ТIаьххьарчу шарахь Оьрсийчоьнан федералан медицинан центрашкара Дагестане болхбан дIабахна 50 гергга лаккхара корматалаш йолу лоьраш, хаамбо "Южный Федеральный" портало. Москвара, Санкт-Петербургера, Астраханера, кхийолчу а оьрсийн гIаланашкара Дагестанехь гулбелла ортопедаш, нейрохирургаш, онкологаш,травматологаш, кардиохирургаш, ишта кхи болу говзанчаш а.
Ярташкарчу дарбан хIусамашка медицинан белхахой хьийсош "Земский доктор" аьлла программа ю Дагестанехь болх беш.
Кху шарахь могушаллин министралло цига хьажо билгалваьккхина 224 лор. Программица а догIуш, хIора лоьрана миллион сом кхачор ду гIоьнна. Цул совнах, "Земский фельдшер" программи юкъа вахначу итт лоьрана 500 эзар соьмаш кхачор ду.