ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайх Мансур 224 шо хьалха кхелхира Шлисселбургехь


Екатерина ШолгIачо аьхке йоккху "Царское село"
Екатерина ШолгIачо аьхке йоккху "Царское село"

Оханан-беттан 13-чу дийнахь 224 шо хьалха Шлисселбурган гIопехь кхелхира Кавказан дуьххьарлера имам Шайх Мансур. Нохчийчьрчу БухIан-юьртахь 1760 шарахь вина а, кхиъна а вара иза.

Дас-нанас Ушарма цIе тиллинера кIантанна, амма цо оьрсийн эскаршна тIехь баьхначу толамаша хийцира цуьнан цIе. Къилбаседа Кавказерчу хьалханчана тиллина керла цIе яра Мансур (толамхо). Цу цIарца тахана дуьненна а вевзаш ву нохчийн а, Кавказерчу кхечу къаьмнийн а маршо къийсина имам.

Имама Шемила, хьенах тера хила луур дара хьуна, аьлла шега хаьттича, цIе яьккхина хиллера Шайх Мансуран.

Советан пачхьалкъехь вевзаш волчу Академико Покровскийс аьллера Шайх Мансур дуьххьарлера Кавказан революционер ву аьлла.

Кавказе гIертачу Оьрсийчоьнан империн армина 10 шарахь дуьхьало яро романийн а, диссертацийн а, иллийн а, байтийн а турпалхо вира Мансурах.

1790-чу шарахь, Мангал-беттан 22-чу дийнахь, чергазошна хьалхаваьллачу Мансура юхатуьйхира инарлан Потемкинан эскарша Анапа-гIопана дина тIелатар. Делахь а 1791 шарахь юьйжира иза. Чевнаш хилла Мансур йийсаре лецира оьрсаша.

1791-чу шарахь, Товбеца-беттан 6-чу дийнахь, Шайх Мансур дIакхачийра паччахьо Екатерина ШолгIачо аьхке йоккхучу Царское Село эвла. Паччахьан лаам кхочуш беш, цунна корехула гайтира гIоьмаш а, буржалш а тоьхна лаьтта Шайх Мансур.

Екатерина ШолгIачун статс-секретаро Хроповницкийс яздира цу деношкахь: «Шайх Мансур вара вайн 30 эзар салтичун меха».

Дийнахь а, буса а малх чу ца кхеттачу набахтен лаьтта бухарчу чоьнна чохь валлорна, пехийн цамгар кхийтира Мансурана Чиллан-беттан 24-чу дийнахь. Ткъа Оханан-беттан 13-чу дийнахь кхелхира иза. Мансуран дара 34 шо

Набахтен куьйгаллин омрица, къайлаха дIа а воьллина, хьулдира Мансуран каш. Тахана а хоуьйтуш яц и каш долу меттиг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG