ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Палестинина тIехь Кадыровн пиар: ГIаззана лерина Оьрсийчуьра гуманитаран гIо Соьлжа-ГIалара стенна хьежадо


ГIаззина лерина Оьрсийчуьра гуманитаран гIо ду Мисарарчу аэропортехь охьадоккхуш
ГIаззина лерина Оьрсийчуьра гуманитаран гIо ду Мисарарчу аэропортехь охьадоккхуш

ГIазза декъерчу бахархошна лерина гуманитаран гIо хьажорах Кадыров Рамзана шозза дIахьедира. Оцу гIуллакхна МЧС-н леррина борташ хажийра, амма Кадыров Ахьмадан фондан чоьтах эцна бохура мел оьшург. Дагестанехь антисемитийн протесташ хиллачул тIаьхьа федералан Iедалхоша оцу гIуллакхе кхайкхира Нохчийчоьнан куьйгалхо. Кавказ.Реалиин сайто эксперташца цхьана теллира, Палестинина лерина гIо Соьлжа-ГIалара стенна хьежадо.

"Массо хенахь орцан куьг кховдадо"

ГIадужу-беттан чакхенгахь Кадыровс шен телеграм-каналехь йаздира, ГIазза декъерчу 20 эзар доьзална сурсаташца гIо дина аьлла. Палестинин автономин президентан гIоьнчас Хаббаш Махмуда лелош бу и болх цигахь, тIетуьйхира цо.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдаьккхира, шен нанас Кадырова Айманис "гIоьналлин барамашкахь" дакъа лоцуш хилар – марсхьокху-баттахь Американ санкцийн тептаре йаьккхина иза, Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан формалехь куьйгалхо йу аьлла. Хьаькамо дIахьедарехь, билггал оцу ахчанах хьежош ду ГIазза декъерчу бахархошна гIо.

ГIаззерчу бахархошна орца оьшуш хиларна цига гуманитаран гIо дахьийтар – иза Кадыровн сацам бара, аьлла дIахьедина Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахьа. Барам хIоттон дагадеънарг Кадырова Аймани йара боху цо.

КIира даьлча Соьлжа-ГIаларчу аэропортера шолгIа гIоьнан парти хьажийна аьлла дIахьедира регионан куьйгалхочо. Меттигехь йаьккхинчу видео тIехь цуьнан 17 шо долчу кIанта Кадыров Ахьмада новкъадоккху и кема меттигерчу МЧС-н куьйгалхочуьнца Цакаев Алиханаца а, зорбанан министраца Дудаев Ахьмадца а.

Сурсаташ дIасакхехьаран шиъ ИЛ-76 леррина борт Оьрсийчоьнан МЧС-о билгалйаьккхира оцу гIуллакхна, дийцира думин депутат волчу Делимханов Адама. 60 тонн "уггар хьалха оьшург, цIаналла лелоран хIуманаш" а Мисарехула ГIаззе йахьийтархьама кемана чуйоьттира "Движение первых" олучу кегийрхойн боламан жигархоша. Церан республикерчу декъан куьйгалхо хIоьттира Кадыров Ахьмад 2022 шеран гурахь.

Оьрсийчоьнан МЧС-о лахьан-беттан 5-хь арахецначу хаамехь дуьйцу, "оьрсийн гуманитаран гIо" Соьлжа-ГIаларчу дуьненайукъарчу аэропортера дIахьажорах. Нохчийчоьнан куьйгалхо, йа Кадыров Ахьмадан цIарх фонд церан хаамехь йуьйцуш йац. И гIо "вовшахтоьхна Оьрсийчоьнан Президентан Путин Владимиран а, Оьрсийчоьнан МЧС-н куьйгалхочун Куренков Александран а тIедилларца", дуьйцу арахецарехь.

ГIаззерчу бахархошна лерина молханаш хьажорах федералан министралло лахьан-беттан 3-чу буса дIахьедира. ХIетахь 28 тонн гуманитаран гIо ИЛ-76 шина кеманахь новкъадаьккхира Москван кIоштарчу Жуковскийн аэропортера.

"ЗIена йукъара Кремл дIайаккхар"

Йуьхьанца ГIаззана лерина гуманитаран гIо Оьрсийчуьра гIадужу-беттан 19-хь хьажийра, Мисарара ГIаззе орца дIакхачо Тель-Авиво пурба деллачул тIаьхьа.

ГIадужу-беттан 31-хь – МЧС-о орца хьажорах дийциначул тIаьхьа 12 де даьлча, ХIинжа-ГIаларчу аэропортехь къепедацарш хиллачул тIаьхьа ши де даьлча – Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, ГIазза декъерчу бахархошна Кадыровн цIарх йолчу фондера сурсаташца дуьххьара гIо кхаьчна аьлла.

Чолхечу хьолан министраллехь бохура, и гIо Мисарарчу ЦIечу Ахбатте дIалур ду, кхин дIа латтехула иза оьшучаьрга дIакхачийта.

Арахьарчу ладогIархочунна гергахь дерриг деш Кадыров ву: Кремл а, федералан Iедал а оцу зIе йукъара дIадаккхар ду ладаме

ГIазза декъе гуманитаран гIо дIакхачоран цхьаъ бен боцу некъ бу Мисарехь, дуьйцу израилхойн тIеман аналитико Шарп Давида. Ца бахарехь, тайп-тайпанчу махкашкара гIо ООН-н каналашкахула синайн ахгIайренан къилбаседехь йолчу Эль-Ариш аэропорте дIакхачадо, йа латтехула болчу "Рафах" чекхвалийтаран пунктехула кхочу цаьрга орца.

Кхача, хи, молханаш ГIаззе кхачайо дуьненайукъарчу организацеша, тIаьххьаре а Израило уьш толлу. Цига гIо дIакхачоран кеп цхьатерра йу, кхетадо Шарпа: "Масех де хьалха цхьа тамашена хIума хилира: Урдунан кемо Израилца барт а бина гуманитаран гIо чукхоьссира парашюташца ГIаззе. Урдунан паччахьо Iуналла деш долчу дарбан цIийнна лерина. Оцу трендена йукъакхета мега кхинаш а, амма Урдунан паччахьна оцу кепара гIоьнчаш оьшучух тера дац".

Нагахь санна, ший а гуманитаран гIоьнан рейсаш Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо хьажийна йу аьлла дIахьединехь, тIаккха и орца Оьрсийчоьнера хуьлуш дац, гIоьналлин фондера хуьлуш ду, тидам бо Оьрсийчуьрчу Transparency International-н куьйгалхочо Шуманов Ильяс. Палестина, ХАМАС оьрсийн Iедало терроран лаьрра ца хиларе терра, цхьанна кепара новкъарлонаш йац цаьрца йукъаралла лелон, боху къамелдечо. Йистера схьа хета тарло, и гIо Кадыров Рамзанан омраца дина ду аьлла, билгалдоккху цо.

"Оцу зIе йукъара Кремл а, федералан Iедал а дIадаккхар ладаме хеташ хила мега оьрсийн Iедална, хIунда аьлча, Дагестанехь хиллачо тоъал талхийна церан Израильца йолу йукъаметтиг, – дуьйцу Шумановс. – Оцу кепара коопераци Кремло дIахьохь, цо йукъаметтигаш кхин а талхо мега. Цундела бусулбачара бусулбачу наханна гIо деш санна регионерчу Iедало лелош ду иза".

Кадыровца йуххера зIенаш

Соьлжа-ГIалара гуманитаран орца дIакхачо йиш хир йацара МЧС-н кеманаша дакъа ца лаьцча, реза хуьлу къамелдийраш. Кадыровн цамгар чIагIйеллачу хенахь, ша гIора долуш вуйла гойтуш чолхечу хьолан министраллица Куренков Александраца цхьаьнакхеташ видео гайтира цо.

МЧС, Росгварди баккъала а Нохчийчоьнан куьйгалхочуньца йуххера зIенаш йолуш йу

Формалехь оцу кепара цхьаьнакхета бахьанаш дацара: арахецначу видео тIехь Куренкова дуьйцу, Шелан кIоштахь минаш дIайахаран балхах лаьцна, амма Кадыровс цуьнца доьзна доцу жоп ло. Гуманитаран гIо дIакхачош МЧС-н авиаци лелийнехь, тIаккха министраца дага ца волуш и дан йиш йац, дуьйцу Шумановс.

"Кадыровн Куренковца муьлхха а цхьа йукъарлонаш йолуш йу, – билгалдоккху цо. – И ши хьукмат – Росгварди, МЧС – Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца йуххера зIенаш йолуш йу. Цундела Палестинина дохьуьйту орца Кадыровс МЧС-н куьйгалхочуьнца дийцаре дина хила мега, арахьарчу гIуллакхийн министраллица дагаволуш".

Пригожин Евгенийс гIаттам болийча Соьлжа-ГIала кхаьчнера МЧС-н долара борт "Иван Кожедуб". Ницкъахошца йоьзна йолчу ВЧК-ОГПУ телеграм-канало бахарехь, кемана чохь хиллера министраллин куьйгалхо Куренков Александр шен зудчуьнца.

Диллинчу хьасташкарчу хаамашца а догIуш, и борт 2018 шарахь дуьйна авиацин кIелхьарабахаран МЧС-н компанин чоьтехь ду, "чолхечу хьелашна сихонца реакци йар" йу цуьнан корта Iалашо.

Куренковн цхьаволу хьехамча – Кадыровн уллера накъост Мартынов Даниил ву. Нохчийчохь ницкъаллин блок лелош ву иза, Украинерчу тIаме хьийсо лаамхой кечбеш дакъа лоцу цо Гуьмсарчу "Оьрсийн спецназан университетехь". 2020 шеран гIуран-баттахь Мартынов кхечу нохчийн хьаькамашца Американ санкцийн тептаре ваьккхира, республикехь нах лечкъорна, уьш Iазапехь латторна, ЛГБТ-нах байъарна гунахь ву аьлла.

Шина гIанта тIехь Iар

Палестинина гIо до бохуш дIахьедарш дахь а, Нохчийчохь Iедална ца лаьа оцу пачхьалкхан байракх ган. Оппозицин NIYSO телеграм-канало зорбане хIоттийначу аудиоца "Ахьмад" ву ша бохучу полисхочо йуьртахошка кхайкхам бо, "вайн кIоштахь" дIатийсинчу хIусамаш тIе палестинхойн байракхаш ма тоха, йа машенаш тIе стикерш а ма летайе бохуш.

ГIаззе орца кхоьхьуьйтуш, бусулбачу нахе ша къобалвайта гIерта Кадыров, амма гуламаш байта дуьхьал ву иза

ГIадужу-беттан 24-чохь Соьлжа-ГIалара цхьана гимназин дешархойн дайша-наноша хаамбира Кавказ.Реалиин редакцига, оцу дийнахь гIалин дешаран хьукматашкахь палестинхошна гIоьнна ахчанаш вовшах ма детта бахарх.

Туркойчуьра палестинхойн диаспоран куьйгалхочуьнца цхьаьна "Дийна дог" фондан векало ГIазза секторера нахана гIо дан таро хиларх хаамбеш видео гайтинера дешархошна. Берашка дIахьединера, нагахь санна, йа дешархоша, йа церан дайша-наноша цига ахча дахьийтина аьлла, гучудалахь, царна а, церан гергарчарна а "сингаттам боккхур бу" аьлла.

Палестинхойн хаттар вуно лазаме ду бусулбашна, Къилбаседа Кавказехь цхьаьна, дуьйцу гуьржийн Рондели Фондан белхахочо, Къилбаседа Кавказехула эксперт волчу Квахадзе Алекос. Кхузахь палестинхой къобалбо рогIерчу наха а, Iедалерчу элиташа а, тIетуху цо.

ГIаззе гуманитаран гIо кхоьхьуьйтуш, Оьрсийчуьрчу бусулбанаша ша къобалвар оьшу Кадыровна цхьана агIор, амма вукху агIор, Палестинина тIехIуттуш гуламаш байта дуьхьал ву иза.

"ХIинжа-ГIаларчу хиламаша гайтина, оцу кепара барамаш чолхечу кепе берза тарло, Iедалхошца летарш нислуш – тIаккха иза Кадыровна уггар тIаьхьара оьшург ду, – хета экспертна. – Оьрсийчуьра политикан лакхаллехь дуккха а жуьгтий хиларо галдаккха мега Кадыровн оьрсийн Iедалан вертикалера хьал, нагахь санна Нохчийчохь антисемитийн ойланаш гIиттахь".

Мисарарчу ЦIечу Ахбатте йозанан кехат дахьийтира Кавказ.Реалиин редакцино, Оьрсийчоьно а, Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо а ГIаззе дахьийтинчу орцан барамех хаттар луш. ХIара текст арахоьцучу йукъанна цара жоп ца делла.

  • Марсхьокху-беттан йуьххьехь Путин Владимира Сийлаллин орден йелира Кадыровн нанна – Айманина. Товбеца-баттахь "даймахкана гIуллакх дарна" аьлла, орден кхачийра Кадыровн 26 шо долчу вешин кIантана Кадыров Хьамзатана, ткъа стигалкъекъа-баттахь совгIат дира "Нана-турпалхо" аьлла политикан хIусамнанна Меднина. Леррина Кремлера Кадыровна баркаллин кехат дохьуш Нохчийчу веара марсхьокху-беттан йуьххьехь Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказера векал Чайка Юрий. Политологашна хетарехь, тIаьххьарчу заманчохь Путин Кадыровна оццул тIера хиларо билгалдоккху, Москвана Iаламат чIогIа оьшуш хилар шен куьйгакIел болчаьргара гIоьналла. Оцу йукъанна Нохчийчоьнан урхалхочунна оцу кепара "цхьаьнахилар" дахаран а, Iожаллин а хаттар санна гуш ду.
  • Американ Iедалхоша "Ахмат" футболан клуб а, Кадыров Ахьмадан цIарах йолу Фонд а, латархойн "Ахмат" клуб а "Магнитскийн глобалан актан" буха тIехь долчу санкцийн тептаре йехира 2020-чу шеран гIуран-баттахь. Адамийн бакъонаш талхочу нахана дуьхьал долийна ду и тептар Вашингтоно.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан нанна Айманина Оьрсийчуьра бусулбанийн лакхара "Аль-Фахр" (йа Сийлаллин орден) йелла. ДIахьедо, совгIат дIадалар нисделла оккупаци йинчу Мариуполера Сулейманан а, Роксоланин а маьждигехь – иза дохийнера Украине Оьрсийчоьнан арми гIоьртинчу хенахь. Кадырова Аймани ша хиллий оцу церемонихь, хаам бина бац.
  • Кадыровн гонехь шайна дуьхьал йаьхна санкцеш эвсара йац бохуш дIахьедахь а, цуьнан критикаша иза ишта дац боху. Нохчийн бакъоларйархоша бахарехь, Кадыровн гергарчу нехан Цхьанатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкахь йаккхийра активаш йу. Кадыровс эмоционале видео дIайазйира, америкахойн Iедалхошка катоххий шен нанна тоьхна санкцеш йухайаха аьлла. Тептарера кхинберш хьаха а ца бина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG