Миллиардерна, Федерацин Кхеташонан декъашхочунна Керимов Сулейманна "Дагестанан сийлахь вахархо № 1" цӀе а, дашо орден а йелла – Нохчийчоьнан куьйгалхочо чIир кхайкхор йу аьлла, кхерамаш тийсинчул тӀаьхьа. Кадыров Рамзана, ша вен Iалашонца кIело кечъйеш хилла аьлла, бехкевинчу сенаторх Дагестанан Ӏедалша республикана а, йоллу Оьрсийчоьнна а "иттаннаш шерашкахь инзаре доккха гӀо деш" хилла волу стаг ву олу. Мел гергарло долуш ву олигарх ша винчу регионаца, муха дош лела цуьнан цигахь а, Кремлехь а, муха кхиъна цуьнан Кадыровца йолу йукъаметтигаш а, церан конфликтехь муьлхачу агӀонанехьа бу а – Кавказ.Реалии сайтан материалехь.
Дагестанан лаккхара орден лучохь Керимов Сулейман вацара – цуьнан метта йара цуьнан хӀусамнана Феруза, ХӀинжа-ГӀалахь миллиардеран ахчанах йуха меттахӀоттийна парк схьайоьллучу барамехь нисъйелллера иза. Дагестанан хьаькамаша Керимов "филантроп" ву элира, къаьсттина билгалдаьккхира цуьнан "сагӀадаларан а, машарбарехь а, гуманитаран а гӀуллакхаш".
Ши де хьалха республикан куьйгалхочо Меликов Сергейс нахана хьалха къамел дира Кадыров Рамзанца хиллачу конфликтехь сенаторна гӀортор йеш, ткъа меттигерчу хьаькамаша миллиардерна гIортор йеш йолу керла телеграм-канал йовзийта йолийра.
Керимов Сулейман Оьрсийчоьнан уггаре а хьал долчу совдегарех цхьаъ ву. Кху шарахь Forbes журнало 58 шо долу бизнесхо 12-чу метте хӀоттийра пачхьалкхара уггаре а баккхийчу миллиардерийн тептарехь, цуьнан доьзалан бахам 10,7 миллиард доллар бу аьлла.
Керимов вина Дербентехь, эскарера цIа веача, Дагестанан пачхьалкхан университетан экономикан факультет чекх а йаьккхира цо. 1993-чу шарахь Москва вахара Дагестанан электроника арахоьцучу "Эльтав" компанино а, цуьнан накъосташа а кхоьллинчу Федералан индустрин банкан куьйгалла дан.
1999-гӀа шо чекхдолуш дуьйна Керимов Сулеймана жигара инвестицеш йан йолийра Оьрсийчоьнан йаккхийчу компанешкахь — "Нафта-Москва" мехкадаьттан компани, "Носта" болат деш йолу завод, "Развитие" гӀишлошъйаран холдинг, кабелан телевизионан оператор "Мостелеком", хьандар йеш йолчу "Уралкалий" компане а, дешийн компане "Полюс". Керимовс и активаш йоьхкира (тӀаьххьарниг, шен кӀантана СаӀидана йелла "Полюс" йоцург) акцин мах хьалабаьллачу хенахь.
ХӀинца сенатор волчо иштта инвестицеш йира арахьарчу бизнесе а – масала, 2017-чу шарахь Америкехь кхоьллира Heritage Trust Fund, Керимовс урхалла деш йолу активаш - 1 миллиард доллар сов мах болуш. Амма Украинина дуьхьал тӀом болабелча, бизнесхо Евробертан а, Украинан а, Американ а, Канадин а, Японин а, Керлачу Зеландин а, Британин а санкцешна кӀел нисвелира, Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца гергарло лелорна а, эскарх лаьцна "фейкех" низамна гIортор йарна а. 2022-чу шеран мангал-баттахь Американ финансийн министралло дӀакъевлира сенаторан тешаман фонд, иштта 2024-чу шарахь цуьнан активаш дӀакъевлира Швейцарехь - церан мах бу - 1,3 миллиард франк (1,49 миллиард доллар).
Керимовн политикан карьера дӀайолаелира 1999-чу шарахь - йалх шарахь ЛДПР-н Пачхьалкхан Думан депутат вара иза, цул тӀаьхьа "Цхьааллин Оьрсийчоьне" дӀехьавелира, 2008-чу шарера таханлерчу дийне кхаччалц Дагестанан цӀарах Федерацин Кхеташонехь векал ву иза.
"Керимовн дуьхьа тӀаме гӀур бац уьш"
Шен компанеш йаккхий йелахь а, жигара уьйр латтош ву Керимов Сулейман ша винчу Дагестанца – "дай баьхначу махке безам" цӀе йолу седа белла цунна 2016-чу шарахь.
100 миллион долларна Москвахь доккха маьждиг дина ца Ӏаш, оццу барамехь инвестицеш йира Керимовс Дагестанан экономикана 2007-чу шарахь. Бизнесхочо кест-кеста ахча ло республикерчу а, Оьрсийчоьнан кхечу регионийн а бахархошна. Республикера а, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара а нах ХьаьжцӀа бохуьйту цо. Ткъа 2022-чу шарахь дуьйна оцу тептаре оьцу цо Украинера тӀамехь байинчу нехан гергарнаш а. Цуьнан ахчанах 2024-чу шеран аьхка, тӀелатар динчул тӀаьхьа, зен хилла синагога а, килс а меттахӀоттийра, ткъа тIейогIучу хенахь, Оьрсийчохь уггаре а лекха маьждиг а, синагога а, Синан кхерч а, парк а йан дагахь ву иза Дербентехь.
2011-чу шарахь Керимовс шен дола ийцира меттигера "Анжи" футболан клуб, цига масех гӀараваьлла футболхо а, Нидерландийн тренер Хиддинк Гус а кхайкхина ца Ӏаш, берийн академи а кхоьллира, "Анжи Арена" стадион йира – иза схьайоьллуш, масала, илланча Шер а, актер Жан-Клод ван Дамм а кхайкхина бара. 2016-чу шарахь Керимов дӀавелира клубера: керлачу долахочо Кадиев Османа дийцарехь, олигархо 1,4 миллиард сом ахча хьажийна хилла тобане, ткъа иза "чIогIа Ӏехош" хилла тобанан хьолах лаьцна.
Керимовц нехан дог-ойла "позитивни" а, "нейтралан" агIоннан а йуккъехь йу
Оццу шарахь, ХӀинжа-ГӀала дуьненайукъара аэропорт эцна сенаторо, коронавирусан пандеми йолчу хенахь республикана 1,5 млрд сом ахча делира, ГIурбана сагӀийна дийнаташ а эцнера, кхерамазаллин ницкъаша байина жаӀуйн вежарийн Гасангусеноверан дена цӀа эца ахча а делира , - цу кепарчу Ӏалашонашна ахчанаш луш ду бизнесхочун хӀусамнанас лелош йолчу "Иман" гӀоьналлин фондера.
Дагестанан могӀарера бахархой дика дог ойла йолуш бу Керимов Сулейманца, и тайпа сагӀадокху барамаш бахьана долуш. Сенаторо меттигерчу политикашна мел Ӏаткъам бо бохучу хIуманах кхин кӀорггера ойланаш ца йеш, бохуш дуьйцу йукъараллин-политикан структурашкара хьал дика девзачу Дагестанерчу редакцин хьостано. Шен цIе йовзийта ца лиира цунна, репрессин низамаш а, Оьрсийчохь Кавказ.Реалии сайтан статус а бахьана долуш а.
