ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Тхайн самукъа а доккхуш, садоIуш, къамелаш деш!": Ростовхь муха тIеийцира, новкъайаьккхира ЧВК "Вагнер"


Ростов-на-Дону гIалара Къилбан тIеман гонашкара штаб дIатосуш ву ЧАВ "Вагнер" тобанан хьалханча Пригожин Евгений. 2023-чу шеран мангал-беттан 23-гIа де. Сурт: Reuters
Ростов-на-Дону гIалара Къилбан тIеман гонашкара штаб дIатосуш ву ЧАВ "Вагнер" тобанан хьалханча Пригожин Евгений. 2023-чу шеран мангал-беттан 23-гIа де. Сурт: Reuters

Шоьтан дийнахь ЧВК "Вагнеран" йолахоша Къилбан тIеман гонашкара штаб дIалаьцначул тIаьхьа социалан машанаша а, дуьненайукъара зорбанан гIирсаша а даржийра Ростов-на-Дону гIалахь даьхна къегина суьрташ, видеош. ГIалин бахархоша селфиш йора танкашна хьалха, эскархошна йаа-мала кхийдайора, царна марабетталора, куьйгаш детташ новкъабохура уьш. Бунтхой "йамартхой" бу аьлла, Путина кхайкхам бинчул тIаьхьа дара и дерриг а. Редакцица къамелаш динчу эксперташа Ростовра бахархойн реакци хила тарлург дара бохура – дийнна шарахь оьрсийн пропагандо жигара пиар йар "Вагнерна" а, цуьнан Украинерчу "толамашна" а, ткъа компанин долахочун Пригожин Евгенийн риторика йогIуш йара могIарерчу оьрсийн бахархошца.

Аьтто боьхначу гIаттаман уггар а гIарайаьллачу билгалонех йара ши танк: цIечу басахь "Сибирь" тIейаздинарг а, керла гайтам хир бу аьлла, хоуьйтуш цIен-сирлачу басахь афиша тоьхначу циркан кевнаш дIа а къовлуш хIоттийнарг а. Жигара церан суьрташ дохура хуьлуш дерг дIагойтуш санна. Суьранна оцу меттигера дIабоьлху эскархой новкъабехира куьйгаш детташ, тоьпийн Iуьргашка доьхкинчу зезагашца, марабетталуш царна, "Вагнер" – сила!" бохуш маьхьарий детташ. Машенахь дIавоьдучу Пригожине куьйгаш дала а ларийра хьовсархой, тIараш детташ новкъаваьккхира иза а.

"ХIаъ, ма-дарра аьлча, супер седарчий дара уьш дерриш а. Ростовра "Вагнер" новкъайаьккхира адамаша экстазехь…Бакъдерг аьлча, оцу кепара хIума хилла дацара 2018-чу шарахь дуьненан чемпионат хиллачул тIаьхьа дуьйна", - йаздира меттигера "Тютина" телеграм-канало йолахошца къастарх лаьцна дуьйцуш.

ЧВК "Вагнеран" йолахой арабовлуш бу Ростов-на-Дону гIалара, шайн базе йухабаха. Reuters
ЧВК "Вагнеран" йолахой арабовлуш бу Ростов-на-Дону гIалара, шайн базе йухабаха. Reuters

Бахархойх цхьадолчу декъан оццул баккхийбеш реакци хилар тамашен хIума дара, тIаьххьарчу шерашкахь журналисташа а, бакъоларйархоша а, ООН-н доклад йечара а тIеман зуламашна, кхел йоцуш маьрша бахархой байарна, доккхачу декъанна, Африкин мехкашкахь а, Гергарчу Малхбалехь а, Украинехь а лелийначунна ЧВК "Вагнеран" йолахой бехкебешшехь.

Мангал-беттан 24-чохь Ростов-на-Дону гIалахь хиллачу хьолах лаьцна редакцин дехарца дийцира меттигерчу йахархочо Светланас: "Бахархойх кегийнаш оцу штабе хьоьвддера, интересе долчуьнга хьовса. ЙукъагIорта меттиг бацара цигахь. Телефонашца видеош, суьрташ дохура цара, комментареш йора, буьйлура, хиш моьлура, ткъа когаш кIел автоматаш йерш бара текхаш, шайн позицеш дIалоьцуш".

Бакъду, йеккъа идилли йара бохийла дац: цхьаболчу оппоненташа йиллина критика йора вагнеровхошна, амма церан къамелаш йукъахдохура кхечу цигахь лаьттачара, де суьйренга лестича ЧВК-н агIончийн а, дуьхьалончийн а дов иккхира.

"Шу тхоьгахьа дуй – "красавчикаш", респект а, "уважуха" а йу шуьца. Агресси дIайаккха вай, и гIовгIа а. И оьшуш йац, кIентий, цхьанна а. ПаргIат самукъадоккхуш, садоIуш, къамелаш де вай!"- вистхилира гулбеллачаьрга цхьахволу йолахо, латтаза бовлуш хилла дов дирзича.

Оцу йукъанна дийно сарралц гучу а ца бевлла, йолахой дIабахначул тIаьхьа кхаьчначу полисхошка маьхьарий диттира бахархоша "Эхь ду шуна!" бохуш.

Ростове-на-Дону гIалахь лаьттахь сецабо вагнеровхоша божарий, 2023-чу шеран мангал-беттан 23-гIа. AFP
Ростове-на-Дону гIалахь лаьттахь сецабо вагнеровхоша божарий, 2023-чу шеран мангал-беттан 23-гIа. AFP

Баккхийбер а, бовдар а

Цигахь хиллачу Ростовра журналисто Хорошилов Игоря дийцира Кавказ.Реалиин сайте, бахархойн реакци цхьатерра йацара аьлла.

"Шоьтан де дара и, дуккхаболу нах цIахь бара. Самукъане суьрташ доцург а, йассийна "Магнитан" а, "Пятерочкин" а гIопасташ, Iадийначу адамаша сурсаташ дIаэцнера, цхьаберш Ростовра дIабоьлхура машенашкахь а, электричкаш тIехь а.

И дерриг а хуьлучу меттигехь эзар ца кхоччуш стаг лаьттара, жигара вара – кхо бIе гергга. КIезиг бара царлахь Путинехьа берш, и дIахаийта ийза а ца лора", - дуьйцу журналисто.

Колонешкара тутмакхаш дIабигина цо: хIа, автомат йу шуна, шайна маршо йаккха аьлла

Цуьнан зерашца, цига баьхкина хилла дукхахболу ЧВК "Вагнеран" агIончаш - 35-40 шераш долу кегийрхой бара, жигара телеграм-каналашкахь дерг доьшуш, иштта z-"военкораш" олу, хIинццалц схьа "Пригожинна ламазаш динарш", цуьнан компани а хестош.

"Церан бала бацара, "нах бойу" шурмаш уьш хилар, тутмакхаш йен йолчу дуьхьалонехь хIаллакбийриг хилар а, коьрта – церан кхетамехь, Пригожин Оьрсийчоьнна толам баккха араваьлла вара. Жоьлкийн ламасташ кхузахь дуьсуш ду, Пригожине ларам бу церан. ХIунда аьлча, тутмакхаш схьа а гулбина, цо аьлла: хIа, автомат йу шуна, шайна маршо йаккха аьлла", - кхин дIа дуьйцу къамелдечо.

Ростовра "Йиллина Оьрсийчоь" декъан экс-координатор Шевченко Анастасия реза хуьлу журналисто бохучуьнца: цунна бевзачу дукхахболчу гIалара бахархошна чуьра арабовла а ца лиира, телеграм-каналашкара доьшура цара хуьлучух. Центре бахначара боху "баьццара адамаш" чIогIа дика дара шайца.

Шевченкона хетарехь, Ростовра хиламаша гайтира, Оьрсийчоьнан бахархоша хазахеташ муьлхха а Iедал тIеоьцур дуйла а, оцу сохьта хьалхалера дицдийр дуйла а. 24 сахьтехь гергга гIала официалан Iедалхой боцуш Iийра (губернатора Голубев Василийс харцахьа йерзийначу байракха хьалха минотехь бина видеокхайкхам боцург), амма хIумма а Iаламате дерг ца хилира.

"Массо а кIадвелла оцу тIамехь. Къаьсттина дозанехь йолу Ростов. Тхан вокзалера хIора ахсахьт мел долу "ЛНР-е" машен йоьду, ткъа 2014-чу шарера схьа дуьйна камуфляжан духарца болу нах гича тхо цец ца довлу. Цхьа хийцам цара бийр бара аьлла, вагнеровхойх дегайовхо хиллачух тера ду. Амма цунах гIуллакх ца хилира", - дуьйцу шена хетачух жигархочо.

Сингаттаме фактор

ТIеман хиламаш – мухха делахь а, фактор йу, цо меттахбоху нах, цаьрга сингаттам а бохьу. Цундела чIогIа ладаме реакци хила тарло – Iедалхошна дуьхьал а, цаьргахьа а, боху Кавказ.Реалиин редакцига дечу къамелехь политикан философо, социалан талламхочо Магун Артема. Цо тидам бо, вагнеровхой агрессица тIеоьцучу видеон.

Протесте ойланаш алсамйийларан билгало йу "Вагнер" дика тIеэцаран, аьлла хета суна

"Вуьшта, хетарехь, адам гIелдаларан а, тIеман кампанина реза цахиларан а билгало йу хIара. Хала хеташ делахь а, хIинцалерачу хьелашкахь тIамна дуьхьал кхетам бац церан, хуьлуш долчунна тIекхиа. Цундела "аьтту" реакци –эскаран кхиаме доцчу леларна реза цахилар а, куьйгаллин коррупцин – цхьаъ бен доцу оппозицина хетарг ду. Суна хетарехь, протесте ойланаш алсамйийларан билгало йу "Вагнер" дика тIеэцар", - дерзийра спикеро.

Изза элира Карловн университетан социалан Iилманийн факультетан белхахочо Дубровский Дмитрийс: "Тидам бехьа: "йуьзначу элитех", "тотале коррупцих", тIом цхьанна а оьшуш бацара бохуш, Навальныйн хилла риторика йу Пригожина схьэцнарг. Вуьшта цуьнан кхин жамIаш ду: хIаъ, тIом вон хIума йу, вай и дика ца бо, амма чугIоьртиний, толам баккха беза. Оцу хааме сатуьйсуш бу Оьрсийчуьра цхьа дакъа бахархой", - билгалдоккху социолого.

Ростов-на-Дону гIалара цхьа дакъа "вагнеровхошкахьа" стенна дара, Путин Iуьйранна вистхиллачул тIаьхьа, билгалдоккху эксперто, цхьана агIор йукъараллин хьуьнаре цахилар вукху агIор – Кремлера видео тIехь "йамартхочун" ца йаьккхина цIе.

"Путин теша "цIерийн магих", цунна хета, оппонентан цIе йоккхуш, и ларар санна ду. Пригожинан цIе а ца йаьккхира цо. Делахь а, Ростовра цхьана декъо гIаттам къобалбаро тоьшалла ца до, уьш Путинна дуьхьал хиларх. Мелхо а , уьш президентехьа бу, амма реза бац, болийна тIом цара дIабахьарна. "Нийсонан марш" Путинна дуьхьал бацара, вочу Iедалхой болчуьра дикачу Iедалхошна дуьхьал йеана делегаци йара. ГIагI диллина техникаца гIовгIа йинехь а", - кхетадо Дубровскийс.

"Апокалипсис йухайаккхар"

Хала ду билггал Оьрсийчоьнан йукъараллина хетачух дийца – цхьана а кепара биллина социалан талламаш бина бац, боху Кавказ.Реалии сайтана йеллачу комментарихь социолого Вилейкис Александра. Украинаца тIом болийчхьана Оьрсийчуьра дIавахна иза, карарчу хенахь AlmaU-н профессор ву иза (Алматы Менеджмент Университет).

"Оьрсийчуьра медиах пайдаоьцучийн кхетамна хало дара цунах кхета. Адамашна ца хаьара, муха уьш тIеэца безара. Масала, гуш ду Оьрсийчоьнан телехьожийле ладоьгIу дакъа мангал-беттан 24-че кхаччалц Пригожинехьа бацара, ткъа Кремло цунах йамартхо ма- элли – изза баха буьйлира. Делахь а, де чекхдолуш, риторика хийцича, Пригожинах йуха а турпалхо вича, хийцира цуьнан мах хадор", - дуьйцу эксперто.

Ростовра бахархойн реакцих лаьцна дуьйцучу социолого терго йо: урамашкахь даьржинчу хазахетаран- тIеман хиламашкахь, бунт иккхича хуьлуш хIума ду и. ТIехIиттаран цхьа дакъа доьзна цуьнан бунто тIаьхьало ца йитарца, адамийн кхетамехь диссина, "Апокалипсис" йукъахйаьккхинарг Пригожин ву аьлла.

  • ПIераска-дийнахь, мангал-беттан 23-чохь Пригожина ЧВК - лоттийлашна тохарш дарна бехкейира Оьрсийчоьнан тIеман министралла. "Оьрсийн тIеман куьйгалло дохьу зулам" сацорхьама,"Нийсонан марш" кхайкхира гIаттамхочо. Шеца 25 эзар эскархо ву элира. Шайн "маршан" Iалашо – тIеман министраллин урхаллина жоьпалла тIедожор йу элира цо, къаьсттина урхаллин министрана Шойгу Сергейна а, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн Коьртачу штабан хьаькамна Герасимов Валерийна а.
  • Цхьана дийнахь-буса а ЧВК "Вагнер" коврийн аьтто хилира шайн куьгакIел йерзон Ростов-на-Дону а, Воронеж а. "Вагнеран" гIаттам йамартло а, букъа йуккъе урс тохар а ду элира Путина, ткъа тIеман министралло првокаци йу бохура. ФСБ-но бехктакхаман гIуллакх долийра ЧВК кхоьллинчунна дуьхьал, бунт гIаттон тIехьехарна.
  • Шоьтан сарахь дийца даьккхира Пригожинна а, Лукашенкона а йукъахь къамел хиларх. И консультацеш бахьана долуш "Вагнеран" колонна йухайирзира Москва йоьдучуьра. Йолахойн тобанаш къилбехьа йухайахара, хетарехь, оккупаци йинчу Украинан дозанаш тIе, цигахь куп тоьхна бара уьш.
  • Кремлан пресс-секретаро Песков Дмитрийс дIахьедира, герзашца бунт гIаттийначарна дбехкаш дохкур дац аьлла, делахь а, цкъачунна Пригожинна дуьхьал даьккхина гIуллакх сацийна дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG