ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьаннахьара миллиардаш. Муха лелош ду Нохчийчохь къайлаха йохка-эцар


Кадыров Рамзан ву Путин Владимирца цхьанакхетарехь, архивера сурт
Кадыров Рамзан ву Путин Владимирца цхьанакхетарехь, архивера сурт

2023-чу шарахь Нохчийчохь ахчанца пайда хиллачу йаккхийчу итт компаних йалх – дIасайохон новкъайаьлла йу: дуккха а миллиардашкахь долларшкахь ахчанаш дохучу фирманийн социалан машанашкахь сайташ, аккаунташ йац, ткъа уьш йехкинарш а, директорш а ларалуш бу республикехь бевзаш боцу бахархой. "Кавказ.Реалиин" редакцин къамел дира регионерчу бюджетан ахчанаш караоьцучу цхьахволчу декъашхочуьнца.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гергарчаьрца йоьзна йолу халкъалахь яьржина "кеш-аут" схема йийцаре йира дукха хан йоццуш "Проекто" зорбане баьккхинчу шен талламехь. ХӀинццалц республикерчу банкийн декъехь болх бинчу "кассирех" хиллачу цхьаммо дийцира Кавказ.Реалиин редакцига, низамехь йоцчу схемех пайда муха оьцу Кадыров Ахьмадан фондо, хӀунда ду цуьнгахула луш долу ахчанаш Украинина дуьхьал бечу тӀамехь дакъалоцуш болу "лаамхошна" кхачош. Тхуна хууш йу цуьнах лаьцна информаци, амма цуьнан кхерамзала Iалашйеш оха цхьадерг дуьйцур дац.

Духе кхуьур воцу кхиар

Руслан М. (цӀе хийцина - редакторан билгалдаккхар) болх беш вара иштачу цхьахйолчу компанихь, хIора кIиранах даккхий ахчанаш схьаоьцура банкера цо – 100-150 миллион сом: "Нагахь санна, компанин чоьтера ишта ахча схьаэца хьо веанехь, хьуна дуьхьало йийр йу, хIунда аьлча, хьалххе хIоккхул-оццул ахча хийлийта аьлла, цаьрга хаийта дезаш ду. Цундела ахча эца богIурш Сбербанкан цхьана билгабаьхначу нахаца зIене бовлу, царна оьшучу дийнахь ахча кийча хилийта олий".

Цо бахарехь, оцу гӀуллакхна 2020-2021-чуй шерашкахь банкан белхахочунна кӀиранах 10 эзар сом ахча луш хилла, кIиранчохь шен шолгIа алапа ишта схьаоьцуш хилла цо".

"Бенофон" компаница болх бина ву со. "Фондан" лоруш йу и – Соьлжа-ГIалара хьешан хIусамаш, гIишлош, ресторанаш а санна. Ма-дарра аьлча, Кадыров Ахьмадан фондан долахь ю уьш йерриг а, амма цхьана нехан цIартIе йаьхна, - кхин дIа дуьйцура Руслана. - "Бенофонан" куьйгалхо вара Курманов ИбрехӀим, амма оцу компанин а, шолгӀачун а – "Орбитан" бакъволу куратор вара Эдилов Ӏабдул-Керим (Нохчийн вице-премьер а, ММА латархо а, Кадыров Рамзанан берийн тренер санна вевзаш хилла. Къастазчу бахьанашца кхелхина иза 2021-чу шарахь. - Ред .билгалдаккхар)".

Дукха хан йоццуш ООО "Бенофон" Нохчийчохь кхоалгӀачу меттехь йара ахчанца пайда хуьлучу компанешлахь, амма хӀинца дӀаяккха новкъайаьккхина иза а. Ша и компани 2014-чу шарахь дуьйна ю – хьостано бахарехь, организацин ша-тайпа статус хилар чӀагӀдо ур-атталла цуьнан шен цӀарца а, хIунда аьлча, Беной - КадыровгӀеран тайпанан цIе йу. ООО-н коьрта болх гӀишлошйар ду аьлла билгалдаьккхина, цул сов, тептарехь ю 70 сов позици — йустуш-узуш йохка-эцарна а, мехкадаьтта даккхарна а тIера, молханаш лелорна а хьун хьакхарна а тIекхаччалц.

ТIаьххьара а Кадыровн фондана тIейаздо жамI

Компанина махбар официалехь дикка алсамдаьлла тӀаьхьарчу шерашкахь. Нагахь санна 2016-чу шарахь иза 978 эзар хиллехь, 2020-чу шарахь иза хӀинцале а 3,8 миллиард дара, 2022-чу шарахь иза цIеххьана хьаладаьллерпа 9 миллиарде кхаччалц, ткъа стохка 40 миллиард сов ахча дара. Йу и ТIехьа-Мартанан кӀоштан 17 шеран бюджет, Гуьмсан кӀоштан 8, Соьлжа-ГӀалин кхоъ ах бюджет. Оццу хенахь "Бенофон" ООО-но официалехь балха эцна 22 белхахо, церан юккъера официалан алапа баттахь 17 эзар сом дара.

"Бенофонехула", хьостано дийцарехь, Ӏедалан эцаршна ахчанаш дӀадаьхна – масех шарахь компанино толам баьккхина 50 сов контрактехь, 614,8 миллиард сом мах болуш. Масала, дуьххьара толам баьккхина тендер йара 2020-чу шарахь Нохчийчоьнан юьртабахаман министралло ваьнаш а, хина дуьхьалонаш а йе аьла 184 миллионна йина заказ. Ткъа тIаьххьара эцнарш (ТIехьа-Мартанара Iам тобар 100 миллион соьмах, Соьлжа-ГIалин мэрина 13 миллион соьмана баннерш, байракхаш йар) йу дIайохайале бутт хьалха эцна.

"Бенофоно" тендерехь толам баккхар, иза стандарте практика йу Нохчийчохь, амма бакъболу болх цхьана министралло дӀабаьхьира. Цу кепара, некъийн министраллан йиш ю, шен ресурсех пайда а оьцуш, кхин тIе а "цӀенош дан", ткъа йуьртабахаман министралло – "серла а йолуш, мукъамехь хелхар ден фонтан"йан йеза. Эххар а, жамӀ йукъарчу хьесапехь Кадыровн бухца дузу", - бохуш, билгалдоккху къамелхочо.

"Бенофонан" куьйгалхо лоруш волу Курманов ИбрехӀим а ву, "Проектан" талламехь, "Кадыровн бохча" аьлла хьахийна йолу ООО "Орбита", кхоьллинарг а, цуьнан куьйгалхо а. Оцу компанин бухгалтерийн чоьташа хеттарш кхуллу: 2020-2021-чу шерашкахь хилла пайда 3 миллиард бара, цул а хьалха –8,7 миллиард, ткъа стохка иза доьазза бохург санна хьаладаьлла 41,3 миллиарде кхаччалц.

Шарахь бӀеннаш миллиардаш ахча доккхуш йолу компанеш кхоьллинчун сурт дац интернетехь

"Орбитан" коьрта гIуллакх ду – йустуш, узуш йохка-эцар, ткъа штатехь кхо белхахо бен вац, баттахь йуккъера алапа 7556 сом ду, алапан фондехь йолчу информацица а, организацин белхахойн терахьца а.

Иштта Курманов вара 2021–2022 шерашкахь "Изумруд" ООО кхоьллинарг а, цуьнан куьйгалхо а ву иза. Дахначу шарахь компанино 12-зза алсамбаьккхина шен цӀена пайда, 4,7 миллиард ахча а оьцуш, цуьнан белхахой бу 20 стаг гергга, ткъа "Изумрудан" бакъдолчу гӀуллакхех лаьцна йиллинчу хьостанашкахь хӀумма а ца дийцина. Ша Курманов ИбрехӀимах лаьцна хӀумма а хууш цахиларе терра, шарахь бӀеннаш миллиардаш ахча доккхуш йолу компанеш кхоьллинчун сурт а дац интернетехь.

ТIебогIу пайда цIеххьана алсамбалар доьзна ду оцу компанех Кадыров Ахьмадан цӀарахчу фондера Украинехь тӀамна ахчанаш арахоьцуш хиларца, билгалдоккху редакцин хьостано: "Фондо а Нохчийчоьнан урхалхочо а тIаьхьо шайн ахча дара а бохуш, иштта ахча дӀасадоккхуш хилла "лаамхошна". (Масала, 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь, хӀетахь нохчийн парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада дӀахьедира, республикан куьйгалхочо 20 миллиард сом дайина тӀом бечу ницкъашна оьшург латторхьама аьлла. - Ред. билгалдаккхар).

И фирмаш – цхьаъ бен йоцурш йац тӀаьххьарчу шерашкахь дийца йиш йоцуш пайда хилар кхиарца: республикехь йолчу кхечу йаккхийчу компанеша а гайтира шайн даьхни масийттазза дебар. Цу кепара, 2021-чу шарахь "Хьуьнан проектан Центрана" пайда хилирам 141 эзар сом, 2022-чу шархь -739 миллион, стохка - 22 миллиард сом хиллера.

Коьртаниг цуьнан гIуллакхехь гӀишлошйар ду аьлла йолчу ООО !Сервис-ТС" -н 2023-чу шарахь 25-зза алсамбелира пайда - 600 миллион гергга ахча хиллачуьра 16 миллиард соьме кхаччалц. Цу компанин штатехь 42 белхахо бен вац.

Хьалхарчу 10 могӀарехь йара иштта ООО "Строймир" - цунна хилла са 2021-чу шарахь 6 миллионна тIера 2022-чу шарахь 10 миллиарде кхаччалц совйелира, ткъа хьалха й3 миллиард гергга хилла. Иштта 9 миллиард гергга ахча кхаьчна ООО "Стройуниверсална" а.

"Бенофонца" а, "Орбитаца" а йолу и йоллу фирмаш цхьаьнатухург масех низам ду, масала, уггар а лахара хилар цIена каракхочу пайда. Хаамаша гойтуш ма-хиллара, 40 миллиард ахча а, 80 миллиард гергга лелаш йолу активаш а йолчу "Бенофонна" иза 10 миллион сом хилла, Строймиран – 1,2 миллион бен, ткъа "Орбитан" – 3 миллион сом бен.

Нохчийчоь Мекка йу олура, йа Ялсамане йу бохура "ахча доккхучарна"

РогӀера цхьаьнатоьхна фактор: йерриг а цIера йаьхна йолу компанеш цӀеххьана банкроте йахара. "Хьуьнан дизайн-центр" дӀаяьккхина зазадокху-беттан 22-чу дийнахь дуьйна, "Сервис-ТС" оханан-беттан 8-чу дийнахь дуьйна, "Строймир" оханан-беттан 22-чу дийнахь, "Бенофон" оханан-беттан 24-чу дийнера. "Орбита" сигалкъекъа-беттан 3-чу дийнахь дуьйна, "Стройуниверсал" мангал-беттан 17-чу дийнахь дуьйна. Кхо бутт ца кхоччуш хеначохь Нохчийчохь къаьсттина пайда хуьлучу компанешлахь йалхаммо дIайохош хиларх дIакхайхкира.

"Бенофонан" гӀоьнца Кадыров Ахьмадан фондана ахчанаш делла ца Ӏаш, массо а пачхьалкхера муьлххачу а долахь йолчу организацешна ахчанаш делла хилла, билгалдоккху М. Руслана, ша оцу схемица Къилбаседа ХӀирийчуьра компанешца болх бина хилар тӀе а тухуш. Цо дийцарехь, бизнесхоша 14–15% ахча лора цу гӀуллакхна, ткъа юкъарло лелош волчу кассирна шена кхин а 1% ахча кхочура.

"Ватсапехь тоба яра тхан, клиенташа ахчанаш схьадаха аьтто болу схеманаш лоьхуш, цигахь Нохчийчуьра "кассирашна" макка я йалсамане олура, бохуш, чӀагӀдо цо. - Цунах тешна хила йиш йу, суьйренан Грозный - Москва рейсаца дIасалелачу нахе хьаьжча. Дукха хьолахь цара Сбербанкан Соьлжа-ГӀаларчу декъехула схьаоьцу бӀеннаш миллионаш, и ахчанаш спортан тӀоьрмигаш чохь арадоху цара".

Жоп доцу хаттарш

Нохчийчоьнал арахьа а каро йиш ю дуккха а ахчанаш "дӀадохуш", тӀаккха дӀакъовлуш йолу компанеш, амма и тайпа амалш дӀайаханчу заманан хӀума ду, комментари йо коррупцица къийсам латточу коммерцин йоцчу Transparency International - Russia организацин куьйгалхочо, Шуманов Ильяч: "Оьрсийчоьнан юккъерчу декъехь кӀезиг-кӀезиг ю и тайпа компанеш, бизнесхой лело гӀерта низамехь йолчу транзакцех тарлуш йолу кхин а чолхе схеманашца. И тайпа кеш-аут ю ясакхийн инспекцина а, Росфинмониторингна а, Чоьтан палатана а, ФСБ-на а гуш йолу "цӀен байракхаш".

Цхьаъ ду, бизнесана деккъа цхьа са а хуьлуш, ахча цо караэцар. Кхин ду – бюджетан процессашца иза воьзна хилар

Цхьа могӀа охьйагарйинчу организацешна пачхьалкхан бюджетера ахча кхаьчна, иза бохург ду, пайдаоьцийла дара ахчанаш схьадохуш, тӀечӀагӀдо коррупцина дуьхьало йечу эксперто: "Иза вуно маьӀне маркер ю, хӀунда аьлча, бизнесо йеккъа цхьана ахча кхаьчча, иза цхьаъ ду ткъа иза ахчанах дерзадо, ткъа кхин хӀума ду иза бюджетан процессашца доьзна хилча. Республикера компанешна юкъахь и тайпа зӀе тергал ца еш йиса йиш яц".

Шумановс и компанеш цхьабосса сихонца дӀайахар цара лелочу низамехь доцчу гӀуллакхийн къеггина гайтам бу боху: "Оцу организацеша шайн функциш кхочушйина, дӀакъевлина, амма церан метта сихха керланаш гучуйовлур ю. Цхьа ахшо даьлча вайна гур бу ахчанаш лелон кхин лидерш а, нагахь санна, вай дӀадаханчу шерашкахь хиллачу статистике хьаьжча а гуш ду, цигахь а хир йу кхин компанеш, амма дIайозийнарш. Кхеташ ду, цу тайпачу практико низам латточу органашна юкъахь хеттарш кхолла деза, амма Кадыровн а, ша Нохчийчоьнан а шатайпа статус хууш, вай кхета, уьш хир бац".

Нохчийн бакъонашларъярхочо Янгульбаев Абубакара билгалдоккху, 2015-чу шарахь дуьйна республикехь махкахь уггаре а лахарчу барамех йукъаяьккхина ясакхийн аттачу кепехь система болх беш хилар. Йукъарчу хьесапехь иза 6% хилча, Нохчийчохь иза 1% кхаччалц охьаяьккхина. Лехаман системашкахь атта каро йиш ю бизнесхошна "под ключ" аьлла таро йалар, "налогех цIанбина" бизнес Соьлжа-ГIала дехьайоккху компанийн сайташ.

"Иза ду республикехь кашинг-аут сил шуьйра лелоран бахьанех цхьаъ. Ткъа цундела ду, миллиардаш долларшкахь оборот йолчу компанешкахь белхахой цахилар (1% ставка лелоран бехкам бу компанехь 20 стаге кхаччалц). - Ред. билгалдаккхар). И дерриге а Кадыровна а хууш хуьлуш ду, ткъа меттигерчу фирмаша наггахь "йасакх" тӀейожайо, проблемаш цахиларна а, налогашна ахча дайа аьтто хиларна а ахча дала дезаш", - бохуш, жамӀ до Янгульбаевс.

  • Охан-баттахь "Проект" сайтера журналисташа Ӏорабаьккхира таллам, коьрта турпалхо Кадыров Рамзан а волуш. Материал ю иза Ӏедале хьалаваларх а, дуьхьалончаш а, накъостий а байарх а, Ӏуналла дечу компанешкахула а, билгалбаьхначу нахехула а ахчанаш схьадахаран схемех а, гарем олучух а лаьцна – Кадыровн масех зудчо берхIийтта шаре а бовлале бераш дина хиларх лаьцна. "Кавказ.Реалии" сайто хаьттира нохчийн говзанчашка, муха тӀеоьцу цара и таллам.
  • Кадыров Ахматан цӀарах йолу фонд Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептаре йукъаяьккхина ю "Глобалан Магнитскийн низаман" буха тӀехь. Организаци "лаамехь-декхаре" кепехь шена сагӀа гулдеш хиларна дуккхаза а бехке йина, амма Нохчийчоьнан куьйгалхочо харцдира и бехкаш.
  • Кадыров Ахьмадан цӀарахчу фондан бахамаш бара 2023-чу шарахь 5,3 миллиард сом – иза масийттазза кӀезиг ду, нохчийн Ӏедалша ма-аллара, Украинерчу тӀамна фондо йинчу харжал а. Кавказ.Реалии сайто теллира, Оьрсийчохь уггаре а яккхийчех а, къайлаха а йолчу коммерцин йоцчу цхьана организацин хаамехь хӀун галдаьлла ду, цо ахча стенна дойу, Ӏуналла дечу хьукматийн Кадыровн фондах лаьцна цхьа а хаттар хӀунда дац а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG