Подмосковьера "Крокус Сити Холлехь" теракт йинчул тIаьхьа белхаш бан кхечу мехкашкара тIебаьхкина нах леца болйина. Ницкъахойн бIаьрг тIехIоьттина Оьрсийчоьнан къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а белхаш бечу Йуккъерчу Азин бахархошна. Дукхахболу мигранташ дIаоьху, кхерамзалла цахиларна шайн дахарх кхоьруш, цхьаберш махкара арабоху. Кавказ.Реалиин редакцина эксперташа дийцира, и нах пачхьалкхера дIабахча экономикан а, социалан а тIаьхье муха хир йу.
Подмосковьера концертан хIусамна тIелетира зазадокху-беттан 22-чохь, официалан хаамашца велла цигахь 144 стаг. Терактана Оьрсийчоьнан ницкъахоша бехкебо Йуккъерчу Азин пачхьалкхашкара нах. ТIелатарх жоьпалла шайна тIелаьцна террорхойн леринчу "Исламан пачхьалкхан" афганхойн гарано.
Цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а – йоллу пачхьалкхехь а санна – белхан мигранташна Iаткъамбар чIагIдира. Масала. Волгоградехь "профилактикан рейдаш" йолийра зазадокху-беттан 23-чохь дуьйна – бохам хиллачу шолгIачу дийнахь.
Краснодар-махкара чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхалло зазадокху-беттан 30-чохь дIахьедира Ozon маркетплейсан базехь рейд дIайаьхьна аьлла. Хаамбора "Туркменира а, Таджикистанера а, Эрмалойчуьра а, Алжирера а бакъо йоцуш пачхьалкхехь веха" бархI стаг лацарах. Охан-беттан 4-чохь Кубанан шахьарехь рейд дIайаьхьира, цул тIаьхьа полицин декъе балийра лаьцна 70 кхечу мехкашкара нах.
"Йоллу Дагестанехула" мигранташна дуьхьал рейдаш йолорах йаздора охан-беттан йуьххьехь меттигерчу пабликаша. Цул тIаьхьа маса хаамаш баьржира нехаш дIайахьан нах боцуш диссина республикехь аьлла. Оцу тIехула, меттигерчу зорбанан гIирсаша билгалдаккхарца, ХIинжа-ГIалин урамаш цIандан арабехира мэрин а, цуьнан куьйгакIел йолчу хьукматийн а белхахой.
Изза хьал нисделира БуьритIехь а: охан-беттан 2-чохь нехаш дIакхоьхьучу 43 машенех болх беш йара 12. Нехийн операторан коьрта директоро бахарехь, церан дукхахболу белхахой – мигранташ бара, цундела массанхьа а церан кехаташ толлуш, белхаш дIахьош хиларна, болх сецна бу.
Оьрсийчоьнан паспорт карахь долчех а цхьаьна талламаш бора полицино. Зазадокху-беттан 29-чохь Ростовехь полисхоша рейд йира дукха хан йоццуш Оьрсийчоьнан паспорташ деллачу, тIебаьхкина хиллачу нахалахь. 20 стагана тIеман комендатуре тIекхойкхуш кехаташ даьхкира.
Леррина терго йира ницкъахоша Таджикистанера схьабевллачех, хIунда аьлча, "Крокус Сити Холлна" динчу тIелатарна бехкебйираш оцу пачхьалкхан бахархой бу. Оьрсийчохь беха цу пачхьалкхан бахархой Iиттало ксенофобица, ткъа республикин белхан министралло дIахьедира зазадокху-бутт бовш болх лоьхуш шайн махкара дIаоьхучу нахана тIехь терго йо шаьш аьлла. Азаттык Радионо билгалдоккху, Таджикистанан бахархошна бакъо йоцуш дуьхьало йо Оьрсийчу бахка бохуш.
Ца дохийна низамаш
Теракт йале хьалха а цхьаьна ларбеш бара ницкъахоша мигранташ. Масала чиллан-бутт бовш Сочихь пхеа дийнахь талламаш бира гIишлошйаран а, туризман а объекташкахь, цигахь гучуделира миграцин сферехь низамаш талхийна 270 меттиг хилар. Эххар а 21 стаг пачхьалкхера араваьккхира.
Делахь а "Крокус Сити Холлна" тIелатар динчул тIаьхьа хьал билггал хийцаделира: талламаш бар алсамдаьлла ца Iаш, мигрантийн бакъонаш хьешна меттигаш а хаабелира, дуьйцу мухIажаршна гIо дечу юристо, репрессин низамаш Орсийчохь лелаш хиларна шен цIе а ца йоккхуш.
Цо дийцарехь, зазадоккху-беттан 23-чу дийнера охан-беттан 4-чу дийне кхаччалц схьа цуьнан белхан накъосташка а, цуьнга а кхаьчна 6200 арз, шаьш Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу регионашкахь бух боцуш лецарх хоуьйтуш. ХIинццалц хуьлучуьнца дуьстича, 30-зза лакхара ду и терахь. Ишта бакъонашларйархоша хаамбира бакъо йоцуш 612 стаг махкара араваккхарх а.
Бакъо йоцуш стаг лацарна кIелхьарабовлуш кега-мерса хулиганалла лелийнера олу
Къамелдинчун хаамашца, кхо эзар мигранто дийцина ницкъахоша шайна къоланаш дарх а, административан протоколаш шайггара хIитторах а: "Дукха хьолахь кега-мерса харцахьа лелла олу, бакъо йоцуш уьш лецарна кIелхьарадуьйлуш. ШолгIачу меттигехь – цара талхийна доцу мухIажарийн низамаш, кхоалгIачу меттехь – полицино аьлларг цадар, йеттар, и стаг лацар къайлахьош, шена йиттича тIехь диссина таммагIа дIа ца эхьийта".
Иштта, цо бахарехь, латкъамхоша хаамбира полисхоша ницкъбина 144 меттиг хиларх – бакъоларйархочо билгалдоккху, полисхой тоххара а тIелетара мигранташна, амма "Крокус Сити Холлехь" теракт йинчул тIаьхьа иттозза алсам нисло оцу тайпаниг.
Бакъоларйархойн кхечу организацин векало, иза а ца хIоьттира шен цIе йаккха, билгалдоккху, Оьрсийчохь националистийн хьежамаш тоххара а бара лаккхара, делахь а, бакъоларйархоша бен цуьнан терго йеш йацара.
Цуьнан хьесапашца, дукха хьолахь тIебаьхкина нах жоьпалле ийзабо административан артиклашкахула, цара чу богIуш, йа бакъо йоцуш белхаш беш низамаш дохийна олий: Кхетон деза, муха болх беш ду Оьрсийчоьнан низам, хIун дан догIу царна, хьанал Оьрсийчохь къахьега, низамаш а ца дохош. Дукхахболчу нахана луург цхьаъ ду: полицих ца кхоьруш, паргIат болх бан", - аьлла хета экспертана.
Мигранташ боцу экономика?
Оьрсийчуьра йоккхачу бизнесан векалша а, лаккхарчу даржашкара хьаькамаша а масийттаза бехира, Оьрсийчоьнна мигранташ оьшу бохуш, кхин дIа дийцира къамелдечо: "ГIишлошйаран секторехь къаьсттина хаалуш ду церан эшар. Цундела, Оьрсийчоь миграцих дIакъовлалур йу аьлла, сатуьйсийла йац. ХIаъ, тIехь терго латтор чIагIдийр ду, амма мигранташ банне а боцуш Оьрсийчоь Iойла дац".
Арахьарчу мехкашкара баьхкинчу белхалошна гIо дечу юристо а иштта билгалдаьккхира, Оьрсийчоьнан экономикана уьш оьшуш хилар: Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа, йа Евроберто Йуккъерчу Азира нахана белхан визанаш йала мегар дара: белхалойн къоьллин проблемин йистйоккхур йара цара, Оьрсийчоьнан экономика а хIаллакйийр йара цхьана шина шарчохь цхьа а санкцеш ца йетташ".
Оьрсийчохь болх бан хан йолу 20% бахархой болх беш бац
Волгоградера фермер, блогер Прошаков Андрей Орсийчуьра дIавахара ницукъахоша Iаткъам барна. Цунна хетарехь, боллу мигранташ дIаболхахь а, Оьрсийчоьнан бахархошна луур дац маьршайевлла белхан меттигаш дIалеца, мел лахара а, буьйцург йуьртбахаман белхаш делахь. Цо тидам барехь, йарташкара кегийнах йа гIаланашка дIаоьху, йа тIаме боьлху, хIунда аьлча, контрактхошна луш долу ахча дуккха а лаккхара ду, трактористашна а, кхинйолчу белхан говзанчашна а лучул а.
Белхан мигранташ хьаькхна дIаболхахь а, Оьрсийчоьнан бахархоша дIалоьцур бу царах биссина меттигаш, реза вац экономист Жаворонков Сергей.
"Оьрсийчохь мел кIезиг а 20 процент болх бан хан йолу "хIаваэхь лаьтташ" санна бу. Официалехь болх ца бийраш бац уьш, йа цхьанхьа а официалехь белхаш беш а бац. Конкуренте алапаш дIало – белхан ницкъаца проблемаш хир йац шун", - дерзйира цо.
- "Крокус Сити Холлна" тIелатар динчул тIаьхьа иммиграцин низамаш чIагIдан Iалашо йу Москван. Оьрсийчуьра ГIиргIазойчоьнан бахархоша боху, урамашкахь а, хIусамашкахь а Йуккъерчу Азера нахана бен талламаш алсамбовларх, йаздира Азаттык Радионо.
- Теракт кечйеш гIо дина аьлла шеконашка Дагестанехь виъ стаг лацарх дIахьедира къайлахчу сервисаша – уьш бу боху Подмосковьера "Крокус Сити Холл" концертан гIишлона тIелеттачаьрца боьзна. Кавказ.Реалии сайто теллира, лецначех хууш дерг а, къайлахчу сервисийн дIахьедарех тоьшийла йуй а.