ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Рютте Марк: Тхан низамашна реза воцург шен цIа ваха веза


Недерландаш -- ХIолландин Премьер-министр Рютте Марк. ХIаага, Охан 6, 2016
Недерландаш -- ХIолландин Премьер-министр Рютте Марк. ХIаага, Охан 6, 2016

Шаьш меттигерчу низамашна реза дацахь шайн цIа гIо аьлла кхайкхам бина Нидерландийн премьер-министро Рютте Марка цу махка схьабаькхинчу мухIажирашка. Ши шо хьалха мухIажираш тIеэцарехьа а, царна хьелаш кхолларехьа а хилла вора Рютте.

Ма-дарра аьлча, Рютте Марк, Нидерландийн урхаллин куьйгалхо, ши шо хьалха тIемаш болчу меттигашкара мухIажираш бIеннаш эзарнашкахь Европе схьаиха буьйлабелча, уьш тIеэцар а, царна оьшуш долу гуманитаран хьелаш кхоллар а европахойн мехаллин цхьа дакъа ду, иза европахойн декхар а ду аьлла хетачех политик вара.

Нагахь санна оцу Нидерландашкахь аьтто-популистийн партеша а, церан куьйгалхоша, масала, вевзаш волчу аьтто-радикалечу Вилдерс Герта а, цуьнан накъосташа а мухIажираш, къаьстина бусулба пачхьалкхашкара схьаоьхуш берш, Нидерландашна а, йоллучу Европина бохам бу, цара шайца зуламаш а, хийра Iадаташ а дохьур ду, цу кепара европахойн мехаллаш а, Iадаташ а хIаллакдийр ду бохуш кхерам туьйсу прогнозаш йинехь, Рютте а, цо куьйгалла де министрийн кабинет а гIо оьшучийн агIор хIиттира, шайн махкахь 70 эзар Шемара а, ОвхIанера а, Африкерчу пачхьалкхашкара а бевдда баьхкинарш тIе а оьцуш. ХIинца амма Рюттес дина дIахьедар тамашийна хетало.

Интеграци ян а ца лууш, меттигера низамаш хьоьшуш я уьш дацаре деш болчу мухIажирийн хьокъехь зорбан даьккхинчу схьадиллинчу кехатехь цо яздо, шаьш меттигерчу къепенна а, мехалашна а, Iадаташна а резабоцурш шайн цIабаха беза, бохуш.

„Вайна гуш ю хIора денца алсамйолуш йолу дискомфорт, цхьаццаболчу наха, кху вайн махкахь маршо лоьхуш баьхкинчу, вайн маршо сийсазйар бахьана долу кхоллалуш йолу. И нах интеграци ян лууш бац, вайн Iадатех бешаш бац, вайн мехаллаш яцаре еш бу.

Йоца коч йоьхначу зударшца эвхьаза буьйлуш бу уьш, я кхечу кепара хьежамаш а, Iер-дахаран кеп йолчу нахана ницкъ беш бу, ткъа и саннарг вайн кхетамца расизм ю. Со кхета тIаккха нахана хетачух – шаьш иштта тхан мохк бацаре беш белахь, суна шу шайн цIадахча бакъахь хета.

И санна долу лелар оха тхайн махкахь цкъа а къобалдийр долуш дац. Оха хIинца а сацам тIеэцна бац, амма дуккха а адамаш ду хIинцале а шайн мехаллаш емалйарна дуьхьало ян кийча. Вай вешан мехаллаш жигара лар ца йича девр дац“, - иштта ду Нидерландашкарчу vvd.nl сайто зорбане даьккхинчу премьер-министран кехатехь.

Рютте Марка кхин дIа яздо, Нидерландашкахь наха вовшахкхеттча вовшашка куьг луш Iадат ду, зударша а, божарша а, бохуш. Цул совнаха, Нидерландашкахь ишколашкахь бераша хьехархой лоруш Iадат ду, ишколийн къепе лар а еш.

Иштта болх беш Iадат ду, ша даьккхинчух алапа а оьцуш. Вовшашна тIе маьхьарш а ца хьоькхуш, лата а ца гIерташ, вовшаша бохучуьнга ладогIар Iадат ду, бохуш дагардо цо меттигера ламасташ, хетарехь, уьш дерриш а тIебаьхкинчу мухIажираша я церан цхьана декъо кхочуш ца до бохучунна нундохуш.

Нидерландийн премьер-министро айъина долу хеттарш, ала догIу, тIаьхьарчу беттанашкахь цу махкахь хилла ца Iаш, цхьа могIа Европерчу пачхьалкхашкахь а дийцаре даьхна ду.

Масала, цхьаццаболчу мухIажираша шаьш тIеэцначу пачхьалкхийн низамаш хьоьшуш хилар, цара цигахь криминале талорш лелош хилар, ишколашкахь хьехархой, къаьстина зударий-хьехархой аьшнаш беш хилар а, уьш дош дашера доллушехь лата чугIуртуш хилар а, ткъа иштта царалахь къона боьрша нах муьлха а меттигера зуда шена хьашташна кийча хила езаш йолуш санна, зударшца эвхьаза бийла гIерташ хилар а.

Аьтто-популистийн ницкъаша и санна болу хиламаш, уьш цхьа-цхьаццанечу мухIажирашкара бен буьйлуш бацахь а, массо а бусулба пачхьалкхера Европе схьакхелхинарг и маьттазлонаш лелон Iалашонца веъча санна шайн пропагандехь пайда оьцу цу зуламех.

Ткъа Iедалера партеш, цу популисташкара аьзнаш схьадахьарма, церан паролех а, церан риторикех а пайда оьцу шайн харжамийн программехь. Иштта, кху деношкахь Австрехь шуьйра дийцаре деш ду цу пачхьалкхан арахьарчу гIулкхийн а, интеграцин а министро Курц Себастьяна Iедалан балхахь болчу бусалба зударшна коьртахь йовлакхаш леладар дехка деза аьлла дина долу дIахьедар.

ХIинца Нидерландийн премьер-министро Рютте Марка мухIажирийн агIор аьлларг а лору цхьаццаболчу аналисташа цу махкахь тIебогIучу зазадоккху баттахь дIабахьа безаш болчу харжамашкахь популисташкара аьзнаш шена схьадахьархьама аьлла.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG