Доллучу дуьнентIехь а немцойх лаьцна дуьйцучу беламечу анекдоташкахь даима а хьахош хуьлура, нагахь цхьаъ цIе йогучу светофорехула саца а ца соцуш, тIехволуш цхьана немцойн йоккхачу стагна гахь, цо оцу сохьта полице телефон туху шуна, бохуш.
ХIинца Германехь цхьаммо некъ харцахьчу агIор хадорх, бакъдерг аьлча, цхьа а цец ца волу, амма оьшу кхечу хIумнашна тIехь семалла. Масала, террорца а, террорхошца а къийсам латторехь. Доллучу дуьнентIехь а дела денна террорхойн тIелатарш алсамдовлуш хилар тидаме а оьцуш, цу кхерамна сема хила Iемаш бу Германин бахархой а - шайна шеконе цхьа адамаш я цхьа хIума хетаделча, Iедале сихонца арз дарца.
Германин коьртачу къайлаха сервисан – Контституци ларйаран хьукматан векало кху деношкахь динчу дIахьедарца, 20I5-чу шарахь чул шозза алсамох аьрзнийн телефон тоьхна шайн кхерамазаллин саготтучу бахархоша хIара шо юккъе а далале полисхошка а, къайлахчу сервисашка а, шайна шеконе хеттачу хIумнах я нахах лаьцна дуьйцуш.
Германерчу Heilbronner Stimme газетано къайлахчу сервисашна тIе а тевжаш чIагIдо иштта, 20I3-чу шарахь дуьйна Iедалхошка дечу бахархойн аьрзнийн терахь хаддаза лакхадолуш ду, аьлла. Ткъа къаьстина немцойн бюргера семабирзина Парижехь даханчу шеран лахьан баттахь террорхоша тIелатарш динчул тIаьхьа.
Германин а, кхечу Европерчу а бахархойн террористашца йоьзна йолу семалла Iедале бахьана долуш а, доцуш а аьрзнаш далла самаяьлча а бехк бац, хIунда аьлча дела денна аьлча санна меттигерчу политикаша а, кхерамазаллин аналисташа а терроран кхерам мел лакхара бу бохург телевизионехула а, массо а хаамийн гIирсашкахула а дуьйцуш долу масех шо а ду.
Цул совнаха, мигрантийн тулгIе Европе хьадарца Малхбузехь шаьш мигранташ долчуха тховкIело ехначу террорхоша тIелатарш даран кхерам алсамбаьлла хилар а билгалдоккху.
Иштта, немцойн Конституци ларйаран хьукмат олучу къайлахчу сервисан куьйгалхочо Масен Ханс-Георга дIахьедар дира кху деношкахь, ДаIишан I7 декъашхо сехьа ваьлла Европе, мухIажарех дIа а кхетта, аьлла. Бакъду, цо цуьнца цхьаьна элира, цу 17 -ах дукхахберш хIинцале а я баъйина я лаьцна, набахтехь бу, аьлла. Амма и могIарш доьшучу бахархойн коьрта чохь дуьссург, кхеташ ма-хиллара, „Европе схьаоьхучу мухIажаршна юккъехь дуккха а террорхой бу“ боху чулацам бу.
Цу юкъана мигрантийн агIор меттигерчу бахархошлахь паушала шеконаш кхоллар нийса ца хета дукхахболчу тергамхошна а, адамийн бакъонашларйархошна а. ХIунда аьлча, мухIажарш Европе кхин дIа а схьаоьхур болуш хиларна а, цара Европин юхь-сибат хуьйцур долуш хиларна а тIехь шеконаш яц и хилам тергал бечу Iилманчийн, масала, ХIамбургерчу Университетан профессоран Меграл Райнеран, цу хьокъехь мукъаденошкахь Венехь лекци ешначу.
Цунна хетарехь, бухара нах а, тIеоьхуш берш а машаре цхьаьна бахийта некъаш лахадеза Европерчу Iедалша а, юкъаралло а, хIунда аьлча миграци – иза даима а адамаллин историн дакъа хилла, хир а ду.
Меграл Райнер: „БIе шо хьалха массо а Европерчу пачхьалкхашкара яккхийра мухIажарийн тулгIенаш хьелхина уггаре а хьалха Цхьаьнатоьхначу Штаташка. ХIинца иза кхечу агIор ду. Цу нехан мотиваци иштта атта туда йиш йолуш яц, мухха делахь, мерзох, аттох дахар лехар хилла ца Iа иза.
ХIинцалера мигранташ схьабевлла мехкаш доккхачу декъахь бусалба ю, иза ду цхьа билгал йолу проблемаш кхуллург – вай хийцалург хилар, масала. ХIунда аьлча, демографехь хаддаза лазлуш ду шех „нэйтив популейшн“ олуш долу Европера къаьмнаш. Дийца доцучу бахьанашца, европахой берийн тIаьхье йоцучу боьрзуш лаьтта“.
Цу юкъана хаамийн гIирсаша а, социалан машанаш а мухIажарийн агIор дуьйцуш долчу бух боцучу эладиттанаша юккъараллера хьал мел эрчу доккху а, ур-аттала Iедалхошна мел хьашт доцу совтIеха болх боккху а гойту кху деношкахь Австрехь хиллачо.
Цхьана 13 шо долчу йоIа масех кIира хьалха латкъам бинера полице, ша бассейнехь лийча яхана йолуш цхьа мухIажарех тера волу стаг шеца эвхьаза вийла гIерташ вара, аьлла. Цу йоьIан дийцарна тIе а тевжаш а, фоторобот а кхоьллина, и стаг массанхьа лохуш яра полици, ткъа бассейнан куьйгалло мухIажаршна цу чу ког баккха дихкинера.
ХIинца мукIарло дина цу 13 шо долчу йоIа, ша аьшпаш битинера, цхьа а стаго шега хIуммаъ ца аьллера, и санна долу хIумнаш баккхийчара дуьйцуш хезнера шена, цундела дагаяийтинера ша и истори, аьлла.