"Керимов сагӀадоькъург ву. Ши шо хьалха цо ХӀинжа-гӀалахь маьждиг дан 1,5 миллиард сом ахча хьажийра, хӀора шарахь шен чоьтах къен нах ХьаьжцӀа а бохуьту цо, Дербентехь инвестицеш йо. Цуьнгахьа йолу нехан дог ойла, "позитиве" а "нейтрале" а йу олийла ду. "Наха ойла ца йо, цу регионан ца дезаш долу Iедал, Керимовн Ӏуналлехь дуйла, хӀинцалера Ӏедалан куьйгалхо Дагестанехь цуьнан протеже лоруш хилар а; Пачхьалкхан Думехь а бара, хьалха а, хӀинца а цуьнан гергара нах", - билгалдаьккхира тхан къамелхочо.
Керимовн цӀе хьахийра Дагестанан лакхарчу Ӏедалан гонашкахь хиллачу масех скандалашкахь.
ТӀечӀагӀйина йоцчу версица, Дагестанерчу бизнесхошна Магомедов Зиявудина а, Магомедна дуьхьал айдинчу бехкзуламан гIуллакхна тIехьа лаьтташ ву боху иза. "Дождь" телеканалан хьостано дийцарехь, и гӀуллакх кхолладала мегаш дара, вежарша Дагестанерчу миллиардерах Керимов Сулейманах лаьцна информаци тӀехь долу кехаташ Францин къайлахчу сервисашка дӀадаларна, цул тӀаьхьа Керимов, махкана йогIу йал дIа ца йаларна бехке вира. "Новая газета" зорбано бехктакхаман гӀуллакх долор дузу бизнесхой Кремлехь реза а боцуш, Дагестанехь уьш политикана йукъе баха гӀортарца. 2022-чу шарахь 19 шо хан туьйхира Магомадов Зиявудина, ткъа Федерацин Кхеташонан декъашхо хиллачу Магомедов Магомедна 18 шо хан туьйхира.
2008-чу шарахь Дагестанерчу "Черновик" газетан журналиста Поляков Александра шена дина тӀелатар дузура "Анжи" клуб Керимов Сулейманан куьйгалле дӀайаларна критика йарца. Шен цӀийнан подъездехь йиттира Поляковна, коьртана чевнаш йина, дарбан цӀийне кхачийра иза.
Ӏаткъамечу шина стеган ахчан довна, башха сагатдеш бац дагестанхой
Кху шарахь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат хилла волу Дагестанера Гаджиев Мохьмад вазвина "арахьарчу агентийн" тептаре, масех кӀира даьлча иза бехке вира, стаг вер вовшахтохарна. "Проект" сайтан журналисташа чӀагӀдо, Гаджиевна Iедал тIаьхьадалар, Керимов Сулеймана иза йуьхьарлаьцна бохуш. Цара дола деш йара "Лига ставок" компани а, финансийн сервис а, ловзучара йукъадохку ахчанаш дIа а оьцуш, и ахча дехьа-сехьа дохуш йара и. Церан коммерцин къовсам стенца боьзна бу, ма-дарра хууш дац. Гаджиев Оьрсийчуьра дӀавахара 2023-чу шарахь.
Вайлдберрис маркелплейсан а, рекламан компани Russ а цхьаьнатоха барт бар а Керимовца дузу – дийцарехь, цо йовзийтира маркетплейс кхоьллина Ким Татьяна (марехь -Бакальчук фамили йара) президентана Путин Владимирна, и реза хилира компанеш цхьаьнатохарна. И барт бара, чIир кхайкхорна кхерамаш тийсаран бахьана: Кадыровс дош делира Бакальчук Владиславан хӀусамнана (1% гергга Wildberries компанин долахь йу цуьнан) доьзале йухаерзор йу, компанийн цхьаьнакхетар сацор ду аьлла. Бизнесан къийсам бахьана долуш Москва йуккъехь герзаш диттира, шиъ стаг а вуьйш, Бакальчук Татьянас шен тоххара хилла фамили йуха схьаийцира. Бакальчук Владислав стаг верна бехкевира, цул тӀаьхьа дӀахийцира, Wildberries-ан а, Russ-ан а йукъахь бина барт, хIинца а ницкъехь бу.
Сенаторо Керимов Дагестанехь а, йерриг а Оьрсийчохь дош лелаш стаг хилар бахьана долуш, цуьнан а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун а дов, шина республикин а доцуш, шина Ӏаткъамечу стеган дов санна тӀеоьцуш хилар, чӀагӀдо лакхахь хьахийначу Дагестанера хьостано Кавказ.Реалии редакцица къемелехь. Цо дийцарехь, Дагестанан Ӏедалхоша сенаторна гӀортор йарца йоьзна истори цхьа шашаха кхоллайелча санна хета, хӀунда аьлча, могӀарерчу бахархошна йукъахь Кадыровс кхерамаш тийсар бахьана долуш Нохчийчоьнца йолу йукъаметтиг йоьхна хаалуш йац.
"Цхьа а Керимовна дуьхьа тӀаме гӀур вац, со цецвоккху Кадыров а, Керимов а бахьана долуш къаьмнашна йукъарчу конфликтах лаьцна йеш йолчу прогнозо. И дерриг а тӀеоьцу "Москвас дӀанисдийр ду" аьлла. Нагахь санна, цара Дагестанан дозанашна тӀелатар а деш, дагестанхой а, дин а сийсаздахь, халкъо мобилизаци йийр йу. Халкъ, йа Керимовн йа Кадыровна агIоне хIуттур дац, тӀаьххьарчух кхоьру аьлла а доцуш, амма, шина Ӏаткъамечу стагана йуккъехь лаьттачу ахчанан девна, дагестанхой башха сагатдеш цахиларна. Ткъа могӀарерчу нохчашна а бац цунах башха бала, суна хетарехь, Кадыровн гӀортор йечу тобанан бен", - элира къамелхочо
Кадыровца йолу йукъаметтигаш
Йиллинчу хьостанаша йаздарехь, чIир кхайкхош кхерамш тасар – Кадыровс Нохчийчуьра сенаторе дина дуьххьарлера зевне дIахьедар ду. ХIара хIума хилале хьалха Кадыровн а, Керимовн а цхьа йукъаметтигаш хилла аьлла цхьа а тоьшаллаш дац. Амма теша хала ду, политикаш вовшашна бевза дуккха а шераш дац бохучух. элира Москвахь вехачу оьрсийн политолого (цуьнан цӀе йаккха йиш цац тхан).
"Иштта дӀахӀоттийна ду пачхьалкхера Ӏедал: Ӏаткъаме стаг "тешамечу" готтачу гонал арахьа хила йиш йац. Къаьсттина, Кадыровн а, Керимовн а йукъара доттагӀий хиллехь, масала, Лужковн доьзал", - аьлла, тидам тӀебохуьйту эксперто.
Политолога Белковский Станислава "Настоящее время" телеканале дийцарехь, 2000-чу шерашкахь, хӀетахь Москвахь мэр хиллачу Лужков Юрийца а, цуьнан хӀусамненаца Батурина Еленица а гергарло хӀоьттина Кадыров Рамзанан. ТӀаккха цо цу доттагӀаллех "деловой альянс" олура, цу йукъахь "кхоалгӀа агӀо" йара Керимов Сулейман. Лужков веллачул тӀаьхьа Кадыровс хьехавора иза "Нохчийчоьнан бакъволу доттагӀ" олуш. Керимовца бизнес лелош волу, мэро кест-кеста совгӀаташ дора Нохчийчоьнан куьйгалхочунна машенашца а, ара-чу ца баккхалун бахамца а. Лужковна республикан лакхара орден йелира 2006-чу шарахь.
ХӀинца Кремль шен корта къамбеш хира йу
Цул совнаха, Керимовна йевзаш йара, хӀинца Оьрсийчохь уггаре а йаккхийчу пропагандин телеканалашна куьйгалла дечу "Газпром Медиа" холдинган директоран гӀовс болх беш йолу Канделаки Тина а. И дарж кхачале масех шо хьалха Канделаки Кадыровна пиар йеш йара, Нохчийчоьнан хьакъйолу журналист цӀе а йелира цунна. 2006-чу шарахь Францехь, Ferari машенан бохамехь хилира иза, Керимов Сулейман цхьана а йолуш.
Ша сенаторна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна а йукъахь 2024-гӀа шо тӀекхаччалц доттагӀаллин йукъаметтин хиларан тоьшаллаш дукха дац схьадиллинчу хьостанашкахь: масала, 2011-чу шарахь Соьлжа-ГӀаларчу стадионехь Дагестанан Анжино Петарбургерчу "Зенитца" ловзаре хьоьжуш хилла уьш цхьаьна. Ткъа 2015-чу шарахь Керимовс довха салам делира Кадыровга Москвахь коьрта маьждиг схьаделларехь – цу забара йира "Нохчийчоьнан куьйгалхочу маьждигна сагӀийна дала луучу Мухьаммад-пайхамаран месийн дуьхьа, и маьждиг дан дийзира шен",- аьлла. Гонаха болчеран беламна йуккъехь, политикаш вовшашна салам а луш, вовшашна мараиккхира.
Кадыров Рамзан а, Керимов Сулейман а доттагӀий хиллехь а а, хӀинца царна йуккъе хIоьттина йоккха бизнес – Вайлдберри-ан урхалла дарна хIоттийна ставкаш хьалайахаре сатуьйсуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочун диснарг, зевне дӀахьедар дар, боху политолога Айсин Руслана .
"Иза дац Кадыровс сихонца Керимовн чIир йекъа хьожур ву бохург. Цуьнан аьтто ца баьлла ьаркетплесаца долчу девнехь шена дика жамӀ дан, цундела и хаттар йукъараллин аренга кхоьссина, шена гIоле, машаре долу жамӀ карорхьама. ХӀинца Кремло шен корта къамбира бу, дов ца кхиийта гӀерташ. Вукху агӀор, Кремлна пайде ду, Ӏуналла деш йолу конфликт, хIунда аьлча, цо чоьхьара дов латта до, Москван политикана дуьхьал цхьаьнакхетаралла ца кхоллайоьлуьйтуш", - элира Айсина.
ХӀинца Оьрсийчохь алсам лараме а, Ӏаткъаме а мила ву, билггал жоп дала ца хIоьттира политолог. Цунна хетарехь, Кадыров Рамзан йукъараллехь "ницкъ болуш" ву. Цо леррина «Путинан гӀашлочун" меттаг дӀалаьцна, йерриг а Оьрсийчохь шен Ӏаткъам хилара кеп а хIоттош.
"Иза иштта дац, хӀунда аьлча, цуьнан "патриотийн" иллеш тӀехьа, шен Iедал чӀагӀбан лаам бен хIумма а дац. Керимов Сулейман мелла а кхечу кепара лела. Миллиардер хиларе терра, цо шен инициативаш дӀакхайкхош йу, бизнесан йукъаметтигашца. Шен нах хIоттош,экономикан а, политикан а дакъошкахь", - элира Айсин Руслана.
- ГIадужу-беттан 9-чохь- Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша чIир кхайкхор йу аьлла кхерамаш тийсира, Дагестанан цIарах Федерацин Кхеташонан декъашхочунна, миллиардерна Керимов Сулейманна , нагахь санна Нохчийчоьнан куьйгалхо вен омра дала гӀортарца ша гунахь вац аьлла, тоьшаллаш цо ца дахь. Изза кхерам бу ГӀалгӀайчуьрчу Пачхьалкхан Думин депутаташна Барахоев Бекханна а, Дагестанера схьаваьллачу Курбанов Ризванна
- Курбанов Ризвана шен зорбане йакхинчу видеохь, дIахьедар дира Кадыров вен кечдарехь ша дакъалаьцна ца хилар, иштта дIахьехар дира Барахоевс а. Керимов Сулеймана комментари ца йира. Оцу йукъанна Керимовна "Дагестанан сийлахь вахархо" цӀе йолу дашо орден йелира, иштта, регионан куьйгалхочо Меликов Сергейс дош делира сенаторна гӀортор йийр йу аьлла.