ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Патриотийн авторитет". Стенца доьзна ду Кадыровс шен хьежамаш сих-сиха хийцар


Кадыров Рамзан, архивера сурт
Кадыров Рамзан, архивера сурт

Чиллан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Iарбойн а, оьрсийн а хаамийн гIирсашна интервью йелира. Шен къамелехь хьалха ша дийцинчунна нийсса пурхнехьа луьйш хаавелира и. Дуьххьара хуьлуш дац регионан куьйгалхочуьнца и саннарг – болх бой оцу кепарчу пропагандо, муьлхачу наханна лерина лелш йу иза, дийцира Кавказ.Реалиин редакцига эксперташа.

Чиллан-беттан 26-чу дийнахь Iарбойн "Asharq News" гIирсан сайт тIехь арайелира Кадыров Рамзана йелла интервью. Цу къамелехь куьйгалхочо масех хаттарна жоьпаш делира. Журналисташа хоьттура тIеман министраллехь хIоьттинчу хьолах а, Украинехь тIом бечу нохчех а, цигарa чолхечу суьртах а.

Ша даимна йеш ма-хиллара тIеман пропаганда а йира цо. Юха билгалдаьккхира Украинерчу тIамехь дакъа лоцучу нохчийн терахь - 6 500 стаг. Цу юккъе богIу - Кадыров Ахьматан цIарах йолу полк, ОМОНан ши полк, СОБР "Ахмат", ГIаролхойн полк, "Ахмат"- батальонаш. Шайн "лаамца" тIаме бахнарш а - масех эзар.

Т1еман министраллехь хиллачу девнех дерг хаьттича, малхбузехьара схьадеана питана ду элира цо

Кху шеран дечкен-баттахь нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада схьакхайкхинарг кхин терахь дара - Украинера тIом болабелчахьана 21 эзар эскархо цигахула чекхваьлла, 9 эзар - хIинца а цигахь ву аьлла. Цу муьрехь сих-сиха нохчийн божарий тIепаза бовш хааделира. Юха нохчашлахь къамел даьржира, уьш лаамаза тIаме дIахьежош бу аьлла.

"Малхбузехьарчу пачхьалкхаша Оьрсийчоьнна дуьхьала лелочу питанийн болх бу, церан фейкаш ю аша юьйцурш" аьлла дIахадийра цо шен къамел. "Спецоперация" (ишта олу оьрсийн Iедало шаьш болийначу тIамах) дIахьочаьрца шен дика юкъаметтиг хилар билгал а даьккхира.

Чиллин-беттан юьххьехь Госдуман тIеман комитетан декъашхо инарла-лейтенант Соболев Виктор бехке лерира Кадыров Рамзана. Россин эскар емалдечарех ву хьо аьлла дIахьедира цо. Дечкен - баттахь цу инарлас кадыровхойн мажош йийцира. Иза Кадырова шен эскархойн доьналла дожорхьама долийна элира. Цул совнаха, Болдырев Владимирах "генерал бла-бла-бла" олуш а хазийра цо. ГIадужу - баттахь генерал - майор волчу Лапин Александрана "пайдабоцу стаг, шен болх цабевзарг" ву а элира. Лиман гIалара шен эскарца юхаваьлла, иза дIавахар бахьана долуш.

ДIадаханчу шеран гурахь Кадыров Рамзана ша шен даржера дIаволу аьлла бинчу хаамах лаьцна хаттар а делира журналистех цхьамма. Ша куьйгалхо волу дикка хан ю, 16 шо а ду ша и дукъ дIакхоьхьу, цхьаболчу нахана ша цигахь хьевелла аьлла а хета, цундела аьллера ша и - жоп делира цо. Гезгамашан-баттахь "сан дIавоьду хан тIекхаьчна" элира. Юха кхо де далале ша аьлла дешнаш дохковаларца юхаийцира.

"Ма - дарра аьлча-м, сан иштта хьалагIаьттина, дIавахан йиш а яц: сан къам сох тешна ду. Цундела и тайпа къамелаш Iадда дуьтур ду вай. Шарахь цкъа сайна богIучу садаIаран баттахь цхьаьна болх бан лерина ву со", - тIечIагIдира цо.

Иза аьлла дукха хан ялале дечкен-баттахь шозза садаIа вахара иза - республикин Iедалан сайтехь дIаяздина дара и. Цу баттахь Мальдивы олучу метте доьдуш хааделира куьйгалхочун кема. Кеманахь хилларг цуьнан доьзал бара я иза ша - хууш дац. Политико ша цу кеманца цига вахар тIе ца дитира. И тайпа кема шен данне ма дац я Мальдивы шена мичахь ю а ма ца хаьа аьлла.

Дуьххьара 2017-чу шарахь хааделла ду и Airbus A319 VQ-BVQ кема. Артиста Тиматис шен аккаунтехь гайтира цу кеманчохь даьхна сарташ а, хIара кема сан "вешин" ду бохуш. Цо вуьйцург Кадыров вуйла гуш дара. 2020-чу шарахь кеманан номер хийцаелира - RA-73417. ПарггIат дIасалелара иза-м, кеманца лелар цу муьрехь дихкина доллушехь.

Чиллин-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхо садаIаран ойла а еш, дийца волавелира шен тIеман компани кхолла Iалашо хиларах лаьцна. "ЧВК Вагнерна" конкурент хила лаар далхош. (Орсийчоьнан кодексехь 12-20 шо хан йогIу гIуллакх)

СадоIучу муьрехь Кадыровна "Нохчийчоьнан турпал" аьлла цIе елира. Кхо бутт хьалха цо ша юкъаяьккхина йолу.

КIоршаме бIостане хатI

Ша цкъа дийцинарг кхечу кепара дийцар сих-сиха нисло Кадыров Рамзанан. Кху шеран чиллин-баттахь Соьлжа гIалахь "Россия 1" каналан белхало Скабеева Ольга тIеийцира цо. Цушиннан къамел дерриге аьлча санна Украинехь болчу тIамах лаьцна дара. Йоьдуш эфир йолуш тапча ловзон вуьйлира и. Цо дийцарехь, иза Гитлер Адольфан хилла ю, иза ша шена тохарца велла а ву и.

"Сан накъосташа-командираша йелла суна хIара "Маузер" - Гитлеро ша-шена тоьхна тапча. Цуьнга (Украинан президенте Зеленский Владимире. - Ред.билг.) йала йиш ю, нагахь цо ша шена тухур йелахь", - бохуш, велакъежарца забарш а йира. Герз-м дара дуьйлина. Скабеева Ольгас шен хеннахь тидаме а ийцира и.

Хиламаш таллан хIуьттур болуш дукха  нах бац нохчашлахь:

"Шен къамелашкахь шена луучу кепара терахьаш даладо Кадыров Рамзана. Цунна хаьа, шен дешнийн нийса - харц хилар талламашца доьрзура доций, нохчашна и дIакхочур доций а",- боху Тбилисерчу "Рондели" фондан белхалочо Квахадзе Алекос.

"И тайпа дIахьедарш цо дича а, уьш цхьамма толлур дац, нагахь бала кхачахь а, и бала берш дукха хир бац. Цундела шуьйрачу аудиторина хьалха цхьаъ дийцархьама дуьйцу."- боху эксперто "Кавказ.Реалии" редакцица хиллачу къамелехь.

Цо бохучунна реза ю оьрсийн пропагандин талламхо, эксперт The Jamestown Foundation Ксения Кириллова. Цо дийцарехь, Кадыров Рамзане ладоьгIучарна башха лаа ца лаьа цуьнан къамелаш кегон. И тайпа пропаганга, нийса яцахь а, дикка болх беш схьайогIу, Iедална хьесталучарна ма-эшшара йолун дера.

"Радикал- патриоташа" лору Кадыров. Цул совнаха царна тов цуьнан кIоршаме хатI. Церан бала бац политик нийса, харц хиларца. Ткъа Кадыров ша шен Iедална муьтIахь хилар гойтуш схьавогIу. Цунна резаболучарна хазахеттарг дуьйцуш ву и.

Кириллова Ксенияс бина кхин цхьа тидам - оьрсийн а, нохчийн(кадыровн) пропаганда цхьаьнайогIуш хилар.

"Кадыров санна берш кIезга бац пропаганда яржочеран могIаршлахь. Хьалха шайн Украине гIортар магош хилларш а хIинца "тхо ма дац и тIом чубаьхьнарш, Украина ша ма ю тхуна тIом хьебинарг а, кхерамаш тийссинарг а "бахан буьйлабелла. Цу харцачу пропагандех тешараш хIумма кIезга бац." - элира эксперто.

"Шен къам Iазапехь латтош ву мехк-да"

"Оьрсийн а, нохчийн а пропагандистийн Iалашо цхьаъ йу. И Iалашо - адамаш Iехор, кхерор, шайна тIедерзор", – боху цхьайолчу бакъоларъярхойн вовшахтохаран пресс-секретара Смирнова Ольгас (цIе хийцина йу цуьнан кхерамазалла ларйархьама. - Ред. билг.).

Шен къам кхерамца латтош ву и "мехк-да". Нохчийчоь цхьа жима тоталитаран пачхьалкхе йу

"Кадыровн политикан кепехь гIаравалар дика схьадогIуш лаьтта. Цуьнан гIоьнчашна шаьш лелориг муха хета-те? Хала дуй-те царна и тайпа болх дIакхехьа? Хала доцучух тера ду. Массийтта шо ма ду уьш цу юккъехь болун. Диканан-вуонан терза церан доцийла гуш ду. "Аса лелориг нийса ду-те я харц" боху ойла йийриш церан гуонехь банне бац", - боху Смирнова Ольгас.

Кхузахь цхьа хаттар кхолладалан тарло - Украинехь тIом болабелча дуьйна и тIом болийначеран гIоьнча хилла схьавогIу Кадыров, йоккхачу регионан политик, шен къамелашкахь цхьаъ дуьйцуш, леларшкахь кхин лелош хилар стенца доьзна ду? - Юха а, башха тамашийна дац и боху Смирнова Ольгас - оьрсийн политикаша леладо изза, берриге цхьатера лела уьш, вайна хеташ долчун чот еш цхьа вац.

"Суна хетарехь",- боху цо",- гIарабовлархьама лелош а дац цара и дерриге. Шаьш шайна магийна-кх и хьал. Боьлла-кх уьш цунах. Иштта хила дезаш санна. Дукха хан йоццуш Кадыровна "къоман да" аьлла цIе а елла. Амма цуьнан къам муьлхачу хьолехь ду ойла йича, иза беламе хетало. Шен къам хаддаза кхерамехь латтош верг муха хуьлу "мехк-да" ? Нохчийчоь йоккхачу Оьрсийчоьнна чу йогIуш цхьа жима пачхьалкхе лара мегар ду. Цу хьолехь валан ца леш, цхьажимма тийна, таьIна вахан а, висан а буьтуш берг цхьа некъ бу - шен луурш, хетарш, эхь-бехк дIа а теттина, "воккха ваша" везавелла, цо бохуриг дина, гIийлла Iер."

  • "Мехк-да" аьлла, юьззина дIахIоттий мехкан куьйгалхочун даржан цIе - меттигерчу конституцехь и тайпа хийцамаш бан бIегIийла хилар схьакхайкхинарг нохчийн республикан парламент яра. Цул тIаьхьа ша куьйгалхочо а магийра церан сацам.
  • Шен телеграмм-каналехь дуьйцу цо шен эскархой а, церан каде хиларах а. Юкъ-кара шен мостагIашна байт еша а лараво и. Куьйгалхочун гIаравалар де - дийне мел дели а, кхуьуш догIу - стохкалерачу чиллин-баттахь дуьйна цуьнан аккаунтана тIеязбеллачеран терахь 60 эзарна тIера 3 миллион тIе хьаладаьлла. Амма уьш дукха хиларо цуьнан аккаунтан юьхь кIайн ца йо - Нохчийчуьрчу Iедалан хаамийн гIирсаша болх ледара бо. Церан пропаганда дукхахьолахь дозанал арахьарчу "мостагIашна" тIейирзина хуьлу. Церан болх а, леларш а емалдар - кхеран коьрта Iалашо юйла ца гуш а ца дуьсу.
  • Малхбузехьарчу пачхьалкхашкахь Оьрсийчоьнехьа узуш болу нах а лоху цара. Ткъа и кхарна болх бийриш, кхаьргахьа узурш-м ца хуьлу лартIехь бух болу нах а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG