацца дан гIерташ бу вайн Iилманчаш, бакъдерг дийцича, уьш а 10 процентана а тIаьхьакхиъна а бац. Вайн лаьтта бухахь йоцуш хIума яц. Инзаре дукха хIума ю".
Ширачу заманахь велла тхьамда-баьчча шен бахамца дIавуллуш хилла, бохуш дуьйцу Дадаевс: "ТIаьхьалонна юьсур яра олий, юьтуш ца хилла. Шортта хазна ю вайн лаьтта бухахь. Вай тIехула лелаш ду цунна. Iаьржа ахкархой бу шортта лелаш. Цара йохка а юхку, шайна карийна хIума. Суна чIогIа хала а хета иза. Цара вайн истори харцъеш а, иза юьхкуш а бу и санна болу нах".
Нохчийчоьнан шира истори толлуш дукха нах баьржина тIаьхьарчу хенахь. Къаьсттина жигара бу уьш этнографехь а, этногенезехь а къахьоьгуш. И кхиамаш гойтуш цхьацца белхаш а зорбане баьхна цара. Дадаев гулдина и тIулган йозанаш гочдича, нохчийн къоман бухан кIоргене кховда аьтто хир бара аьлла шеко яц цуьнан.