ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цаьргахь ницкъ бу, Iедал ду": Къилбаседа Кавказера тутмакхашна тIехь Ульяновскера набахтехь ницкъбар


Колонира тутмакхаш. Гайтаман сурт
Колонира тутмакхаш. Гайтаман сурт

Дагестанера а, Нохчийчуьра а, Узбекистанера а бусулба дин лелочу пхеаммо дIахьедина, Ульяновскера набахтин белхахоша шайна тIехь гIело латторах, динца доьзна шаьш сийсаздарх. Чохь бахкочара дийцарехь, нуьцкъаша мажош йаьшна церан, динан литература дIайоккху, ламаз ден кузаш а ца дуьту, шаьш бохург ца дахь, йетта шайна аьлла. Оцу кепара бусулбанашца лелар даьржина хIума ду Оьрсийчоьнан пенитенциаран хьукматашкахь, билгалдоккху бакъоларйархоша. Ткъа делах тешачийн дог-ойла аьшнашйарх лаьттачу артиклах пайдаоьцу жигархой лоьцуш.

Товбеца-баттахь Къилбаседа Кавказера мехкашкара набахтехь хан токхучу масех стеган гергарчара гIо дийхира "Гражданское содействие" проекте. Цара дийцинера Димитровградера набахтен белхахоша шаьш бале лацарх. Адвокатехула арз хьажийнера цара прокуратуре – жоп тахана а кхаьчна дац. Тутмакхаша шайга даийтина кехат Кавказ.Реалиин редакци кхачийра бакъоларйархоша.

"ШИЗО-н камери чохь вара со (гIуданан изолятор – Редакцин билгалдаккхар.), йалх гергга набахтен белхахо чувеара, йа командировке баьхкинарш бара а ца хаьа, суна хIинццалц схьа гина нах бацара уьш. Дера тIе а чийхаш, маж йаша элира цара соьга. 9 миллиметр барам магийна бу чохь, ткъа месаш 20 миллиметр", - чIагIдо таIзар токхучу Къилбаседа Кавказера цхьаммо. Шена а гина бохура цо, бертаза мажош, месаш йаьшна нах.

"Йукъ-кара" бошу цара корта а, маж а. ЧIогIа маьттаза хуьлу иштта. Цхьанна а ца лаьа оцу кепара лела. Цундела айса йешира аса сайн маж, ткъа меттигерчу парикмахеро цхьа мас ца йуьтуш, цIенна дIабешира корта", - кхин дIа дуьйцу къамел дечо.

Кхечу тутмакхо хаамбинера адвокате, товбеца-беттан йуьххьехь, шаьш лийча хьовийча, колонин белхахоша лаца а лаьцна, нуьцкъаша маж йешира шен аьлла.

"Шун бакъо йац и дан, аса аьлча, со сийсазвора, тапъалий Iе, ахьа нах байина бохуш. И бакъ дац. Цаьргахь ницкъ а бу, Iедал а ду. Шайна дагадеънарг до цара. Динца доьзна харцонаш лелайо соьца а, кхечу тутмакхашца а. ДIадоху тхоьгара куьйгайаздина КъурIана йукъара айаташ, иштта динах лаьцна жайнаш а, ламаз ден кузаш а. Могушаллица доьзна суна боккхо куз оьшу, жимачунна тIе ца тарло со. Кхечу бусулбанашкара-м кисанахь лелон кузаш а цхьаьна дIадоху", - охьадагардира цо.

Йуха дерзина а даьхна, парикмахер кхайкхина, мажош йешира тхан

Когаш тIе а, жаннаш тIе а йеттара тутмакхашна, билгалдоккху шен дIахьедаршкахь кхин а цхьммо: "ТIаккха дерзина дехира тхо, парикмахер схьа а кхайкхина, бертаза мажош а, коьртеш а дешира. Лелон магочу барамехь уьш хиллашехь".

И доцург а, тIетуьйхира цо, ФСИН-н белхахоша дIакхуьйсу тхан хьалал йуург, аша "шайна луш йолу хьакха йаа йеза" бохуш.

"Шайн ма-хуьллу сийсазалла лелайора цара тхан динан ойланашца доьзна", - дерзийра бусулбачо.

ВоьалгIачу тешо дуьйцу: набахтен бани чохь коьртеш дошу машинка йара латтош, чохь лелон магочу барамахь тIедохку арсаш а долуш. Цо чIагIдо, ФСИН-н белхахоша хIуьттаренна тIедохку арсаш кегдора, бусулбанашка иза лела ца йайта.

"Динмухаметов Iамира кегдора арсаш. Хьаккхий месаш а, маж а дIайаша бохуш, тIедожийра цо. Дуьхьал хилира со и дан, цо сан бакъонаш хьоьшура, тIаккха сан куьйгаш тIехьа а дахийтина, сан бетах и машинка йиттира. ЧIогIа лазавора со, цIий доладелира. Са ца тохалора соьга, тIаккха элира айса йошур йу аса", - далхадо тутмакхо.

Iазап хьегийтарна тIе тидам озош, протест йеш ирбина сара шен пIендарш йуккъе бахийтира цо – ворхI сантиметр чубахана хиллера и. Димитровградан дарбанан цIийне вигира иза, цул тIаьхьа йуха а колони схьавалийра.

Оцу хьелех лаьцна Кавказ.Реалиин редакцино телефон тоьхнера Димитровградера набахтен администрацига. Шайн хьукмато цхьана а тайпа комментареш луш йац элира белхахочо, бусулбанашна тIехь гIело латторах лаьцна хаьттича.

ТIеман йилбазмохь Нохчийчохь

Дийнахь пхоьзза ламаз дар, цуьнца доьзна ламаз эцар, мархийн бут кхабар – таIзарш токхучу бусулбачийн уггар а коьртачех проблемаш йу уьш аьлла, билгалдаьккхина "Гражданское содействие" проектан аналитикан рапортехь.

Масала, мархийн баттахь бусулбачийн хIума йуийла ду малх буьзначул тIаьхьа, ткъа колонира низамашца оцу хенахь дIабуьйшу хан хуьлу, йуург лелор дихкина ду. Цундела динан тIедахкарш леррина кхочушден бусулбанаш меца буьсу.

Нохчийчоьнан Iедалхоша, ша "дин Iалашдийриг ву" бохучу куьйгалхочо, официалехь дуьххьара а тIаьххьара терго йира оцу латкъамийн 2017-чу шарахь. ХIетахь нохчийн омбудсмен Нухажиев Нурди вистхилира Иркутскан кIоштара ФСИН-н урхаллин хьаькаме. Цуьнан бахьана дара мархийн бутт кхаба дагахь хилларш гIуданан изолятор чу бохкар. Оцу йукъанна, колонишкахь бусулбанашна тIехь гIело латтийна меттигаш дуккха а бу, амма тергамза буьту уьш.

Динан буха тIехь репрессеш лелоро 2020-чу шарахь бунт гIаттийра Мордовера номер 5 йолчу колонихь. Саратовера номер 1 йолчу дарбанан цIийнехь Iазапаш лайначарлахь бара Къилбаседа Кавказан мехкашкара бахархой а. ТIаьххьара хиллачех ду - Оренбургера номер 9 йолчу колонихь хан йоккхучара дина дIахьедар, марха дастар даз ца дойту шайга аьлла. Цара бахарехь, исламера уггар а дезачу дийнахь ламазан чоь дIакъоьвлинера церан набахтехь.

Оцу кепара бусулбанашца лелориг цхьа система йолуш санна ду, къаьсттина хIуттаренаш лелайо Къилбаседа Кавказера схьабевллачаьрца

2022-чу шарахь а цхьаьна кхечира Димитровградера набахтера арз, дагадаийтира Къилбаседа Кавказера тутмакхашна гIо латточу "Гражданское содействие" программин координаторо Титиев Аюба. ХIетахь ГIалгIайчуьра а, Нохчийчуьра а бIе гергга чохь бахкочу наха мацалла кхайкхийра, йетташ, хьийзочу шайн махкахошна тIехIуьттуш.

"Оцу кепара бусулбанашца лелориг цхьа системехь санна хIума ду, къаьсттина хIуттаренаш лелайо Къилбаседа Кавказера схьабевллачаьрца. Исламофоби йаржаран коьрта тоьшалла ду – бусулбачийн бакъонаш хьешар тергамза дуьтуш хилар. Массарна а хезаш, Iедалхошкара жоп доцуш ду", - боху эксперто.

ФСИН-о Iаткъам бо муьлхха а резабоцчарна – шайн бакъонаш Iалашйайта хьийзачарна, йа цхьана кепара дуьхьало йечарна, дуьйцу оцу тайпа гIуллакхашца белхаш бинчу Мордовера адвокато Ашимов Марата.

"Иштта массаьрца а бу уьш, ткъа бусулбанашца доьзначохь, царна тIеIаткъам бан, и стаг чуьраваккха гIирс бу церан. Цу тIе дукхахболу белхахой уьш къона болуш Нохчийчуьра тIамехь дакъалаьцна бу, контртерроран операцешкахь а цхьаьна, церан цабезам бу Кавказера схьабевллачаьрга", - элира цо.

Къамел дечо билгалдоккху, набахтехь хан токхучу Къилбаседа Кавказера бахархойн кхетамехь сий, йахь бохург чIогIа деза ду, ткъа сийсазаллина уьш дуьхьал тийсабаларо эргIад оьхуьйту ФСИН-н белхахой.

Мийрашца хьешна КъурIан

"Тутмакхийн бакъонаш ларйар" фондан юристо Гельмель Янас охьадагардира Свердловскера колонишкахь бусулбанашна Iаткъам бина шена девза масалш. Кхуо Iалашвечу цхьанна ламазана тIехула гIуданан изолятор чохь даккха 15 дей-буьйсий хан тоьхнера. Оцу хеначохь цуьнан сурт даьккхинера ФСИН-н белхахоша, цунах бахьана хилира раж йохийна цо аьлла, иза бехкеван.

Тутмакхна питана деш, инспекторо ког баьккхинера цуьнан ден КъурIанна тIе

"Кхин цкъа хилларг – иза маьршаваккхале хьалха, цунна питана деш, инспекторо ког баьккхинера цуьнан ден КъурIанна тIе. Адамаш къестон ца лаьа суна, амма бусулбанаш чIогIа лардо шайн дин, оцу тIехула царна провокаци йан атта ду. Кхузахь а тутмакхе са ца тохаделла хиллера, иштта керла гIуллакх дуьхьал доккхучуьра велира иза. Цундела ницкъахоша хIуьттаренна, ган а гойтуш, мийрашца хьоьшу КъурIанаш, куьйгайаздина доIанаш, кхинйолу исламан атрибутика, бусулбанаш сийсазбархьама", - дуьйцу Гельмеля.

Ульяновскан а, Саратовскан а кIошташкара, Адыгейра, ГIалмакхойчуьра, Мордовера колонешкахь бакъонаш хьоьшуш хиларх дIахьедарш кхочу, дагардира адвокато Алиева Азас.

"Оцу латкъамашца тхо урхалле девлча, низамаш дохийна цхьа а меттиг бац олура. Амма кхузахь гуш ду, дин лелон маршо йелла Оьрсийчоьнан Конституци а цхьаьна йохийна хилар, делах тешачийн дог-ойла сийсазйарна Iедалан къепехь таIзар деш хилар а тIехтесна. И дерриге а- КъурIан а, ламазан кузаш а схьадахар, нуьцкъаша мажош йашар, марха ца кхабийтар, ламаз цадайтар – йеккха провокаци йу", - тешна йу юрист.

Алиевана хетарехь, колонешкара нормативан акташкахь а, низамашкахь а хийцамаш бан безара, хIора делах тешачун бакъонаш ларйайта, и ца дахь, ФСИН-н белхахоша шайна хеттачу кепара туьдур ду уьш, репрессеш лелон уггар гIорасизе дерг а хоржуш.

  • Оьрсийчоьнан колонишкахь бусулба тутмакхаш хьийзош хиларх дийцира Кавказ.Реалиига Gulagu.net проект кхоьллинчу Осечкин Владимира а, Гарвардан университетан Iилманийн докторо Миронова Верас.
  • Стигалкъекъа-беттан 27-чохь бюджетан белхахой а, студенташ а Соьлжа-ГIалахь митинге гулбира – цхьабоса долчу плакаташца тIеийцира цара 19 шо долу студент Журавель Никита. Автозак чохь валийнера иза Нохчийчу. Журавель бехкевира Волгоградехь КъурIан дагорна, цуьнан гIуллакх Нохчийчу дIаделира, махкара бахархоша дехарш дарна. Кавказ.Реалиин редакцино эксперташца йукъахь листира, Волгоградера студентана тIехь кхел йар, Украинана дуьхьал беш болу тIом нийса бу аьлла, хетийтина ца Iаш, Оьрсийчуьра бусулбанашлахь а, цул арахьа а дош лелаш ву Кадыров аьлла, дIагайтар санна хир ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG