Кеп-кепара реакци йира Оьрсийчоьнан регионийн куьйгалхошлахь Белгородна ракеташца доккха тIелатар дича: къилбера а, Къилбаседа Кавказера а цхьана хьаькамийн декъо дош ца элира, ткъа бисинчара кхайкхам бира совнах хIуманаш ца лелош, Керла шо дазде аьлла, и зулам хиллачу заманчохь. Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь эксперташа билгалдаьккхира, регионийн куьйгалхоша кхин дIа а "тергал деш дац" тIом Оьрсийчу бохьуш хилар.
Украинехь тIом болийчхьана Оьрсийчоьнан дозана тIехь уггар а доккхачех тIелатар дара гIуран-беттан 30-чохь Белгородана динарг. Материал зорбане йоккхучу заманчохь Iедалхоша бинчу хаамца, 25 стаг ву кхелхинарг. 100 сов ву лазийнарг. Кхин а цхьа тохар дира гIуран-беттан 30-чохь Украинаца доза тоьхначу Брянск-мехкан Погарскан кIоштана, бер дийна цигахь.
Оьрсийчоьнца дозанехь йолчу кхечу объекташна дина тохарш а санна, хIорш а официалехь комментарий йоцуш дитира украинхойн эскархоша. Меттигерчу цхьа могIа хаамийн гIирсаша чIагIдо, Белгородана тохар ВСУ-но дина, тIеман а, индустрин а гIишлош хIаллакйархьама аьлла. ГIалин йуккъехь ракетийн меженеш охьаэгар Оьрсийчоьнан ПВО-ца дьуйзира.
Белгородана тIелатар дале хьалха шуьйра ракеташца тохарш дира Оьрсийчоьнан агIор Украинан дозанаш тIе. Оцу тохаршна бухахь нисйеллера Киев, Харьков, Одесса, Львов Днепр, Запорожье. ХIаваан сигнал кхайкхийра йоллу Украинан территори тIехь. Iедалхоша дIакхайкхийра 40 стаг кхалхарх.
Ракеташца тIейеттар сацоза ду шина а агIор: дечкен-беттан 29-чу буса Оьрсийчоьно ракеташца тIелатарш дира Украинан дозанашна. Церан коьрта Iалашо хилира Харьков а, Киев а. Мел кIезиг а 3 стаг вийра, иттаннашкахь чевнаш йира.
Белгородан губернаторо Гладков Вячеслава а иштта бехкейира ВСУ дечкен-беттан 2-чохь Белгородчинана тохарш дарна, хаамбира цхьа стаг вийна, масех лазийна, бер а цхьана аьлла.
Билгалдоккху, саццаза тIемаш боьлхучу йукъанна, аьтто бац шина а агIоно далийна официалан зераш талла.
Кавказера а, къилбера а реакци
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIадахначу пхеа дийнахь дош ца аьлла Белгородехь динчу тохарех лаьцна, оцу йукъанна жигараллица дуьйцура цо кхинболчу хиламех: шена муьтIахь долчу дакъоша Украинехь бохучу "кхиамех", "берзина бевлла" дIайаьхьначу суьйренах лаьцна а цхьана. Социалан медиахь дукха хьехо нах билгалбаьхначу рейтингехь хьалхара ву гуттар а санна политик. ШолгIачу дийнахь дозанашкара кIошташкахь тохарш динчул тIаьхьа Кадыров вистхилира Нохчийчоьнан бахархошка уьш Керлачу шарца декъалбеш. Белгород цуьнан телеграм-каналехь хIинца а хьахийна йац.
Динчу тохарех лаьцна цхьана а кепара дина дIахьедар дац ишта Калиматов Махьмуд-Iелас а, Кумпилов Мурата а – ГIалгIайчоьнан а, Адыгейн а кубйгалхоша.
Путинна дош деллера дерриг а дика хир ду аьлла
Къилбан а, Къилбаседан а йисинчу регионийн урхалхоша кадам бира гIуран-беттан 30-31-чохь Белгородан бахархошка, оцу тохарех жоьпалла шеко йоцуш ВСУ-на тIехь ду элира. Регионна гIо дан тIелецира Дагестанан а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а куьйгалхоша, иштта Ставрополь-мехкан губернаторо а.
Регионийн кхечу куьйгалхоша доцца дIахадийра йукъарчу дешнашца: масала, Ростовн кIоштан губернаторо Голубев Василийс "маршалла дойла" элира лазийначарна, ГIалмакхойчоьнан куьйгалхочо Хасиков Батус йаздира, "Киевн Iедалхойн зуламаш бекхам боцуш дуьсур дац". Астрахань-мехкан губернаторо Бабушкин Игоря дIахьедира, "тхан берийн деза де мостагIашка дохалур дац" аьлла. Иштта цо хьийхира Керла шо даздечу Астраханан бахархошна, "совнах пафос, йеза салюташ, а фейерверкаш а йоцуш" дазде аьлла.
Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира хьахийра Белгородна дина тохарш регионийн куьйгалхой бистхиллачул тIаьхьа: дечкен-беттан 1-чу дийнахь, Подмосковьера Вишневскийн цIарахчу лазартне ша вахча. Цигахь дарба деш ду Оьрсийчоьнан эскархошна. "Терроран тохар ду" элира цо хилларг. Белгородера хьал бахьана долуш Оьрсийчохь тезет ца кхайкхийра, ца хьахийра цунах лаьцна Путинан Керлачу шарца бинчу кхайкхамехь а.
Оьрсийчоь "чоьхьарчу эмиграцихь"
Политолого Айсин Руслана Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь элира, Белгородана дина тохарх лаьцна дийцарш официалехь "дахдан ца лиъна" Оьрсийчоьнан Iедалхошна.
"Путине аьлла, дерриг а дика хир ду, амма вайна гуш ду, ПВО-н а, ПРО-н а йоллу системаш эшош йу украинхойн агIоно. ТIаьххьара вовшашна тохарш даро талхадо президентана аьлла хIоттийна сурт. Харжамашна кечамаш бар долийна, массарна а дика хир ду дахар, шу Iалашдийр ду ша бохуш, чIагIонаш йен Путин хIоьттинчу хьолаца ларош вац", - бохура эксперто.
Айсина карладаьккхира, тIамна оьрсийн гIаланаш кийча цахилар. Масала, Белгородан бахархоша латкъамаш бо бомбанех лоьчкъийлаш къевлина йу бохуш. Цунна хетарехь, Оьрсийчоьнан дозанаш Iалашдина дац: "Iалашдаран системаш ГIирмехь вовшахтоьхна йу. Дозанашкахь йолу гIаланаш, изза Ростов а цхьаьна, оцу маьIнехь аьлча декъех йаьккхина йу".
Дозанашкарчу регионийн губернаторш, шаьш коьрта сацамаш тIеоьцучу хенахь, "лакхахь болчара цхьаъ аларе" хоьжуш хуьлу, кхин дIа дуьйцура политолого. Цуьнан дешнашца, дозанашкарчу регионийн куьйгалхошна тIеман комендантийн бакъонаш лур йац Кремло.
Цхьана губернаторо, уггар а везачо а ур-атталла, жоьпалла шена тIелоцур дац
"Цхьана губернаторо, уггар а везачо а ур-атталла, жоьпалла шена тIелоцур дац. Уьш ладоьгIуш Iийр бу, кхерамзаллин кхеташоно, йа президентан администрацино хIун олу-те бохуш", - хета политологна.
Пачхьалкхехь тахана долу политикан хьал "чоьхьара эмиграци" хьажор ду бохура Оьрсийчоьнан арахьара а, чоьхьара а, тIеман а политикан эксперто Лузин Павела.
«ХIара цхьа йукъара эскапизм йу (вочух къахкар.-Билгалдаккхар). Массо а вехаш ву "хьала ма хьажалахь" аьллачу принципца. Цундела, Белгородца кхин бала бац. Лулахоша цхьана хIуманан ойла йина хила а тарло, амма регионна гена мел хуьлу – цигара нах шайн ма-хуьллу терго ца йан гIерта"", - боху эксперто.
Кубанера схьаваьллачу украинхойн политолого Савва Михаилна хетарехь, цхьаболу регионийн куьйгалхошна массарна гуш-хезаш дIахьедарш дан луур дацара, оцу хаттарехула Оьрсийчоьнан пропагандин коьрта тренд гале хьалха: "Маьттаза йолуш йу тIаьхь-тIаьхьа пропаганда, губернаторш кхоьру, шаьш коьрта хIун аспект кхочушйан йеза ца хууш шаьш дисарна кхоьруш".
Цул совнах, Белгородехь динчу тохарех жоьпалла ладам боццуш ВСУ-на тIехь дуьтийла йац, чIагIдо Саввас. Цо цунах кхетадо, Белгородна, дийцарехь, тохарш дина чехийн "Вампирашца" - советан заманахь хиллачу "Град! системин аналог йу иза.
"Белгородера Украинаца долчу дозанашна тIекхаччале 42 чакхарма йу И бохург хIун ду, Украинан дозанаш тIера "Вампираша" тохарш дойла йац Белгородна", - аьлла хьажам бу къамелдинчун.
Оьрсийчоьнан пачхьалкхехь долчу "Коммерсант" газето тIеман министраллера шайн хьасташна тIетевжина, йаздира, билггал "Вампирашца" а, РСЗО "Ольхаца" а дина тохарш – 110 чакхарма гена тохало уьш аьлла. Хьастан хаамашца, Харьковн кIоштан дозана тIера дина ду тохарш, ткъа Оьрсийчоьнца долчу дозана уллора, дIахьедарехь, "Вампираша»" позицеш дIатесна.
- Маца кхайкхон мега къоман йукъара тезет аьлла, Оьрсийчохь нормативан акташ дац Пачхьалкхан "РИА Новости" агенталлин хаамашца, баланан де президенто дIакхайкхочу заманчохь, тидаме оьцу "йукъараллера резонанс а, цигахь хилла зенаш а". Кху заманан Оьрсийчохь меттигаш нисбелла, Белгородехьчуд а кхин а кIезиг адам хIаллакдича а тезет кхайкхош. Масала, 1996-чу шеран гезгамашин-беттан 28-чохь тезет кхайкхийра Ростовн махкахь хиллачу бохамца доьзна. Цигахь гезгамашин-беттан 26-чохь нах тIехь болу автобус а, локомотив а вовшашна тIеттIа кхеттера.
Цигахь велира 21 стаг, шайлахь 19 ер а долуш.
- Путин Владимир пачхьалкхан урхаллехь волчу заманчохь нисделира хилла бохам бахьана долуш Керлачу шарна лерина шена къамел цо йуха йаздеш. 2012-чу шеран гIуран-беттан 29-чохь Волгоградехь эккхийтарш хиллачу хенахь дара и. 34 стаг велира цу бохамехь.
- Оьрсийчоь Украинана тIелетчхьана дронашца тохарш дира Кубанехь, Ростовн, Волгоградан кIошташкахь а. 2023-гIа шо довш Краснодаран кIоштан Iедалхоша тIедожийра меттигерчу бахархошна ПВО-н системийн белхан видеош а, суьрташ а зорбане ма йаха аьлла.