ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цамагийна хиджабаш, телефонехула зулам дийраш. Муха лоьху Нохчийчуьрчу пропагандо "украинхойн лар"


Соьлжа-ГIaла
Соьлжа-ГIaла

Украинехь тIом болабелчхьана, Нохчийчуьра Iедал-пропагандин доккхах долу дакъа Украинина дуьхьала бечу балхах лаьтташ ду. Боьдуш тIом болуш Iедалхоша Iуналла дечу медиа-гIирсашна а, шена Кадыров Рамзанна а муьлххачу хиламехь а "украинхойн лар" карайо. Республикехь дIахьочу Украинина дуьхьала дIахьо пропаганда муьлхачу тIегIан тIехь йу хоьттуш, эксперташца къамел дира Кавказ.Реалии сайто.

Тоьшаллаш доцу бехкаш

Дечкен-беттан чакхенгахь Оьрсийчохь бусалбанийн бакъонаш охьатаIайарехь Кадыровна "Украинин тIеIаткъам" хаабелира. Бусалба йижаршна дешаран меттигашкахь хиджаб ца лелайойтурш "украинхойн фашизман декъехь" бу, элира цо. Кремлана муьтIахь болчу СМИ пропагандистийн гIирсаша санна.

Тидаме эца догIу, кху тIаьхьарчу шерашкахь Оьрсийчохь бусалбанийн бакъонаш эшош мел хилларг "украинерчу къелонашца" ца доьхкура Кадырова. Иза тIом болабаларца дагадан доладелла цунна. Цига дIаэхийта "лаамениш" цатоарца цхьаьна. Оьрсийчоьнан чугIортар шайн ма-хуьллу бехказадаккха лууш болчу Iедалхойн рогIера бехказло хилира цу хиламах. Кадыровна а, цуьнан Iеламхошна бен девзаш доцу "исламо тIедиллина" декхар ду цигарчу тIамехь дIадахьа дезарг.

Цу кепара Кадыровс лаамаза шен хьаькам Валадимир Путин бехкевар санна нисло-кх и дерриге. Путин а хуьлу тIаккха "украинхойн фашизмаца" цхьаьна. Хьалхо пачхьалкхан куьйгалхочо а аьлла ма дара, исламехь зудчунна хиджаб лелор тIедиллина дац.

ДIадаханчу шеран марсхьокху-баттахь меттигерчу пачхьалкхан медиа-гIирсаша дийцира кхин цхьана "украинхойн национализман" масаллах. Москварчу ЖК "Мосфильмовский" берийн майданехь - камераша лецира, адвокат Герасимов Павла шен кIанте кхечу кIантах тасало бохуш. Важа йалх шо долу нохчийн кIант Солтаев Докка вара.

"Кхечу къаьмнашца гамо хиларна украинхойн адвоката йалх шо долчу нохчийн кIентан легаш Iийдина"- иштта хаам бира "Грозный" госканало. Меттигерчу Iедалан медиа-гIирсаша цхьатерра бинчу хаамашкахь уггар чIогIа тидаме лаьцнарг, и адвокат муьлхачу къомах ву бохург дара. ТIаьхьо телеканало репортаж йира, цу адвокато шен легаш муха Iийдира Доккига дийца дуьйцуьйтуш. Амма дийчинчун цхьаьллиг цхьа тоьшалла дацара.

Шаьш банкан белхалой ду бохуш, нах лебарца телефон-жоьлгалла лелочаьргахь а хаайелира Iедалхошна "украинхойн лар". Кху тIаьхьарчу шерашкахь Оьрсийчохь телефонашкахула курхалла лелийнарш а Украинера схьалуьйш хиллера, чIагIдеш дуьйцура "Резонанс" пропагандан-программехь Нохчийчуьра бакъонашларйархошна хьалхаваьллачу Солтаев Мансура а, Кадыровн пресс-секратарь волчу Вахидов Iилмана а.

"Хаамашца Оьрсийчоьнна тIелатар" леринчу цу программехь спикерша "лерина кечйинчу украинхойн колл-центрех лаьцна" дийцира. Уьш хилар цхьана талламо гучудаьккхина хиларах а. Амма и къамелаш а цхьа бух, тоьшалла доцуш дисира.

Дечкен-беттан 16-хь шен инстаграмехь кхин цхьа харц-хаам бира "Грозный" ЧГТРК-канало. Йуьйцуш йерг цхьана зудчо дIайазйина аудио йара. Зудчун озаца цхьамма берана деш хьехарш долуш. Сихха газ-пешан йерриге конфоркаш схьа а йеллий, хьайн чу дIагIо цхьана шина сахьтана. "Оьрсийчуьра берашна Украинера кхераме хаамаш эхийта болийна" бохучу дешнашца кечйинера и пост.

Диъ шо хьалха дIайазйина и аудио дуьххьара 2018-чу шарахь Казахстанехь йаьржира. Цу хеннахь меттигерчу Iедалхоша цхьа харц-хаам бу, аьлла йитира и. "WhatsApp мессенджерчухула бер Iехадина, цуьнга кхераме дерш дайта, цхьамма яржийна, аьлла дийцира хьукматан векало.

Кху деношкахь Кадыровн уллорчу накъосташа цхьатерра йаржийра тIеман духарца волчу цхьамма КъурIанан йозанаш тIех долу кехаташ дагор гойту видео. Нохчийчоьнан куьйгалхочо цу видео тIехь берш Украинин тIеман ницкъийн салтий бу, элира. Иштта кхин цкъа а оьрсийн пропагандина тIе а хIуттуш.

ВСУ-н стратегикан-коммуникацийн урхалло а, стратегикан коммуникацийн, хаамийн кхерамазаллин центро а шайн телеграм-каналехь хаам бира, и видео - леррина хIоттийна йу, оьрсийн агIонан "бакъйолу фейк" йу, ВСУ бусулба пачхьалкхашна хьалха йемал йархьама, кечйина йу аьлла. Цунна тоьшалла до видео тIехь болучеран акценто а, церан украинхойн маттаца хезачу гIалаташа а.

Украинехьа летачу Шейх Мансуран цIарахь нохчийн батальонан хиллачу пресс-секретаро, блогера Белокиев Ислама шен видео-къамелехь дийцира, и видео цхьамма леррина йина йаржийна йу, и йаржор уггар чIогIа оьшург оьрсийн агIо а йу.

ЛартIерчу хоршера даьлла хьал

"Украинхойн лар" хьехош йина фейкаш схьаIехарца бусулбанийн бакъонаш хьоьшу оьрсийн Iедал "цIандан" гIерта Кадыров, боху "Фонда Рондели"(Тбилиси) историко, кавказ-таллархочо Квахадзе Алекос.

"Цу "украинхойн лар" тIехь и акцент йар - Оьрсийчоьнна тIера берриге бехкаш дIабаха лаар ду. Масала, хиджабаш лелор дехкар, кхиндерш а. Нагахь оьрсийн Iедало КъурIан магош дацахь, цхьаъ ван ма вуй иза цамагош верг. Цундела Кадыров цу ловзарех ловза ваьлла, дерриге украинхойн ларца доьзна хилийта лууш. Гуш ма ду, и цуьнан чоьхьарчу пропагандина кечдина хилар а, цу аудиторина и магар а",- тIетуху эксперто.

Хьалха, Нохчийчохь цхьаъ хуьллушехь, Кадыровс "шайтIанийн" бехк бора

Шен политикехь хIинцца шена оьшург хIун ду хьожий, йо Кадыровс шен критика, боху Квахадзес

Хьалха, Нохчийчохь цхьаъ хуьллушехь, Кадыровс бехке дора "шайтIанаш" (иштта олу Нохчийчуьра Iедалхоша шайна дуьхьала болчу нохчийн гIаттамхойх – ред. билг;). ХIинца бехкениг "украинхойн лар" йу, амма цу кепарчу пропагандо ледара болх бо",- олу къамелахочо.

Массо меттехь "украинхойн лар" карочу Iедалан хаамийн политикех тешам бовр бу аудиторин. ХIунда аьлча хьал "лартIерчу хоршара даьлла", олу украинхойн "Центр гражданских свобод" цхаьнакхетараллин эксперто Савва Михаила.

"Йуккъерчу фактораша мел динарг а Украиница доьзна ду бахар", дийца тамехь дац. Леррина дешна, цу хаамийн цIеналлех лаьцна книгаш йешна боцчарна хаа ма деза и хIумнаш. Ткъа кадыровхойн пропаганда лартIера йаьлла",- билгалдоккху эксперто.

Дукхах йолчу "украинхойн фашизм" хьехочу кейсаш чохь Iедалхоша гойтурш динца боьзна хиламаш хуьлу, тидаме эцна Саввас

"Делах тешачу нехан ойланаш карзах йаха лаар ма дай иза. Амма кадыровхойн кхинйолу пропаганда санна дукха пайдобоцуш вовшахтесна хиларе терра, сиха гучуйолу-кх. Нагахь и тайпа пропаганда болх беш хилахь, тIаме баха луучеран терахь хьаладер ду",- чекхдаьккхира Саввас.

ХIинцца дукха хан йоццуш КъурIан дагош, этIош украинхойн эскархоша дина баьхнарш - Оьрсийчоьнан йоккхачу пропагандин рогIера цхьа дакъа дара, аьлла хета "Центр стратегического анализа", "Институт Центральной Европы" - йозуш йоцчу талламийн цхьаьнакхетараллийн экспертана, кавказ-таллархочунна Баранец Томашна.

И нарратив Нохчийчохь йина йац, Кремлехь дагаеана йу, ткъа Кадыровс лелайо

"И нарратив дагаеънарг Кадыров ву аьлла ца хета суна. И тайпа видеош кхечу оьрсийн националистийн телеграм-каналашкахь хуьлу. Цундела хета, и нарратив Нохчийчохь йина йац, Кремлехь дагаеана йу, ткъа Кадыровс лелайо",- билгалдоккху къамелахочо

Экспертана хетарехь, и санна йолчу пропагандех боккха пайда ца хуьлу, хIунда аьлча нохчашна шайн исторехь шортта ду украинхошкарчул хьалха, оьрсашкара цабезамца хилларш.

  • Республикера Iедалхой бахархойн "бендацар" гуш, саготта бу. Сихха шаьш Iедална резахилар гойтуш, вукхарна дуьхьалло йеш ара ца бовларна. ТIаьхьарчу беттанашкахь и бендацар гойту нах сих-сиха буьйцу Iедалхоша. Ткъа Кадыровс уьш "уггаре кхераменаш" бу аьлла. Буьйцурш, дукха хьолахь, кегийрхой бу. Цу кепара республикехь ша хIоттийначу шен Iедалан раж чIагIйеш ву Кадыров, аьлла дийцира Кавказ.Реалии сайто шеца къамеле баьхначу бакъонашларйархоша.
  • Украинехь тIом болабелчахьана Кадыровн къамел моссуза хийцаделира тидаме эцнера Кавказ.Реалии сайто: "Омра хиларца Киев схьаоьцур йу" тIера дIаволавелла РФ ТIеман министраллин болх йемалбарна тIекхаччалц. Йуха зарратан-герз тохар доьхуш, машаре гIаланаш йохор магош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG