Дуккха а шераш ду мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан культ яржо гIерта: иза кхуллуш ю, 2004-чу шарахь вийначу цуьнан ден Ахьмадан дахаран истори язъян гIертачу гонах, регионан дахарехь оцу доьзало лаьцначу ша-тайпачу декъаца билгалйоккхуш. КадыровгIеран сий деш мел лахара а 346 республикерачу урамна церан цIераш техкина, ткъа цIераш хийцарца болх шайна аттачу баккхархьама меттигерачу низамашкахь а цхьаьна бина хийцамаш.
Гуш боцу бахархошка бина хаттамаш
2010-чу шарахь Нохчийчоьнан Iедалхоша магийра, "и хилла мел дукха хан яьллехь а" керлачу историн адамийн а, хиламийн а сий деш урамашна а, майданашна а, Соьлжа-ГIаларчу кхинйолчу гIишлошна а цIераш тахка. Оцу кепарчу омрана куьйгъяздира мэро Хучиев Муслима, карарчу хенахь республикан премьер-министран даржехь ву иза.
Документа тIехь билгалдаьккхина дара, гIалийн гIишлойн цIераш хийца мегар ду, "Соьлжа-ГIалин бахархошка хеттарш динчул тIаьхьа" аьлла. Шаьш цIе хийцале хьалха баккъал а гIалин Iедалхоша формалехь дIахьедора иштта хаттамаш дIабаьхьна олий, амма гуттар а ца хоуьйтура. Хууш дац, маца, хьан бинера хаттамаш мехкан куьйгалхочун йишин Кадырова Зарганан цIарца урамаш хуьйцуш. Еххачу заманчохь шен вешин Кадыров Рамзанан гIоьнча ю школазхойн дешарехула аьлла, язйина яра иза, ткъа 2022-чу шеран Чиллан-баттахь цIеххьана «Нохчийчоьнан хьакъйолу юьртабахаман белхахо» хилира цунах.
Иштта Соьлжа-ГIалахь бу мехкан урхалхочун Кадыровн кхечу гергарчу стеган, 2004-чу шеран ГIуран-беттан 4-чохь, тIемалой гIалина тIелеттачу хенахь вийначу Кадыров Iумаран цIе тиллина урам. Оцу дийнахь вийначу 14 полисхочух Кадыровн гергара цхьа стаг бен хьакъ ца хиллера, цуьнан цIе урамна тилла. ТIехула тIе иза ваьхна вац Соьлжа-ГIалахь, иза ву Гуьмса кIоштарчу Ойсхарара.
2004-чу шарахь вийначу кхин а цхьана гергарчун цIарах – Нохчийчоьнан куьйгалхочун вешин, меттигерчу милицехь старшина вара аьлла, язвинчу Кадыров Зеламханан цIарах ду Хьалха-Мартанахь а, Ойсхарахь а, иштта КадыровгIеран цIийнах болчийн цIераш техкина 37 урам болчу Ахмат-Юьртахь а, урамаш.
Амма иза дустийла яц, Нохчийчоьнан президент хиллачу, карарчу хенахь мехкан урхалхочун ден, Кадыров Ахьмадан цIе техкинчу урамийн терахьца. Нах бехачу регионан массо а меттигашкахь аьлча санна, Ленинан цIарах хилла урамаш хийцина Кадыров Ахьмадан цIарах. Ши урам бен боцчу Iиса-Юьртара цхьа урам Кадыровн цIарах бу, ткъа Нажин-Юьртарчу Хьашти-Махкахь цхьаъ бен боцу урам бу Кадыров Рамзанан цIе лелош.
Бакъду церан цIарах урамаш доцуш меттигаш а ю. Масала, Шелковскан а, Ноьвран а кIошташкарчу дукхахйолчу ярташкахь хIинца а тIетоьхначу уьнаш тIехь язйина Ленин Владимиран а, Маркс Карлан а, Энгельс Фридрихан а цIеарш ю. Цул совнах – республикехь хIинца а эвлаш ю КадыровгIеран цIераш урамашна тахказа: Iаллерой, Верхатай, Ведучи, Моцарой, Гухой, ЦIеса, Бороздиновская, ГIуларе, Дарбанхи, Лакхара а, Лахара а Герзель, Борзе, Бамт-Эвла, кхин ерш а.
Маса урам бу Нохчийчохь Кадыровн цIарах
Массанхьа а мехкан куьйгалхочун ден цIарах урамаш хуьйцучу юкъанна Нохчийчуьрчу гIаланашкахь а, ярташкахь а керла кампани йолийра – урамашна Кадыров Рамзанан цIе техка буьйлабелира.
Цуьнан цIарах хIинцале а ткъа гергга урам бу Нохчийчохь. Масала, хийцина урамаш Нажин-Юьртарчу бархI эвлахь: Гуьржи-Мохкахь, ТӀуртӀи-КӀотарахь, Билтахь, Керла-ГIоьрдалахь, Шоьнахь, Ишхой-Юьртахь, Хьочи-Арахь, БулгIат-Ирзехь. Оцу юкъанна КадыровгIеран тайпанах Iоттаелла царех цхьа юрт бен яц – Гуьржи-Мохк.
Дукха урамаш дац Кадыров Рамзанан цIарах Куьрчала-кIоштахь – цигахь ялх юьртахь бен дац: Куьрчалахь, Ахмат-Юьртахь (КадыровгIеран цIарах ялх урам), БIачи-Юьртахь (исс урам), Цоцин-эвлахь (биъ урам), Гелдганахь а, ЖугIуртахь а бу.
Оццул урамаш вовшахкхета Гуьмсехь а. Цул совнах, оцу кIоштахь иштта урамаш ду Энгель-Юьртахь (КадыровгIеран цIарах кхо урам), Ойсхарахь (кхузахь КадыровгIеран цIарах ялх урам бу), иштта Къеди-Юьртахь а бу.
Хьалха-Мартанан кIоштарчу кхаа эвлахь техкира Кадыров Рамзанан цIе урамашна- Iалхан-Юьртахь а, ГихтIехь а, Шалажехь а. Кхин а кIезиг урамаш ду Грозненскан кIоштахь, цигахь иштта урамаш ду Керла-Юьртахь а, ЦIоьнтара-Юьртахь а.
Шелан, Теркйистан, Веданан кIошташкахь цхьацца эвла ю Кадыров Рамзанан цIарах урам болуш.
Гуш ма-хиллара, Нохчийчоьнан куьйгалхочун цIарах республикехь пхийттех урам бу, спортан а, культурин а гIишлош ца лерича.
Хестабала гIерта?
Доза доцчу Кадыровн Iедало гойту цуьнан куьйгакIелара нах цуьнах боьзна хилар, цундела «паччахьна» муьтIахь хилийта луу хьаькамаш вовшашца къийсало кеп-кепарчу некъащца, боху Американ The Jamestown Foundation фондан Къилбаседа Кавказехула волчу аналитико Дзуцати Валерийс. Урамийн цIераш хийцар Кадыровн гоно хестабалархьама лелош хIума ду.
ТIаккха куьйгакIелберш кхийтира, муха эцало шайн шеф
"ЦIубарш дукха бу, ткъа Кадыров цхьаъ (хилийтахьа шиъ), цундела нисло Кадыровн цIарах дуккха а урамаш. Кадыровх уьш бозуш хиларна, иза шайца хьасене хилийта гIерта – массарна а хьалха къаьсташ хила, цуьнгара тIетовжийла хилийта – и церан цхьаъ бен боцу некъ бу", - боху Дзуцатис.
Къамелдинчо тIетуху, и процесс Кадыров Рамазана ша шен дегара схьаэцна йолийна ю: "ТIаккха цунна муьтIахь берш кхийтира, муха эцало шайн шеф".
Кадыров-ден а, Кадыров-кIентан а культ кхолларан бухе эгаш ду цIераш хийцар аьлла, хета Чехин политологна, Прагерчу дуьненан юкъаметтигийн Институтан Iилманан директорна, Къилбаседа Кавказехула волчу экспертана Аслан Эмильна.
"Юьхьанца культ кхоьллира цуьнан дена Ахьмадна гонах, цул тIаьхьа малхбалерчу, султанистийн рожехь а санна, культ дIасаяржийра династи кхоьллинчун тIаьхьенна тIехь",- хета Асланна.
Цунна хетарехь, оцу кепашца Кадыровс чIагIъеш ю Нохчийчоьнан кхузаманарчу исторехь шен доьзало дакъалацар: "Къам кIелхьардаьккхина, гIишлошяърхой ду шаьш, керла, кхиаме, ирсе Нохчийчоь еш доккха дакъа лаьцна шаьш бохуш, доьзалан васт кхолла гIерта иза. ЖамI цунна цхьана маьIнехь ду: КадыровгIеран доьзал оьшуш бу, цуьнан кхетамехь, нохчийн къам маьрша, машарехь, цхьа барт а болуш дахийта".
2014-чу шарера схьа дуьйна Кадыров Рамзанна дуьхьал масийттазза санкцеш ехира Малхбузен пачхьалкхаша - иза бехкевора Нохчийчохь къизаллаш лелорна а, кхел йоцуш нах байарна а. ТIаьххьара Кадыровна дуьхьал дозанаш диттира Японино – Оьрсийчоьнан Украинана дуьхьал болийначу тIамехь дакъалацарна.