ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьатеррачех хьалхарниг? Кунта-Хьаьжин культ стенна лелайо Нохчийчуьрчу Iедало


Кунта-Хьаьжан цIарх йолчу Университетан профессоран чин луш ду Кадыров Рамзанна "Оьрсийчохь ламастийн ислам меттахIотторехь вуно чIогIа дакъа лацарна", 2014 шо
Кунта-Хьаьжан цIарх йолчу Университетан профессоран чин луш ду Кадыров Рамзанна "Оьрсийчохь ламастийн ислам меттахIотторехь вуно чIогIа дакъа лацарна", 2014 шо

Суфизм (бусулба динан цхьа агIо) кочауллу хийза Нохчийчуьра Iедал, тIаккха цул а радикале йолчу салафизмана тIаьхьабаьзна бахархой хьийзош меттигаш хуьлу цигахь. Суфистийн ткъе итт гергга вирдаш ду. Царлахь коьрта башхаллаш – тайп-тайпана исламан шейхаш ларар йу. И вежараллаш цхьатерра ларалуш делахь а, царлахь коьртаниг Нохчийчуьрчу Iедало Кунта-Хьаьжин вирд кхайкхийна – оцу вирдехь ву республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан а. Иза леладо политико шен пиар-кампанехь.

Шейх Кишиев Кунта-Хьаьжа – Нохчийчоьнан Куршлойн кIоштара Иласхан-Йуьртара схьаваьлла ву, уггар хьалхара къедарийн вирд кхоьллинарг ву иза нохчашлахь, XIX бIешарерчу нохчийн исторехь уггар вевзачех цхьаъ ву иза. 1864 шарахь, Кавказан тIом бирзича, оьрсийн администрацино лаца а лаьцна, Вологодскан махкарчу Устюжна гIала дIавохийра иза. Iедал цунна тIаьхьадаларан цхьа бахьана дара нохчашлахь Кунта-Хьаьжа вевзаш, лоруш хилар. Цо кхоьллина вирд карарчу хенахь Нохчийчохь уггар дукха агIончаш берг ду.

"Константинополан патриарх"

Карарчу хенахь Нохчийчохь накъшбандийн 23 вирд ду, иштта йалх суфизман тарикъат ду. Муьридашца а, уьш бехачу меттигашца а къаьста уьш. Республикехь салафитийн билггал долу терахь билгалдаккха аьтто бац: Iедал царна тIехьдаьлла лела, хIунда аьлча, салафизм уггар радикале хета царна Кавказехь лелачу бусулба динан кепех. Салафиташ маьрша бу луларчу республикашкахь – Дагестанехь, ГIалгIайчохь шайн маьждигаш делла йиш йу церан.

Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу йукъанна суфизман агIончаш Оьрсийчоьнца хетара, аьлча а, йамартхой лорура. "Нохчийн къомана гергахь суфизм хила тарлора радикалан ислам даржарна дуьхьал хIоьттина пардо", аьлла ислам дин толлуш волчу Рощин Михаила, оьрсийн-нохчийн шолгIачу тIамна дуьхьал лаьттина ву иза. Цунах кхийтира Кремлехь а, цундела цара новкъарло ца йора нохчийн куьйгаллина республикехь суфизмана шога пропаганда йан.

2021 шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIачIагIира кегийрхой кхетош-кхиоран концепци. Масала, цу тIехь боху, Нохчийчоьнан кхиар доьзна ду "ламастийн (традиционный) динан матрицица". Iедало боху, суфизм – иза ислам динан са ду, тIаккха ваххабизмо къаьмнаш харц новкъа доху. И концепци лелош йерг йу 24 шо долу республикан культурин министр Кадыров Iайшат, регионан куьйгалхочун йоI.

Нуьцкъаха аьлча санна суфизм йаржочу йукъанна республикан куьйгалхочо гуш-хезаш дIагойтура, ша Кунта-Хьаьжан вирдан агIонча хилар. Республикехь Кунта-Хьаьжан цIарх дукха объекташ билгалйаьхна: урамаш, маьждигаш иштта кхин а. Оцу терахье ца кхочу кхечу шейхийн цIершца билгалйаьхна объектийн дерриг вовшахтоьхна терахь. Масала, Кунта-Хьаьжин цIе лелош йу Соьлжа-ГIалара Оьрсийн исламан университет; Курчалойра коьрта маьждиг, Новосибирскера уггар доккха маьждиг, Казахстанан коьртачу гIалара Астанара маьждиг, Соьлжа-ГIалин Ленинан кIоштара цхьа урам, тIаккха Веданан кIоштара Первоймайское йуьртан цIе Хьаьжи-Эвла аьлла хийцира.

Республикехь Кунта-Хьаьжан культ кхоьллича санна хетало, Константинополерчу патриархан санна чин а луш – "цхьатерра болчех хьалхарниг". Кунта-Хьаьжа оьрсаша дIалаьцначул тIаьхьа Нохчийчуьра кхин а итт гергга шейхаш арабехира, амма республикехь оцу хьокъехь иэсан денош дац билгалдаьхна, царах цхьаберш новкъахь беллашехь.

Кху шеран марсхьокху-баттахь Кадыров Рамзанан ден, оьрсашкхьа йолчу республикан хьалхарчу президентан Кадыров Ахьмадан винчу денна лерина Кунта-Хьаьжина тIаьхьахIиттинчу 67 стеган тIехкаш йеара Нохчийчу – XIX-чу бIешарахь дIабохийра уьш тийп-тайпанчу Оьрсийн империн маьIIашка. Уьш берриг цигахь кхелхира. "ГIазотан кешнаш" олучу Шеларчу кешнашкахь дIабоьхкира уьш. Амма Кадыров Рамзанан дайх цхьаъ волчу Бенойн Ильяс Ахьмад-Йуьртахь дIавоьллира (хьалха ЦIоьнтара йара цуьнан цIе).

Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташна хетарехь, Украинерчу тIаме хьийсон тоъал муьридаш шайга ца гулбелча Нохчийчуьрчу Iедало леррина лелийна барам бара и нах йуханехьа дIабохкар.

Кадыров Рамзанан ден дендена Бенойн Ильясна тIе тидам бохуьйтуш йуханехьа дIабоьхкира уьш

Дагадоуьйту, дайначу шеран лахьан-баттахь Кадыровс кхайкхам бира Нохчийчуьрчу суфистийн векалшка, оьшучу хенахь тIаме новкъабовла кийча болчу нехан тобанаш вовшахтоха аьлла. Пацифисташ болчу суфишка оцу кепара кхайкхам бар вуно тамашена ду. 2023 шеран дечкен-баттахь нохчийн Iедало дийцира шайн кхин а цхьана барамех – Нохчийчуьрчу бусулбачу нехан Iуналла ден Урхалло шен цIарх дIахьедира, тIамна кечамаш баран Iамораш чекхдохур ду массо а республикерчу къедаша а, имамаша а. И ший а барам кхин башха эвсара боцуш чекхбелира. Амма беллачийн тIехкаш йуханехьа дIайохкар а Нохчийчуьрчу бахархоша кхин башха дийцаре ца дира.

Европерчу цхьадолчу маьждиган имам волчу С. СаIдис дийцира, велларг арахьарчу пачхьалкхехь дIаволларх тайп-тайпана бух балабо Iеламнаха, аьлла. Цхьаболучарна хетарехь, стаг йуханехьа дIаволла мега, нагахь санна, иза Меккина, Мединина, Къудсана уллохь дIавуллуш валахь. Кхечара боху, велларг дуьненахь муьлххачу меттехь а дIаволла йиш йу, цигахь бусулбачу нехан кешнаш далахь. Амма иза дукха хан йоцуш беллачу нехан хьокъехь дерг ду, 100-150 шо хьалха беллачех хьакхалуш дац. Бусулба динехь оццул хан йаьлча каш хьедар нийса ца лору.

СаIудийн Iаьрбийчуьрчу Мединера Исламан университет йаьккхина волчу Сираждис (цуьнан кхерамазалла ларйархьама цуьнан йерриг цIе ца йоккху) бахарехь, и нах йуханехьа дIабохкар – иза Кадыровн пиар-акци йара.

"Бусулба динехь магадо, ур-атталла тIедожадо стаг керистийн кешнашкахь валахь иза иза йуханехьа дIаволла. Амма иза цигахь барамаш хIиттош дIавоьллинехь бусулба дино ца магадо иза хьевар. Нохчийчохь хилларг дийцича, Кадыров Рамзанан ден дендена Бенойн Ильясна тIе тидам бохуьйтуш йуханехьа дIабоьхкира уьш", тешна ву къамелахо.

Уггар уллора шейх

Кунта-Хьажан вирдерчу нехан кхин а цхьа барам хилира Нохчийчохь кху шарахь: сагIа даккхар, нашидаш лекхар, зуькарш дар, иштта кхин а. Дечкен-беттан 3-хь Кунта-Хьаьжа цIераваьккхинчу денна леринера царах цхьайерш, вуьйш – республикехь къоман деза де санна даздеш долчу Кадыров Ахьмадан винчу денна леринера. Цхьаболу бармаш республикан куьйгалхочун хIусамехь дIабаьхьира – амма Кадыровс дакъа ца лецира цигахь, хетарехь, шена могушалла бахьанехь.

Кунта-Хьаьжан вирдерчарна дукха тидам баро цакхетам кхолла тарло кхечу суфийн вирдашкахь. Оьрсийн исламан талламхочо Малашенко Алексейс билгалдоккхура, республикан куьйгалло Кунта-Хьаьжан вирдана тIех сов тидам баро кхечу вирдашкахь резабацар кхолла тарло, хIунда аьлча, нохчийн йукъараллехь шайна дуьхьал озабезам лелош санна хета мега царна.

Нохчийчуьра муьридаш республикан куьйгалхочунна муьтIахь хиларан проектана ахча латтош йу Москва

Имамо С. СаIдис Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь дIахьедира, историн массочу хенахь цхьа вирд Iедална уллера хуьлура кхечарал а. ШариIатан низамашца, вирдашкахула декъадала йиш йац – муьлххачу мехкан куьйгалхо озабезамаш боцуш хила веза. Амма историно гойту, цхьадолчу вирдана вукхарал а дукха тидам кхочу. Цундела, СаIдина хетарехь, Кунта-Хьаьжин вирд айдина лелор Нохчийчохь бен дац мотта ца оьшу.

Теолог волчу Сираждис Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь бохура, Кишиев Кунта-Хьаьжан вирд айдина лелочу меттигехь кхиина ву ша а. Бераллехь дуьйна кхиндолу вирдаш цхьа тIегIа лахара хетара шена, боху цо.

"Буьйцурш билггал кадыровхой бу эр дацара ас. Нохчийчуьрчу муьридаш республикан куьйгалхочунна муьтIахь хиларан проектана ахча латтош йу Москва. Кадыров и дерриг кхочушдийриг бен вац", – тешна ву Сиражди.

Цунна хетарехь, нохчийн йукъараллехь дукха хIума хийцаделла: меттигерчу телехьожийлехь, маьждигашкахь мел дуьйцучух теша ца хIутту хIинца кегийрхой – цигахь кадыровхойн пропаганда йу. Iилма схьаэца кхин хьасташ ду кегийрхойн карахь, шайн хеттаршна жоьпаш карон аьтто а бу, махкал арахьа а цхьаьна.

  • Оьрсийчоьнна муьтIахь хилла волу Нохчийн республикан дуьххьарлера президент Кадыров Ахьмад кхелхина де лоруш иэсан барамаш дIабаьхьна Нохчийчохь. Йуха а иза вазвеш, эвлаяъан тIегIане воккхуш сурт хIоттийра кху шарахь а. Республикехь воккхахволчу Кадыровн "деза" васт кхиорехь болх муха бо, махкарчу Iедална иза стенна оьшу теллира Кавказ.Реалии сайто.
  • Нохчийчуьра пропагандо Кадыров гойту "дезачу КъорIанан гIуллакххо, исламан турпалхо, Мухьаммадан суннаташ Iалашдийриг" санна. Мехкан урхалхочун Гергарчу Малхбалера пачхьалкхашкара векало Даудов Туркос бахарехь, доллу дуьненара бусулба дин лелочарна гергахь исламна дуьхьалболчаьрца лелочу "къийсаман символ" ю Кадыров. Хууш дац, хIун динчунна сил вазвина иза.
  • Соьлжа-ГIаларчу бусулбанийн кхелахо а, "Нохчийчоьнан дог" маьждиган имам а лаьттина волчу Хийтанаев Мохьмада Ростовн махкарчу бусулбанашна хьалха Украинера тIом "беза тIом" хиларах дуьйцуш къамел дира. Цо Нато а, Америка а "АллахIан мостагIий бу" элира. Цунна дуьхьала масала далош, Оьрсийчоьно йукъадаьккхинчу "Делах тешачийн синхаамаш Iалашбар" низамах дийцира цо. Нохчийн Iеламхоша леррина дIахьош йу и пропаганда. Исламца цуьнан догIуш цхьа а хIума оццушехь, боху Кавказ.Реалии редакцица къамеле бевллачу Iеламхоша а, нохчийн жигархоша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG