ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТӀамехьа болчу блогерша йемал дира Белгородан кӀоштахь Кадыровн агӀончийн лелар


Валуйки гIала, гайтаман сурт
Валуйки гIала, гайтаман сурт

Белгородан кIоштара Валуйки гӀалахь йаьккхина видео йаржош йу социалан машанашкахь, цу тӀехь Нохчийчуьрчу тӀеман декъан эскархо хила тарлучу жимчу стага хӀаваэ герз детта. ТӀамехьа болу блогерш оьгӀазбахийтира кадыровхойн леларо, цунах лаьцна дIахаийтина нохчийн "Ахмат" декъан командире Алаудинов Аптига.

"Zаписки Vетерана" телеграм-канал лелочу Белгородан вахархочо Каргапольцев Алексейс дехар деш кехат йаздина "Алаудинов Аптин векалшка, йа Кадыровга шеца зIене довла дукха хенахь дуьйна Валуйскан кIоштахь Нохчийн Республикера дакъойн векалш йукъахь болуш лелочун йист йаккха". Цо хьахийна "кху деношкахь хилла хIума", боху цо "собар кхачийна".

Дукха хан йалале милитаристийн а, националистийн а Hard Blog телеграм-канало зорбане йаьккхира ши видео. Хьалхарчунна тӀехь маьршачу нехан духар дуьйхинчу жимчу стага хӀаваэхь автоматан кепехь тапча йетта. ТӀаккха лезгинка хелхар до цо, кхин а веа стага тӀараш детта цунна – царех кхоъ тӀеман духарца ву, шиннан пхьуьйшаш тӀехь гуш нохчийн дакъойн шевронаш йу. "Пепел" телеграм-канало геолокацеш йина цу видеон, тӀечӀагӀдина иза Валуйки гӀалахь йаьккхина хилар.

ШолгӀачу видеохь, гӀалин майданахь йаьккхина йолчу, башха дукха хаамаш бац. Цу тӀехь 15 гергга стаг ву, шайна йукъахь ши-кхо полисхо а волуш, "Герз дӀадаккъал, бл***!" олуш хеза, хетарехь цхьаъ лаьтта охьавуьллу (хуьлуш дерг ма-дарра ган аьтто бац съемкин ракурс дика ца лацарна а, адамийн баккъаша дуьхьало йарна а). ТIаккха цхьаммо иза хьалаайво, йа ша гIаттахь а. ТӀаьххьарчу кадрашкахь гулбеллачарна йукъара араволу маж йолу, маьршачу нехан духар дуьйхина стаг, цуьнан карахь автоматах тера герз ду, чIижаргIа ирх йахийтина.

Hard Blog телеграм-канало публикаци йинчул тӀаьхьа Каргапольцевс йаздира, шегарчу информацица, Алаудинов Апти "хӀинцале а "инцидент" луьстуш ву, ткъа Оьрсийчоьнан тӀеман ницкъийн куьйгалло а, "Ахмат" декъан векалша а сихонца луьсту, Оьрсийчоьнан ТIеман ницкъийн а, Росгвардин а векалшца йоьзна проблемаш а, девнаш а".

  • Товбеца-беттан йуьххьехь Оьрсийчоьнан "тӀеман корреспонденто" Романов Владимира нахана хьалха къинтӀера довлар дехнера Белгородан кӀоштара "Ахматан" дакъош эскаре кхойкхучарна тӀехьа лаьтта аларна. Цо шен дӀахьедар харцдира, ша Алаудинов Аптица "дехха а, даггара а къамел" динчул тӀаьхьа "информаци кхин а леррина толлур йу" аьлла.
  • Стохка мангал-баттахь Белгородан кӀошта дехьадаьккхира нохчийн "Запад-Ахмат" батальонан дакъа. Цо ларъйан йезара регион диверсин рейдех, амма тайп-тайпанчу хьостанаша дийцарехь, цо тылехь позицеш дӀалоцуш хилла. Украинехьа тIемаш бечу лаамхойн тобанийн, шайна юкъахь Ичкерийн дакъош а долуш, дӀасалелар сацо аьтто ца баьлла цуьнан. Кху шеран мангал-баттахь иштта Белгород-кӀошта дехьабаьхнера Алаудинов коьртехь волу "Ахмат" спецназан эскархой, - Харьковн агӀор тӀемашкахь дакъалаца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG