Дронийн урхалла данн Iамош леррина классаш схьайоьллур йу аьлла, дӀакхайкхийра Нохчийчоьнан Ӏедало – республикерчу 17 школехь схьайоьллур йу и тайпа центраш, царна лерина хьажор ду бӀеннашкахь миллионаш ахча. Формалехь оцу тайпа классаш йелларх кхетадо, дронийн операторан говзалла оьшуш хиларца, амма бакъдолчехь иза доьзна ду, школера дешархошна милитаризаци йарца. Иштта, тӀейогӀучу хенахь – Украинана дуьхьал тӀом бан нах кечбарца, дуьйцу Кавказ.Реалии сайтаца къамел динчу наха.
Гезгмашан-беттан 1-чу дийнахь дуьйна дронаш лело Iамор Оьрсийчоьнан школашкара дешаран программашца дIахьош ду. Дешаран министралло тӀедожийра, дешаран хьукматаш дронашца йуьзна хилла ца Ӏаш, уьш лело Iамо меттигаш а кечъйан йезаш хилар. Украинехь тӀамехь дронех жигара пайдаоьцу шина а агӀоно, тӀеман говзанчийн зерашца, цо дикка Iаткъам бо тIемаш барна.
Коррупцина йуккъехь дIауьйр бу
2024-чу шеран чиллин-баттахь Нохчийчоьнан Ӏедало къобалдира, республикехь дронашца болх бан Ӏамош йолу центраш схьайелла йезар. Документа тӀехь йаздина ду, оцу говзаллех, гӀишлошйарехь а, юьртабахамехь а, хьуьнан бахамехь а, транспортехь а пайда эца мегар ду аьлла. Оцу йукъанна билгалдаьккхина, коьрта Iалашонах цхьаъ - Украинина дуьхьал бечу тӀеман декъашхошна, лазийна, йухабаха йиш йоцчу декъашхошна БПЛА-ца болх бан Ӏамор йу аьлла. Билггал муха доьшур ду цара школан дешархошца цхьаьна, билгалдаьккхина дац.
Москвара схьадаийтина ахча "откатехула" доькъуш ду
Дронашна лерина компоненташ арахеца лерина "Альтаир" технологин паркехь - дӀахьедира, уьш 3D принтер тӀехь зорбане йохур йу аьлла. Бакъ ду, и технологин парк Соьлжа-ГӀалахь 2026-чу шарахь бен схьайоьллур йолуш йац: цунна хьажийна 1,3 миллиард сом ду, царех 900 миллион федералан бюджетера дотацеш йу.
И дерриг а дешаран министраллех пайда а оьцуш, коррупцин схемина кечам барх тера ду, бохуш комментари йо нохчийн оппозицин жигархочо Янгулбаев Абубакара: "Йерриг а операцин Ӏалашо йу, низамехь боцу пайда эцар. Доцца дийцича, Нохчийчохь, цунах тамаша бан хIумма а дац. Меттигерчу Ӏедало хӀора шарахь, министраллашкара схьайоьху проекташ. Ткъа цу проекташна федералан центро урхаллийн программашна лерина ахча ло, кхин дIа, Москвара схьадогӀу ахча "откаташ" йеш доькъа.
Йерриге а Соьлжа-ГӀалахь дронашца болх бан Ӏамор вовшахтоха лерина ду 17 школехь а, цхьана колледжехь а. Дийцарехь, цу гӀуллакхана лелайо спортзалаш. И тайпа классаш хӀинцале а схьайиллина Ноьвран- кӀоштарчу Калиновская эвлара школехь а, Шелан школехь а, Соьлжа-ГӀаларчу президентан лицейхь а. Техника эцаран хьокъехь ворхӀ тендер дӀайаьхьира регионан Ӏедалша - дерриг а доьхкинарг а 282 миллион сов ахча ду. Иштта, 28 миллионна эцна дронаш "тIема долу трассаш" 18 комплект, квадрокоптеран программа Ӏаморан 216 комплект а - 20 миллионн соман, 36 3D-принтер - хIораннах а 256 эзар сом делла, кхин болу гӀирс а эцнера.
Нохчийчоь цхьаъ йац, школашкахь дешархошна дронан "говзалла" Ӏамор долийнарг. Гезгмашан -баттахь Къилбаседа ХӀирийчохь БПЛА-ца болх баран хьалхара секци схьайиллира Чикола олу юьртарчу школехь. Цу Ӏалашонашна 300 миллион сом барамехь федералан грант йелира республикана. Иштта центраш схьайиллира Дагестанехь а, Ставрополан кIоштахь а, ГӀебарта-Балкхаройчохь а.
Провинцин реалешекахь д1адовр ду
И тайпа классаш схьайелла йолор, кхин цхаъ а ахча декъаран схемах тера йу. Хетарехь, цхьаболчарна, лакхарчу классашкахь доьшуш хилла дешархойх, мелла а кечам а бина, царах тӀемалой бан аьтто хир бу аьлла, комментари йо Астраханерчу жигархочо, хьалхо меттигерчу Ӏилманан популяризацин центран куьйгалхо хиллачу Миталева Маринас. Цо бахарехь, цхьана а кепара пайда хуьла хIума дац иза.
"Ас дешаран декъехь болх бечу хенахь гӀалахь дронийн массийта говзанча бен вацара, царех шиъ а Астраханера дӀавахара. Дукха хьолахь, Оьрсийчохь цу тайпа массо а инициативаш санна, БПЛА-н классаш а коррупцехь йовр йу", тешна йу жигархо.
Школана милитаризаци йар
Кавказ.Реалиин редакцица къамел дира Къилбаседанерчу цхьана техникуман хьехархочо, шен цӀе ца йовзийтар дийхира цо. ХIинца цу техникумехь БПЛА лело Ӏаморан центар йу. Цо мах хадорехь, оцу курсийн аьтто хир бац школера дешархойх БПЛА-н говзанчаш бан: "ХӀара йеккъа цхьа Ӏаморан "профанаци" йу. И тайпа классаш самукъадаккха йеш йу, йа вовшашца къовсавала а БПЛА-аш лелорехь, амма пайдехьа хIума кӀезиг лур ду цара".
Оьрсийчоьнан школашкахь, дукхахдолчу хьолехь, дронашца болх баран йуьхьанцара говзалла Ӏамор йу, билгалдоккху тӀеман аналисто Шарп Дэвида: "Цхьана-шина практикан урокехь, чекхайаьккхинчул тIаьхьа, дешархочух бокъалла а FPV дронийн оператор а вина а, иза школера ваьлча тIаме дӀахьажо аьтто хир бу аьлла ца хета суна".
Милитаризаци кхин дӀа а алсам дешаран процесе йукъе йоьдуш йу: къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а дешархой могӀарехь хӀиттабора Z элпан кепехь, цара гулдора эскархошна ахча а, посылкаш а, чухула йуху бедарш а, балаклаваш а тийгира, пешаш a йора, эскархошка кехаташ а, сурташ а дохьуьйтуш.
- Дешаран шо долалуш ГӀебарта-Балкхаройчоьнан а, Ставрополан кIошташкахь колледжаша эцна дронийн операторш Ӏаморан масех а комплекс. Кавказ.Реалии сайто дуьйцу Къилбаседа Кавказехь керла курсаш дIайахьарна муха кечам бо.
- Волгоградан администрацино эцна дронашна урхалла дан "лакхарчу тӀегӀанан" исс система – уьш дӀакхачор йу "Орленок" олучу берийн центре, цигахь чиллан-баттахь хьехархочун ваканси схьайиллинера "берашна БПЛА-шна урхалла даран Ӏамо". Оццу хенахь, ах шо гергга хьалха, Волгоградан кӀоштан губернатора Бочаров Андрейс дӀакхайкхийра, дронашца болх бан дешархой Ӏамош йолу центраш схьайоьллуш йу аьлла, говзалла "лаккхара практикан маьӀна долуш" йу элира цо.
- Украинехь боьдучу тӀамехь дакъалаьцнарш кхойкху "Мехалечу хӀуманех лаьцна дийцар" цӀе йолчу пропагандин урокашка. Ставрополь-мехкан Шангала юьртарчу школехь дешархошца хиллачу цхьанакхетарехь школа чекхйаьккхинчу, Украинехь тӀамехь дакъалаьцначу Бабасиев Радика берашна дийцира, Оьрсийчоьнан эскархоша дӀалаьцначу меттигашкахь лелочу талорех лаьцна. Краснодаран мехкан Привольная юьртахь, цхьана школехь кхоалгӀачу классехь "сийлаллин хьаша" санна "Коьртачух къамел" цӀе йолчу уроке кхайкхина вара ЧВК Вагнеран йолахо.