ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Селхана -- вон Аза, тахана -- дика Умм Катир


Шема -- ТIеман зударий, 31Заз. 2015
Шема -- ТIеман зударий, 31Заз. 2015

ДаIиш тобнах дIакхеттачу нохчашна юккъехь евзаш йолчу эшаршлакхархо Батаева Аза хилар гIардаьлла.

Батаева ХIазан, Аза псевдонимца Нохчийчохь хилла ца Iаш, йоллучу Оьрсийчохь а евзаш йолу эшарлакхархо, ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIиш тобанах дIакхетта боху эладиттанш лелаш долу дикка хан яра, амма уьш цхьаммо а тергоне ца оьцура, тIаьхьарчу хенахь и зуда цхьанхьа а телевизионехь гуш ца хиллехь, хIетте а наха хIун ду а ца хуург дуьйцуш ма хуьлий, къаьстина, юкъараллехь евзаш йолчу персонех, артисташ хуьлда уьш я телеседарчий, аьлла хеташ.

Амма кху деношкахь цхьа могIа интернет сайташкахула яьржира ДаIишно яьккхина йолу пропагандин видео. Цу тIехь ша эшаршлакхархо хилла йолу Батаева Аза ю бохучу юхь а, дегI а хьулдина Iаьржа духарш доьхначу цхьана къоначу зудчо дуьйцу, ша хьалха хьерчийначу къиношна ша дохко а яьлла, хIинца Делан новкъахь къахьоьгуш а ю ша Шемахь, бохуш. Насихьат дан лууш ю ша аьлла дIайолаелла цуо иштта дуьйцу аз гIийло бен хьа ца хезачу видео тIехь.

Батаева Аза: „Айса и КъурIан схьа а эцна, цуо хIун боху хьажча кхийтира со. Цундела айса лелийна болу и иблисан некъ, и эшаршлекхар сайна хьарам дуйла хиинчул тIаьхьа дитина ас. Иза иншаалахI АллахIан дуьхьа. АллахIан дуьхьа динарг цхьа а хIума довш дац шуна. Тахана Шемахь я мичча а кхечу меттехь цхьаъ джихадехь велахь, цуьнан ниIат цIена дацахь, и стаг декъал хир ву аьлла тоьшалла дац шуна“.

2000-гIа шераш долалeчу муьрехь, Нохчийчохь боьдуш тIом а болуш, Москохах ша Юрий Николаевн исбаьхьаллин ишколехь дешначул тIаьхьа оьрсийн эстрадехь дIатассаяла гIерташ нохчийн Iадаташца ца догIучу кепара эвхьаза духарш а лелорца а, эвхьаза клипаш а яхарца гIарааьллера Аза цIе шена хаьржина йолу эшаршлакхархо.

Амма, хетарехь, йоккхачу эстрадехь карьера ян ка ца даьллачул тIаьхьа, иза масех шо хьалха Москохахь буьйсан сакъоьручу клубашкахь эшарш лоькхуш лийлира. Цу юкъана араелира цуьнан уггаре а евзаш йолу йиш, цуо оьрсийн маттахь локхуш хилла йолу„Со нохчийн йоI ю“ бохуш рефрен а йолуш. Амма хIинца ДаIишан видео тIехь Аза ю ша бохучу зудчо, эшарш лакхар хьавха, ур-аттала цхьаболчу Iелимнехан иманаш а шеконе дохкуш ду.

Батаева Аза: „Iелим нах массо а цхьатерра бац. Iилма хиларх ца тоьу, цуьнан дог АллахIо схьадиллина дацахь. Дуьненах Iехабелла, шайн дин дуьненах доьхкина Iелам нах а бу. Цундела КъурIан схьа а эцна, шаьш цу КъурIано хIун боху шу хьаьжчахьана кхетар ду шу“.

Аза ю ша бохучу зудчо къамел дечу хенахь гуш ю иза цхьана таьIначу хIусамехь хилар, уллехь лаьтташ ю ДаIишан байракх а. Умм Катир аьлла ю титрашкахь цуьнан керла цIе яйина, Катиран нана бохург ду иза. Иза къамел дина аьллачул тIаьхьа гойту цуо шен паспорт датIош а, иза герзах йоьттина цхьанхьа машенах яха новкъа йолуш а, Калашников масатоп цхьанна хьежош а.

Иштта цуьнан а, цхьа еха месаш а, маж а йолчу Абу Катир аьлла билггалваьккхинчу стеган сарташ ду ул-уллохь гойтуш. Хетарехь, и стаг цуьнан ДаIишера хIусамда волчух тера ду, цу шинна Катир цIе йолуш кIант а волчух.

И ДаIишан видео тIера зуда билгал Аза ю бохург цкъачунна тIечIагIдина дац, хIунда аьлча, цуьнан сибат никъабо къайладаьккхина хиларна. Амма мухха делахь а, иза духхьарниг хир яцара къоначу нохчийн а, кхечу къаьмнех а болчу зударех, ДаIишах дIакхета яхнарг. Цу тобан идеологехь къаьстина зудбераш Iехадала хIун ду-теша? ХIун кардо-теша царна муьлха а синкхетамчохь волу стаг инзара вала декхар долчу къизаллашца гIарйаьллачу террорхойн жIуганехь?

И хаттар Маршо радионо джихадизм а, ДаIиш тоба а толлуш волчу Венерчу университетан профессоре Лолкер Рюдигере делира. IИлманчин хетарехь, ДаIишо къоначу нахана, мехкаршна а, кIенташна а, чолхечу хеттаршна атта жоьпаш кхийдош хилар ду коьртачех бахьана.

Лолкер Рюдигер: „Иза муха ду аьлча, ДаIишо кхоьллина вуно деталашкахь билгалйаьккхина система ю, адаман леламаш муха хила беза бохург дуьйцуш. Къоначарна, къаьстина зударшна гойту цу системано цера дахар цхьана къепене муха дерзон йиш кху вайн къепенейоцучу заманчохь. Иза ду, гарехь, къоначу зударшна ДаIиш томехь хоьтуьйтуш дерг.

ДаIишо царна тайп-тайпан аьттонаш кхийдабо. Масала, турпалхочуьн васт, и зуда турпалхочуьнга маре яха йиш хилар. Хила там бу иштта ДаIишо зударийн къинхетамах пайда эца, цаьрга шун кхузахь мискачарна гIо дан йиш ю бохург а дуьйцуш. Иштта масалаш а девза тхуна, цу Iалашонца зударий Шема бахана. Уьш кхин а дуккха а ду и бахьанаш“.

ДаIиш а, цуьнан агIончаш а толлуш волчу Iилманчина Лолкерна хетарехь, и тоба шен къийсамехь кхиаме мел хуьлу а, цунах Iехалучийн терахь алсамдер ду, хIунда аьлча, уьш кхин дIа а турпалхой санна гур бу къоначарна.

Цу юкъана, ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIиш тобан агIончаш артисташна юккъехь я Нохчийчохь хилла ца Iаш, дозанал арахьарчу вайнахана юккъехь а шорта хилар го хIора кIирнах аьлча санна Австрехь джихадхойн агIончашна тIехь ечу кхелаша. ХIинцале а ДаIишца марзо я гергарло гайтарна чубоьхкина набахтешкахь бохкучу я арахь яккха хан тоьхначу нохчийн къомахчу нахалахь 13 зуда а ю.

XS
SM
MD
LG