ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Муха яьхьира ас аьхке" ...


Нохчийчоь -- Лома боьду некъ.
Нохчийчоь -- Лома боьду некъ.

ХIара сан дуккха а шерашна тIаьхьадисина «Муха яьхьира ас аьхке" дийцар нисделла ломахь Iуьллучу ЦIоьнтарах лаьцна. Амма, шеко а йоцуш, вайх хIораннан а ю шен хьоме эвла, кIотар.

Со хаъал хилчхьана сан дагчохь ехаш яра лаьмнашкахь Iуьллу тхан дай баьхна хьоме ЦIоьнтара. Сан ойланехь иза яра майра а, кIеда а, оьздангаллех буьзна нах беха цхьана туьйранера санна цолу юрт -- бIаьста баьццара, гуьйранна дашо, ткъа тийначу Iай, гонахарчу лаьмнаша техкош тижо бамбийна юкахьарчийнача санна, кIай.

Ткъа аьхка иза муха хир ю-те олий, ойла йора ас сой вехачу аренца йолчу эвлахь тхан хIусаманна гена доцуш охьадогIучу татолан чохь тIех сов лийчина чениг етташ сой вегош хиина Iачу заманчохь.

Цундела аьхка кхача лаара суна бераллехь сайна ирсечу гIенах дуьхьал тийсина ЦIоьнтара. И сан лаам гуттар а чIабинарг дара цхьана дийнахь школехь хилларг. Цу шарахь, йоьалгIачу классе сой ваьлча дара моьтту суна иза, тхан хьехархочо цIахь бан болх беллера тхуна, «Муха яьхьира ас аьхке» дийцар язде аьлла.

Цу хенахь сан аьхке дIайоьдуш Iедал дара цхьатерра. Iуьйрана араволий хин йисте а воьдий, мацвелча комурш а юъуш, хан яккхара ас сайн нийсархошца. Юкъа-кара хьуьнан цIазамаш лахьо а доьлхура тхо колхозан кхан йистошкахь. Амма дукхах йолу зама дIайоьдура сан нанас мохь тоьхча хезийлехь...

...Жима волуш денош деха хуьлу. Iуьйранна гIаьттича къеггина кхеттачу малхо дайъина бIаьрса меттахIоьттича даиман а гуш ерг хилара аьчкан пешана хьалха хиина хьокхумаш боттуш йолу тхан мерза нана.

ТIаьхьавуьсуш санна, катухий хьокхум юьхк оьций, собар де хIума кхалла лортIехь, бохуш мохь бетташ нана а юьтий, водий ураме араэккхара со, Iалелай, мел хаза хир ду тахана ловзуш, бохучу ойлано корта а хьийзош.

Цундела дийца кхин баш хIума а дацара сан хьехархочо тIедиллина дийцар яздеш. Амма сан накъоста яздина дийцар вуно чIогIа дагах кхийтира суна. Сан доттагIчо аьхке дIаяьхьнера шен ненанана ехачу эвлахь – Гуьнахь. Цуьнан Гуьна хилча сан а хила еза дай баьхна юрт аьлла хаьттира аса тхайн нене. Цо йийцира суна ЦIоьнтара.

Цул тIаьхьа сих-сиза дехар ас тхайн нене, хьалха хилла хIуманаш дийцахьара олий. Цо дийцара суна тхан Цоьнтарара гергарчу наха лелийнарш. Масала, гуттар суна хазаделларг дара тхан денде вашас динарг. ЦIоьнтарахь маьждиг тодан сацам а бина, хIора доьзале дехна хиллера цхьацца оьшург яхьара аьлла -- кира, тIулг, кибарчиг. Тхан деден дена а, цуьнан къенташна а кхаьчнарг хиллера цхьацца галий гIум яр.

ШолагIчу дийнахь сатасале, гIум а чохь дуьззина ши гали шина белшана тIе а тесна, маьждиге а вахана, и шиъ охьатесна хиллера юртана йистох стерчий кхобуш вехачу тхан денде вашас, хIахI, хIара ши гали сан ден а, сан вешин а цIарах ду, со, шуна хууш ма-хиллара, могаш воцуш а ву-кх аьлла.

Тхан нанас дийцина цхьа сурт хIинца а дагара ца долу суна. ЦIоьнтарара аренца йолчу юьрта шаьш даха ховшале дара олура цо иза. Цхьана дийнахь цхьа бер кара а эцна, шолагIчуьнан куьг а лаьцна, ги доьллина гали а долуш, луларчу эвла хьера яхара ша бохуш диийцара цо. Цуьнах даиман а къа а хетара суна.

Цу хенахь дуьйна лаам латтара сан ЦIоьнтара кхача.

ХIун дара а хаац, со кхуьучу заманахь дукха гена хетара сан деган юрт Iуьллу меттиг. Вайн дай Сибрехара цIабаьхкина дукха хан яьлла йоцу зама яра иза. Йожа говр-варда яцара. Машен а наггахь а бен ца нислора. ДIоггара некьаш долчух тера а дацара дIасалела.

Бакхийнаш кхечу эвла дика-вуне боьлхуш сайн а секхаIад а, тхан дас дуьххьара сайна ловзо эцна машен а оьций, лаламаш долу боца ког болу хеча а юхий, неIаре дIахIоттара со ломарчу ЦIоьнтара ваха...

Амма, шу тешар дац, дуккха а шераш девлира сан сатийсам кхочуш ца хуьлуш. Цкъа дуьххьара - школа, арме, тIаккха университет. Шераш дIаоьхура, кху аьхка-м гIура ву хьуна со цига, дерриг а дитина а бохуш. Делахь а аьхке тIекхачара, ткъа маллуш боцучу кхолламо вигара нисса бIостанехьарчу некъашца.

Кхин цхьа хIума а дара. Цхьа хьаьдда-ведда воьдуш кхача а ца лаьара суна сайн дай баьхначу юьрта.

Амма иза хилира цIеххьана. Даиман а санна сан дагара дика хууш волчу тхан воккхах волчу вашас элира соьга, хьо ма-вара дукха хенахь дуьйна ЦIоьнтара юьйцуш хуьлуш. Мархийн бутт чекхболуш а бу, тIедогIучу кIирандийнахь марха достуш а ду. Цигарчу ширчу маьждигана уллехь йолчу майданахь базар хIуттуш Iедал ду Шоьтан дийнахь. Вахача хIун дара-те вайшиъ гергарчера марха къобул а деш, ломахь дажийна дийначу лахьан дакъаийна жижиг а, йоьхьаш а, кIалд-нехча йохьур яра вайшимма аьлла.

Сахиллалц ойланаш еш Iийра со. ХIунда делахь а, коьртачу хьийзара цу деношкахь сан бIаьрг кхетта ас юх-юха а ешначу Бисултанов Аптин байтийн мукъам. Юха тIаьхьо уьш вайн лоруш йолчу актрисо Радуева Зурас дIайоьшуш уьш карийна цаьрга ладоьгIуш Iийра со.

Бисултанов Апти

РагIу

Дирзина мехашна агIор
Дерзина лаьтта цхьа рагIу
Суна мел безначу нехан
Аьзнаш шен тхов кIелахь дехаш...

ДIадовлий дIадоьлху мехаш,
Схьадовлий схьадогIу мехаш,
Яржаеш бIаьрлагIаш, нехаш,
Дагарадийцарехь дехаш

Дирзина заманна агIор,
Чекх са гуш, лаьтташ ду рагIу,
Суна мел безначу нехан
ЦIераш шен тхов кIелахь йехаш

ДIайоьлий дIайоьду зама,
СхьайогIий схьайогIу зама,
Кегаеш уппагIаш, амалш,
Кегадеш Iожаллин гIама...

Ткъа рагIу-м лаьтташ ду, рагIу,
Мехашна, заманна агIор,
Суна мел безначу нехан
ДоIанаш тхов кIелахь дехаш.

Некъ а бац тIебогIуш цхьа а,
НеI а яц тIекъовлуш цхьа а,
ХIусам яц - хьаша ца кхойкху,
Маьждиг дац - молла ца кхойкху.

Ткъа рагIу-м лаьтташ ду, рагIу,
Чекх са гуш массо а агIор,
Суна мел безначу нехан
ЦIераш шен тхов кIелахь ехаш.

Ишта ю со вина петар,
Со ваьхна, со вайна четар,
Со суо а цуьнан цхьа аз ду,
Цхьа чов, цхьа гIайгIане арз ду.

Аьхкенан тIеххьара хаза денош дара цу шарахь лаьтташ дерш. Машена а хиина, ЦIоьнтаран юккъехь долу шийла шовда дан наштаран шелиг а эцна, новкъавелира тхойша.

Сан дагар хуучу тхан вашас, ЦIоьнтара чувулучехь сацаяйтира машен. Хьо дIаволало кху урамехула шовданна тIекхаччалц, цунна хьо тIех вера вац хьуна аьлла велалуш, ша тIаьхьавогIур ву хьуна хьен а ца луш аьлла.

Со кхийтира цунна со эвлахула сой волавалийта лууш хиларх. Вашас аьлларг дина, гIеххьа тIуьначу маьждигана тIера болалучу готтачу юьртан урамехула охьаволавелира со.

Дуьххьара сан бIаьрг кхеттарш дара эвлан йистехь Iохку кешнаш. ГIаролхой санна латтара ялсаманан хеталучу хIавайо лийчон наьрт-эрстхойн куьцехь долу кешнийн чарташ. Цу кешнийн кертара кайчу шаршуна юкъахьарчийна жайна а карахь аравелира хьехархочуьнан куц долу гIеметта хIоьттина цхьа стаг. Иза хила а хиллера меттигерчу школан хьехархо.

Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх ю аьлла дIакхайкхийначул тIаьхьа дуккха а вайн махкахой шайн орамаш лоьхуш арабевлла лела хан яра иза. Цундела делахь а, суна гина уггаре хьалхара цIонтро а кхеттачух тера дара со а цу могIарера хиларх.

Шега делла салам-маршала схьа а эцна "хьо хьена ву, кIант?аьлла хаьттира цо соьга. Тхайн денде а, де а цIе яьккхира ас.

-ЭххIей, маржа дуьне яI. Дера бара диканиш! - элира цо соьга, къадделлачу озаца, ойлане а вужуш, сан дог реза а деш.

Сан вешина вевзаш хиллера сан къамелхо. Иза тхойшинна хьалхаваьлла эвлахула дуьйладелира тхо.

Тхан гергара стаг Салман нохчийн маттахь йолчу книжки тIехь диллинчу сурта тIера охьаваьлла волуш санна куц долуш вара. Цьуьнан хIусамнана, шен хене хьажча, мелла а кIена хетара. дIаяханчу замано юьхьтIехь вуно кIорга ларш йитина и зуда, ела а луш, дуьхьалъелира тхуна, «марша догIийла шу» аьлла.

Тхо луьш-олуш кетIахь хевшина Iаш пеш латийна кхача кечбан хIоьттира йоккха стаг. Аса лучу хаттаршца кхийтира иза сан ойланех. «Же, схьадуьйлал, охьаховшал, некъ хала хуьлу даиман а, къадделла хир ду шу», - аьлла, сир диллина бога санна боккха болу буьззина къалд-даьттан кад а, тIера Iа гIуьтту йовха хьолтIамаш а, шура тоьхна чай а хьалха диллира тхуна йоккхачу стага.

Оцу маьIаргонна сан бIаьрг кхийтира рагIун торпалах тоьхначу хьостаманна тIеоьллинчу чадин барамехь хир болчу дагарца хьаькхна бина болуш санна болчу ширачу дечкан Iаьйгах.

-Суна а чомехь хета шура тоьхна чай цу Iаьйгаца молуш», - аьлла, хьала а гIаьттина, хьалакхевдина схьа а эцна, вела а луш, соьга схьакховдийра иза хIусамдас Салмана.

Тахана а биц ца ло суна цу кхачанан чам, къалдан тIехула даьллачу барула можачу хьелийн даьттан мерза хьожа, гIоргIа ахьаран хьолтIамийн мерзалла. Йиц ца ло херцаршлахь Iуьллу хIусам лаьтта, лулахоша мангал тухуш лелош ялахь а, боберан аматехь сайна гина тхайн дай баьхна шира керт. Дуьхьал хIуьтту шина бераца хьаьчкIан гали а гихь урамехула схьайогIу тхайн гIийла нана…

Нохчийчохь доладелла керла дешаран шо. Даиман санна, чекхъяьллачу аьхкенах лаьцна дийцарш яздеш, я яздан кечлуш хир бу вайн дешархой.

ХIара сан, дуккха а шерашна тIаьхьадисина «Муха яьхьира ас аьхке" дийцар нисдели ломахь Iуьллучу ЦIоьнтарах лаьцна. Амма, шеко а йоцуш, вайх хIораннан ю шен хьоме эвла, кIотар. Шайн дийцарш даийта тхоьга. Царах диканиш оха зорбане дохур ду, хозуьйтур ду тхайн программашкахь.

Тхан электронан адрес: nc@rferl.org

XS
SM
MD
LG