ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лаьмнашкара лор


Курбанова Нурият, юьртан лор
Курбанова Нурият, юьртан лор

Москох ша дешна яьлча, яха а, болх бан а Кубачи юхаеана къона лор. Стенна?

Дагестанерчу Дахадаевн кIоштарчу Кубачи юьрта боьду некъ ах асфальтан бу, ах – тIойн.

Уркарах, кIоштан шахьара, 16 чаккхарма бен юьстах яцахь а, догIа, дохк лаьттачу деношкахь вуно хала хуьлу Кубачи кхача – чхарнашна юккъехула хьалаболу, охьабуссу, голаетта некъо.

Аьхна хIо, тайна Iалам ду кхузахь. Амма хи дац юьрта далийна хIинца а. Бедар йитта, чуьра гIуллакх дан гулдо догIанан хи, ткъа молу хи юьртан гIу чуьра дохьу. ХIора хIусаман дас шен аьттоне хьаьжжина нисдо доьзална дахар.

Кубачи юьртахь ваха а, болхбеш саца а доккха доьналла оьшу. "Земский доктор" ("Юьртан лор") программехь дакъалаца реза а хилла, цига веанарг вац веккъа цхьа лор бен. Аьлча а, зуда-гинеколог Курбанова Нурият.

Кехаташа дийцарехь, 3000 гергга стаг веха Кубачи юьртахь. ТIекIалдина, шина гIатах лаьтта дарбан цIа – лахахь лоьраш, лакхахь – чубехкина цомгашнаш, стационар.

Нурията йовзуьйту тхуна шен жима, амма сирла кабинет (дукха хан яц цIенна хьехарш дина, сираш тоьхна), гойту лоьрехь ца хилча ца болу, шена дешин мехха хета гIирс.

Уркарахера ю Нурият ша. Дагестанан медицинан академи а, цул тIаьхьа Москох Пироговн университетехь интернатура а чекхъяьккхина цо. Шен бер дуьнентIе даьлча, цуьнга хьожуш чохь Iийна кхаа шарахь. Аьлла цуьнга цкъа иза евзачу медикаша: дика хир дара, Оьрсийчоьно лоьрашна миллион сом а луш, кхайкхийначу программица цIахь сецча, белхан меттиг ю Кубачехь.

Сиха бина къоначу зудчо сацам – чуделла дехар, балха хIоьттина "Юьртан лор" программица, схьаэцна шена догIу миллион.

Шо гергга хан ю Курбанова Нурият дарбан цIийне еъана. Йоьлла ша балхах, боху цо. Хьалха Уркарахера микроавтобусашца схьалелара иза, амма хIинца аьтто баьлла Кубачи юьртахь мехах хIусам лаца.

Мукъаденошна йоьду Нурият Уркарахе, берашца доккху шотт, кIиранде. Цкъачунна шен деца-ненаца юьту цо жима ши йоI.

Жима ду юьртарчу лоьран алапа – 16 эзар сом.

Нуриятна го шений, дуккха а адам дехачу гIаларчу лоьрашний юкъара башхалла. ГIалахь лор бIене кхоччуш, я цул сов адаме хьожу дийнахь, ткъа юьртахь иттех зуда бен ца йогIу гинеколог-акушер йолчу, гIаларчу лоьранна хан ца тоьу стагера хьал гергга довза, ткъа юьртарчу лоьранна дерриг а хаьа "шен" цомгушчех.

Ультраозаца дегIан хьал зуьй УЗИ-аппарат езара Нуриятна, шена хилча. Ю дарбан цIийнехь цхьаъ – цо дуьнентIе далаза долу бер гучудаккхий, детталучу цуьнан даге ладогIа аьтто а бо. Кхечу зерашна пайде яц иза. Хьал ма-дарра талла, зударий гIала хьийсо безаш хуьлу.

Ломан эвлашкара лоьраш ца теша "Юьртан лор" программех. Дахадаевн кIоштарчу цхьана лоьро журналисте дийцира шена хетарг. "Ткъа шо сов ду ас болх бен. Цхьа а субсиди яц пачхьалкхо зеделла лор тIекIаван кховдош. Ткъа къоначу медикна деккъа дIа юьрта воьдург ло миллион! Iедалера гIо а ца хуьлий, лоьраша шаьш тобо дарбан цIийнан тхов дукха хьолехь, я шаьш хIоттабо хитотту гIирс. Иштта буьйлу хенера, гIо до цомгушчарна", - дийцира цо "Кавказ.Реалиига".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG