ТӀеман хьалхарчу деношкахь дуьйна Нохчийчоьнан куьйгалхочо жигара гӀортор йора Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал йолийначу агрессихь. ТӀемаш боьлхучу меттигашка шен куьйгакIел лаьтта ницкъаллин дакъош хьийсадора цо, керла-керла "лаамхойн" тобанаш вовшахйеттара. Регионо оцу конфликтехь дакъалацар бахьана долуш реза боцурш бара дуккха а, амма Iедало сихонца "берта балийра" уьш. Иштта тӀамо репутаци хийцира Кадыров Рамзанан а, цуьнан гонан а, санкцеш дуьхьалйехира дуккхаъчу пачхьалкхаша, дуьненаюкъараллехь хийцира нохчех болу кхетам.
"ДжихIад" а, "лаамца мобилизаци" а
Кадыровс жигара гӀортор йира тӀамна йуьхьанца дуьйна а, амма хенан йохалла хаъал хийцаделира кадыровхой олучу эскархоша тӀелатарехь дакъалацар. ТӀеман хьалхарчу беттанашкахь Нохчийчуьра Оьрсийчоьнан дакъоша лелочо дагатесира "парадан марш", амма Украинехула "йум эцна" чекхдовлалур доций а, тIом бахлур буй а хиъча, Москвано а, Соьлжа-ГIалано а шайн тактика нисйира, керла "шайн лаамехь" дакъош кхолла долийра.
ТӀом болалуш цигахь дакъалецира Нохчийчуьра Рогвардин къаьстина дакъоша: ОМОН "Ахмат-Грозный", 249-гӀа леррина мотобатальон ("Юг"), СОБР "Ахмат" (хьалха СОБР "Терек" йара) а, I4I-гӀа леррина мотополк а. ТӀаьхьо царах дIакхийтира чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан дакъош, шайна йукъахь леррина полицин полк а йолуш, иза а йара иштта Кадыров Ахматан цӀарах.
Оккупацин рожана гIуллакх деш берш а цхьаьна бу Украинех дог лозуш
Нохчийчохь шуьйра пропагандистийн кампани йаржийра, цу йукъа бахара динан дайш а цхьаьна. И тIом "джиIад" ду, шаьш бен "тIом иблисашца" беш бу аьлла, дIакхайкххийра цара. Оцу риторикана тIетайра республикехь гоьбевлла Iеламчаш – Гуьмсера маьждиган имам волу Хариханов Асвад а.
2022-чу шеран мангал-баттахь Кадыровс дӀахьедира тӀеман министраллан гурашкахь керла диъ дакъа кхолларх лаьцна: "Запад-Ахмат", "Юг-Ахмат", "Восток-Ахмат" батальонаш а, "Север-Ахмат" полк а. 2023-гӀа шо чекхдолуш царна тIекхийтира "Ахмат-Россия", "Ахмат-Чечня" цӀе йолу дакъош а, Шайх Мансуран батальон а, кхечу нохчийн къоман турпалхочун Бенойн БойсагIаран цӀарах долу Росгвардин дакъа а.
Оцу йукъанна жигара шоръйала йолаелира Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университет", тӀаме хьийсон "лаамхой" цигахь кечбеш бу. Нохчийчоьнан Ӏедалша динчу дӀахьедаршца, республикехь кхоьллина долу дакъошна оьшург латтош йу Кадыров Ахьмадан цӀарах фонд, оцу фонде ахча стенгара долу – къайле йуьсу.
Цуьнца цхьаьна, тӀелатар дӀадоладелчахьана, "Кадыровн дакъошна" хьалха проблемаш йара эскархой гулбарца. Украинехь тӀом балале хьалха чоьхьарчу гӀуллакхийн министралле балха хIуттуш даккхий ахчанаш дала дезара, ткъа тӀом болабеллачул тIаьхьа цига балха ваха луург наггахь бен ца каравора.
2022-чу шеран гезгамашин-беттан 21-чу дийнахь Оьрсийчоьно дӀакхайкхийра "цхьана декъана мобилизаци" йар. Республикан телевизионехь вистхуьлуш Кадыровс дош делира, цхьаъ бен воцу ненан кIант а, дуккха а бераш долу да тIаме ийзор вац аьлла. Амма шен дешан да ца хилира цунах. ТIаккха таро йолу цхьаберш дIахьаьлхира мобилизацих бевдда Гуьржийчухула Европе дехьабовла дагахь. Амма цунах а аьтто ца хилира – Нохчийчуьра схьабевлла бахархой шайн пачхьалкхе ца битира.
Нохчийчохь реза цахилар
Республика кхин а цхьана тӀамна юкъайигар, и тIом дозанал арахьа боьдуш хиллехь а, ца тайра махкара бахархошна, къаьсттина эргIад оьхура уьш, цу тIамехь эгначех хьалхара хаамаш кхача боьлча. Украине хьажийначу эскархойн наной гӀоьртира Соьлжа-ГӀалин йуккъехь пикет вовшахтоха, амма ницкъхоша уьш сихонца дӀасалаьхкира, дӀабигира. Редакцин хаамашца, зударий мэри чу а бигина, цигахь "кхетош къамел" динера цаьрца. Официалехь хиллачух лаьцна ма-дарра ца дийцира.
Протест хилар а къайладахьа гIоьртира Нохчийчоьнан Iедалхой. Къоман политикан министро Дудаев Ахьмада бохура, пикет хилла боху хабар "Нохчийчоьнна вон болх хила луучу Европера" схьа ду.
Амма цхьа де даьлча, ша Кадыровс тӀечӀагӀдира хилларг, видеохаам дӀа а йазбина. Цо бохура 20 гергга зуда арайаьллера протестан акце, социалан проблемаш бахьана долуш а, "Европерчу организацешкара кепекаш эцна" хиллера цара бохуш. Цо дийцарехь, протесте йаьллачу кхааннан кIентий Украинехь тIемаш беш бу, ткъа шина зудчун цхьацца кIант бен ца хиллера аьлла. Иштта ша шена айкхвелира Кадыров, хьалхо ненан цхьаъ бен воцу кIант тIеман бага кхусур вац ша баьхна волу.
Ши тIом лайначул тIаьхьа, лаьарий-те цунна тIом бан? ХIун аьлла хета шуна?
ТӀаьхьо тӀамтIе бахийтира пикете бевллачу вукху зударийн гергарнаш а. Нохчийчоьнан куьйгалхочо дӀахьедира, нагахь санна, божаршка шайн зударийн дола далуш ца хилча, тIамтIехь ахча даьккхина а, пайда хир бу царех аьлла.
Дукха хан йалале социалан машанашкахь видео йаржийра, Соьлжа-ГӀаларчу "Беркат" базарахь йаьккхина, цу тӀехь цхьана зудчо мохь беттара: "Iадбитийша тхан кӀентий, ма белхабейша вайн наной!" бохуш. ТӀаьхьо официалан хьостанашкахь кхин а цхьа видео гучуйелира, цу тIехь, ша оцу зудчун кIант ву бохучу жимчу стага дIахьедира, шен нана могуш йац, и видео дIаса ма йаржайахьара аьлла.
Цул тIаьхьа массарна а гуш-хезаш Украинера "джихIадана" дуьхьал къамелаш дийраш хаа ца белира.
Украинана дина тӀелатар а, цигахь тIом бан цалаар а йемалдар – иза хила ма-йезза нохчийн реакци йу, ткъа цунах кхета йиш йу дукха хан йоццуш хиллачуьнга йуха хьаьжча, бохура Нохчийчуьра политолого, жигархочо Кутаев Руслана: "Шайца Iоттаделла, шайн бохам санна тIеоьцу нохчаша и тIом. Со тешна ву, оцу оккупацин рожехь гIуллакх деш берш а цхьаьна хир бу Украинана са гатдеш, дог лозуш".
Хууш дац, республикехь хиллачу резадацаро (Соьлж-ГӀалахь хилла пикето а) Ӏаткъам биний Кадыровс мобилизаци йирзина аьлла, дӀакхайкхон сацам барна. Амма гезгамашин-беттан 22-чу дийнахь цо дӀахьедар дира, Нохчийчохь эскаре кхайкхар сацийна, "план 254 процентана тӀехсов кхочушъярна" аьлла. Цо дийцарехь, цу тайпа гайтамаш кхочушхилла Оьрсийчоьнан тӀеман министраллан керла дакъош республикехь кхоллар бахьана долуш – коьртачу декъана, мобилизаци кхайкха а йале, нах тIаме хьийсийна.
Дукха ца Iаш Кадыровн и сацам а йухалистира, цул тIаьхьа Нохчийчуьра бахархой тIаме хьийсон болийра, ала догIу, тахана а хьийсош а бу.
"Со суо а йу махкахь ши тIом боьдуш хьалакхиъна, суна хаьа и бохург хIун ду, ас цхьанхьа а хуьлуьйтур бацара тIом, - дуьйцу меттигерчу йахархочо Тамарас (цIе хийцина). Цуьнан доьзало а, дуккхаъчийн доьзалша а санна, Нохчийчохь лайна тIемаш. – Украинехь тIом баьлча, уггар хьалха сан коьрте иккхинарг, ма дика ду, сан кIентий кегий болуш, уьш мобилизаци йукъа ца богIу, дара. ХIаъ, сан хьал ду ишта, ткъа хIун дан деза кхечу наноша? Сан лулахочун хIусамда вийна цигахь – жима йу иза, иза а вара жимстаг. Лаьарий-те, махкахь шина тIамах чекхваьллачу цунна цига тIом бан ваха? ХIун аьлла хета хьуна? Вукху сан лулахочун ши кIант ву тIекхайкха хан йолуш, ша и шиъ хIун дина къайлавоккхур вара ца хууш хьийза и миска. Тхо, наной санна дика, кху баланах кхетар волуш стаг вац".
Оппоненташца къийсам, эшамаш, имидж
2024-чу шеран масрхьокху-баттахь президент Путин Владимир Нохчийчу веанчул тӀаьхьа республикехь дӀакхайкхийра, Украинера тӀаме хьажон лаххара а кхин а ши полк кхолла йеза, аьлла. Цул хьалха а оппозицин жигархойн а, политикийн а гергарнаш "лаамхойн" дакъошка дӀаэца болийра. Царна юкъахь вара блогеран Халитов Хьасанан ваша а, вежарийн ЯнгулбаевгӀеран гергарнаш а, Закаев Ахьмедан вешин кӀант а.
Цуьнца цхьаьна йуха а марсадаьлла адамаш лечкъор а, бехктакхаман гӀуллакхаш царна шайггара дуьхьал дахар а, цул тӀаьхьа нуьцкъала тIамтIе хьийсор а.
Ткъа эшамех лаьцна аьлча, тIеман йуьххьехь а нохчийн дакъошна дикка зенаш хиллера, амма билггал цигахь маса стаг вийна, Ӏорадаьккхина дац. ХIара текст зорбане йоккхучу хенахь тхан редакцин аьтто хилира йиллинчу хьосташкара хаа, Украинехь гергарчу хьесапехь 350 нохчо велла хилар. Верриг а Оьрсийчоьнан къилбехь а, Къилбаседа Кавказерчу бахархошлахь а велла хӀинцале а 12 эзар сов стаг. И хаамаш а буьззина бац.
Кадыровхоша цу тӀамехь дакъалацаро доккха тохар дира дуьненаюкъара пачхьалкхашлахь Нохчийчоьнан а, цуьнан халкъан а имиджна. Нагахь санна республикехь ши тӀом хиллачул тӀаьхьа цуьнан бахархой шайн маршонехьа къийсам латтош санна тӀеоьцуш хиллехь, хӀинца и васт агрессица дузу.
2022-чу шеран лахьан-баттахь Риман Папа Франциска нохчий (буряташца цхьаьна) "Оьрсийчоьнан эскарех уггаре а къиза дакъа" ду элира, тӀаьхьо цу дешнашна къинтӀера довлар дехнехь а. Цунна дагадаийтира Нохчийчохь хилла репрессеш а, маршо цахилар а.
Дозанал арахьарчу Ичкерин Ӏедалан куьйгалхочун хьалхара гӀовс волчу Солтыханов Iелим-Пашас чӀагӀдо, Кадыровца доьзна доцучу нохчийн декъан имидж сийсазйина уггар а хьалха Оьрсийчоьнан пропагандо бохуш. Цуьнца цхьаьна цо билгалдоккху Киево гӀортор йар, Нохчийчоь цхьана ханна Оьрсийчоьно дӀалаьцна мохк бу аьлла, Украинин Лакхарчу Радан сацам карла а боккхуш.
Амма дикка сий дайна кадыровхойн: буьззинчу барамехь тӀом болийначу йуьххьехь "тикток эскарш" аьлла цӀе тиллира царна, ткъа ша Нохчийчоьнан куьйгалхо а, цуьнан доьзалан декъашхой а, цуьнан уггаре а гергара накъостий а дуьненаюкъарчу санкцешна кӀел нисбелира. Уьш бехкебира украинхойн берашна дуьхьал зуламаш дарна, ма-дарра аьлча, Оьрсийчоьно дIалецначу дозанаш тIера бераш дIадигарна.
- Украинана дуьхьал Оьрсийчоьнан тIом бен кхо що а ду. Цу юккъера жамӀаш - иттаннаш эзарнаш байъина нах а, бӀеннаш эзарнаш чевнаш хилларш а, Оьрсийчоьнан бахархошна дуьхьал репрессеш лелор а, украинхошна гӀело йар а, Оьрсийчохь тӀеман диктатура кхиар а, махкахь "мостагӀий" лехар а ду. Муха тӀеӀаткъам бина Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашна цу тIамо? Бакъонашларъярхошца а, политологашца а, жигархошца а цхьаьна цунах лаьцна дийцаре дира тхан редакцино.
- Лахьан-беттан йуьххьехь адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центро хаамбира Нохчийчохь шуьйра "зачисткаш" дIайахьарх лаьцна. Бахьана хиллера, шиъ эскархо вуьйш, гIадужу-беттан 26-чохь Росгвардин коврана дина тIелатарх. Кадыровхоша лачкъийна вигинчу цхьаннан цIе хаа аьтто хиллера – и вара заьIапхо волу Устрада-ГIалара вахархо Батыров Ризван. Бакъоларйархойн хаамашца, Грозненскан кIоштахь лаьцна латтош вара хIетахь кхин а "бIе стаг". Полисхойн декъехь цаьрга ши некъ кховдийна хиллера: Украинана дуьхьал тIамтIе доьлху шу, йа шаьш дуьхьал айдинчу гIуллакхехула набахте.
- 2024-чу шеран стигалкъекъа-баттахь а хаамаш кхечира, Нохчийчохь ницкъхоша масех иттаннашкахь меттигера бахархой лечкъорах. ХIетахь информаци тӀечӀагӀйира "Мемориало". Нах лечкъор дуьйзира "Дустум" тIейаздина машен йагорца. И ник йу лелош регионан куьйгалхчун Кадыров Рамзанан кIанта, никнейм санна лелош.