ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сардал, йукъалеларг, йа "шолгIа стаг"? Даудов а, Нохчийчоьнан премьер-министран цуьнан керла дарж а


Даудов Мохьмад а, Кадыров Рамзан а
Даудов Мохьмад а, Кадыров Рамзан а

ЦIеххьана мехкан парламентан спикеран дарж охьадиллина Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллора накъост Даудов Мохьмад регионан премьер-министр хIоттийна. Федералан дарж кховдон тарло цуьнга бохуш, вийцина Кадыровн герггарниг Нохчийчохь хIунда виссина, шегара керла дарж а муха хета цунна – дуьйцу Кавказ.Реалиин материалехь.

Кхул а хьалха хилларг

Стигалкъекъа-баттахь Нохчийчохь цхьа могIа хийцамаш бира меттигерчу Iедалан органашкахь. Кадыров Рамзанан 18 шо долу кIант Ахьмад спортан министр хIоттийра, ткъа шен гIовсаш бира цо Даудов Мохьмадан кIантах а, кхин а цхьана Кадыровн уллорчу гонера Делимханов Адаман вешин кIантах а. Кегийрхойн гIуллакхашкахула министран гIента хаийра 20 шо долу Висмурадов – Кадыров Рамзанан нуц, вице-премьеран Висмурадов Абузайдан кIант.

Мехкан урхалхочун кхин цхьа гергара стаг – Ибрагимов Iийса - спортан министраллера Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, министрийн кабинетан а администраци дехьаваьккхира.

Исс шарахь нохчийн парламентан коьртехь лаьттинчу Даудов Мохьмада дарж охьадиллар, уггар а чIогIа дийцинчех ду оцу даржаш дIасахийцарехь. Меттигерчу министрийн кабинетан куьйгалла а иштта дагахь доцуш караийцира цо, и дарж дIахецна Хучиев Муслим Оьрсийчоьнан премьер-министран гIоьнча хилча.

Масех дийнахь "СВО" (ишта олу Оьрсийчоьнан Iедалхоша Украинерчу тIамах) дIайахьарна тIехь гIоьналла латточу регионалан штабан куьйгалхочун декхарш кхочушдира Даудовс. Футболан "Ахмат" клубан президентан пост Кадыровн кIанте Ахьмаде дIайелира цо.

Суна коьртаниг ду – Кадыровн командин декъашхо хилар а, цо билгалбаьккхинчу цхьаъ бен боцчу нийсачу новкъахула дIавахар а, - йаздира Даудовс

Республикехь ца дийцира Даудов а, Хучиев а дIаваларан билггал долчу бахьанех – Нохчийчоьнан куьйгалхочо къедораш йора, шен гонерчу шиннан ойла хилла кхечу керлачу балха тIехь шаьшшиъ гайта аьлла. Хучиевс цу версина дуьхьало ца йинехь а, Даудовс хаамбира, Кадыровца къамел хиллачул тIаьхьа сацам хилира шен дIавала – и хьенан инициатива йара, цо билгал ца даьккхира.

"Лорд" цIарца вевзачу Даудовс дарж охьадилларх версеш масийтта йара. Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташа дукха хьолахь бохура, Кадыровн бIанакъостий федералан даржашка хIитта тарло. Свобода Радиоца хиллачу къамелехь нохчийн бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара элира, Кадыровс таIзар динчух тера ду Даудовна, Украинана дуьхьал тIом бечу заманчохь ахчанаш къайладахарна. "Новая газета Европа" хьастан редакцино верси къадийра, мехкан урхалхочо шен бераш Iедалехь хьалхатеттар ца тайна дIаваьлла "Лорд" аьлла.

ТIаьхьо масех паблико хаамбира, ГIалгIайчоьнан урхалле хIоттон тарло Даудов аьлла. Хаам бакъбеш тоьшаллина улло йаьккхина Федерацин Кхеташонан куьйгалхочун Матвиенко Валентинин скриншот а фейк хиллера. И хаам бакъ боций хаийта дийзира ницкъахошца йоьзначу меттигерчу "Розыск Ингушетия" телеграм-каналан, - йаржийначу харц информацихь бехкейира Украинан информационан-психологин операцийн Центр (ЦИПсО). Оцу йукъанна, Даудовна Нохчийчохь керла дарж деллачул тIаьхьа ГIалгIайчуьра а, Дагестанера а бахархой "питанчаш" бу элира Кадыров Рамзана.

Бахьанаш, кхерамаш

Номенклатурин агIор хьаьжча, Даудов Мохьмадан керла дарж лакхаваккхар дац, мелхо а лахвина олийла ду, аьлла хета редакцино хеттарш динчу эксперташна. Тоххарлера "Лордан" парламентера белхан меттиг мел а мехала йара, чIагIдо политолого Айсин Руслана.

"Парламентан даржо цхьана кепара легитимаци ло – хIуъа дийцича а, хаьржина, формалехь хаьржина орган ма йу и. Ткъа министрийн кабинетан куьйгалхо мехкан урхалхочун омраца дIаваккха йиш йу", - кхетийра эксперто.

Низамца а догIуш, депутатийн а, шен гIовсийн а балхана координаци йо куьйгалхочо, амма цуьнан сацам йухабоккхийла йу парламентан дуккхаъчу кхаьжнашца. Оцу йукъанна Даудовн керлачу даржо бакъо ло цунна кеп-кепарчу даржашка кандидаташ хьеха) шен гIовсашна тIера министрашна тIекхаччалц), финансийн документашна куьйгашйаздан, министрийн кабинета чубогIучарна таIзар дан, "пачхьалкхан урхалла дарехь сацамаш тIеэца" а. Доккхачу декъана, кхочушдаран органийн структураш хийцарех хьалхара шена хетарг премьер-министро чудала деза, ша хIоттийна кIира хан йалале.

Нохчийчохь Даудовн пурх дехьа-сехьа ваккхар – республика шен карахь йита хьийзачу Кадыровн лаам бу

Премьер-министран дарж парламентехь тIечIагIдан дезаш доллушехь, ша цига хIоттаварна баркалла цхьана Нохчийчоьнан урхалхочунна бен ца элира Даудовс.

"Даим а ас билгалдоккхуш ма-хиллара, суна коьрта ду – Кадыров Ахьмад-Хьаьжин командехь виссар, цо билгалбаьккхинчу цхьаъ бен боцчу нийсачу Некъаца вахар. Цу тIехула тешамца дуьгуш ду тхо нохчийн къоман хьакъволчу кIанта, вайн лидеро, сан хьомсарчу вашас Кадыров Рамзан Ахматовича!", - йаздинера Даудовс шен телгерам-каналехь.

Керлачу дарже хIоьттинчу кIиранчохь керла премьер-министр хилла меттигерчу дешаран центрехь хиллачу тIаьххьарчу горгали бекачу барамехь, дIахаийтина цо Кадыров Узбекистане вахарх, дуьххьара кхеташо дIайаьхьна министрийн кабинетаца, цигахь дийцаредира цо экономикан гайтамех лаьцна, вахара иза Соьлжа-ГIалахь меттигерчу Iедалхошна керла гIишло йечу меттиге а, тIаме йоьду рогIера тоба новкъайаьккхира, Москвахь а хилла. Цигахь иза цхьаьнакхетта Оьрсийчоьнан финансийн министрца Силуанов Антонца, президентан чоьхьара политика лелочу урхаллин куьйгалхочуьнца Ярынин Андрейца, Путин Владимиран гIоьнчаца Эдельгериев Русланца а.

Эксперташна хетарехь, "Лорд" Нохчийчоьнан урхалле дехьаваккхаран масех бахьана хила тарло, амма цара массара а царна йуккъера коьртаниг билгалдоккхура – шен могушалла телхина йогIу бохуш дуьйцучу йукъанна Кадыров Рамзанан республикина тIехь урхалла дар шен карахь дита лаар.

Накъост оьшу, Кадыровн системехь терго латтош, карзахдалан тарлу хьал лахдан хуур долуш

" Нохчийчохь Даудовн пурх дехьа-сехьа ваккхар – республика шен карахь йита хьийзачу Кадыровн лаам бу. Ницкъе накъост оьшу цунна, ша воцчу хенахь, масала, могушаллица доьзна, регионан урхалла дийр долуш, дерриг а оцу стеган авторитета тIехь а латтош. Суна хетарехь, оцу гIуллакхана вогIуш ву Даудов – иза Кадыровн ницкъахо ву, Кадыровна массо а хIумана тIехь муьтIахь волуш", - аьлла хета "Transparency International – Россия" организацин куьйгалхочунна Шуманов Ильяна.

Цул совнах Даудов Мохьмад тIеоьцу Оьрсийчоьнан пачхьалкхан федералан тIегIанера гIуллакхдархо, хила хьакъ йолу "альтернатива", республикера "шолгIа стаг" волуш санна, "де-факто аьлча, иза ишта ван а ву", кхин дIа дийцира цо.

Изза ойла йина Янгулбаев Абубакара а: "Кадыров дIаваьллачул тIаьхьа мехкан урхалла дан шен лаамна" кхин а цхьа ша герга кхаьчна иза, элира цо "Лордан" керлачу даржах вистхуьлуш. Делахь а, тIаьхххьарчун ойла, нохчийн бакъоларйархочунна хетарехь, шена тIе терго озон Iалашонца йу, цунах политик чIогIа воьзна ву бохура цо.

Политологна Айсин Русланна хетарехь, премьер-министран дарж кхаьчначул тIаьхьа Даудов Кадыровн метта хаьржинарг ву бохуш дийцар, хенал хьалха ду.

"Меттиган тIехь терго латтон, Кадыровс зийна белхахо и хиларе терра хьажа деза цуьнга. Вайна гуш ду Кадыровн чоьхьарчу системехь жигара хийцамаш хилар, цуьнан гергарнаш коьртачу даржашка а хIиттош – цундела, стаг оьшу, оцу доллучунна тIехь тидам латтош, хила тарлу хьал талхар лахдан хууш. И тайпаниг оьшуш ву, мел хIуъа дийцахь а, доьзалехь дов нислахь а цхьаьна- и могIарера хIума ду", - аьлла хета Айсина.

Цунна хетарехь, шен метта хаон Кадыровс шен доьзалера стаг хьалхатоттур ву, и мел чIогIа Кадыровн уллора доттагI велахь а, и вариант Кадыровна оьшуш йац.

Даржашкахь хийцмаша барх лаьцна дIоггара билгалдаьхна хьесапаш ца дира Къилбаседа Кавказехула долу хьал толлучу аналитико Чемберс Гарольда.

"Кхин дIа а республикера рожана тIехь куратор висса магийна ду Даудовна, тIаьххьарчу иттех шарчохь цо деш ма-хиллара. Iедалехь хийцамаш кIезиг хила а тарло, Даудовс дарж охьадиллича хиллачул а кIезиг, амма вайна хIинца а хаа дезаш ду, стенна йаьхна йу оццул дукха гIулчаш", - дерзийра Чемберса.

Нохчийчоьнан премьер-министр хIоттийна, хьалхо парламентан спикер лаьттина Даудов Мохьмад адамийн бакъонаш хьешарна гунахь хиларх лаьцна оьрсийн маттара "Википеди" йуккъера хаамаш дIабаха гIиртина. "Важные истории" ресурсан хаамашца, хийцамаш бан хьаьжна редактор ву Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан телеграм-каналан чатан а, Yappy (тик-токан Оьрсийчоьнан аналог йу и) машанера Даудовн каналан а администратор.

  • 2014-чу шарера схьа дуьйна Даудов Мохьмад Американ Цхьаьнатоьхначу Штаттийн санкцийн тептарехь ву, адамийн бакъонаш ларйеш вац аьлла. 2020-чу шарахь цунна дозанаш туьйхира Британихь а, ЛГБТ+адамийн бакъонаш лар ца йарна Нохчийчохь. Оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона тIаьхьабевлла лелачу хьаькамийн могIарехь а ву парламентан хьалханча. 2019-чу шарахь Даудовс чIир кхайкхийра цунна, Кадыров Ахьмад нохчийн къоман йамартхо вара блогеро аларна.
  • Украинана дуьхьал тIом болийначул тIаьхьа Кадыровн бIанакъост республикера оперативан штабан куратор хIоттийра. Цо кест-кеста новкъабоху Украине боьлху йолахой, дIахьедо тIамана мел ахча дайина, цо дуьйцу ахчанаш республикехь официалехь дан а дац.
  • Украинан кхерамзаллин сервисо шеконаш кховдийна Даудовга Оьрсийчоь шайн пачхьалкхана тIелатарца доьзна. Украинехь шуьйра тIом болийначул тIаьхьа Польшин санкцеша а лецира Даудов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG