Адвокат Соломина Татьяна Талламан комитете йаьлла шена а, шен 13 шо долчу кIантана а кхерамаш тийсарна. Доьзалехь бечу ницкъах веддачу Нохчийчуьра кIентан нанас тийсинера цунна уьш, иза водучу заманчохь юристо бакъонан гIо динера цунна. Кхерамаш тийсар бакъ хила йиш йу, кадыровхой къайла а ца боьлхуш, кхечу регионашкахь а цIера бевддачарна тIаьхьабуьйлуш хиларна. Ткъа меттигерчу ницкъахоша дIало цаьрга волайнхой, боху Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу бакъоларйархоша.
Дех вадар
Адвокате гIо дехна Нохчийчуьра 19 шо долу Тунжаханов Мохьмад"СК SOS" кризисан тобанах тешнарг ву. Марсхьокху-бутт бовш иза вайна аьлла информаци гучуйелира "ЛизаАлерт" проектан сайтехь. Йуьхьанца Тунжаханов лууш вацара шен дахарх лаьцна хаамаш бовзийта, дуьйцу редакцица хиллачу къамелехь "СК SOS" тобанан векало Мирошникова Александрас.
"Йеххачу заманчохь ницкъбеш хиллера цунна, йетташ а хиллера цIахь болчара. Дукха ваьхна иза республикел арахьа. Цхьана йукъахь бертаза иза Нохчийчу дIавига ойла хилира цуьнан гергарчийн, вуьйр ву бохуш, "кадыровхошка набахте дIалур ву" бохуш кхерамаш а туьйсуш. Цунна вевзаш воцчу шина стага Тюменехь цIерпошта тIера охьаваьккхира иза. ТIаккха да тIаьхьавеанера. Шиннан карара а ваьлла, вада аьтто хиллера кIентан", - билгалдоккху къамел дечо.
Эххар а Нохчийчуьра вахархо ша висира йевзаш йоцчу гIалахь – шена билггал кхерам латтарна, шайггарчу цхьана бахьанашца цIерачара ша лехамашка валарна а кхоьрура иза. Адвокато Соломинас такси кхайкхира цунна, кхин дIа дуьйцу Мирошниковас.
"Хьаъа а, тIехволучо а цхьаьна дендолу хIума дара и – аппликацихула такси кхайкхар, мах кара дIалуш хилча муххале а. Амма Соломинас динарг, цунна консультаци йелла, такси кхайкхина, цунна чIогIа оьгIазбахна кIентан гергарнаш. Цхьаммо гIо ца дича иза кIелхьара вер вацара аьлла, хеташ хир ду-кх царна", - дерзийра къамелахочо.
"СК SOS" тобано бахарехь, хIинца мел а кхерамзаллехь ву Нохчийчуьра жимстаг.
Бутт хан йаьллачу заманчохь Тунжахановс телефон туьйхира шен нене Джамалдинова Луизе, ша дика Iаш а ву, ша леха а ма леха ала дагахь. Цунна дуьхьал жоп лун зуда кхерамаш тийса йуьйлира. Зорбане хIоттийначу аудио тIехь цо нохчийн маттахь къамел до, Соломина Татьянин цIе а йохуш: "Тхуна иза стенгахь Iаш йу а хиъна, иза мила йу а хьоьвсина тхо. ХIинца ахьа цуьнга дIаала, шен хьаштдерг де кхин дIа. Тхуна хууш ду, цуьнан 13 шо долуш кIант вуйла, цунна тIаьхьа стаг ваьккхина оха… Царна ахча делла оха. Цуьнан кIант лачкъон Iалашонца, иза ларвеш бу уьш. И зуда а йу ларйеш. Уггар а боьха бандидат лаьцна оха, царна ахча а делла, оцу зудчунна а, цуьнан берана а тIехь экзекуци йе аьлла".
"Пачхьалкхан белхахочуьнгахула" тIаьхьабовлар
Москвара адвокатийн "Правовой эксперт" коллегин адвокато Соломина Татьянас дийцина Кавказ.Реалиин редакцига, Тунжахановс шега гIо дехнера, ша цIахь хьийзаво, ша лаца шена тIаьхьа а бевлла бохуш, кхерамаш тийсарх а.
"Эр вай, доьзалехь йетташ хилла цунна, чийхош, иза "кхетон-кхион". И дерриг а лан кхин дIа ницкъ ца хилла цуьнан. Ша хIун дан деза, лехамашка лахь, шена дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхахь, маьрша дIаса муха лелар вара ша хоьттуш, консультаци йехнера цо соьгара. Охашиммо барт а бина, цхьаьне дIадаха сацам бира", - дуьйцу юристо.
Соломинас бахарехь, шен клиентан нанас тийсина кхерамаш баккъал а тIелаьцна цо.
Аудио тIехь къаьсташ ма боху, хаамаш пачхьалкхан белхахочо бина шайга
"Йуьхьанца къамел хезира суна нохчийн маттахь, цигахь къаьсташ йаьккхира сан фамили. Вон хилира суна. Йуха гочдира суна дешнаш, со кхийтира, сан кIантах лаьцна оццул хаамаш аса интересеш дIахьочунна хуийла дацара. Масала, маса шо ду, мича кIоштахь деха. Оцу къамелехь сан клиентан реакцица а гуш дара, цунна дуьххьара хезаш дара и, иза ша а вара Iадийна царна и хаарх", - кхин дIа дуьйцу къамелдечо.
Соломинас кхерамаш тийсар дIахаийтира школан директоре, хIинца цуьнан кIант кхерамзаллехь ву. Гезгамашин-беттан 4-чохь Талламан комитетан Бабушкинскан кIоштара талламан декъе чуделла дIахьедар.
"Йоллу материалаш оха дIайелла, хаийтина зуламан билгалонех а, иштта бакъо йоцуш адамах лаьцна хаамаш гулбарх, цуьнан доьзалан къайле йастарх артиклашкахула а, - кхин дIа дуьйцу адвокато. – Аудио тIехь къаьсташ билгалдаьккхина пачхьалкхан цхьана белхахочо и хаамаш шайга кхачийна аьлла. Низам дохор ду и. Практикехула хаьа суна, Талламан комитето дог ца догIуш досту бехктакхаман гIуллакхаш, амма суна коьрта ду цаьрга сайн йалар билгалдаккхар".
Соломинас билгалдоккху, хIоьттинчу хьолехь шен дегайовхо йу профессионалан йукъараллех а, ситуаци гIарайоккхур хиларх а, хIунда аьлча, тапъаьлла Iахь, кхерамаш кхочушбийр бу цара.
"Тхуна хууш ду тхешан коллегина Немов Александрна Соьлжа-ГIалахь тIелатарх, цундела Нохчийчуьра кхочу ницкъабарх муьлхха а къедораш, хила йиш йерг ду", - дерзийра адвокато.
Нохчийчу йухавига
Жимчу стеган ненан дешнаш доцург, "пачхьалкхан белхахо" бехкехиларх кхин совнах тоьшаллаш дац. Делахь а, кхерамаш бух болуш хилар чIагIдо Нохчийчуьра ницкъахоша Оьрсийчоьнан тайп-тайпанчу субъекташкара нах лечкъош хиларо, меттигерчу бакъоларйаран органаша мага а могуьйтуш.
Масала, 2019-чу шеран аьхка цIера йедира 20 шо долу Нохчийчуьра йахархо Сугаипова Заира – цуьнан наха кхерамаш тийсинера цунна бертаза маре лур йу бохуш. Масех дийнахь Москвахь кризисан "Китеж" центрехь лечкъина Iийнера иза, амма цуьнан доьзало тIаьхьа а бевлла, бертаза республике йухайигира. Дукха ца Iаш, "Грозный" ЧГТРК телехьожийло сюжет гайтира, цу тIехь Заирас бакъ ца дора шена гIело латтор, цо бохура цIера йада "феминисташа дагадаийтинера".
2021-чу шеран аьхка Соьлжа-ГIалара ХIинжа-ГIалара хIусамехь ницкъбарх уьдучарна леринчу кризисан петаре кхечира 22 шо долу нохчи Тарамова Хьалимат. Цул а хьалха кхаа баттахь ориентацина "дарба деш" Подмосковьера Invia Elite клиникехь латтийнера иза, иштта "жинаш лаьхкинера", КъорIан а доьшуш. Цуьнан деца цхьаьна баьхкинчу ницкъахоша шелтерехь карийна иза цIа йигира. Дагестанан полицино гIо а динера царна цу тIехь.
Кху шеран чиллин-беттан 16-чу буса Москвара аэропортехь лаьцна Арсамиков Идрис, нохчийн полисхошка дIавелира. Хьалхо Iазапаш хьегнера цо шен ориентаци бахьана долуш, цул тIаьхьа Оьрсийчуьра дIавахара. Нидерландашкахь мухIажаран статус а йеллера цунна, амма даймахка веара иза шен ден тезета. Ша республике йухавигинчул тIаьхьа видео дIайазйира цо, цу тIехь дехар дира бакъоларйархошка ша Iадвита аьлла, дIахьедира зуда йалон дагахь ша хиларх а, Нохчийчуьра Iедалхошкара шена цхьа а кхерам цахиларх а.
Бакъоларйархошлахь резонанс хилира Росгвардин хиллачу белхахочух Халидов Ясинах лаьцначу дийцарх. Цуьнан кхолламах хууш хIума дац кху шеран стигелакъекъа-беттан 20-чуьра схьа дуьйна. ХIетахь лецира жимстаг Казахстанца долчу Омск-мехкан дозанехь, иза дехьавала гIертачу хенахь. 2022-чу шеран гезгамашин-баттера схьа дьуйна Халидовс дакъалаьцна Украинана дуьхьал болийначу тIамехь. Цигара йухавирзинчул тIаьхьа полисхочо сацамбира МВД-ра дIавала, амма куьйгалло дуьхьало йира цунна, терроризмах бехкзуламан гIуллакх дуьхьал доккхур ду аьлла, кхерамаш тесна. МуьтIахь вац аьлла, цунах шеконаш хилла, "Новая газето" йаздарца, цуьнан хиллачу белхан накъосташа лецира иза "официалехь доцуш".
Меттигера ницкъахой гергарчашкахьа хуьлу, шаьш стаг лоьхучу хенахь
Санкт-Петербурган полицин белхахоша Нохчийчуьра ницкъахошца йукъахь лецира марсхьокху-беттан 23-чохь Сулейманова Седа. Шо хьалха йеддера иза цIера, шен дас-нанас динца доьзна Iаткъам барна, "сий лардеш" ша йерна а кхийрина. Формалехь йоIана бехкбиллира, цо къола дина аьлла, полисхой цхьаьна а болуш Соьлжа-ГIала доьдучу кемана хаийра иза.
Меттигера ницкъахоша гергарчийн агIо лоцу, шаьш ЛГБТК+векалшна а, хIусамехь гIело латторна а йедда йоI лоьхучу заманчохь, дуьйцу бакъоларйаран "Мемориал" Центран юристо, шен цIе цайаккхар дийхира цо: "Дукха хьолахь цхьа бух боцуш тIаьхьабовлу. Ницкъахошна таIзар деш ца хилар цхьа могIарера хIума ду 2000-чу шерийн йуьххьера схьа дуьйна, бакъоларйархой а, бозуш боцу хаамийн гIирсаш боцург, кхин царна сагатдеш стагга а вацара – хIара гIуллакх республикел а арахьа дийца даккхалц".
Федералан центро карт-бланш кара а делла, цаьргахьара гIо хуьлучу ницкъахошна Кадыровн Нохчийчохь а, цул арахьа а цхьа а проблема йац Iедалца, тIетуьйхира цо.
Йоллу Оьрсийчохь веддачунна кхерам лаьтта – йоллу регионашкара полисхоша лоьцу уьш, шайн нохчийн коллегийн дехаршца, цул тIаьхьа атта республике йухабуьгу, дуьйцу "Мемориалан" кхечу векало а.
Доьзалехь ницкъбар –Къилбаседа Кавказехь уггар а коьртачех а, кест-кеста нислучех а проблема йу. Меттигерчу зударшна ницкъбо хIусамдайша а, кхечу доьзалхоша а. Даим а полицино иштта зуламаш тергамза дуьту, ткъа бехкзуламан гIуллакх деллахь а, кIезиг хан тухий, бовлуьйту. Хьалхо Кавказ.Реалиино дийцира регионера доьзалехь гIело латтийна, бовда дезначу кхааннах лаьцна.
- Нохчийчуьра Лаккхарчу кхело низамашкахь дац аьлла Лорсанова Амината талламхочо гIуллакх луьстуш цахиларна дина арз. ЦIахь гIело латторна а, ориентацина дарба лелорна а йеддера йоI, амма 2020-чу шарера схьа дуьйна оцу факташкахула бехкзуламан гIуллакх деллийта ницкъ ца кхочу цуьнан.
- Бертаза Къилбаседа Кавказехь, къаьсттина Нохчийчохь, нах лечкъош хиларх масийттазза билгалдаьккхира дуьненайукъара бакъоларйаран организацеша, -Amnesty International, адамийн бакъонашкахула Комитето, Human Rights Watch.
- Нохчийчохь тIеман хенахь нах лечкъор а, иштта Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонаш хьешарх а йаздина ду "Мемориало" а, "Правовая инициатива" проекто а йукъахь арахецначу рапортехь. ООН-е а хьажийна иза. Оьрсийчоьнан ницкъахоша лечкъабо нах, уьш кхерон, цаьргара шайна оьшу мукIарло даккха, йа бекхам бан, аьлла ду документехь.