Пропагадистан Соловьеван а Алаудиновн даьлла дов а, дохьна доьзалш цхьанатохар а, Сулейманова Седан лерина пикеташ а- цунах а, доцчуху а лаьцна дуьйцу Маршо Радион 108-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Соловьев Владимиран бехказавийла дезна "Ахматна" критика йарна
Оьрсийчоьнан журналистан Соловьев Владимиран нохчийн Ӏедалшна хьалха бехказавийла дийзира, шен эфирехь "Ахмат" спецназна критика йеш маьттаза дешнаш аларна.
Дов дӀадоладелира блогеро Алехин Романа дӀахьедарш динчул тӀаьхьа – цо "Ахматца" контракт йинера, амма 23 де даьлча орденаш а, мидалш а йолуш йухавирзира иза. Америкерчу блогерна Ланкастер Патрикна интервью луш Алехина дийцира, "Ахматехь" ша буьйранчан гIоьнча а волуш, украинхойн эскарш Суджа-кIоштара арадохуш доккха дакъалаьцна бохуш.
Соловьев дера вистхилира – Алехин курхалча ву элира цо, хаттар дира "Ахмате: "Шу эскар ду, йа банда йу?" Кадыровн спецназан командиро Алаудинов аптис вораха ца витира иза: шен видеохь жоп луш цо дӀахьедира, эскархой ша хоржуш бац, Соловьевс контракт йаздан мегар ду эскарца, чуьра низаман мах хадо ша лууш велахь. Алаудиновна уггаре а ца тайнарг дара журналисто спецназехь мидалш гуманитаран гӀо санна дӀасайоькъаш йу аьлла къадор. Амма шолгӀачу дийнахь Соловьевс эфире кхайкхира Алаудинов – цунна хьесталуш, ша реза хилар гойтуш, корта теIабора цо.
Нохчийчоьнан информацин министр Дудаев Ахьмад а, девна йукъа гӀоьртира. Цо видео дӀайазйира, цу тӀехь доттагIаллица санна дехар дира Соловьевга, цо аьлла "вашу мать" боху дешнаш нохчашна, йа "Ахматан" эскархошна аьлла дарий, дийцахьара. Оццу постаца цхьаьна Дудаевс хIоттийра тележурналисто цунах лаьцна кхетош йазйина видео. Цу тӀехь Соловьевс бохура, "Ахмат" йийцаре йуьйцу спецназ йу, нохчий вежарий бу, Алаудинов - доттагӀ ву, ткъа ша аьлла "вашу мать" нохчийн спецназана аьлла дацара, "шайт1анашна" хьажийна дара.
Нохчийчуьра кхин цхьа хаам а бу: Кадыров Рамзанна луьйш лелла Магомадов Сайд-Хьусейн Украинерчу тӀаме хьажийна. Цуьнца йаьккхина видео гайтира "Вайнах" пачхьалкхан телехьожийло. Хьалхо Магомадовна Iаткъам бина хиллера, Австрехь вехачу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочух лаьцна цо йаьхна видеош бахьанехь. Ши шо хьалха блогер республикехь цхьана официалан барамехь хаавелира – хьаькамашца суьрташ а дохуш. Цул тӀаьхьа Магомадов кхин дӀа а Европе лесташ вара, амма хӀинца иза т1аме хьажийна.
Нохчийчохь Сулейманова Седина пикет хIоттийра
Оьрсийчохь йуха а пикеташ д1айаьхьира Нохчийчуьра йахархо Седа Сулейманова лачкъор таллар Iедална т1едожош. Царах цхьа пикет зазадоккху-беттан 20-чохь Соьлжа-гIалахь Седин доттагIчо Патяева Ленас дIайаьхьира. Ша пикете йалале хьалха Патяевас видео дIайазйира, ша Нохчийчу стенна йаханера дуьйцуш. Пикет дIайолийна сахьт а далле, Патяева лаьцна полице дIайигира. Амма дуккха хан ца йокхуьйтуш дIахийцира, ур-атталла протокол а ца хIоттош. 2022-чу шарахь Сулейманова цIера йедира бертаза маре йала хьийзорн а, доьзалехь шена ницкъ барна а. Седа Санкт-Петербургехь дIатарйеллера, амма 2023 шеран марсхьокху баттахь лачкъийна, Нохчийчуьра цуьнан гергарчаьрга дIайелира. 2024-чу шеран заздоккху -баттахь бехкзуламан гIуллакх айдира, амма тахана а Седех хилларг хууш дац.
Нохчийчохь ницкъхойн терахь алсамдаьлла
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар дина карарчу хенахь Нохчийчохь ницкъаллин структурашкахь болх беш 36 243 стаг ву аьлла. Цуьнца цхьаьна нохчийн оппозиционераша кест-кеста хаам бо, лачкъийначу меттигерчу бахархошна ницкъаллин структурийн белхахоша гӀелонаш йарх лаьцна – бахьана муьлха а хила тарло: Ӏедална критика йарна тӀера къаьркъа маларна тӀекхаччалц.
2025-чу шеран хаамашца, республикехь вехаш ву 1 575 819 стаг. Нагахь санна официалан статистика нийса йелахь, хӀора 43 вахархочунна цхьа кхерамазаллин белхахо кхочу.
Кадыровс дӀахьедира, регионехь ницкъаллин структурийн терахь "хаддаза кхуьуш хилла", 2003-чу шарахь 4800 белхахо вара, ткъа х1инца структурашкахь болх беш 36 эзар сов белхахо ву аьлла. Дустархьама, масала "Проект" зорбано йаздо 2020-чу шарахь Оьрсийчохь ницкъаллин структурашкахь 2,6 миллион гергга стаг болх беш вара– иза бохург ду, гергарчу хьесапехь хӀора 57-гӀа Оьрсийчоьнан вахархочунна Ӏедалан цхьа белхахо кхочу.
Кху шеран марсхьокху-баттахь NIYSO оппозицин боламо дӀакхайкхийра, ницкъхоша хьалхо лачкъийна хилла Домбаев Аслан кхалхарх лаьцна. Жигархоша дийцарехь, полисхоша шена тӀехь лелийна къизалла ца лайна кхелхина Домбаев. Кхечу хьостанаша и хаам тӀечӀагӀбина бац. NIYSO-но кест-кеста дуьйцу Нохчийчохь нах лечкъорах а, царна гӀело йарх а лаьцна, регионерчу хьостанашна тӀе а тевжаш.
Нохчийн Iедалхоша къаьстина 2776 доьзал "вовшахтоьхна"
Кху шеран чиллан-батте кхаччалц шаьш 2776 дIасакъаьстина доьзал "цхьанатохарх" дIахьедина нохчийн Ӏедалхоша. Цунах лаьцна хаам бира доьзалш цхьаьнатохаран комиссино – массийта шо хьалха республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан омрица кхоьллинера и комисси. Хьалхо Маршо Радионо йаздора и "бертабахийтар" бертаза хиларх лаьцна.
ГIура-баттахь Кадыровс дӀакхайкхийра 2017-чу шеран аьхка дуьйна дӀасакъаьстина 2716 доьзалш "цхьанотохарах", и хаамаш тидаме эцча, кху шеран дечкен-баттера зазадоккху-батте кхаччалц кхин а 60 доьзална йукъахь "маслаIат дина" Нохчийчохь. Лерринчу комиссино дIахьедо, шаьш болх болийча дуьйна берриг а вовшахтоьхнарг 23 эзар сов доьзал бу бохуш.
"МаслаIатан комиссеша" шайн болх д1ахьо формалан кепара а, доьзалшна Ӏаткъам беш а, дийцира Маршо Радиога регионера дIавахначу динан Iилманчас. Зударий реза хила мега "маслаӀат" дан, шайн бераш ган аьтто хилийтархьама -доьзал дӀасакъаьсташ хилча кхело бераш деца дуьту.
Нохчийчохь муфтиято а, хьаькамаша кхелашкахь зударийн бакъонашна доза туху, бохуш дийцира Къилбаседа Кавказехь болх бинчу адвокато Аветисян Григора.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
AudйI