ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оруэллан дуьненахь нисделла вай". Орлов Олеган тIаьххьара дош


Орлов Олег
Орлов Олег

"Мемориалан" хьалханчех цхьаъ волчу Орлов Олега тIаьххьара дош аьлла, цо социалан машанашкахь пост хIотторна, тIамна дуьхьал пикеташ йарна а оьрсийн эскарна "дискредитаци" йина бохуш бехкашца цунна йеш йолчу кхелехь. 150 эзар сом гIуда тоьхна цунна.

Радио Свободо Орлов Олега кхелехь дина къамелах дуьйцу:

"Соьца цхьатерра ойла йолчу наханна вуно шога таIзар дина: дешнаш аларана, маьрша протест йарна, бакъдерг дийцарна дуккха а шераш диттина. Горинов Алексей, Кара-Мурза Владимир тахана гIудан изоляторш чу вуллуш вуьйш ву. Талламан изоляторехь леррина талхош йу Скочиленко Александрин могушалла. Чолхе цамгар йолчу Барышников Игорьна пурба ца делла хадархошца цхьаьна шен ненан тезета хIотта, цунна шена а лоьрийн гIо кхочуш дац. ТIамна дуьхьал протест йарна дукха шерашна набахте хьийсийна болу Иванов Дмитрий, Яшин Илья дагавоуьйту вай.

ТIамна дуьхьал йолчу протесташка со валарна со дохкох ца ваьлла, артикл йазйарна кхел йеш йу суна

Оцу йуккъехула талламо суна де боху таIзар тIех сов кIеда гуш ду. Суна бакъ хетарг ас аларна дуьхьал оццул кIезга мах бала хала дац олий хета. Амма бехкевеш сацам хилча, мухха делахь, цунна латъкам бийр бу оха. ХIунда аьлча, оцу гIуллакхехула бехкевеш бина сацам, иза чIогIа балахь, кIеда балахь, Конституцина дуьхьал бу иза, бакъонийн низамаш а, сан бакъонаш хьешар а ду иза.

ТIамна дуьхьал йолчу пикеташка со валарна со къера вац, йа артикл йазйарна а – оцу бахьанашца кхел йеш йу суна. Сан йахначу хено кхин харжам ца битина суна. Сан хьехархо хилла волчу, ларамечу бакъоларйархочо Ковалев Сергей Адамовичан девиз ца ала йиш йац кхузахь, Риман Iилманчаша кхоьллина девиз йу иза: "Дан дезарг де, тIаккха хиндерг хир ду".

Оьрсийчуьра дIа ца вахарна а дохкох ца ваьлла со. И сан пачхьалкх йу, суна хетара, Оьрсийчуьра сан аз зевне хезар ду. Амма хIинца, политикан полицино, талламо, прокуратуро, кхело – уьш суна тIаьхьбевлла лелларо сан газетера артиклт суна ца моьттучу кепара йаржийна.

ТIаккха валлане дохкох ца ваьлла со, дукха шерашкахь "Мемориалехь" болх барна, сан пачхьалкхана дуьхьа. ХIинца моттадала тарло: дерриг хаьрцина. Хетадала мега: аса, сан доттагIаша, белхан накъосташа динарг дохийна, тхан болх маьIна доцуш биссина. Амма иза ишта дац. Со тешна ву, дукха хан йалале тхан пачхьалкх боданера арайер йу. И хирг хилар – "Мемориалехь" болх бечу нехан хьуьнар ду, иштта тхан массеран доттагIийн, цхьанга а эшалур боцучу оьрсийн йукъараллера тхан накъостийн а.

Шайн даймохк безачу нехан аьтто бац цигахь хуьлучух ойла ца йан

Ала дашна, со стенна вийлинера пикеташка ара, стенна йазйинера ас и артикл? Вайн пачхьалкхехь "патриоталла" бохучу дашна компромат йина. Дуккхаъчу наханна оьрсийн патриоталла – иза империализмаца цхьа маьIна долу дош хета. Амма суна а, сан дукхачу доттагIашна а гергахь иза ишта дац. Суна хетарехь, патриоталла – иза шен пачхьалкхах дозалла дар дац, цуьнан цIарх деш долчу зуламех вагавеш эхь хетар ду. Нохчийчохь ши тIом болуш тхуна эхь хетта ма-хиллара хIинца Оьрсийчоьнан цIарх Украинин бахархой байъарна тхуна эхь хета.

Немцойн философо Ясперс Карла 1946 шарахь йазйина трактат йу "Бехказаллин хаттар. Германин политикан жоьпаллех". Дуьненан шолгIа тIом бирзича, немцойн бехкаш диъ декъе бекъалуш бу боху цо: бекхтакхаман, политикан, эхьан, метафизическан. Суна хетарехь, цигахь дийцинарг вуно догIуш ду таханалерчу хьолехь вайца – 21 бIешеран 20-чу шерашкарчу Оьрсийчоьнан бахархойх.

Бехктакхаман жоьпаллех дерг дуьйцур дац ас хIинца. Зуламаш лелийначара цунах жоп лур ду, йа лур дац. Амма таханалерчу Оьрсийчоьнан кхане (1946-чу шарерчу Германин кхане санна) докххачу декъанна йоьзна йу, вай тахана нехан бехках ойланаш йарна метта вайн бехках ойланаш йан кийча хиларца. Ясперсан книги тIера цитата йу хIара:

"И шун бехк бу" бохучунна маьIна хила тарло – аш садетташ кхоьллина йолчу ражо лелийначух жоьпаллехь ду шу бохург, - кхузахь буьйцург вайн политикан бехк бу. Шун бехк кхин а сов бу, аша и раж къобалйарна, цо лелочун йукъахь дакъа лацарна, - кхузахь тхан моралан бехк бу. Шуна уллохь зуламаш лелочу хенахь шу тапъаьлла Iар шун бехк бу, - кхузахь буьйцург метафизическан бехк бу".

Суна хетарехь, шайн даймохк безачу нехан аьтто бац цигахь хуьлучух ойла ца йан, оцу даймахкаца боьзна хуьлу уьш. Хиллачух шайн жоьпалла хиларх ойла ца йан йиш ца хуьлу церан. ТIаккха шаьш йеш йолчу ойлах кхечу нахе ца дийца а йиш йац церан. Наггахь цунах цхьа мах бала безаш нисло. И дан гIоьрти-кх со а.

Оруэллан дуьненахь нисделла вай, цуьнан "1984" романехь

Кхин а цхьа цитата йалор йу ас. Кху шеран зазадоккху-беттан 22-хь дина официалан дIахьедар ду иза: "Оьрсийчоьно, Китайно массочу пачхьалкхашка кхайкхам бо, машар, бакъонаш кхиор, нийсо, демократии, маршо, девнийн метта къамелаш дар – хIара хIумашан хьалхатетта деза массара а".

Луларчу пачхьалкхан латтанаш тIе, Украине шайн эскарш хьежийначу пачхьалкхо дина официалан дIахьедар ду иза, ша цуьнан дозанан цхьаъалла тIелаьцнашехь. ООН-декъашхойх дукхахйолчу пачхьалкхаша агрессии аьлла билгалбаьккхина болу тIом дIахьош йолчу пачхьалкхан цIарх деш ду и дIахьедар.

Оцу кепара дIахьедарш до, йерриг маршо хьоьшуш йолчу пачхьалкхо, Конституцина духьал долчу низамаш тIелоцуш йолчу, муьлхха а критикан дIахьедар зулам санна лоруш йолчу пачхьалкхо. Царлахь ду аша суна кхел йеш долу низам а.

ХIаъ, "тIом – иза маршо йу, маршо – иза лолла ду", тIаккха "Украинера оьрсийн эскархой цигахь машар а, дуьненайукъара кхерамазалла а латтош бу". Лараме кхел, Джордж Оруэлан "1984" романе вай кхаьчна хилар гуш дац те? Тамашена хенан шад бу хIара!

Литература ца йуьйцуш, баккъала йолу истории йийцича, 1984-чу шарна тIаьхьа догIу шо СССР-хь хийцамаш дIабуьйлало шо дара, тIаккха 1991-чу шарера демократикан революци хилира. Хийцамаш ца хила йиш йац олий хетара. ТIаккха 30 сов шо дели, вай йуха а 1984-чу шаре кхечи.

Оьрсийчохь майданашкахь книгаш цкъачунна йагош йац

Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексехь цкъачунна "мыслепреступление" боху дош дац, пачхьалкхан политика нийса йуй те бохуш шеконаш кхоллайаларна Оьрсийчоьнан бахархой цкъачунна жоьпалле ца ийзабо, нагахь санна, шен петар чохь, меллаша цара уьш йийцинехь. Йуьхь-сибат нийса дацара аьлла таIзар ца до цкъачунна. Цкъачунна. Амма оцу кепара шеконаш хьайн ператал арахьа хьо йийца волалохь, тIаккха хьуна мотт тоха, таIзар дан а тарло. "Нийса беснашкахь йоцу" бедарш лелорна а до хIинца таIзар. ТIаккха официалехь бохучуьнца ца догIуш дерг гуш-хезаш ахь алахь-м муххале а жоьпалле озор ву хьо. ТIеман министралло бохург цхьажимма а ахь шеконашка диллахь – цунах а таIзаре озаво. Оцу хьелашкахь муххале а кхоллалур ду тIейогIучу хенахь "мыслепреступление" олу низам.

Оьрсийчохь майданашкахь книгаш цкъачунна йагош йац. Амма Iедална ца безачу наха арахецначу книгашна тIе "арахьара агент" олий сийсазе йоза туху, книгийн туьканашкахь уьш тIехьарчу полкаш тIе йохку, тIаккха библиотекашкахь къайлаха луш санна ло уьш йешархошна. Iедало бохучуьнца ца догIург аларна театран актераш балхара дIабоху. Йевзаш йолу актриса Ахеджакова Лия шен балхах йаьккхира, шена хетраг цо аларна. "Театралан йукъаралла" шайх олучийн дист ца хиларца лелош ду иха. Тоталитаран Iедалехь цхьа а йукъараллаш хила йиш йац. Верриг кхоьруш, тапъаьлла Iан веза.

Ас доккха баркалла олу, кхерар доцуш кху кхеле мел баьхкинчу наханна – кхечу политикан процессашка богIучу наханна а. Доккха баркалла!

Наха ойла йар оьшуш дац ражна

Жимма хьалха коьрте дан а йиш ца хилларг ду тахана Оьрсийчохь дерг. Кегийрхошка терроран акташ йойтучу бахьанех лаьцна спектакл-ойла хIоттийна долу режиссер Беркович Женя, драматург Петрийчук Светлана а дIалецира Iедало.

Оьрсийчохь дIахIоьттинчу ражна оьшуш дац наха ойла йар. Царна оьшург кхин ду – угIарал кхин хала доцу къамелаш дар, Iедало бохург къобалдеш бен уьш ца дийцар. Пачхьалкхан йукъараллин, политикан, экономикан дахар карадерзийна ца Iа кху Iедало – йерриг культура куьйг кIела йерзон лаьа цунна, нехан доларчу дахаре кхийда иза. Массо метта кхочуш лаьтта иза. Чиллан-беттан 24-хь доладелла дац и дерриг, дукха хьалххе дуьйна доладелла. ТIамо сиха йаьккхина и процесс.

Коммустийн тоталитаризмах кIелхьарайаьлла йолу сан пачхьалкх йуха а тоталитаризме муха кхаьчна? Оцу тоталитаризман принципах кхин хIун цIе йаккха йеза? Мила ву цигахь бехке? Суна бехканна йиллинчу сан жимачу артиклехь оцу хаттарех лаьцна дуьйцура ас. Суна хаьа, кху тайпа къамел деш нах хир бу: низам ду, иза лелон деза. Амма 1935 шарерчу Германехь ма дара Нюрнберган низамаш. Амма 1945 шарахь и низамаш кхочушдечарна кхел йира.

Жоьпаллех девр дац

Бакъонашна, Конституцина дуьхьал долу и Оьрсийчуьра низамаш кхочушдиначарна тIехь таIзар дийр ду ала ца хIутту со. Амма жоьпаллех цхьа верг ца хиларх со тешна ву. И лелочийн бераш, берийн бераш эхь хеташ хир ду, шайн дайша, наноша лелийначух. Изза хир ду тахана низам кхочушдо шаьш бохуш Украинехь зуламаш лелочарна а. Суна хетарехь, иза уггар кхераме таIзар ду. Цунах вала меттиг бац.

Амма таIзар суна а хир ду, хIунда аьлча, кху хьелашкахь бакъвеш кхелан сацам хуьлийла дац. Дукха ца Iаш хезар бу вайна бина сацам.

"Политикан репрессеш йиначарна реабилитаци йар" олу низам кечдарехь дакъа лоцуш вара со. ТIейогIучу хенан маьршачу Оьрсийчоьхь оцу кепара низам кечдийр ду, таханалера политикан тутмакхашна реабилитаци йан Iалашонца – политикан бух тIехь, йа тIамна дуьхьал латтарна таIзар лайна болу".

  • Орлов бехкеваран бахьана хилира цо францхой Мediapart зорбанехь арахецна йолу, тIаккха шен агIоне хIоттийна йолу артикл. Талламна хетарехь, Орловн текстехь дуьйцу, оьрсийн эскархоша Украинехь дийриг "зуламан, фашистийн лелар ду, маьрша нах байъарца а, маьрша индустрин объекташ йохорца а доьзна".
  • Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексе тIетуьйхира оьрсийн эскарна дискредитаци йар боху артикл, Украине пачхьалкх тIамца чугIоьртиначул тIаьхьа – тIамна дуьхьал болчу жигархошна дуьхьал лелайо иза.
  • 2016 шарахь Дагестанехь вийна волчу шина вешин ГасангусейновгIеран да теш санна дакъа лоцуш вара Орлов Олеган гIуллакхехула. Гасангусейнов Муртазалис дийцира, шен ши кIант вийча, дуьххьара шен орцан куьг кховдийнарг йара "Мемориалан" Дагестанера филиал. Амма цуьнга реза ма хила бехира, кхин адвокат эцийтира – эха шарахь иза хIумма ца деш Iарна, гIуллакхехула кхиам ца хилира. Дагестанхо "Мемориале ваьлча" и гIуллакх кхечу кепе дерзийра. Гасангусейнов реза ца хилира, "Мемориало" Оьрсийчоьнна дуьхьал болх бо бохучуьнца. Цара наханна гIо дора, аьлла цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG