ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ток йеттийтира: ХIинжа-ГIалара полицихь тӀеман декъашхо велла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Товбеца-бутт болалуш ХIинжа-ГIалара Советский кӀоштан полисхойн декъехь кхелхина Дагестанера схьаваьлла Джабраилов Ахьмад. Бутт баьллачул тIаьхьа а бехктакхаман гӀуллакх схьадиллина дац, оцу гӀуллакхна хьалхара бан безаш хилла талламаш а болош бац, хаамбина бакъонашларйархоша. Цуьнан валаро дагадоуьйту стохка оццу урхаллехь кхин а цхьа стаг кхалхар, билгалдоккху Кавказ.Реалиин редакцица къамел динчу говзанчаша.

Джабраилов Ахьмад - 48 шо долу Украинерчу тIамехь дакъалаьцна ву, цIера Дагестанерчу Акушинан кӀоштарчу Бутри юьртара ву иза. Товбеца-беттан 9-чу дийнахь лаьцнера иза, лартIахь ца леларна, йаздира республикерчу Юкъараллин мониторинган комиссин куьйгалхочо Хадулаев Шамила. Оццу хенахь цо хаам бира, лаьцначо полисхочун куьг кагдина бохуш.

Джабраилов шен цӀахь агресси гойтуш хилла, шен ден легаш Iовда гIоьртинера иза, ткъа велла доза совдаьллачохь, хаамбора тоьшаллаш доцуш меттигерчу "Расуле хатта" телеграм-канало. Ницкъаллин структурийн белхахоша дийцира, велларг ХIинжа-ГIалин йуккъера "цIийнан тховтIехула карахь урс долуш, ведда лелара". Лаккхарчу даржхойх цхьанна а жоьпалла тIе ца дожийна.

Тобвеца-беттан 10-чу дийнахь республикерчу чоьхьарчу гӀуллакхийн министралло зорбане йаьккхира Джабраиловн дех-ненах лаьцна йаьккхина видео, цу тӀехь цуьнан нанас дӀахьедира, шен кӀант "кхетамехь вац", ша а, йа шен да а ца девзара цунна аьлла. "Полицино цхьана а кепара ницкъ бина бац цунна, цхьаммо а куьг ца айдина цунна дуьхьал", - боху ницкъахоша дӀаязйинчу видео тӀехь зудчо.

Цул тӀаьхьа оцу инцидентах лаьцна керла хаам гучубелира интернетехь: телеграм-каналаша зорбане йаьккхина полисхойн декъехь дIайазйина видео. Оцу тIехь гуш ду, полисхочо Джабраилов лаьтта охьавуьллуш, цуьнан некхан уьн тIе ког а таIош. Бертал Iуьллург гIерта ницкъахочунна мийр тоха, оцу тIехула кхечу полисхочо электрошокер йетта цунна. Иштта лаьтта хьал масех минотехь, цхьана муьрехь Джабраилов веа полисхочо лаьцна латтош ву, ткъа кхин цхьаъ оцу суьрте хьоьжуш лаьтта, новкъарло а ца йеш. Йукъа ца гIерта коридорехула дIасалеларш а, неIарех чу хьуьйсурш а.

Жимма хан йаьлча полицин белхахой кхета, Джабраилов меттах хьовш цахиларх: лацар паргӀат а доккхий, иза кхетамчу валорхьама цунна тIе когаш бетта буьйлало уьш. Цул тӀаьхьа бен ца кхайкхира ницкъахоша лоьраш, цара эххар а иза велла аьлла дӀакхайкхийра.

Талламан комитето зераш долийна, цуьнан жамӀаш цкъачунна хууш дац – бутт гергга хан йу бехкзуламан гӀуллакх долорах лаьцна информаци йоцу а. Марсхьокху-беттан 2-чу дийнахь Дагестанерчу адамийн бакъонашкахула волчу комиссаро Алхасов Запира хаамбира, Джабраилов верца доьзна гӀуллакх ша шен тергоне эцна аьлла. Цо ма-хиллара дийцира: масала, велларг "Ахмат" олучу спецназан штурман бригадехь тӀом бина хилар. Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс цкъачунна аьлла дош дац хиллачух лаьцна.

"Изза хьал"

Цхьа шой, ахшой хьалха оццу полисхойн декъехь Iазапаш хьегначул тIаьхьа велира 35 шо долу Дагестанера вахархо Далгатов Курбан а. Талламхоша дийцарехь, цу дийнахь меттигерчу шина вахархочунна юкъахь дов даьлла хиллера, герзаш деттарца дерза а доьрзуш. Дийцарехь, Далгатовс гӀо дина хилла герз тоьхначунна водуш, цундела иза теш санна лаьцна хиллера. Масех сахьтехь полицин декъахь латтийначул тIаьхьа иза йуккъерчу дарбан цӀийне кхачийнера, цигахь велла аьлла дӀа а кхайкхийра. Далгатовн гергарнаш тешна бу: полисхоша йиттина, са дукъийна цуьнан, иштта ток а йеттийтина бохура цара, цуьнан докъана тIерачу ларийн даьхначу суьрташна тIетевжина. Цара бахарехь, Далгатов могуш вара, маьршачу кепехь латарш Iамош вара.

ГIуллакх чIогIа дийца даьккхира: иза верна бехкебечу полицин декъан 11 белхахочунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даьккхира – дукха хан йоццуш кхеле дIакхачийна цуьнан материлаш. Уггар а доккхачу зуламехула ден таIзар ду – набахтехь даккха 15 шо тохар.

Шен цӀе йаккха ца лиъначу ХIинда-ГIаларчу адвокатна Далгатовн гӀуллакхца цхьатерра меттигаш го ур-атталла хаьржинчу ницкъбаран кепехь а: "Джабраилов Ахьмадан хьал а иштта ду ала мегар ду. Ницкъахоша тIехь ницкъ бечу хенахь изза хьал дара цуьнгахь а. Цуьнан букъа тIе хевщина бара уьш, когаца лаг а къуьйлуш".

Къамелдечо дийцарехь, лаьцначул тIаьхьа Джабраиловн куьйгех гIоьмаш тоьхнера, полисхошна кхераме вацара иза: "Дуьхьало ца йора цо, цундела бахьана дацара шокер лело а, цуьнан лаг Iийда а, цунна йетта а". Цуьнан хьесапашца, шайгарчу бакъонел совбевлла хилла полисхой ала тарлуш ду кхузахь.

Цкъачунна таллам бина цахиларна, хала ду ала ницкъахой бехкехиларх, йаздира шен телеграм-каналехь "Iазапашна дуьхьал Командин" куьйгалхочо Бабинец Сергейс. "Шайгарчу бакъонел а совбийлина ницкъахой олийла ду видеошка хьаьжча. Делахь а тIаьххьара а жамI талламо дан дезаш ду", - бохура цо.

Далгатовн гӀуллакх резонансе делира цуьнан доьзалан а, накъостийн а жигаралла бахьана долуш, боху шен цӀе йаккха ца луучу Дагестанерчу журналисто: "Нагахь веллачун гергарчеран принципиалан позици ца хиллехь, тӀаккха и гӀуллакх тесна дуьтур дара, цхьа ларамза хилла хIума санна".

Цунна хетарехь, Джабраиловн нанас нахана хьалха ницкъахой жоьпаллех мукъабохуш дина къамел, и зуда галъйаьккхина хиларца доьзна ду: "Хетарехь, лецна нах латточу чохь дIайазйина видеош цунна ца гинчух тера ду. Нана стрессехь йара, цо шега полицино дийцинарг йуха дуьйцура. И зулам хиллачу меттигехь йаьхна видеош йаьржинчул тӀаьхьа гучуделира, дерриг а иштта шера цахилар".

Далгатов веллачул тӀаьхьа Советан кӀоштан чоьхьарчу гӀуллакхийн декъан иттаннаш сов белхахой жоьпе озийра. Амма, коьртачу декъана, ницкъбарца долу хьал хийцаделла дац, бохуш дуьйцу шен цӀе къайлайаьхьначу кхечу дагестанхочо. "Лакхарчу даржхойх цхьа а жоьпе ца озийна", - аьлла, дерзийра цо шен къамел.

  • Дагестанан Лакхарчу кхело полисхой хиллачу Адалов Гасанна а, Юнусов Магомедана а набахтехь тоьхна хан 4 шарера кхаа шаре кхаччалц лахйира. Уьш бехке бина Дербентера вахархочунна Амаханов Темирханна йеттарна.
  • Дагестанан Лакхарчу кхело 800 эзар барамехь компенсаци хIоттийра Дербентан вахархочунна Амаханов Темирханна, цунна полисхоша йеттарна. Юьхьанца Амахановс пхи миллион дехнера, ткъа хьалхарчу инстанцин кхело 400 эзар бен ца кхачийра цунна.
  • Дагестанехь 2023-чу шарахь таIзар дира шайгарчу бакъонел совбийларна ницкъаллин структурийн веа белхахочунна - шо хьалха оццу артиклца таӀзарш дира итт кхерамазаллин белхахочунна, аьлла ду Кавказ.Реалии сайто теллинчу официалан статистико.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG