ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ша йохийна - ша метта а хIоттийна". Путинна Нохчийчоьнан уггар лаккхара совгIат стенна дина Кадыровс


Президентан Путин Владимиран а, Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан а цхьаьнакхетар. Москвана йистера резиденци, 2018 шо марсхьокху-беттан 15-гIа де
Президентан Путин Владимиран а, Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан а цхьаьнакхетар. Москвана йистера резиденци, 2018 шо марсхьокху-беттан 15-гIа де

ГIадужу-баттахь Кадыров Рамзана дIахьедира Путин Владимирна Нохчийчоьнан уггар лакхара совгIат даларх – шен ден Кадыров Ахьмадан цIарах орден. "Регион меттахIоттайарна" аьлла билгалдоккхуш делла президентана совгIат. Политологашна хетарехь, къаьсттина 1999-чу шарахь Нохчийчохь дIакхайкхийначу шолгIачу тIамо вира Путинах президент. Иза веачхьана эзарнаш нохчий лечкъийна, байина, дуьххьара долийна меттигерчу харжамашкахь фальсификацеш лелор, ткъа Соьлжа-ГIала дуьненан ШолгIачу тIамера схьа лерича, уггар а хIаллакйина гIала лерира.

"Нохчийчоь меттахIоттор"

Кадыров Ахьмадан орденах 315 эзар сом доьху – 750-чу цIеналлица йина иза, 36 бриллиантаца а, сапфирашца а, рубинашца а кечйина. 2004-чу шарахь йукъадаьккхина ду и совгIат – оцу хеначохь цуьнца совгIат дина, масала, Кадыров Рамзана шена а, шен нанна а, йоIана а, невцана а, йишин кIантана а, цхьа могIа гергарчу нахана а, шен гонерчарна а.

Нохчийчуьра уггар лакхара совгIат - Кадыров Ахьмадан орден
Нохчийчуьра уггар лакхара совгIат - Кадыров Ахьмадан орден

Кест-кеста ша тешаме хиларх Кадыровс чIагIонаш йечу Путинна и орден 19 шо даьллачул тIаьхьайаларх,регионан куьйгалхочо иштта кхетийра: омрана куьгйаздинера 2017-чу шарахь, амма хIетахь дуьйна и совгIат цунна дIакхачон "йа бахьана доцуш, йа меттиг ца болуш" Iийнера аьлла. Кавказ.Реалиин сайтан лараршца, тIаьххьарчу 16 шарчохь ткъозза сов цхьанакхетар хилла Кадыровн президентаца - стохка гина и шиъ мел лахара а кхузза. Оцу йукъанна Кремлан официалан сайтехь хIинца а тIечIагIдина дац президентана "регион меттахIотторна" Кадыровн орден йаларх.

Орден йаларх хаам бакъ белахь, ша хIоттийна хиллачун цIарах цуьнан кIанта совгIат дар билгалоне хилла ца Iаш, хIинца волчу президентан карьера Нохчийчоь йохош йолайелла хилар а ду. Республикера тIом бахьана долуш йина йу цо шен карьера, аьлла хета Оьрсийчоьнан политологна Преображенский Иванна. "Нохчийчуьра террорхой" бехкебеш, Москвахь, Волгодонскехь цIенош лелхийтаро а, тIемалой Дагестане гIортаро а йукъараллехь онда куьг оьшу, Iедалехь ницкъахо хила веза аьлла, хетийтира. Цуьнца вогIуш хила хьийзара Путин Владимир а.

"ТIом болийна, Путина чIагIо йира нохчий "хьаштагIахь хIаллакбан", - дагадаийтира политолого Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь, 1999-чу шарахь Соьлжа-ГIалина динчу тIелатарх дуьйцуш. – И бомбанаш йиттинчул тIаьхьа гIала йухаметтахIоттон дийзира, цундела луш ду Путинна и совгIат. Ша йохийна – ша метта а хIоттийна; цу тIе – орден а, гIишлошйарна тIехь Оьрсийчоьнан бюджетера "декъна" соьмаш аьлча а, долларш" тоьар дара.

ТIом а, гоьвалар а

1999-чу шеран аьхка, хIетахь Оьрсийчоьнан премьер-министран даржехь хиллачу Путин Владимиран рейтинг 2-3 процент йара, чIагIдо йукъаралина хетарг толлучу Фондан хьалханчас Ослон Александра. "Левада-центран" талламашца а догIуш, цу шеран марсхьокху-баттахь 31 проценте делира и терахь, ткъа 2000-чу шеран йуьххьехь 84%. Оцу кепара цуьнан гоьвалар говзанчаша дузу Нохчийчуьра шолгIачу тIамца.

Москвахь ("Охотный ряд", Гурьяновн урам, Каширскан шоссе), Буйнакскехь а, Волгодонскехь а хилла цхьа могIа теракташ хилира цул а хьалха. Оцу лелхийтаршкахь 300 сов стаг вийра, 3300 гергга лазийра.

Ростовн кIоштара Волгодонскехь эккхийтина цIа, 1999 шо, гезгамашин-беттан 16-гIа де
Ростовн кIоштара Волгодонскехь эккхийтина цIа, 1999 шо, гезгамашин-беттан 16-гIа де

Официалехь бинчу талламо хьесап дира оцу зуламашца "кавказхойн лар" йу аьлла. Цо бахьана даьккхира Путин Влдимирна "Нохчийчу кхаьчначу дуьненайукъарчу терроризмана дуьхьало хIоттон", иштта нохчийн бахархой шен Iуналле эца а, Оьрсийчоь йухучуьра йаккха" а. Иштта болабелира шолгIа тIом.

Кремлехь олуш ма-хиллара, оцу "контртерррран операцино" кхоьллира Путинна терроризмах а, хIаллакхиларх а Iалашдархочун васт, аьлла хета Карловн университетан политологин факультетан профессорна Аслан Эмильна.

"Нохчийн терроризман" букъ кагбина хадам боллуш куьйгалхо санна гайтира ша Путина. Лазаме хилла "нохчийн хаттар" цо листарна дуккхаъчу Оьрсийчоьнан бахархошна гергахь, кханенах шайн йолу дегайовхонаш цунах тешо мегар долуш, ницкъе лидер хийтира иза", - элира редакцица хиллачу къамелехь профессоро.

Кремлан тешар

ГIарадевлла "мочить в сортире" (хьаштагIчохь хIаллакбе) дешнаш элира Путин Владимира 1999-чу шарахь Астанахь хиллачу пресс-конференцихь, оцу дийнахь омра дира цо федералан эскаршна Нохчийчохь тIом болабе аьлла. Соьлжа-ГIалахь Оьрсийчоьнан кеманаша бомбанаш йеттарх лаьцна дуьйцучу цо элира: "Оха террорхой миччахь а лоьхур бу. Аша суна бехк ма билла, хьаштагIчохь а лоьцур бу – оха хьаштагIчохь бойур бу уьш. Кхин дийца дац, цу тIехь хаттар дIакъевли кхин йуха а ца дуьйцуш".

"Мочить в сортире" дешнаш Оьрсийчоьнан бахархошлахь тIеийцира, цо айдира Путинан гIаравалар элира социолого Руткевич Михаила, йукъараллина хетарг толлуш 2000-чу шарахь бинчу хаттамна тIетевжина. Информацин пайден блокадо а, нохчашлахь проблемаш хиларо а гIо дира пропагандина, тIом цхьа маьIна долуш Оьрсийчоьнан бахархошлахь тIеэцийтина ца Iаш, доллу дуьненна иштта хетийта: "нохчийн террорхой" тIелетта Оьрсийчоьнна аьлла", дагалоьцу бакъоларйархочо Дмитриевский Станислава.

Соьлжа-ГIала, 1999 шо
Соьлжа-ГIала, 1999 шо

Дукха хIуманца и бахьана долуш, тохарша охьа аьтта Нохчийчоь йоллушехь, бIенашкахь байина Оьрсийчоьнан эскархой (тIеман министраллин а, МВД-н а зерашца), байина эзарнашкахь маьрша нохчий (бакъоларйаран Amnesty International организацин хаамашца) боллушехь, Путин Владимира толам баьккхира 2000-чу шарахь харжамашкахь, пачхьалкхан урхалхочун дарж дIалецира цо.

Цхьа могIа политолашна хетарехь, Нохчийчохь хилла шолгIа тIом бахархойн тIом бара цхьана агIор – хIетахь гуш дара кланийн дуьхь-дуьхьалбовлар, нохчаша вовшашца а тIом беш бара. Кремло буьззина толам боккхуш бирзира и, тIамехь баьккхина ца Iаш, политикехь а цхьана.

Оьрсийчоьнан Iедалхоша кхиамца пайдаийцира нохчийн тайпашна йукъахь хиллачу къовсамах, цара хаьржира Ичкерин хилла муфтий Кадыров Ахьмад. Хьалхарчу тIамехь федералан эскаршна дуьхьал хилла, джихIаде кхийкхина Кадыров 1990-чу шерийн чакхенехь ваххабизм йемалйан волавелира цIеххьана, тIаккха федералан эскаршкахьа велира иза. Къаьсттина цуьнан а, цул тIаьхьа цуьнан кIентан Кадыров Рамзанан а гIоьнца Путинан аьтто хилира Нохчийчохь шен Iедал тIечIагIдан а, Оьрсийчоьнан йукъараллехь шен гоьвалар къовла а.

Путин Владимир а, Кадыров Ахьмад а ву Моздокехь кхеташонехь, 2000-чу шеран товбеца-беттан 5-гIа де
Путин Владимир а, Кадыров Ахьмад а ву Моздокехь кхеташонехь, 2000-чу шеран товбеца-беттан 5-гIа де

Нохчийчоьнан администрацин куьйгалле хIоттийра президенто Путина Кадыров Ахьмад 2000-чу шарахь. Цхьана хенахь муфтий хиллачунна тIедиллира къаьстина декхар: хIетахь тIемалошца дийцарш дIадахьа а, федералан Iедалшкахьа уьш сехьабаха а. Кхо шо даьлча харжамаш хIиттийна, зорбанаша "автоматаш тIе а лаьцна" тесна кхаж бара и элира, Кадыров Ахьмад Оьрсийчоьнан декъехь йисинчу Нохчийчоьнан хьалхара президент хIоьттира. Официалехь дIахьедира, 82 процент республикин бахархоша иза хаьржина, ткъа дуьненайукъарчу тергамчаша а, бакъоларйархоша а, шаьш нохчаша а цкъа дийцина а ца Iара оцу харжамашкахь лелийначу харцонех. Церан жамIаш тIелаца реза ца хилира дуьнеан йукъаралла.

Мухха нисделлехь а, эха шарахь гергга бен ца лаьттира президент Кадыров Ахьмад – 2004-чу шеран стигалкъекъа-беттан 9-чохь вийра иза Соьлжа-ГIаларчу "Динамо" стадионехь эккхийтар а дина. Кхин а кхо шо даьлча, боллу конкуренташ дIа а баьхна, мехкан урхалла дан хIоттийра цуьнан кIант Кадыров Рамзан – 17 шо а ду иза Iедалан даржехь волу, оцу йоллу заманчохь Путин Владимиран "гIашсалти" ву ша олу цо.

Нохчий а, Путинна лерина орден а

СовгIат даларан билггал долу бахьана дац, Оьрсийчоьнан президенто "Нохчийчоь меттахIоттор", Кадыров Рамзанан а, Путин Владимиран а йукъаметтигаш хилар ду, тешна ву Кавказаера хьал толлуш волу, йозуш йоцчу талламан "Стратегин анализан Центр", "Йуккъерчу Европан Институт" организацийн эксперт Баранец Томаш. Шина политикан йукъаметтигаш феодалан билгало йолуш йу, "паччахьо" а, "феодало" а вовшашна совгIаташ а доькъуш.

Цхьаболчу кегийрхошна Путин – турпалхо, массо а хIума "дан ма-дезза ден" цхьа бакъахьа  стаг хета

Оцу совгIат дарх лаьцна могIарерчу нохчашна цхьаъ хетар дара аьлла, сатуьйсийла йац: "Карарчу хенахь Нохчийчохь шина тайпа нах бу. Хьалхарнаш – тийна-тапъаьлла Iен гIертарш бу. Республикин лакхара совгIат Путинна делла аьлла, шайна новкъадеанехь а, цу тIе "мохк меттахIотторна" бохуш хилча муххале а, цхьана а кепара шаьш реза цахилар дIахаийта йиш йац церан. ШолгIа тоба йу – оцу доллу хьолера шайна йогIу профит кхочурш? Хьаькамаш, ницкъахой, кадыровхой. Царна бен-башха дац, Кадыровс Путинна хIун совгIат, стенна дина", - кхетадо къамелдечо.

Профессорна Аслан Эмильна хета, нагахь санна, Оьрсийчоьнел арахьа йехачу нохчийн диаспорина йахначу хенахь шайца а, шайн дайшца-наношца а хилларг хууш, дагахь делахь а, Нохчийчохь кегийрхойн цхьа чкъор ду Оьрсийчоьнан пропаганди тIехь кхиина, уьш башха тIекхуьуш бац хьолана.

"Царна Путин – турпалхо, массо а хIума "дан ма-дезза ден" цхьа бакъахьа стаг хета. Цара шайн иэсера дIадаьккхина и аьлча а – уьш йуха меттахIоттийначу Соьлжа-ГIалахь, йа тойинчу йарташкахь Кадыровн пропаганди тIехь кхиийна бу, царна кхин дIоггара лууш дац, хIун динчунна йелла президентана орден", - аьлла хета Асланна.

Оцу йуккъехула эксперто боху, республикехь дукхахболу доьзалш цкъа мацца а чIир йоькхур йу шаьш бохуш, кадыровхой а, Оьрсийчоьнан агрессица ассоциаци йерш а жоьпалле озон аьтту баларе сатуьйсуш бу аьлла.

  • Оьрсийчохь президентан харжамаш йукъара баха, йа цу харжамашка цхьа кандидат – Путин Владимир бен ма вита аьлла, кхайкхамбина Кадыровс.
  • 2000-чу шеран гезгамашин-беттан хьалхарчу декадехь, шолгIа тIом боьдучу заманчохь, Оьрсийчоьнан эскархоша "зачистка" дIахьош хиллера Йоккхачу АтагIахь. Оцу шерашкахь Нохчийчуьра бахархоша лайначех цхьа бала бара иза. Цу заманара хиламех, хIетахь премьер-министр хилла, цул тIаьхьа пачхьалкхан президент хиллачу Путин Владимира "террорхойх" Нохчийчоь кIелхьарайаккхарх дуьйцу, бакъоларйархоша дIайаздинчу, и зама гиначийн дагалецамашкахь.
  • Кадыров Ахьмадан орденан кавалераш кеп-кепарчу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун гергарнаш бевлира, цуьнан гонера нах а, Оьрсийчоьнан Федерацин лакхарчу даржашкара хьаькамаш а. Масала, совгIат делира политикан йоIана Кадырова Iайшатна а, европахойн санкцеша лаьцначу пачхьалкхан думин депутатна Делимханов Адамна а, Росгвардин куьйгалхочунна Золотов Викторна а, ЛДПР фракцин куьйгалхочунна Слуцкий Леонидна а. Орден кхачийра Хирург цIарца дика вевзачу, "Буьйсанан берзалой" мотоклубан лидерна Залдостанов Александрна а. 2018-чу шарахь Кадыров Рамзана "хьомсара доттагI" цуьнца декъалвира винчу денца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG