Шарахь бинчу белхан жамIаш а деш, "Кавказхойн суьйре" гуламе кхайкхинера Венерчу "Зударийн Кхеташоно" Австрин коьртачу шахьарахь беха нохчийн зударий.
2003-чу шарахь кхоьллина йолчу цу цхьаьнакхетаралло нохчийн къомах болчу зударшна а, зудберашна а консултацеш йо тайп-тайпанчу хеттаршкахула. Немцойн мотт дика ца хаарна Iедалхошца шайн хеттарш а, проблемаш а йийцарехь хало йолчу зударшна ненан маттахь гIо до "Зударийн Кхеташоно".
Масала, шайга Iедалера деанчу кехатах кхета а, формулярш язъян а. Цул совнаха, меттигерчу низамех а, къепенех а уьш кхеторан болх а бо.
Кхеташонан куьйгалхочо Яхъяева Маликас дийцарехь, социалан а, дешаран а, могашаллица доьзна а хеттаршкахь накъосталла до цо куьйгалла дечу цхьаьнакхетаралло нохчийн зударшна: "Зударшна а, зудберашна а кху махкахь дIатарбала гIо а деш, белхаш беш цхьаьнакхетаралла ю хIара. Къаьсттина дукха хан йоцуш Австре схьабаьхкинчарна ца хаьа мичахь хIун муха до.
Мотт ца хуучарна, масала, шайга деанчу кехатан чулацам ца бевза. Я шаьш Iедале дIаяла езачу формулярашна тIехь хIун яздан деза ца хаьа царна. Уьш шаьш дан дезачух кхета а беш, цхьана кепара нийсачу новкъа уьш дIахьажо гIурту-кх тхо".
ХIора шарахь ГIура-бутт юккъебаьлча садаIаран суьйра дIахьош Iедал юккъедаьккхина "Зударийн кхеташоно". Яхьевас дуьйцу: "Шо чекхдолуш тхайн хилла белхаш а, некъаш а дуьтий, дуьненан хIума а, самукъане хIума а дийца тхайна гулам бина оха. Зударий бен бац кхузахь, тхайна паргIат хилийтархьамма зударий бен ца кхайкхина"
ТIедогIучу шарахь а шаьш кхиамца нохчийн зударшна гIортор йийр хиларе сатуьйсу ша элира Яхъяевас. "Зударийн кхеташоно" кхин дIа а шен тергонехь латтор бу хийрачу махкахь гIо-накъосталла оьшуш болу зударий.