ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ца лалун тергам латтабора". ГIалгIачо Яндиева Маринас дуьйцу цIера шен йадарх а, цуьнан тIаьхьенех а


Яндиева Марина
Яндиева Марина

ГIадужу-бутт бовш дийца даьккхира ГIалгIайчуьра Яндиева Мадинех лаьцна: ницкъ бора шена тIехь аьлла, денцIара йеддера йоI. 2016-чу шарахь а гергарчех дIахаьдда цIера дIайахара иза, амма хIетахь шога Iуналла а деш, гергарчара йухайалийра иза, йуьйр йу шаьш "сий лардеш" баьхна а хиллера.

Йуха йадар йоIана дирзира цуьнан гергарчара "Iазапашна дуьхьалойаран Командин" Къилбаседа Кавказера филиалан юристана Аламов Мохьмадана кхерамаш а туьйсуш. Махкара арайолуш цо гIо дина хиллера Яндиевана, цунах лаьцна хууш хIума а доцуш. Амма хIетте а йоьIан наха жоьпалла бакъоларйархочунна тIедожийра, нагахь санна, Марина йуха ца йагIахь шаьш иза а, цуьнан доьзал а хIаллакбийр бу аьлла кхерамаш тесира. Цкъачунна шаьш дийр ду бохург кхочуш ца дина цара, ткъа йеддачу йоьIан маршонехьа а, кхерамзаллехьа некъ хIинцца бен болабелла а бац

Кавказ.Реалиин журналисто къамел дира Яндиева Мариница, денцIах набахте муха хуьлу, консервативе доьзалера йада гIортарх а, гIалгIайн йоьIан Iалашонех а.

– Дийцахьа хьайн доьзалехь хиллачу девнах лаций.

– 201-чу шарахь Москвара лакхарчу доьшийле дIахIоьттира со деша, йижаршца Iаш йара со. 2015-чу шарахь сан дов делира деца-ненаца, аса элира, суна царах дIа а къаьстина, сайнна йаха лаьа. Сайн дине болчу хьежамех лаьцна а дийцира аса хIетахь. Ненан агIор оьгIазалла гIаттийра цо. Сан доттагIаша а, аса йуьхьарлаьцначо а, литературо а суна Iаткъам бина аьлла, кхетийра цо.

Суо чохь ца йуьтура со, ванни чохь а неI къовла йиш йацара сан

Соьгара массо а хIума схьайаьккхира, сан доттагIашца зIене бевлира, цкъа мацах сан уьйраш хиллачу. Масех шо хьалха деша хIоттарх лаьцна аса къамелаш динчаьрга а цхьаьна йаздира. Массаьрга а дIахаийтира, соьца кхин дIа зIене ма довла бохуш. Дера къамел дора цара – кхерамаш а туьйсуш. Со Iадийнера цо: консервативе болу сан доьзал, цкъацкъа уьш чIогIа прогрессиве хетара суна.

– Со нийса кхетахь, ненаца хиллачу девно ойла гIаттийр-кх хьан режиссурехь деша?

– Нийса ду, кеп-кепара бахьанаш вовшахкхеттера, хIара дара аьлла, цхьаъ къаста ца ло соьга.

– Хьоьца Iаш хилла йижарий хьуна тIе ца хIуьттура?

– Йуьхьанца ден-ненан агIор бара уьш. Суна чIогIа лазаме дара и: суна моьттура, тхо вовшашна чу са диллина ду

Сан доттагIашна цара кхерамаш тийсинчул тIаьхьа, ойла хилира сан доьзалх дIакъаста. Цул тIаьхьа сан нанас тхан гергара нах схьагулбира, тIаккха дIахаийтира со исламан дин лардеш йоцу дикка хан а йу аьалла. ТIаккха сацам бира цара Подмосковьехь со йига экзорцизман практикашна. Цхьа коммерцин хьукмат йара и, цунах лаьцна йаздира "Комсомольская правда" газето а (газетин текстехь корректе йоцу комментареш йу, доьзалехь гIело латточу зударех лаьцна; оха ца хьоьху билгалйаьккхина материал йешар, и тема шуна лазаме йелахь. – Редакцин билгалдаккхар), хIунда аьлча, меттигерчу бахархоша аьрзнаш динера оцу "ритуалашна".

Дукхахберш зударий бара цига балош берш, цхьаберш месаш тIера а лоций текхош хуьлура. Психикаца лазар долу билгалонашца берш а хуьлура царлахь, репродуктиван сферехь чолхаллаш йерш а нислора.

"Iадат" лелочу хенахь масаьрга а бIаьргаш дIакъовлуьйтура: суна масийттазза дов дира, бIаьргаш схьа а боьллий, гонах хуьлучуьнга со хьоьжуш Iарна. Суна гира, цхьана зудчуьнга гоьна тIе охьайижа элира, цул тIаьхьа оцу стага цуьнан лога тIе мийр таIийра. ЧIоггIа цхьаъ доьшура цо, зуда дуьхьал тийсалора: гонах болчара олура, жин ду цунна чохь.

ТIаккха сан рагI тIекхечира. Со кхетара, дуьхьало йича цара хIун до. Сан лога тIе ког теIабора, эххар а кхетамчуьра йелира со. Меттайалийра со, оцу чуьра тIаккха ара хьаьдира со. Аса дуьхьало ца йарна, сан нене элира "жин дац" цуьнца, хьийхира "хи меладе" аьлла. ТIаьххьарчу шина шарчохь аьтто хилира сан оцу чевнах меттайан.

– Цул а хьалха дас-нанас, йа гергарчара къизаллаш лелайорий хьоьца?

– Сан нана диктатор йу, компрмиссе йоцуш, амма цо цкъа а суна тоьхна йац. Дас агресси лелайора соьца.

– Хьайн дуьххьара йадарх лаций дийцахьа. Хьан гIо дира хьуна йодуш?

– Инцидент ["экзорцизмаца"] триггер йара, цул тIаьхьа со кхийтира, сайн доьзалца цхьаьна хила сайна цалаарх. ЦIера дIайахара со, сайн доттагIашкахула карийра суна доьзалехь ницкъ бинчарна гIо дечу центрах лаьцна. Амма оцу хеначохь юридикехь царна гIо латтош цхьа а вацара.

ДIахьедарна куьйгаш йаздина 28 теш вара, цара тIечIагIдира, со лачкъош гина хилар

Тахана кхуьуш йу бакъоларйаран агIо, 2016-чу шарахь оцу кепарниг дацара. Со кхетара, цкъа мацца а со карор йуй царна, со хIуммаъ а ца деш Iахь. Оцу заманчохь болх беш хиллачу бакъоларйаран организацешка телефонаш йеттара аса, амма соьга ладогIа реза хилларш бара "Гражданское содействие" комитетан белхахой. Со пачхьалкхера арайаккха план кечйан дуьйладелира тхо, амма и кхочуш йан аьтто ца белира – со схьакарийра.

Арахьарчу пачхьалкхашкахь лела паспорт дара сан, амма со ца хIуттура виза йаккха документаш чудала, тIаккха со гучуйала тарлора. Виза ца оьшучу мехкашка йаха – гуттар а кхераме ду. Сан доьзал чIогIа таронаш йолуш бу, суна хаьа церан ресурсех - цундела гергарчу мехкашкахь социйла дацара.

– Дуьххьара йеддачул тIаьхьа полицицга йелирий хьо?

– ХIаъ. ДIахьедарна куьйгаш йаздина 28 теш вара, цара тIечIагIдира, со лачкъош гина хилар. Цара йита а ца йитина, сайн гергарчаьрца лаа а лууш цIа йахна со ала декхаре йира со, амма сан доллу дегIа тIехь а, йуьхьа тIехь таммагIаш дара. Цабашарца санна элира полисхоша хьуна ницкъбина аьлла, цхьа а бахьана ца го шайна, тIаккха дIабахара уьш.

– Йеддачул тIаьхьа цIахь муха бара хьоьца?

– Хиллачух лаьцна дуьйцуш, аса олура со дIайахийта. Суна кхерамаш тийсира, "сий лардеш" шаьш йуьйр йу аьлла. Со дийна йуьтуш сацам бар чIогIа сох къинхетам бар ду бохура, нах бу бохура, со йен а йийна, гIуллакх дерзон лууш. Амма шаьш чIогIа "къинхетаме" ду, шаьш со йейта реза дац бохура.

Цхьана колонихь Iар санна хIума дара и. Хьалхара масех шарахь чIогIа тIера бIаьрг ца боккхура суна: суо чохь ца йуьтура со, ур-атталла ванни чу йахча а неI къовла йиш йацара сан. Кхин дIа жимма аттачу делира сан дахар, амма соьгахь йа телфон а, йа компьютер а йацара, суо арайаьлла цхьанхьа а йаха йиш йацара. Доза тоьхнера сан контакташна.

Йуьхьанца нанас терго латтайора аса йоьшучунна а, ладугIучунна а, тхан библиотекера книга оьцуш а цуьнгара пурба оьшура суна. Балха тIехь суна тIехь терго латто цаторийла йацара: ГIалгIайчохь дешна йаьлла, сайн ненаца цхьана кабинет чохь терапевт йара со.

– "Экзорцизман" сеансаш кхин йирий хьуна?

– Кхин а масийттаза йигира со тайп-тайпана нахана тIе, амма цхьа инзаре хIума дара и. Хьо лаьтта охьа а йиллина, хьан гай тIехула куьйгаш хьекхар – чIогIа вон хетара суна. Амма са ца дукъадора, баркалла цунна а.

– Хьайн деца-ненаца къамел дан ца гIуртура хьо?

– ТIаьххьалц гIиртира, амма сан доьзалца монологаш бен хила йиш йац – цара бен къамел ца деш.

– Оцу хеначохь цхьанхьара а гIо дарий хьуна?

– Кегийчу бераша [гергара долчу] чIогIа гIортор йора суна. Со кIелхьарйоккху контакт йара и. Цхьана хеначохь, сайн дега, нене хIуммаъ а ца бохуш со Iачу хенахь, цхьа пассиве дирзинера тхо. Геграчьарца йозуш йара со, амма чевне дара и суна. Ткъа берашца хабарш дуьйцуш сан самукъа долура.

– Муха аьтто хилира хьан рогIера йада кечам бан?

– Тоталан контроль тIехь латтон масех шо даьлча, сан аьтто белира нехан зIенан гIирсех пайдаэца, интернете йала. Амма чIогIа са ца тохалуш дара хьал, эмоционалехь къаьсттина хала дара суна. ТIаьххьалц тешаш йацара со, со йодур йу, тахана а тешаш йац хиллачух. Со некъан чакхенна чIогIа гена йу.

Хийрачу стагана оцу наха кхерамаш тийсаро, тIаьххьара тIадам биллира тхан йукъаметтигашкахь

2022-чу шарахь телефон эца аьтто белира сан. Аса йаздира "СК SOS" [бакъоларйаран тобане], цара соьгахь латточу хьолан тоьшаллаш оьшу шайна элира, доцца шаьш муха гIо дийр ду а дийцира. Цхьана баттана дIайайра со, тIаккха йуха а бакъоларйархошца къамеле йелира: айса сайна тIе куьйгаш хьочу хьолехь хуьлура со, кхеташ йара, цигахь йиса лууш йацара со.

– Йуха хьуо йедча, шун гергарчара бакъоларйархочунна Аламов Мохьмадана кхерамаш тийсича, хIун ойла хилира хьан?

– ГIадужу-беттан 23-чу дийне кхаччалц, Аламовс сан наха шена ультиматум хIотторах хаийтталц, аса чIогIа сагатдора сайн ненан могушаллина, хIара дерриг сан доьзална муха доьрзур ду-те бохуш, суо бехке хетара суна. Кхерамаш тийсинчул тIаьхьа со кхийтира, доьзалца йолу сайн йукъаметтиг дIахаьддийла. Со йоьллера цара сайца лелочуьнца. Амма хийрачу стагана кхерамаш тийсаро тхан йукъаметтигашкахь тIадам биллира.

ЦIа ца йаха айхьа бинчу сацамах шеконаш хуьлурий хьан?

– Аламовна кхерамаш тийсарх сайна хиъча, аса сацам бира, цIа йаха. Амма кхечу нехан йукъагIортарца со кхийтира, и дика доций.

– Кавказера зудабераш цIера довдар аьттонца дирзина меттигаш хаьий хьуна (интервью хилале хьалха Маринас дийцинера, доьзалера йедда гIалгIа Зурабова Фатима Эрмалойчохь лацарна саготта йу ша аьлла)?

– Бовда а гIоьртина, цул тIаьхьа йухабигина йоьIарий суна сайна бевза. Аьтто хилларш суна ца бевза, со башха дукха нахаца зIенехь а йац.

Оцу кепарчу инциденташа латтош йу со. Цаьргара аьхна агресси оьцу аса. Муьлххачу кепехь а ницкъбарна дуьхьал йу со. Амма Зурабоваца хилларг нисделлачул тIаьхьа со кхета, цунах лаьцна дийца деза.

– ХIинца а хьуна жоп ца ло хьан дас-нанас?

– Йуьхьанца дуьйна а реза бац уьш къамеле бовла. Дукхазза гIиртира со цаьрца зIе таса, кехат а дитира аса царна. Сайна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даьккхинийла сайна хиъча аса йуха а телефон туьйхира цаьрга, амма сан дейижарша цхьа ши дош элира соьга.

– Массарна а хезаш хьайн нахе йистхила лаьарий хьуна?

– Сайн гергарчаьрга аьлча а, шаьш маьрша даха дитахьара бохучу зударшна тIаьхьабевлла лелачу массо а нахе йистхила лаьара суна. Суна ала лаьа, доьзал ницкъ ца беш, гIело ца латтош кхолла а мега. Безамна тIехь кхоллалуш йу уггар а онда уьйраш, шаьш цунна гунахь дацахь – и адам маьрша дитийша.

– Хьайн некъан чакхе муха го хьуна?

– Документашца дуккха а халонаш йу сан хIинца, уьш ца хилча а, со кхеташ йац, суо кхерамзаллехь суна стенгахь хетар йара. ЦIе хийца йиш йу, амам суна ца лаьа лечкъаш лела. Дуьххьал дIа къамел дан лаьа суна, цхьаммо йийца ма йезий Къилбаседа Кавказера уьдучийн проблемех лаьцна.

ТIаьхье го суна, жимма паргIатйаьлла, цаьргара гIо эшахь, бакъоларйаран органийн белхахой сайгахьа бевлча. Амма цкъачунна суна ца хаьа, маца, муха и хир ду.

  • Гергарчу наха арз дина лецира Эрмлойчохь 21 шо долу гIалгIайн Кантышево йуьртара Зурабова Фатима – шен доьзалера ницкъбарна йедда хиллера иза. Хеттарш дан веанера цуьнан деваша – цо дехарш дира 21 шо долчу вешин йоIе цIа йола бохуш, "берана" гIо динчаьрца "йистйоккхур" йу ша а бехира. Кавказ.Реалиин сайто дуьйцу Зурабова Фатимех лаьцна хууш долчух.
  • Къилбаседа Кавказера ЛГБТК-адамашна шаьш мел а маьрша хета Оьрсийчоьнел арахьа. Даймахкахь уьш лоьцу, царна тIехь гIело хьоьгу, сисйсазбо, конверсин терапи лелайо царна тIехь. Кавказ.Реалии сайтан корреспонденто къамел дира, кавказхойн квир-персонашна Европан мехкашкахь тховкIело йоккхуш гIо дечу немцойн организацин куьйгалхочуьнца Чайка Эвелиница.
  • Доьзалехь ницкъбар –Къилбаседа Кавказехь уггар а коьртачех а, кест-кеста нислучех а проблема йу. ТIаьххьарчу шерашкахь республикашкара девддачу зудаберах лаьцна хууш ду; бертаза йуха бигинчул тIаьхьа, кхин зIене ца бовлу уьш. Ишта нисделира, масала, Нохчийчуьра Сугаипова Заирица а, Тарамова Хьалиматца а, Исмаилова Селимица а, Сулейманова Седица а.
  • Къилбаседа Кавказехь доьзалехь гIело хьоьгуш хилла нах арабахарх лахьан-баттахь Ad Rem проекто рапорт зорбане даьккхира. Церан лараршца, доккхачу декъанна, орца доьхург 18-30 шераш долу зударий бу, марехь болуш, йа хиланза. Орца дехаран дуьххьара бахьана – доьзалехь йеттар, цул тIаьхьа ненера бераш схьадахар а, уьш цунна ца гайтар а ду, цул тIаьхьа "сий лардеш зуда йер" олург ду. Иштта докладехь дуьйцу, зударшна тIехь психологин ницкъбар даржарх, динехь йу боху практикаш цаьрга лелайайтар, ницкъахой тIаьхьбевлла лелар а, сексуалан ницкъбар, бертаза маре йигар.
XS
SM
MD
LG